Хьасан Гапураев
ЭВТАРХОЙН АХЬМАД
(роман)
СОЬЛЖА-Г1АЛА-2018
УДК 94 (47+57) <18>
ББК Т3 (2) 472-452
Г-27
Историн роман
Гапураев Хьасан
Г-27 Эвтархойн Ахьмад: историн роман
(на чеченском языке)
Издательство «Медиа-полис»
г. Ростов-на – Дону
2018 У. п. л. – 11. 7 350 стр.
Г-27 Гапураев Хасан Ризванович
ISBN 978-5-9909973-2-7
Роман «Эвтархойн Ахьмад» на чеченском языке рассказывает о событиях Кавказской войны. Чеченские писатели еще не обрашались к этой жгучей теме, хотя основное войско имама Шамиля состояло из отважных чеченских наездников тех лет и абреков. Это первая попытка автора рассказать о мужестве и благородстве одного из наибов имама Чечни и Дагестана. Читатаель узнает в чем секрет замирении ( Почетного плена), как тогда это называлось, имама Шамиля. Книга рассчитана на широкий круг читателей.
ISNB 978-5-9909973-2-7
Хасан Гапураев, 2018
Медиа-Полис, 2018
ЧУЛАЦАМ
Дешхьалхе
Иллешкахь вехарг (рецензи)
Д1адолор
Исмайлин Дуда
Къонахаллин б1ов
Доьналла долу Заза
Г1ург1ача
Г1елийдуьллург
Таймин Бийболат
Имам Шемал
Г1изларха
Лермонтов а, Шемил а
Теркалдехье
Инарлин ойланаш
Терка т1ехь седарчий
Ахьмад а, Бойсакъар а
Имамана нускал
Т1елхиган резавацар
Наиб Махьмат-Мирза
Шайх Ташо-Хьаьжа
Шайх Г1еза-Хьаьжа
Киши-Хьаьжа а, Кунта-Хьаьжа а
Ахьмад а, Таркхойн Шовхал а
Г1излархех къастар
Оборгаш бар
Ахьмадан 1ожалла
Эвлаяаш цхьаннех ца кхоьру
Буг1а 1едалан балхахь
Имаман т1аьххьара т1едиллар
Дерзор
Эвтархойн дозалла (шолг1а рецензи)
Пайдаэцна материалаш
Ца дича ца довлу билгалдахарш
Авторах дош
Даггара баркалла ду: историкана – Гапаев 1абдуллина (Дала гечдойла цунна! ) , советан замана уггар луьрчу хенахь суна романан историн бух охьабуьллуш г1о диначу;Исторически 1илмана докторна – Ибрагимов Мусана романа т1ера г1алаташ нисдарна;Киншкийн редактор хила резахиллачу юристана, журналистана- Гапураев Тимурана а, х1ара хала болх шена т1елаьцначу – яздархочунна, журналистана-Шамсудинов Бувайсарна!
Дела реза хуьлда х1ара роман нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арахеца аьтту биначу уггар комаьрша эвтархочунна-Безиев Хожабауддина!
Къаьсттина баркалла ду соьгара романан рецензанташна-
литературан вевзаш волчу критикана- Асламбекна, Нохчийчоьнан ларамечу хьехархочунна-Аржиев Бадруддина, Нохчийчоьнан а, Россин а ларамечу журналистана Джантамиров Мохьмадана, иштта Уфара яздархошна: Якуповг1арна-Кабираний, Мовлиданий, Панасенко Светланина.
НОХЧИЙЧОХЬ БАЬХНАЧУ, БЕХАЧУ, БЕХАРБОЧУ А КЪОНАХАШНА!
ДОГ-Ц1ЕНЧУ ОЙЛАНЦА, ДАГГАРА!
«Далла хьалха къонах-1елам стагал веза ву».
1овда.
«Дукха къаьмнаш гина суна, амма нохчий санна къарцалуш, майра дуьхьало еш нах лаьтта т1ехь хир а бац».
А.П. Ермолов.
ДЕШХЬАЛХЕ
1970-чу шеран майхь дуьйна Баматгира-Хьаьжех (1овдех) лаьцна бакъдерш гулдан долийра ас. Иза мила ву суна вуно хьалхе хиира. Сан денана Хьаса-1овдин маьхча яра, Аг1и 1абин йиша. Цу т1е сан дейиша Ц1овза 1овдера чохь дукха 1ийна ю. Со бер долуш дуьйна дагчу дийшина дара дейишин дийцарш: Воккха – Хьаьжех, Г1еза-Хаьжех, Кишин-Хьаьжех, Кунта-Хьаьжех, 1овдех, Доккех, Манех, 1елех, Соип-моллех долу.
Ялхалг1ачу классе ваьлчахьана, х1ора сарахь зуькаре вахар а т1едожийнера суна. Х1етахь х1инца санна зуькар д1а ма-делли саг1анах кхетий, ц1абаха сихцалора нах. Х1ума йиъначул т1аьхьа бехха 1ара 1овдин х1уманаш, цуьнца хилларш-лелларш, цуьнан возалла а, Делаца долу гергарло а дуьйцуш.
Зуькарш дар, ламаз-марха лелор советан 1едало дихкина дара х1етахь. Амма Эвтархой цхьана заманахь а, цхьана а 1едалан бакъонийн дозанашкахь севцца нах бац. Гуттар а шайн лаамехь, са парг1ат лелийна бу. 1едалх, т1амах, девнах кхерар я ч1ирах озабалар х1ун ду а хаьий-те Эвтархошна аьлла хетало.
– Кегийчара лерина ладог1а, баккхийнаш оха дуьйцург шаьш хьалха а хезна белахь а собаре хила, – олура воккхачу стага Ахьмархьаьжин Хут1ас. И цу заманахь дезткъа шаре ваьлла, 1овдин 1елин хенара г1еметта х1оьттина стаг вара. Иштта баккхийн нах бара 1овда, 1ела гина, обарг Зеламха, шейх Узум-Хьаьжа вевзаш, цуьнан эскарехь лелла а бара цхьаберш.
Хилларш-лелларш довзуьйтура Ганди Хьасана, Адагин Жунайда, Асхана Эмис, Вах1абан Халада, Вашин Абумуслима, молланаша- Мурдала, Шедеда, Билалас. Сибарехара нохчий ц1абаьхкича, 1овдин весет кхочушдеш, къуб чуьра схьа а ваьккхина и лийчийначех вара Лепин Шейхахьмад, Х1амазий, Муслин Якъуб, кхин а виъ эвтархо. Уьш цу заманахь хьафизаш лоруш бара. Иштта лараме нах бара зуькар олуш волу Муца, Бийсолта, Межедан Г1иримсолта, Ахьмадан Гилани, дуккха а кхиберш. Уьш шаьш бийца а тоьар яц суна х1ара роман.
Церан дан а дара дийца, бакъо а яра, дийца а хаьара. Х1умма а «дуй-хьуна», «деца- хьуна». «ала дашна». «бакъ ма ду хьуна и» бохуш дешнаш юкъа а кхуьйсуш, ладуг1учарна куьйла ца йоккхура. Эвлаяэх долу дийцарш, аларш ша тайпана, дег1е зуз доуьйтуш, кхетам самабоккхуш, х1ора заманан шен билгалонаш йовзуьйтуш, лехамаш к1орггера хоуьйтуш дара. Цаьрга ладог1а дог дог1ура, дийцинарг схьа а лоцура коьрто.
Ерриге Нохчийчоьна а, Кавказан а истори Эвтарахула чекхйолура баккхийчара имам Шемал, Зандакъара Г1еза-Хьаьжа, Сесанара Ташо-Хьаьжа, Иласхана юьртара Киши-Хьаьжа, кхузахь 13 шарахь, т1аккха 14 шарахь Хьаьжин-эвлахь ваьхна волу Кунта-Хьаьжа, 1овда, 1ела, обарг Зеламха, Дог-майра Ч1ега, Эвтархойн Ахьмад, Таймин Бийболат, Шелара Т1елхаг, Ц1онтарой Шо1ип-молла, кхиберш бийца болийча. Суна барх1алг1ачу классехь волуш хаьара шайх Дени, Элах-молла, Докка, 1усман-Хьаьжа, Кана-шейх, Абу, Апти, 1абдул-Вах1аб, Солса-Хьаьжа, Билу-Хьаьжа, 1умар-Хьаьжа, Юсуп-Хьаьжа ц1ераш йолу шайхаш муьлш бу. Уьш массо дукха а везара.
Тахана бовлу имам Шемална реза боцурш и къиза хилла бохурш, Кунта-Хьаьжин некъах шекберш, эвлаяаша, шейхаша лелийнарг х1ун ду цахуурш дукха бу. Эвтарахь болчарна тахана а ца хаьа Эвтархойн Ахьмад 1овдин ден ваша хиллий, шейх 1ела обарг Зеламхица банк ян ваханий. Шемалан заманахь Эвтарахь юьрткъеда оьрсех схьавалар долуш волу Кузьма хиллий. Хулло х1инца ша дог1учухула дог1уш ца хиллий. Арцахь Хуллон бердаца исс б1ов лаьттиний дикка т1аьххьалц. Дукха ду уьш. Ас нахана бехк а ца буьллу. Шен деден ц1е яккха йиш йоцуш луьра заманаш текхна бу нохчий.
Х1инца а хан йоьдуш яра. Сан 1970-1975 шерашкахь язйина йолу «1овдех дагалецамаш» аьлла йолу роман зорба тухийла яцара. Иза паччахьан 1едало махках ваьккхина хьийзийна вара. Архивера таьптарш 1едало къайладаьхна дара. Цуьнан а, массо шайхан а биографи шайна ма-луъу язйайтина цкъа хьалха паччахьан 1едало, юха советан заманара КГБ-с. 1овдин 1ела сталинан репрессийн болам юкъа нисвеллера. Цунна ЧК-с 1925-чу шаран 25-чу сентябрехь контрреволюционер ву аьлла тоьпаш тоьхна.
– Сих ма ло хьо, йог1ур ю хьуна Нохчийчохь маршо йолуш хан, кхуьур ву хьо хьайн сийлахь йозанаш зорбане даха, – олура 120 долчу сан дейишас. Цо дукха сатийсира советан 1едало Гермчира маьждиг схьадаларе.
– Х1окху сайн лергашна хезна ю со 1овдас дуьйцуш. Паччахьан 1едал д1а а даьлла кхин 1едал дог1ур ду. Маьждагаш чохь ламаз дойтур дац. Гермчигара маьждиг чохь пондарш лоьхуш, хелхабуьйлур бу нах. И 1едал стоьлт1ехь духур ду 79 шо даьлча. Кхийссина чуьра пондарш ара а дахийтина, Гермчигара маьждиг схьалур ду. И схьадаллац яха лаьара суна, – олура Ц1овзас. 1984-чу шарахь д1аелира дейиша. Маьждиг 1989-чу шарахь схьаделира 1едало бусалба нахана. Пондарш арадехира, амма уьш д1акхийсина ца кхийсина ца гира суна.
Сан 1овдех йолу романах х1инца трилоги хилла. «Т1ома лелачу муридийн тоба» аьлла кхин роман а язйина ас 1овдин 1елех. Генна, сан деган хьуламехь гуллуш яра Эвтархойн Ахьмадах йолу повесть. И язйина яккхар сихдира сан хьешо Муслимов 1елас. Иза Курчалойн – эвлахь аптекар ву, ц1ера схьавалар Жимчу-Атаг1ара ду. Доккин муридех уггар тоьлларг ву. 1овда а ч1ог1а лору цо.
1елас соьга ц1еххьана телефон туьйхира. Хаам бира:
– Суна карийна хьуна Тимарболат! – элира цо. – Дагадог1ий хьуна ахь пхи шо хьалха суна т1едиллина: 1овдин Тимарболат ц1е йолуш йозанча (пийсар) хилла Нохчмахкара и хьенан мила хилла хьажахьара хьо, – аьлла?
Охашимма барт бира Тимарболатан т1аьхьенах болу нах болчу ваха. Цхьа ши де даьлча, 1ела шен машенахь суна т1аьхьа Эвтара веара. Тхо Бена даха дезаш хилира. Сан ц1архо волуш, Грознехь сахьташ тодеш волу пхьар вара тхойшинца. Цу хенахь Бенахь маьждиган имам вара Хьусайн. Тимарболатан к1ертан к1ента к1ан вара и. Цо тхо ларамца т1е а ийцира. Оха беана некъ хиъча, г1еххьачул воьхна хьаьвзира иза. Цхьацца х1ума а дийцира, 1овдин, 1елин сурташ гайтира, уьш масла1атана лома баьхкича, шайга буьссуш хилар хаийтира.
Делкъа ламаз а дина, кхача а биъна, тхо жимма паргатдевлча, ас цунна бовзийтира айса лелош болу некъ: 1975-чу шарахь айса Буро-г1алахь архивехь бина болх, Ростохахь, Новочеркасскехь теллиначу таьптарех дийцира. 1989-чу шарахь со Калугехь, Новгородехь, Ростохахь, Тбилисехь, Питерехь архивашкахь хилла хилар хаийтира доцца. Эццахь 1ен а ца велла:
– Вало, дехьачу доьлху вай, – элира цо. Чуволлушехь сан б1аьрг кхийтира стеллажаш т1ехь долчу, куьйга тегначу ширачу жайнех.
– Х1орш дукх тхан дедеден таьптарш. Кхарна юкъахь 1овдас цуьнга ларде аьлла схьадаийтинарш ду. Цо яздина йозанаш ду. Сих-сиха х1орш доьшуш тилачу а воьдий 1а со, – элира Хьусайна.
Суо х1инца баккъалла а «стигал стоммаче» кхаьчний хиира суна. Дагчохь сийлаллин ойла г1аьттира. Шемалан заманахь хилла, ваьхна ву ву Тимарболат – 1овдин йозанча. Цуьнах дерг ас сайн «1овдех дагалецамаш» роман т1ехь яздина. Цул т1аьхьа 1овдин йозанча хилла Гуьнара Дадахан-Эвтарарчу Атамера деда. Цул т1аьхьа 1овдин йозанча хилла Эвтара 1аьржи-Х1амазиг1ера да. Ша 105 шарахь вехаш кхоъ йозанча хийцина 1овдас. Цара дина йозанаш 1овдас цаьрга д1адахкийтина ду, дан йиш йолуш дац, шен зама кхаьчча гучудохур долуш а ду олий, ч1аг1дора сан дейишас. Со цуьнах тешара.
1968-чу шарахь со школехь итт класс яьккхина велира. Пхи класс яьккхичахьана соьга дневник лелайойтура сан дейишас. Х1ора буса хилларш-лелларш д1аздора охашимма. Юьртан истори суначул дика хууш цу заманахь цхьа а вацара. Итт клас яьккхина ваьлча, со а эцна 1овдин 1елех йисина Неби, оха Биби олура цуьнах, йолчу деара сой, Ц1овзий.
– Х1окху к1антах йозана да ван йоллу со. Кхунна юьртан таьптарш довзийта вайшимма элира Небега сан дейишас.
Небис уьйт1ахь цхьаъ-м деш воллу 1овдин муридех волу стаг чу а кхайкхина, Х1амазега схьавола ала вахийтира. Цу хенахь 1елин муридаш эвтарахь бу-бац хууш да а цара я уьш шаьш бу ала ца баьхьара. Х1амази лулахь 1аш вара. Схьавеара и сихоцша. Сан дейиша Ц1овзий, Небий цуьнах дагаелира. Тхоьга ла а доьг1на, соьга а хьаьжна, Х1амазис хаьттира:
– 1аьрба йозанца муха ву хьо?
– Ледара ву и сан бехк бу, 1амор ву, – элира Ц1овзас.
– Таьптарш 1аьрбийн маттахь ду. Кхуьнга уьш дала хьалхе ду, со х1уттур вац, – элира Х1амазис. Иза х1етахь юьрткъеда вара Эвтарахь. 1едалх лачкъийна дара иза. Со а цига вигале дейишас «лергех дукха мехий даьхна вара», къайле а дийца мегарг а х1ун ду 1амийна вара.
Цу дийнахь барт а бина, ас редакцехь болхбар сацийра цара. 1едал хийцадаллац томкий, буракаш, бежанаш, хьаьжк1аш, к1ай дийца. Маршо яьлча: вайн эвлаяаш, шайхаш муьлш бара?Цара х1ун дийцара? Т1аьхьенна т1е цара х1ун диллина яздийр ду ахь. Шайх мила ву, эвлаяъ мила ву аьлла нахана дийцар суна т1е а диллира цара.
Бакъду, цулла а хьалха, со иссалг1ачу классехь волуш соьга Нохч-Г1алг1айн яздархойн союзехь литературни курсаш яхийтира. Къоначу корреспондентийн ишколехь дешийтира. Цу хьокъехь долу кехаташ ас тахана а лардеш латтош ду. Эццара, 1967-чу шарера дуьйна схьадог1у ас йозанца болх бар.
Дукха хан яллале, шолг1а дахара тхо Бена. Хьусайн волчу уллохь, гу т1ехь долу маьждиг гайтира цо тхуна. Цуьнан бух т1ехь яздина ду маьждиг 1820-чу шарахь юртахоша ахча вовшах а тоьхна дина хилар. Ч1ог1а деза маьждиг ду иза. Цу чохь 1834-чу шарахь ламазаш дина Г1еза-Хьаьжас, Ташо-Хьаьжас, 1овдас, 14 шо хан йолуш волчу Кунта-Хьаьжас, имам харжаза волчу Шемала, Шо1ип-моллас. Маьждиг Кавказан т1ом болчу шерашкахь мосуьйттаза дагийна, советан 1едал долуш коммунисташа дохийна, амма х1оразза а беноша духа а тодеш хилла ширачу буха т1ехь. Оцу маьждиган дозалла хууш волчу Кадыров Рамзана, Дела реза хуьлда цунна, лакха шут1ехь дайтина керла рузбана маьждиг.
Юх-юха а со схьалеста воьлча, цкъа цхьана дийнахь Тимарболатан шира жайнаш-йозанаш суна хьалха дехкира Хьусайна. Цара тамашийна хьал х1оттийра соьга. Кхетамах гилгаш дохура, жимма шелона хьу хьакхаелла волу со оцу 1аьрбан йозано товира. Б1ешерийн чан хаалора кехаташ т1ехь. Кхетамехь шира зама соьцура. Суна хьалха 1уьллура Кавказан т1еман истори. Хьан боху вайн дай 1овдал хилла Шемална т1аьхьа а х1иттина 25 шарахь г1азотехь белла болу?! 20 шарахь 1овдин йозанча хилла ву Тимарболат. Эвтарахь хуьжарехь хьоьхуш а хилла иза. И д1авоьдуш 1овдас шен 1илма чудоьттина шена олу бахара Тимарболата. Х1ара таьптарш лардар т1е а диллина, муха, мичхьа лардан деза а дийцина.
Цкъа сой, 1елий, Хьасан бена веача, суна томана шира дийцарш хууш болу баккхийн нах кхайкхинера Хьусайна. Шен девешин к1ант Саь1ид а. Цунна 1аламат дукха х1уманаш хаьара. Масийтта шарахь шофер болх бина ву и. Дукха хьолахь автобус т1ехь волуш, нах д1асалелийна а ву. Хетарехь, шен каравеанчуьнгара «х1ума даккха» хууш а ву. Хьекъалчашка дика ладийг1ина. Саь1ида дийцира шена дийцинарг.
Цкъа 1846-чу шарахь, Сесанахь Воккха-Хьаьжа Далла дуьхьал д1авахача, тезет схьаоьцуш бара: имам Шемал, Г1еза –Хьаьжа, Киши-Хьаьжа шен к1антаца Кунта-Хьаьжица, Баматгира-Хьаьжа. Кадам бан т1ех1отта бог1ура Нохчийчуьра, Дег1астанара шайхаш, 1елама нах, цуьнан муьридаш, т1емалой, везаш, вевзаш мел хилларш.
Варх1 еса а, зуькарш а дирзича, тезетан хьурматана кхузахь лаьттина беза нах д1асабаха буьйлабелча, 1овдина т1ебаьхкинера цхььана юьртара нах шайн масла1ата юкъаваг1ахьара хьо аьлла. И болх т1е а лаьцна, х1орш ч1ирхошна юкъабоьлча, девна дас г1уллакх аьттехьа дуьтуш а ца хилла, х1уъа аьлча а вуьтуш ца хилла куьг бехкениг. Эццахь 1овдас эли бохура:
– Х1ара Зандакъара Г1еза –Хьаьжа юкъавоьлча, вай цадуьтуш дов Нохчийчохь хила а ца деза. Кхо шен вен воцу к1ант витина, цуьнах йисинарг шен мостаг1че елла, цуьнах шена к1ант вина ваха хаор доккха х1ума ма ду аьлла. Хьан висина цхьа к1ант ву. Тхуна дуьхьал ца х1оьттина и. Иза кху юьртахь лечкъина 1аш ву, ша шен ч1ир йоькхур ю бохуш. Цунна моьттарг бакъ дац. Дов дерза дезаш ду.
И къамел хезначул т1аьхьа, 1овдица веана волу цхьа бере нахана юкъара а ваьлла, говр хаьхккина д1аваха бохура. Дукха хан яллале, нуьйра хьалха пурх тесна валош жимха волуш веана схьакхечи бохура и бере. Оцу х1усамден к1ант 1овдин когаш хьалха охьа а тесна, цхьа дош ца олуш, юьстахваьлла д1ах1оьтти бохура и бере. Эццахь нехан белхар оьккхуш вити бохура ч1ирхо. Оцу х1усамден к1ант хиллера оцу беречо валийнарг. Нахана юкъахь г1уг1 даьржи бохура: «Эвтархойн Ахьмад ву и к1ант схьавалийнарг аьлла».
Оцу ширачу дийцаро карладаьккхира суна «Эвтархойн Ахьмад» роман хьалхаккха езаш хилар. Наха-м цуьнан сийлахь бух ца бовзийта: Ахьмад 1овдин шича, я маьхча ву, тайпан ву бохуш 1едална т1аьхьа а х1иттина туьйранаш дийцина. Амма Адагин Ахьмадан к1анта Гиланис со тешийра: 1овда къонахийн орамаш долуш, Эвтархойн Ахьмадан вешин к1ант ву хьуна!
Дагадеара Нохчийчоьнан, Дег1астатнан историкийн, яздархойн г1алат. Цара х1инццалц дийцина дац Шемал шайх хилар, динна т1етийжина хилар, 1овдех, Кунта –Хьаьжех и дагаволуш хилла хилар. Дег1астанхоша язйина романаш керста нехан, паччахьан инарланийн йозанаш т1е а хьоьжуш язйина. Шемалан йозанча хиллачу Мухьаммад Т1ах1ир Къарах1ин тидамаш 1аьрбийн маттахь бешна стаг атта карор вац. Х1унда аьлча, и йозанаш шайн кара ма-кхеччи оьрсаша шайн матте а даьхна, инарлийн дневникашца нисдина ду. Цара дицдина нохчийн шайхашна юххехь йозанчаш хилла хилар, нохчийн йозанчаша дина бакъ йозанаш тахана а цхьаммо а теллина а дац.
Исторехь талламаш бан буьйлабелча, нохчий а г1алатбовлу. Вай дицдо кхечу къаьмнаш юкъахь а майра нах хилла хилар. Шемал кхеравелла паччахьан каравахана лору цхьаболчара. Иза иштта дац. Дала шайхалла майрачу нахе луш ду. Х1ора шайхана а ша мел вехар ву а, Далла дуьхьал маца г1ур ву а хаьа. Шемала г1азот дехкар, юха и дастар цхьаммо а теллина дац. Т1еман г1азот бен тидаме ца оьцу, вай пайхамара дешан г1азот а ду баьхнашехьа. Дукха хьолахь дешначу наха шайна пайден йоллу философи юкъайоккху, шари1ат цхьаъ бен дацахь а стаг бакъвен меттиг карайо царна.
Имам Шемал Дег1астанара шайх Джамалдинан муршид хилла ву юьхьенца. Накъашбандин т1ерикъатан сил-сил шегахула чекхъяьлл ву лязгийн шайх Мухьаммад – Яраг1и. Цуьнан муршид волчу Ташо-Хьаьжас шега а эцна, д1адолийна ду къадарийн т1ерикъат, дуьххьара Кунта-Хьаьжега а луш. Мухьаммад – Яраг1ис бусалба вуй, кериста вуй олий лоруш ца хилла стаг. Цо коьртаниг Делах тешаш и хилар лоруш хилла. «Адам Цхьаъ бен воцчух тешаш хила веза, цо дуьненахь уггар дика лоруш волу. И ву вайна беркат луш верг, Цуьнах тешар коьрта лерина вайн дайша», – олуш хилла цо. Дела волчохь, везачохь цкъа харцо хила йиш яцарх тешаш хилла вайн дай. Юьхьенца Мохьмад – Яраг1ис къовсамца маршо яккхар т1елоцуш ца хилла. Зуламна дуьхьал зулам а дихкина цо. Дуьненан баланаш т1елеца ца оьшу, сапарг1ат хила деза адам. Дисинарг Далла т1едуьллуш хилла. Тешаш берш-бусулбанаш бу, бисинарш цатешарш бу олуш а ца хилла цо. Маршо, парг1ато цаезар а къобалдеш ца хилла и бусулба велахь, кериста велахь.
Таханалерачу историкаша Кавказан т1ом къоман –парг1атонан къийсам лору халкъан – парг1атонан. Иза иштта дацахь а. Мухьаммад – Яраг1и цунна т1аьхьах1иттинарш а халкъ я къам парг1атдакхаран еккъа цхьа 1алашо айбина бацара. Дерриг халкъ парг1ат хилча а, х1ора стаг парг1ат хир ма вац. Къоман сатийсам даиман а ма бац х1ора стеган лаамца бог1уш. И вуно дика хаьара цу заманахь халкъана хьалхабевллачу имамашна Мансурана, Ташо-Хьаьжина, Шемална, уггар хьалха шена – Мухьаммад- Яраг1ина. Оцу сийлахьчу адамийн 1алашонех дика кхеташ вара Эвтархойн Ахьмад.
Суна даггара баркалла ала лаьа оцу къоман турпалхочух долу ц1ена бакъдерг лардина болчу сайн юьртахошна. Уггар хала зама яра историк волчу Гапаев 1абдуллина кхаьчнарг. Кеста – кеста и со волчу схьа а вог1ий, со шел жима велахь а, беша а воьдий, хецна ойланаш юьтуш къамел дора охашимма. 1едалан т1е1аткъамах мелла а со ларван г1ертара 1аблулла. Со дозуш доцчу «Масла1ат» газетан редактор волу хан яра иза. Суо волчу мосазза веа керла ведомость а доладой, итт пхийтта туьма ахча лора ас 1абдуллина.
– Ас х1умма а яз ма ца йина, муха оьцур ду х1ара схьа, – олура 1абдуллас.
– Сан язйарна цхьа гонорар ю, цаязйарна кхин алапа ду, – жоп лора ас. – Ма – дарра аьлча, вайшимма дийцинарг со яздан а ваьхьар вацара.
Х1окху романа т1ехь болх беш ч1ог1а оьшура суна уллохь профессиональни историк. Дела реза хуьлда, сан дола а дина, цхьадолу г1алаташ нисдина волчу историн 1илманийн докторна Ибрагимов Мусана.
Гапаев 1абдуллас ган са мел тийсина долу архивашкара таьптарш суна хьалха ду. Уьш дерриге а литтича, эвтархошка ладоьг1ча, сан х1ун нисделла хьовсур ду-кх вай. Шун кхеле дуьллу ас х1ара йоза.
Д1АДОЛОР
«Нохчий, къамел доцуш майра къам ду Малхбален лаьмнашкахь. Церан лаьтта т1е мосазза доьлху доккха ц1ий1анор хилара тхан! »
Н. Ф. Дубровин, «Кавказехь олалла».
Кавказан т1амо, Шемалан боламо к1орггера лар йитина т1аьхьенийн кхетамехь. 1аткъам бина Россин хьовха, дерриг дуьненан а юкъараллин д1ах1оттамна. Адамийн уггар тоьлла хьекъалш самадехира. И тема яра х1инца историкийн, литераторийн белхаш т1ехь уьйбуш. Амма цуьнга болу дагалецамаш тахана а мехала бу. Оцу заманара хиламаш тахана а буьззина теллина бац. Истори х1инца а юьзна ю цакхетамех, къайленех, таллаза дисинчу таьптарех. Амма хеттарш, жоьпаш дисина вайна гонах, вай лаха дезаш – легендаш, баккхийн нехан дийцарш, халкъан фольклор толлуш. Уггар хьалха талла дезаш ду нохчийн шайхин йозанчаша цу заманах яздина таьптарш. Нохчийн массо шайхан а шена улло ваьккхина леррина волу йозанча хилла. Шайхаш баьхнарг йихкина зама хиларна- цара оцу йозана дайшна т1едиллина шаьш лелийнарг т1аьхьенашна довзийтар. Дехар ду и таьптарш лачкъийна а ца 1аш, шуьйрачу гонийн тидамашка д1акхачор. Т1аккхи бен вайна вешан къома юкъара асарш д1адаха хуур дац. Т1ера такхор схьаэцча, гучуйовлу оьпанаш санна, вайна гур бу дайн доьналлин кхача бууш 1ашберш.
Шун тидаме дахка лаьа Эвтархойн Ахьмадан биографера х1инццалц цхьаммо а ца дуьйцуш, тидам т1е ца бохуьйтуш дисина бакъдерш. Автора юьртарчу баккхийчу наха, Ахьмадан т1аьхьенах болчара дуьйцуш д1аздина долу.
Эвтархойн Ахьмадан дахарх лаьцна хаа лууш хуьлу муьлхха а эвтархо ша хаъал хилчахьана дуьйна. И дагахьбаллам ас а дукха лелийна. Историн документаша к1езиг дуьйцу цуьнах. Кавказан т1еман хронико цхьажимма хьахаво имам Шемалан наибийн ц1ераш йохучу хенахь. 1847-1849-чуй шерашкахь йоккхачу Нохчийчоьнан округан наиб хилла олий. Вийна 1852-чу шеран сентбрехь. Халкъалахь олуш иллеш дара Эвтархойн Ахьмадах. Дуккха а шерашкахь нохчийн юкъаралин дахар молланийн карахь дара.
Цара дихкинера бусалбанашна керста, кхечу динехь я дин данне а доцуш йолу зуда ялор. Х1етте а Эвтархойн Ахьмада г1ала Г1излара шен хазаллица цецйаьккхина йолу, хьоладен, г1алг1азакхийчун йо1 Меньшикова Светлана ялийнера. Суна хетарехь, цунна а дацара Ахьмадах долу бакъдерш цадевзаш хан ялар. Дукха хьолахь паччахьан, юха советан 1едало нохчий шен коьрта мостаг1ий ларар дара.
Кавказан т1амо дукха къонахий д1абихьна Нохчийчуьра. Боьрша нах денна жимлуш бара. Имам Шемала юьртакъеданашна х1ора шарахь т1едуьллуш дара бисина 1аш болу къона зударий маре балар, шолг1а, кхозлаг1а йоьалг1а зуда и хуьлуш елахь а. Т1ом болчу заманахь шари1ато бакъо ло дукха зударий балон. И г1олий ду адамаш шайн дег1ан хьашташ бахьанехь эвхьаза бовлучул. Цу балхо даиман а оьздангалла латтийна нохчийн къомалахь.
1845-чу шарахь имаматан меджлисо сацам бира баисина 1аш болу зударий багар а бина, уьш маре бала цара ц1е тоьх – тоьхначу къонахошка. Уггар хьалха и тайпа таллам бина велира Нохчийчоьнан наиб Умалт. Цо дечу хьесапашца т1аьххьарчу пхеа шарахь Нохчийчохь божарий пхоьазза лахбеллера. Божабераш дар соцуш лаьтташ дара.
Оцу терахьаша ойлане ваьккхира Шемал. Мехкан кхеташо вовшах а тоьхна, оцу белхан йист яккха сацийра имама. Цхьана дийнахь Ведана – г1опе гуламе кхайкхинера Веданара а, уллорачу ярташкара а бисина 1аш болу 18-30 шо долу зударий. Юьхьенца царна иза эладита ду моьттинера. Х1унда аьлча, цхьа шо хьалха Шемала омра а дина, Веданахь эладитанаш леладо аьлла цхьана к1иранна чубоьхкинера зударий. Царна т1евахана стаг а вацара, амма шаьш арабаьхча: хьовсийша, сийсара х1айбар-г1ала яьккхина ца баху оьрсаша бохуш, дуьйцуш хилла уьш. Шемала таллийтина и хилам. Баккъал яьккхина хилла Х1айбар. И таханлера Теркаца йолу Ильиновски станица ю.
Амма х1инца баккъал а вовшахтуьйхира бисина 1аш болу зударий. Цара ц1е яьккхиначу стаге маре а белира. Цхьана жимачу зудчо, Веданара Амината шена Шемалан зуда хила лаьа элира. Цуьнан лаам кхочуш а бира имама.
Паччахьан инарлаша ханна шайн куьйга к1ел йисинчу ярташкахь 1едал х1оттадора, ламарошна хийра долу. И бахьанехь бух-буха а т1емаш г1уьттура. Оцу хьоло г1о дора г1азот доьхкучийн мог1анаш совдаха. Беш болу т1ом а шен-шен кепара туьдуш бара. Ломахь бехачарна доьхкуш дара маьждиге бахар, ламазаш дар, нохчаша 1илманча лоруш волу Услар (жандармерин малхбале отделан эпсар) хьалха а ваьлла, оьрсийн дин дара даржош. Ткъа оццу хенахь паччахьан ха хилла д1ах1иттиначу ламарошна шайн молла хила а мегара, царна дин лелон новкъарло еш х1умма а дацара. Нохчашна юкъахь бехаш бара оьрсийн дин хьоьхурш. Цара толлура нохчийн г1иллакхаш, ойланаш, динах тешаран къайленаш.
Шуьйта г1опан коменданта А. Ипполитовс х1умма а зуламе нах ца лорура нохчий. Иштта майра 1аламан бераш ду уьш бохуш яздора. Шайга шайн бусалба дин леладайтичахьана вайгара х1умма оьшуш а бац уьш. Мухьаммад-пайхамаран (1. с. в. ) заманахь бусулба дин т1еэцна бара нохчий. Цундела хала дара уьш шайн дайх дисинчу дин т1ера д1абаха.
Бакъду кхин легенда а ду динах лаьцна. Цо нохчий Нухь-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) халкъ ду боху. Цунна тоьшаллаш а ду. Масала, Къорана яат ду: «Цхьа а халкъ дац Оха шена т1е пайхамар хьажоза» – аьлла. Нохчаша Къоран ч1ог1а лору. Т1аьххьара Дала ваийтина пайхамар Мухьаммад (1. с. в. ) ву, цундела т1аьхьарчу заманахь дерриг бусалба уммат а цо шена дехна ду Деле.
Нохчий кхечу къоман нахаца сиха товш, барт болуш, тешамен нах бу бохуш яздина паччахьан заманарчу йозанчаша. Майра бу уьш, т1ахъаьлла бу, т1амехь бухуш бац, мел беха некъ бан а хьуьнар долуш бу. Ширачу г1иллакхашна тешамен бу, тешнабех болуш бац, доттаг1алла ч1ог1а леладо.
Дерриге а нохчийн бакъ болчу къонахийн г1иллакхаш шеца долуш вара Эвтархойн Ахьмад. Лаа дацара цу заманахь баьхначу нохчаша цуьнах лаьцна иллеш дахар. Нохчаша дика стаг иллешкахь, назманашкахь вуьйцу. Вониг цхьана зулама юкъа а воьдий, шашах д1аволу. Цундела ца хилла нохчийн дика стаг хьалавоккхуш гу я вониг чукхуссуш ор. Нохчий ийалуш, шаьш нахана гайта г1иртина нах бац. Шайн хьал, доьналла, тешам шайгахь лелийна цара. Цо айбина дерриг нохчийн къоман сий. Уьш халкъалахь цхьаберш майра, вуьйш ийзалуш болуш бац. Нохчийн дерриг къам са майра ду олий, билгалдоккху массо а заманара 1илманчаша.
Ахьмад 1804-чу шарахь дуьнена ваьлла эвтархочун Мохьмадан доьзалехь. Иза гуной тайпана ву. Таьптарш т1ехь язвина а ву. 1овдин-Баматгира-Хьаьжин ден ваша хилла иза. Воккхахверг- Мит1а хилла, шолг1аниг-Зулум, Мохьмад жимахверг. 1овдел пхи шо воккха хилла Эвтархойн Ахьмад. Х1етте а хинволу воккха эвлаяъ кхиош дакъалаьцна цо.
Мит1а а, Зулам а Таймин Бийболатана т1аьхьа а х1оьттина, нохчийн къоман парг1атонехьа къийлам латтош воьжна ву 1811-чу шарахь Каргалинская олучу станицехь паччахьан эскаршца хиллачу тасадаларехь. Мит1ин докъа т1ехь еса дешна къоначу моллас, шайх Ташо-Хьаьжас, х1етахь дег1астанхойн б1онан куьйгалхо хилла иза.
Мит1ин Эвтарахь ши шо кхаьчна волу к1ант Баматгира висина. Воккха хилча-филосов, 1илманча, эвлаяъ хилла д1ах1оьттина волу халкъо 1овда аьлла ц1е а тиллина. 1овдин нана-Джансу к1ентан 21 шо долуш г1азотан т1амехь йоьжна ю. Иза ц1ера Гермачигара хилла. Буьйса а йоккхуш хьажа-хотта ц1аяхана хилла иза. Шолг1ачу дийнахь- 1832-чу шеран 23-чу августехь юьртана гуо лаьцна инарла Вельминовн эскарша. Шен дений, вешиний рузбана маьждиге герз эцна т1аьхьаяхана хилла Джансу. Цу шинна г1о деш, т1амехь летта елла иза. Гермчигарчу г1азотан кешнашкахь д1айоьллина ю. Цуьнан къуб т1ехь ц1а дина 1овдин муридаша.
Баматгирас холматахь ( халватехь-халонехь ватор-г1елвалар: дууш, молуш доцуш, шена Дела везаран ойла а юууш, Делан хьехамех пхьор хуьлуш хене волушверг-Маликах тарлуш-ойлаяъ) кхойтта шой ах шой даьккхина. Нохчийн шайхин институто дуьйцу халватехь 40 де-буьйса даьккхича, Дала шен къайленаш йовзуьйту бохуш. Шовзткъалг1ачу буса Дала Ловал-Махьпузи т1ехьожуьйту боху хилла ваьлла волу шайх. Оцу кхолламаш кхолларан жайни чухьаьжча, 1овдийна нохчийн халкъана белла кхойтта шеран бала гина. И бала шена лахьара Ахь халкъ парг1ат дитий, дехна цо Деле. И бала токхуш даьккхина 1овдас кхойтта шой, ахшой.
Цкъа къайла а ваьлла 1ийна, ц1авеана волчу Кунта-Хьаьжас:
– Баматгира, х1инца дуьйна бусалба динан зирх бу хьо. 1овда ю хьан ц1е (1ов-зирх, Да-мила ву вайна хаьа) . Дала Ша кху дуьненчу кхин пайхамар воуьйтург хилча, и хьо хир ма вара боху. Х1инца хьо халватера парг1ат цавалахь вайшиъ Далла а, пайхамарна а хьалха хот1е вужуш ву, – аьлла. Хулло чу а валийна, лийчош хилла 1овда Кунта-Хьаьжас, юьртахошка г1о а дойтуш. Цуьнан вортин пхенаш гуш хилла. Диъначу дег1а т1елетта йолу садолу х1уманаш неканца д1ауьдуш, т1аккха юха а йог1ий, Кунта-Хьаьжин куьйгех леташ хилла.
– Эвлаяий дилха даа бакъо яцара шайн, амма кхунна бала базбар т1едиллина дара шайна. Х1ара шайна к1инт1ера ваккхахьара бохуш, доьхуш ю-кх х1ара садолу х1уманаш, – аьлла нах кхетийна Хьаьжас.
Эвтархойн Ахьмада а тоьшалла дина, 1овдега а хаьттина, кхуьнга пурба дехна ша лела вахача аьттунца ц1аваг1ара ша, лечкъина вахча, цхьа зен доцуш веана вац ша, олий. 1овда 105 шарахь ваьхна, Далла дуьхьал д1авахана Калугехь паччахьан 1едало шайга обарг Зеламха ца лацавелча, цо шен мурд ларво аьлла махках ваьккхина вра иза. Зеламха куьг а лаьцна 1овдица тоба дина а волуш, цо шен йо1зар т1е а лаьцна лелош 1овдин мурд хилла ву. Харачошна и хаа а хаьа. Амма хала ду царна б1ешерашкахь шайн коьртехь 1едало кхоьллиначу туьйранех бовла.
Х1инца дийца вай шуна Эвтархойн Ахьмадах сан ойланехь ма кхолладаллара.
ИСМАЙЛИН ДУДА
«Нанас дена ма войла яхь йоцу ва к1анат,
И вича ма ваха цхьана дийнахь сарралц».
Нохчийн илли.
Нагахь вай массо xlумa а шен-шен кепара товш хиларан ойла юкъаяьккхича, lаьржачу буса стигалахь сирла седарчий товш хуьлу. Стенна делахь а цара дог оьцу адамийн. Хьанна хаьа, нийса хила а мега, уьш вайн беллачийн синош ду бохург. Цхьаболчара-м xlopa седа а ша дуьне ду олу. Бакъду, и а Далла дика хуур ду. Амма Дудина xlopa са дуьненал а доккха хета. Делахь а цуьнан ойланаш тховса стигланий, лаьттаний генахь яцахь а, кхечу xlумaнаx ю.
Нуьйр вон гlовла хилар а дац цунна наб цакхетар. Шен ма – хуьллу хьаьжира Дуда гlовла тоян: бегlаг тlехула а яьккхира, деалгlа тоьхна верта а диллира. Амма цкъа яйча, синтем боцчу стагана, наб атта ца кхета. И дац, дехьо йоккха латийначу цlера гонах а гулбелла кегийрхоша rloвг1анаш ярна а. Стенна делахь а, ойла дlаяхана ву-кх Дуда. Цхьана arlop ша а ву и новкъа долуш.
Кlезэиг озийначу гlан-набарха шен ден ваша Чlулг гира цунна. Цо а са гатдина хlинца. Вониг ойлано герга-м ца дуту. Адамаша дукха ма дина хьесапаш, г1ан тидар а бес-бесара ду: белларш rleнax вайна дуьхьал богlу тle цхьа бохам богlучу xeнахь я вай дуьненахь диначунна шаьш реза хилча, я xlумa хилла даьллачул т1аьхьa дог эца, олу баккхийчара. Оьшург я хиллачун, я хиндолчун хьесап дар дара. Амма дахаро оццул парг1ато а ца ло вайна. Цундела, вайн вapxla дас олуш ма-хиллара: «Далла дика хуурду! » – аьлла, ойланаш юкъахъехира Дудас
Терка йисттера схьа бергийн тата хезира. Кхетаман нур д1aca а тоттуш, юккъехула чугlоьртира бодане ойла: «Нагахь кlелонна тlенислахь? Массо а хlаллак хилахь? Тарло пошта ларъеш доккха эскар хила. Т1аккxa а Исмайлин Дуда даго вухавала вуьтур вац. Аренца ваьлла лелаш цхьа Таймин Бийболат бен къонаха а вац, Tle иза а муьлхачу arlop вахана а ца хаьа. Цуьнца зlе йоцуш кlира а даьлла. Г1о стенгара кхочур ду, нагахь де эшна висахь? Тlехула тle, соьца арабевллачу кегийрхойх кхоъ бен хьалха ишттачу тасадаларшкахь хилла а вац».
Бежаш дlабахана дин бодашкахь гучура баьллера. Цунна хила а мегара хlинца бергийн тата хезча, синтем бар. Бере цхьаъ бен вацара, xlундa аьлча, бергийн тата вотане ца доьрэура. Цlерана гонах а гулбелла, цхьацца дуьйцуш: хьо майра вуй, со майра вуй, бохуш, lачу кегийрхошна ца. хаьара, хlинц-хlинцца шайнаюкъа бере оьккхий. Дудина хазарна кхоьруш дозаллаш лохо дора цара. Шаьш аренца кlезиг лелла хиларна а, обаргийн амалех цхьаа воьлла ца хиларна а, гонах долчун тидам ца бора, я хlоттийна ха а дацара. Массеран а коьрта декхар – Исмайлин Дудас аьлларгдар хетара.
Цара-м хьовха, кхечо а, Исмайлин Дудин гlиллакхаш, гlуллакхаш дуьйцуш хезначо – сийдеш, лоруш къонах вара иэа. Жима волуш дуьйна шен хьекъалца, доьналлица, гlиллакхца Хьалха-Мартанахь вевзина цаlаш, нана Нохчийчохь цlе яханера Дудин. Невцалгlа ваха дин боцург, нехан юьрта ваха духар доцург, езаелла йоl ядон аьтту ца балахь, я и ялийча там-мах бан таро йоцург а Исмайлин Дуда лоьхуш хуьлура. И хьалхавоккхура дов дерзош, боцу бехк т1erlepтабахь.
Муьлхха xlумa тlехlоьттича, Исмайлин Дудас боху аьлчахьана чекхдаьлла дара. Доккха дозалла дара цунна улло а ваьлла Теркал дехьа рема яло вахар, хIонц яккхар, поштана тle а летта, хазна яккхар. Иштта и xlундa нисделла хууш цхьа а вацара. Дерриге а цхьа Делан къайле санна тlеоьцура наха. Хетарехь, дерриг Таймин Бийболата мехкан арахьара гlуллакхаш дукха листарна, чоьхьаранаш Исмайлин Дудина дисинера. Цуьнах воккхавеш ша Бийболат а вара.
Бергийн тата гергакхочущ динбере мила ву хаа лиира Дудина. Цlера уллохь тхьамда а хилла хьийзачу Бlотlас т1евorlypr мила ву а ца хууш, топ тle ма яссаяхьара, аьлла хийтира. Цецвелира иза тlебогlучу динан нуьйрахь стаг ца гича. Амма, ма-богrly и цlера улло а кхаьчна сецча, бухкарш юккъера схьа а ваьлла, дукха цецваларна мунда санна вогlавеллачу Бlотlин мекх хадийра беречо, шаьлта а тесна. Цу сохьта говра а кхоссавелла, цlера юккъе «бlо-в» оьккхуьйтуш, нохчийн тапча туьйхира. Сийна кlyp гlаьттира цlера гонах. Динбере бодашкахь вайра. Меттабаьхкиначу Дудин накъосташа тоьпаш етта йолийра, бода этlош.
– Хlей, собар, собар! – аьлла, ша волчуьра хьалаиккхира Исмайлин Дуда.
Дlахьажавеллачу Бlотина цуьнан карахь ингалсан турмал гира.
Tlaккxa и кхийтира Дудина цlера уллохь хlоьттина сурт дерриге а гина хиларх. Иштта дан а дара иза. Кегий нах шаьш а битина, дехьо а ваьлла, сахиллац аьллачу дагахь, caдala сецнера Дуда. Кхана гlала Г1излара йогlу пошта ядон кlело ян веана вара иза мартанхошца. Юьртара ас-сой боху кегиин нах бара цо балийнарш. Царалахь уггар доьналла дерг, онданиг Бlотlа вара. .
– Дуда, хьуна хьалха юьхь-Iаьржа ду тхо. Цхьана жимачу стага, хlилланца тхуна юкъа а иккхина, мекх даьккхи Бlотlин, – тleбаьхкира кегий нах, кортош а охкийна.
– Кхин юьхь-Iаьржо ма йогlийла вайна тle, аренца сема ца хилахь, коьртах волуш меттиг а йогlу. Ас шуьга ца элира: ха а хlоттаде, чlоrla гlовгlанаш ма е, буса аренца тата генара хеза, сема а хила?! – бехк баьккхира шен накъосташка Исмайлин Дудас. Кегий нах бист ца хуьлура.
Бlотlин гlар-тата яйнера, бехк а бацара. Тховса кхузахь мекх а даьккхина доьрзуш xlумa дацара цунна тедеанapr. Нагахь валаза висахь мартанхоша Г1излара уллохь мекх даьккхина Бlотlа бохур ма ду. Массарна а и дийцина вер вуй муха, х1ун дара?! Иштта дагахь йоццу юьхь-Iаьржо тlейогlуш дуьне ду-кх xlapa. Дала цхьацца бахьана ма хlоттадойца вайца мел хуьлучу xlуманнa. Накъосташна-м ма хаьийца и бакъ а долуш, Дала Бlотlина цо диначу дозаллашна бина бекхам буй. Хlинцца, ах сахьт хьалха, вайна юкъахь соьга кхочуш къонаха вац баьхнарг Бlотlа ма вара.
– Нагахь и бере вуха вайца нислахь цуьнца дов ма даккхалаш! – тlедожийра Дудас. И хезча-м гуттар а холча х1оьттира Бlотla. Шен дагахь: «Иштта-м цкъа кераваг1ахьapa, ас бийр бара цунна бекхам! » – ойла йора.
Дудин коьртера йоьхна ойланаш яйра. Буса ша лелаш долчу оцу Берзан кlезано шен жималла дагаяийтира Исмайлин Дудина. Таймин Бийболат а воцущ кхин жима къонаха кху аренгахь толлуш лелаш нисвалар доккха совг1ат дара. И дара Дудин дагна кхаъ бинарг: «Xleтa, керла бере ву, сайн тобана ас ша юкъавитаре сатуьйсуш», – кхийтира иза. Xlapa саннарг хьалха а хийлазза нисделлера: нохчийн кегийрхоша доьналла а, хьуьнар а гойтура Биболатаний, Дудиний. Т1аккха цара шайца цхьанхьа т1елата буьгура уьш. Ма-дарра аьлча, мостаг1а цец а воккхура кегийрхоша: жа юккъе борз санна, цlеххьана паччахьан эскарна юкъа а оьккхий, тур, шаьлтий детташ дукха зен дора. Наггахь нислора и вуьйш меттиг, мила ву а ца хууш дакъа ц1адохьура, т1аккxa вевзара. Амма xlapa санна тlахъаьлла к1ант Дудина хlинццалц хаавелла вацара.
Исмайлин Дудин шен а пхийтта шо бен дацара гlалмакхойн рема ялош вогlучу Жумин Акхтулина х1окхо rlo дечу хенахь. Xleтахь эпсар а, виъ салтий а йийсар варна, «Мартанхойн Дуда» аьлла, ц1е тиллира цунна Акхтулас. Х1етахь гlараваьлла вара и. Цунна вара Исмайлин Дуда xloкxy г1уллакхах кхаъ хилла.
Шозлагlчу Iуьйранна Г1изларна уллорачу уьшалшлахь болчу эрза юккъехь шен тоба дlалачкъо меттиг лоьхуш лелара Дуда. Лекхачу шач юккъехула йоьду лар хада йоьлча, «хур-р» деш, юхагlерта юьйлира Дудин говр. «Борз ю-те: кху юккъехь», – аьлла хеттачу хенахь:
– Я Аллахl, я Аллахl, – бохуш шач юкъара узарш хезира Исмайлин Дудина.
– Ассалам lалайкум! Хlай бусулба ваша, x1ун хилла хьуна? – мохь туьйхира Дудас, бухагlерта шен дин arlop а хьовзош.
– Ваlалайкум салам! Хьо Исмайли Дуда велахь, суна орцахвала! Вацахь хьайн новкъа д1аг1о! Къонахчун бlаьргана бен ган мегар долуш сурт дац xlapa! –мохь беара эрза юкъара.
Дудас шед тоьхна, човхийна, юкъа гlортийра шен дин. Амма и ладугlуш бацара. Цхьана х1уманах къехкара дин, буха rlepтара.
– Жима къонах! Со Исмайлин Дуда а ма ву, xlapa сан дин цу эрза юкъа а ма ца богlу. Хьайна хилларг дийцахьа! – дийхира Дудас.
– Хьо Исмайлан Дуда велахьара хьан дин схьабогlур бара. Цуьнан дин цо ша , шен куьйга 1амийна бу. Дlавало схьа а ца г1ерташ. Хьан сa тоъал х1ума дац кузахь дерг! Дуьйцуш 1ен хан яц сан! – аьлла, вуха а Деле кхайкха х1оьттира уьшалахь верг.
– Ой, велла вала со делаl! Ткъей пхийттара валлац Исмайлан Дуда хилла ма вара со! Xlaра дин а ас айса кхиийна а ма бара. Иштта де т1ех1оьттича кхуьнах бlобулуш ма вара со! Берзалойн андарг эккхош, чож тохазаТеркал дехьа болуш, мел лекхачу 1инах чуоьккхуш, – олуш, вухаваьлла аьлла шен дагна сих кхардам ца буьтуш, шед тоьхна хьовзийна дин, аг1ор хаьхкина, масех го эккхийтина, уьшал чутесира Дудас.
Вай дезачунна ма гойла и ирча сурт: дукъо санна стоммачу къорзачу лаьхьано кхо го боккхуш шен динахь воллушехьа, Iуьйдуш малвинера бере. Тур т1ехь ка адолуш, баттара даккха ницкъ боцущ lожаллин хьацаро юьхь докъан баса а яхийтина воллура цхьа жима къонах.
– Ва Исмайлин Дуда, дин ца лазош тохалахь тур! – дийхира цо.
Исмайлин Дудас ластийна тоьхначу туьро хадийна, лазийна, басталуш тохабеллачу лаьхьано цхьацца arlop шайн говрашца дlасакхоьссира ши бере. Къаьхкина дой метта ца дог1уш, вовшашна генавелира и шиъ.
Некъо гола туху меттиг хаьржина, кlело ян аьтту болуш, некъаца эрз лекха боллучохь, турмала хьаьжча Г1излара а гучохь, вyxaвorlypa Дуда шен накъостий болчу. Де дикка серла далале пошта йогlучу новкъа кхача дезара церан. Амма оцу дийнахь а, я шолгlачу дийнахь а пошта ца еара. Буса poгг1ана буьйшуш, садоlуш, дийнахь эрзашлахь къайлабовлий, дой дажош, ларйорацара пошта. Кхозлагlчу дийнахь Iуьйранна геннара хезара пошта яхьаш йогlучу говрийн гарголийн тата.
Ингалсан турмал бlаьра дуьхьал лаьцна хьажавеллачу Дудина гира шина бlо юккъехь йогlу сетта пайтон. Говраша гlаттийначу ченалахь халла гора варкъдоккхуш кечйина пайто. Бlо хихболущ чан лахъелча, Дудина гира пайто шиъ хилар. Xleта х1онц а алссам хир ю аьлла, самукъаделира Дудин.
– Сан хьоме мартанхой! – вистхилира Исмайлин Дуда.
– Дика латахь – цхьанна пхиъ кхочу вайна, вон латахь – цхьанна итт хир ву. Нагахь шу доьхнехь суна ши б1о кхочу. Х1ун до вай к1ентий?
– Тхо ледара хеташ хилча, ахь кхуза вон далийна, накъостий хеташ хилча, хетта а ца дезара. Дала яздинехь са далар миччанхьа а нисло, Tlaмехь вожар сийлахь ду. Болабехьа, Дуда, т1ом, хьо xlуманна ка долуш вар-кха, – элира бlо юкъара воккхах волчо.
– Яхь йолу кlентий! Шу ледара хетта ас xlумма а ца боху, шух б1обулуш ца хилча, кху эрна ара вorlyp а вацара. Дог-реза летачеран ницкъ шозза сов хуьлу олура шайх Мансура. Вайх велларг – гlазот ву, висинарг- Мартана кхочур ву, толам Делехь бу! – аьлла, шен аьрха дин поштина дуьхьал хийцира Дудас. Ахча эцна йогlу ковра сацийра цо.
– Хlай эла полколаг! Хьуна со дагавогlий? Стохка ас хьоьгара цкъа пошта ма яьккхира. X1етахь аc яйн чов йина витинера хьо. Шун пайтонахь хьоьца йогlу жима зуда хьан xlycaмнанa хир ю-кх аьллачу дагахь.
– Дагавorly суна хьо, хlай нохчийн обарг. Ахь сан зудчуьнца лаьцначу гlиллакхо хан яхйина шаре вели со. Ткъа хlинца, сайн докъа тlехула бен хьоьга пошта яхьийта дагахь вац со, дlавала дуьхьалара, маьрша бита тхан некъ! – тlечевхира полковник.
– Дакъаза ма вала хьо, хlай эла полковник, хьуна маца хезнера нохчо х1онц йитина кхеравелла вухаваьлла бохуш. Же, ма lелаш кlентий! – мохь тухуш, бlо юкъа тилира Исмайлин Дуда.
Цlеххьана болабелла т1ом марсабелира. Эскар юкъавоьллачу Дудина топ тоха йиш йоцуш, ‘тур-шаьлтий лело цул каден стаг воцуш, керчара цу эрна арахь ‘кlенташа болийна т1ом. Поштин ха Дуда эшийна воллуш лаьтташ, Г1излара гlопара керла бlо орцах кхечира. Цхьатера бацара ницкъаш.
– Ярабби, Хьо вара-кха Хьайга дехча орца луш! Ма эшадайтахьа тхо xloкxy цхьа а дин доцчу гавуршка! – дийхира Аллахlе Дудас.
Tlеман сихалло, тlеттlа хуьлучу чевнийн йозалло дlасахьажа ца вуьтура Дуда. Тlаьхьашха 1оьттиначу цхьамзано ларамаза хьалахьажийтича, цунна гира ша жа юккъехь Борз санна, дера, каден хьийза бере: цкъа нуьйра хуий тур-шаьлтанца т1ом бора цо, тlaккxa – динбухках тасалой говра кlел воьдуш оьрсийн тапча еттара. Хаддаза эскар юккъехула го туьйсура цуьнан дино. Дудина дагавеара буса Бlотlин мекх даьккхина жимха, и вара кхо лаьхьана багара ваьккхинарг. И цхьаъ дара Дала кхунна гуш даийтина орца. И тоьара цунна. Х1окху аренгахь кхин нохчо хир ву бохург бакъ дацара. Ярабби ма гатдинера цу жимачу стага и оьрсийн эскар. Пошта а йицъелла, г1изларехьа те1ара салтий. Царна т1аьхьара волуш ибере а вацара.
Яйн чевнаш йиначара еза чевнаш йинарш дойш т1ехь, пайтона а д1а а нисбина, ц1ехьа ваха велира Исмайлин дуда. Эскар эккхийна вахана дошло кхин вуха цавеара. Хетарехь и б1о лаьллина Г1излара чутиллера. Ца хиира Дудина и жимха мила ву.
Масех де даьлча, Мартант1ехь, Дудаьргахь дукха Адам гулделира. Баккхийчу лоьраша вуьсур ву бохуш, кегийчу лоьраша шаьш жоп ца ло бохуш, ч1аг1велла 1уьллура Исмайлин Дуда. Цхьана дийнахь гуттар а вон хьал х1оьттира цуьнга. Т1ех1иттиначу дешначу наха элира:
– Дуда, хьайн доьзале весет де, дагахьбаллам буьсуш х1ума делахь и а тхуна схьадийца.
– Деллахьа, весет дина шерет деш бекъа бахам ма бацара вайн, амма цхьа дагахьбаллам буьсу суна. И х1онц яккха тхо даханчу хенахь, буса тхо садог1уш 1аш а долуш, ц1еххьана хьуьна юкъара схьа а ваьлла, цхьана беречо…
Дуддас айба а велла доккха са даьккхира. Дехьо не1арехь лаьтташ волу Б1от1а улло хилира:
– Бакъдерг ма ду и, ала ахь Дуда.
…Б1от1ин мекх даьккхира.
– Ой и бохург х1ун ду? – аьлла, шаьлтана т1е ка диллира, шен вешин к1анте а хьожуш, къена Чаккхармас.
– Дера иштта ма ду и, – дуьйцура Дудас. – Ткъа оха пошта йоккхуш т1ом бечу хенахь, тхуна массарна а чевнаш хилла, со деле кхайкха х1оьтича, ша барзо жа сана и паччахьан эскар лоьллуш цхьа жимха гира суна.
Бакъду, поштана к1ело ян меттиг лоьхуш со лелаш, Г1излара уллора уьшалахь къорза лаьхьана багара ваьккхира ас и къонах. Кхуззе а и вевзийла ца хилла сан. Суо валале и жима къонах ган лаьара суна, сан вежарий! – чекхдаьккхира шен къамел Дудас.
– Иншааллах1, ма хала г1иллакх ду иза. Иштта къонахий ма дукха бувайн, – элирабаккхийчу нахах цхьаммо.
– Хала х1ума дац иза-м, – вистхилира х1инцццалц тийна 1аш волу юьрткъеда.
– Дийцахьа, Делан дуьхьа, муха кхачор вара те и къонаха Дудина дуьхьал, – аьлла хьаьвзира кегийрхой.
– Кхана Iуьйранна аралелхий дика-вонехь дlакхайкхаде: Исмайлин Дуда вала воьжна ву, шена и ган луург цунна т1ехlотта алий, и бере ша дийна висинехь цавогlуш lийр вац шуна, – хадийра моллас.
Цул т1аьхьa цхьа де а, ши де а делира. Исмайлин Дуда чевнийн йозалло г1елвинера. Амма доьналлех вуьзна волчу цо, вежаршка дийхира:
– Суо лахь, висахь цкъа малх схьакхеташ ган лаьара суна, уьйтlа ваккхийша со. Аренаш идош со лелачу хенахь, уггар сан де доьхначу хенахь схьа а кхетий, цу малхо вохвой, денвой, дог оьцура сан, – аьлла.
Сийначу бацалахь хlоттийна маьнга а болущ некъ гучу кепара уьйтlа а ваьккхина, охьавиллина вара Дуда. И ирча кхаъ кхаьчна дукха адам лаьттара цаьргахь. Кегийнаш, баккхийнаш, хийла ас-сой боху къонахий хlиттира xloкxy кхаа дийнахь Дудина тle. Ирх сара буцуш йиначу керта тleхула малх гlоттуш хаабелла бlаьргаш биллира Дудас. Цуьнан семачу лере хаьхкина богlучу динан бергийн тата деара.
– Хастам хиларг, со оцу къонахчунна де эшна ма гайтахьа, – олуш, айбавелира Исмайлин Дуда. Уллохь лаьттачу вешин к1анте хичаш йира цо:
– Сихонца назбар биллалахь сан букъ тleхьа, – аьлла.
Къегар хиъна волу Дуда назбар тle тевжачу минотана, лекхачу керта тlехула дин оьккхуьйтуш, уьйтlа а ваьлла, говрара охьа а иккхина, Дудина т1ехьаьдира цхьа жима стаг:
– Дакъаза ма вала хьо, хlай Исмайлин Дуда! Цкъа мукъна а хьуна я Таймин Бийболатана улло а хlоьттина летар вар-кха аьлла xlapa дин кхиийнера ас! Xloкxy дуьненахь хьайн кхин дисина xlyма дацахь, сан дуьхьа ма лахьара хьо! Деле хьан хан яхъяр доьхуш кхаьчнера со хьуна тle! – элира беречо.
Ша-шен йихкина цlий а lийдалуш чевнаш яра цуьнан дег1а тlexь. Шен хьаша вовза а вевзина, бlаьргаш серладевллачу Дудина хиира и хlинца а шен цlакхачаза вуй.
– Ой, дукхаваха хьо дела! Хьо тайпа беречуьнца цхьа пошта ца йоккхуш валлал са къен вац хьуна Исмайлин Дуда, – аьлла, к1ант маракъевлира мартанхочо.
Вехха 1ийра иза вист ца хилалуш. Шен дагахь бохура Дудас: «Хьо тайпа Берзан к1езий мел ду оьшур бац Нохчийчохь къонахий».
Жимма 1ийна, шен аз ч1аг1 а далийтина, г1овг1анаш а хезна, уьйт1а вог1учу моллега элира:
– Дийна вуьсуш хилча а дан деза и весет?
– Дуда, весет доцуш велларг цхьа къен велча санна лору вайн дайша, леш вацахь дан деза весет. 1ожалла вайга хаьттина йог1уш яц, даиман т1аьхьаяьлла лелаш ю.
– Схьахилал, жима къонах, охьахаал х1окху сан когашка, – аьлла, маьнги т1ехь вухахилира Дуда. Гуш дара х1инца цунна лор оьшуш цахилар: къонахчунна къонах т1евеача дарба долу.
Цхьа х1ума дагадеана тохавелира Исмайлин дуда. Цунна гора жима къонах шел г1олехь цахилар. Дарбанна аьлла куьг 1оттаза йолу цуьнан чевнаш йистина яра.
– Схьакхаьччий аш суна оьрсийн г1опера валор ву баьхна лор? – хаьтира Дудас.
– Кхаьчна.
– Схьакхайкхал цуьнга хьалха х1окху к1ентан чевнаш ерзаяйтал! – т1едожийра Дудас
– Х1ан-х1а, ахь х1ун дуьйцу, ва Дуда. Йоьхкур яц дера. Хьалха хьопарг1атвоккхур ву вай, – г1иллакхе ваьлла хьаьвзира хьаша.
– Здравствуйте! – аьлла т1ех1оьттина волу лор шина а дархочуьнга а хьоьжуш, цецваьлла лаьттара. Бухахьверг, т1ех1оьттинарг дерачу чевнех воьттина вара.
– Хьалха кхунна дарбанаш леладе, со х1ара г1уллакхаш лан 1емина ву, цу т1е, х1ара сан хьаша ву, – элира Исмайлин дудас.
– Х1ан-х1а, Дуда, Делан дуьхьа ма х1оттаве со холча, хьо воккха вара. Цкъа хьайн чевнаш ехкийтахьара ахь, – дийхира к1анта.
Дукха хан яллале, оьрсийн лоьро чевнаш а йихкина, Дудера хьешан ц1а чохь охьавиллина ши дархо вара. Цу шинна цхьа а т1е ма вита, кхо де даьлча, ша вуха а чевнаш ехка вог1ур ву аьллера лоьро.
Амма Дудий, цуьнан хьаший волчу чуьра белар хезара. Хетарехь цу шина карладаьллера Б1от1ин мекх хадор. Бакъду, Б1от1а ша-м реза вацара Дудас и жима стаг сел боккхачу ларамца т1еэцарна. Ван мукъана а мила ву – те и? Цу хаттаро валийна Дудин хьешан ц1а долчу не1арехь лаьттара Б1от1а.
Шен хьаша баьрччехьа а хаош, охьахиъначу Дудас даар, малар даийтира, лула-кулара нах а чубийхира. Юучух кхетта шаьш жимма napг1атдевлча, хаьттира Дудас:
– Klант, хьена-мила ву хьо?
– Со Эвтарарчу Анзоран Мохьмадан к1ант Ахьмад ву, – жоп делира хьешо.
– Хlокхул т1аьхьа Мохьмадан к1ант ца олуш, со Эвтархойн Ахьмад ву эр ду ахь, – тlедиллира Исмайлин Дудас. Тlaккxa, шен жимах волчу вешегахьа вирзира:
– Со лахь а, висахь а сан дин а, ас еана и оьрсийн ворхlазза йолу тапча а, тур-шаьлта а кху Эвтархойн Ахьмадна дlалур ду аш. Шега доlанца дехча, Дала орцанна дика стаг бен цкъа а хьажош вац. Xlapa ца хиллехь оха х1онц еана хир яцара. Ас санна Дала а сий дойлла хьан Ахьмад, – аьлла, шен маьнги тlepa хьала а гlаьттина, Ахьмадана маракхийтира Дуда.
– Схьачу вехал Бlотlа! – тlедилира Дудас.
– Далла бу хастам! Дуда хьо-м ирахь ма ву! – аьлла, воккхавен хlоьттина Бlотlа мара а воьллина;
– Айхьа суна гечдийр делахь х1окху Эвтархойн Ахьмадана и хьайн мекх даккхар гечдел! – тleдожийра Дудас.
– Со санна Дела а волийла кхунна къинтlера, и-м доккха xlyма дацара, валаза дийна висинчуьна-м мекх хьаладолура! – мукъа витира Бlотlас Ахьмад. Къевллина и мара а вуллуш, могаш –naprlaт а хаьттира, шена меллаа сиха Ахьмадан чевнаш ерза лууш хилар а хаийтира.
Мартанхошна хиира хlинца Бlотlина вас хир йоций, шаьш цуьнан мекх даккхарх хаьттича. Цундела дара а хаац, чугулбеллачех цхьаммо элира:
– Деллахьа, Ахьмад, тхо дисинчарна а цуьнах масал а хир дара, дийцахьа муха дагадеара хьуна Бlотlин мекх даккха?
– Ахьмад бехк лаьцна дlа а, схьа а хьаьжира, Дудас мегар дуй хоуьйтуш шега бlаьцаш йича, жимма соцунгlа а хилла, дийца волавелира.
– Бlотlин мекх даккха дагахь долийна дацара ас и. Суо вуй хаийта дагахь вара со Дудина. И муха дийр ду бохуш, со ойла еш lаш, цlера гонах а гулбелла кхара деш долу даккхийн хабарш мохо суна тlедеара. Тlaккxa ас, нагахь хlорш говрашкахь т1аьхьaбовлахь аьлла, некъа тlехула муш тесира. Охьа воьж-воьжначун герз схьалахьон дагахь вара со. Амма говрахь хаьхкина кхарна тlевеача, сан ойла хийцаелира, бlоржамаш санна даккхийн мекхаш а долуш стаг гича. Кхиндlа дерг шуна хаьа, – чекхдаьккхира шен дийцар Эвтархойн Ахьмада.
Иштта вуно жима волуш дуьйна ч1ог1а майра а, хьекъал долуш и хиларна Эвтархойн Ахьмад аьлла цунна ц1е тиллина Таймин Бийболатан аьтту куьг хилла лелла волчу Мартант1ера Исмайли Дудас.
КЪОНАХАЛЛИН Б1ОВ
Ширачу дийцарша, легендаша, аларша Гермчига валаво. Х1ара ю ламана когашкахь йолчу нохчийн ширчу ч1аг1онех цхьаъ. Вуьрх1ийтталг1ачу б1ешерахь кхуза баха баьхкина Хан ц1е йолчу нохчочун т1аьхьенах болу нах. Ша шайх Берсин гергарчех а волуш, тайпана гуно вара. Цхьаболчара олу гуной гуьнара охьабевлла бу. Иза иштта дац, муххале а Гунны олучу нохчех дисина цхьа гар (дакъа) ду гуьнахь даха охьахиънарг. Юрт ша вуно т1аьхьа (б1ешерашка диллича) йиллина ю. Гуной г1алг1азакхий бу бохург а бакъ дац! Нухь-пайхамаран заманахь дуьйна моссо нохчийн тайпа а бусалба хилла. Царах цхьаберш дуьненан халонаша, хиламаша, гонах дехачу халкъийн т1е1аткъамаца хербелла шайн динах.
Кхолламо доккха совг1ат дина гунойн тайпанах болчу нахана. Уьш вайн мехкан политически, т1еман, соцяальни г1уллакхийн коьртехь лаьтта хьалха дуьйна схьа, вайн б1ешеран 30-г1а шераш кхаччалц. Цхьаболчара ала тарло: Кавказан т1амехь гуной к1езиг х1аллак хилла, цундела, дукха бу тахана. Г1уллакх данне а иштта дац шуна. Хьахийнначуьра аьлча, Кавказан т1амехь 6 миллион оьрси вийна аьлла яздина шен таьптарш т1ехь оьрсаша имам Шемалан йозанча лоруш волчу Мухьаммад-Т1ах1ира. И т1ом болалучу хенахь нохчий 7 миллион бара олу цхьаболчара, вукхара оцу т1амехь 4 миллион вийна боху. Вайн къоман шира таьптарш нохчий ц1ерабохуш КГБ-с х1аллакдина. Цхьадерш суьйлийн, х1ирийн, гуьржийн карадахана. Баккхийчара дийцара, оцу таьптарех пайдаэцна меттигаш а бу.
Оцу Хан бохучу нохчочун ши к1ант вара: Аг1а-халкъалахь онда а, майра а хиларца вевзаш г1араваьллера. Цо цхьана куьйга сацош хилла хьерабаьлла акха дин – эмалк. Ша къанвелча, т1аьхьенашна ницкъ цабан аьлла, ша-шена чхаран чурт а х1оттийна хилла цо: Асхор-церан берийн бераша, итт къонах хьалха а ваьлла, лаьхкина хилла вайн махкахь бисина монголаш а, г1езалой а. Цара шаьш толам мосазза боккху Хул-Хулон бердаца цхьацца б1ов х1оттош хилла. Иштта вовшахкхетта хилла кхузахь 9 б1ов. Цигара схьаяьлла Эвтур боху ц1е, я вай олуш ма-хиллара-Эвтара.
Цу дешан маь1на даро схьайоьллу вайна б1ешерийн къайле . 1илмано ма- бохху, дешан этимологино гойту: эв-латинийн маттахь-9, тур-б1ов;эв-г1ажаройн маттахь-9 ду, тар-б1ов/башня/. Дуккха а лаьттина и б1аьвнаш вайн дай мостаг1ех ларбеш, т1аьххьара хилла болу Кавказан т1ом т1ех1отталц.
Баккхийчара дуьйцура Шемалан заманахь т1аьххьара б1ов муха йохийра. Эвтархойн Ахьмада ма-дийццара д1аяздина ша аьлла, цхьаммо. Вайна хезнарг иштта ду. Цу б1ов чохь обарг Геха хьошалг1ахь а волуш, паччахьан эскарша го бина.
Х1онц ян Теркал дехьа ваханчуьра, ч1ог1а некъ галл а баьлла, ц1авог1у обарг Геха, Эвтара шен доттаг1а волчу вирзинера. Ч1ог1а дог доьхна вара Геха. Ларамаза некъаца нисвеллачу цхьана муридо цунна дийцинера Кунта-Хьаьжас аьлларг, хьастаг1а шаьш зуькарехь долуш.
Юьртахоша хаьттинера:
– Ва Хьаьжа, обарг Геха Теркал дехьа вахана ванза дикка хан ма яьлла, т1аьхьадовла дезий те цунна? Сингаттам болуш 1аш-м вац те и?
– Дера и сингаттамехь ма ву. Цуьнан некъ а ца нисбелла. Амма доьхна х1ума дац. Вай ду-кх х1окху кьуйгашца и лахьтичу д1анисван дезаш дерш, – жоп деллера Кунта- Хьаьжас.
Вайна ма-хаъара, массо заманахь а сингаттамен почта сиха ма йоьдийца. Ткъа Кунта-Хьаьжа и къонаха шен доттаг1а ву олуш вара. Шаьш Эвлаяаш а ч1ог1а майра, доьналла долуш нах ма – хиллийца. Дела Ша воцчух уьш кхоьруш ца хиларна делла цаьрга Везахинволчо цхьацца долу мухьлизаташ.
– Гонах болчарна муха евзаш хилла церан майралла? – аьлла хаьттира ас, цкъа вайн рузбанахь долуш юьрткъеде Олхазаре.
– И – м вайна хаьа! – велавелира молла.
– Нагахь вайн хечийн когехула цхьа зингатийн туьйлиг хьалаяхча, царах цхьаммо бен къовза ца вахь а, кадетташ, дерриг зингатий дайа г1ерташ хьийза-кх вай. Я аьнгалхи ма-гиннехь, кхералой цу сохьта и йоь вай. Лаьхьам 1уьргара хьалабала а ца буьту и д1аьвшен белаххь, бацахь. Ойлаел шайна, буса бодашкахь, 1абржачу тоьличохь халвата хиъна 1ачу стагана (оцу Дала къайле ц1инъярна) еана цхьа са долу х1ума т1ех1оьттича, я цуьнан мера т1ехула, лергахула лела йолаелча, са тоха йоккха къонахалла оьший?!
– Эх1, Дала сийде церан дела1, ма доккха зер ду и, – маьхьарий девлира джама1атан.
ДОЬНАЛЛА ДОЛУ ЗАЗА
«Дика зудчо кечдо даарийн чам-маликаша бо».
Нохчийн кица.
Ломахь нах бу мичча хенахь а ахь шайга хаьттича, мила мичахь ву а дуьйцуш, цаьргара хьал хууш, нагахь эшахь хьо царна орцах хьажор волуш. Вай юьйцучу заманахь атта стаг т1е а оьцуш, церан г1уллакхе а хьожуш вара Кунта-Хьаьжа а, Баматгира-Хьаьжа. И ший а Дала дика дина ши стаг вуй а, цара аьлларг даиман бакъ хуьлий а хууш дара. Амма цаьрга, даиман ваьлла лелаш волу Эвтархойн Ахьмад, обарг Геха, дог-майра Ч1ега стенгахь ву хаттар дола хетара ас-сой бохуш кхуьуш болчу кегийн нахана.
Дин урх хецна а битина, ойлане ваьлла вог1учу Гехин говр ян а еана, Анзор-к1отарарчу б1ов уллора гоьзана х1оьттира. Керла йиллина йол а карийна, да сама цаваккха санна, корта ца ластош, эсала охьа а таь1на, яжа х1оьттира. Ламана когашкахь йолу к1отар 1аламат хаза меттиг ю: цхьана аг1ор лекха Арц, вукху аг1ор- шен шира мукъам беш, тулган туьтеш а лестадеш дог1у Хулхуло. Кхузахь б1ов чохь веха обарг Гехин доттаг1а Тама, шен къоначу нускалца. Кхузахь билггал хир ю цунна сада1а меттиг. Буьйса а яьккхина, парг1ат, кхана Гуьна хьала ваха гена а дац. Х1инца къа а дара сийна йол юуш боллу г1елбелла дин юкъах а баьккхина д1абуьгийла. Дукха некъ тоьхнера цо кху деношкахь.
Чохь са долчу х1уманна кхул тоьлла меттиг яцара сада1а: б1ов бухахула долу шовда, 1айни дукъан басахула хьалахаьжча барх б1аьйнан херцораш яра. Кхузахь кхеташоне гулйеллера Мехкхэл ши-кхо шо хьалха. Х1инца д1ахьажча, басахь ган а гуш чуоьгуш долу шовданаш цхьана буса девлла дара. Царах долу легенда иштта ду.
1845-чу шеран б1аьста имам Шемала Мехкхелан декъашхой Эвтара схьакхайкхина хилла. Уьш вовшахтоха Анзор-к1отарахь меттиг кечйина. Ши-кхо де хьалха схьабаьхкиначу муридаша тоьланаш кечйина хилла. Б1аьвнийн херцораш бухахь йолу чоьнаш ц1ан а йина, чухула г1уркхаш лоцуш хилла цара.
Хул-Хуло Арц к1елхула долуш хилла. Воккха хилла а, дег1аца лазарш долуш а волу Ташо-Хьаьжа ламаз эца хала вуссуш хилла Хуллочу. Муридаша шаьш хи т1едахьар дара аьлча а, кхабанаш д1а х1иттийча а, буха т1улг буьллуьйтий, хи йисттехь оьцуш хилла цо ламаз. Хулло х1етахь аьрха хилла. Воккха – хьаьжас дехар деш хилла цуьнга:
– Нехан чу ма дийлахьара. Б1аьстий – гурахь к1отаршкара г1ишлош ма йохаяхьара, – бохуш.
И до1анаш бахьанехь мел доккха дарах Эвтархойн чу цадуьйлу Хулло я Сиржа-Эвлара Уммалат – шайхан зиярт а цахьадо. Чу а ца долу. Оцу ло1ана къайле евзаш волчу Умал-шайха ша кхуза д1аволлийтина, хьалххе весет а дина Шемале.
Киши-Хьаьжина а, цуьнан к1антана Кунта-Хьаьжина а дийна йолчу б1ов бухахь меттиг кечйина хилла. 1овдин тоьла т1е ма х1оьтти, хьаша-да т1еэца аьтту боллучохь хилла.
Кхана-лама х1отта езаш маджлис йолуш, Киши-Хьаьжас аьлла 1овдега:
– Баматгира-Хьаьжа, хьайн устаз Кунта-Хьаьжа вуно жима а хилла аьтту хили хьан. Оцу Ташо-Хьаьжин муридаша къахьоьгу и Хулло чувоссо г1ерташ. Деле деха ца мега ахь цунна аьттуна шовда лахьара аьлла, цуьнан тоьла йолчохь.
– И нийса эли ахь х1ай Киши-Хьаьжа. Сан устаз жима а ву, Деле х1инца к1езиг дехарш дина а ву. Цунна т1едилла вайшимма и до1а?!
Шолг1ачу 1уьйранна муридаш хинан г1овг1ано самабехира. Царна моттаделла Хулло дистина дог1уш ду, буса лакхахь дог1а а деана. Амма тоьли чуьра аралилхинчу Воккха-Хьаьжин мурдашна гира 1айни дукъах чуоьгу шовда. Хазахеттачу муридаша сацам бира Кунта-Хьаьжей, 1овдей кхаъ баккха шаьш долчохь шовда даьлла хилар хоуьйтуш. Уьш говрана нуьйр туьллуш бохкуш араваьллачу Воккха-Хьаьжас элира:
– Ца оьшу геланча вахийта. И шиъ кхабанаш чохь шайн шовданаш чуьра хи а дахьаш схьавог1уш ву. Мерза а, сирла хьенан хьост ду хьовсур ду вай!
Цецбевллачу муридашна хиира кхузахь шайн карахь х1умма а доций. Х1окху адамийн сийлаллин хьу кхийтира царах. Иштта цхьана буса даьлла кхоъ шовда ду тахана а Анзора к1отарахь: Воккха-Хьаьжин шовда «Горный ключ» олучу лагерь т1ехула ду. «Смена» олучу пионерийн лагеро молу хи Кунта-Хьаьжас шен дена Киши-Хьажина даьккхина ду. 1овдин шовда Эвтарара хьала боьду некъ Хасуха-Хьаьжин ирзу хиллачуьра ба1арш доллуче ма-кхеччи ду.
Делкъа ламазана Анзор – к1отара охьакхечира Даьрг1ара вог1у имам Шемал. Цуьнан г1арол хилла хьалхаваьлла вара дог-майра Ч1егий, Буг1ий, обарг Гехий. Эвлаяаша кхаъ баьккхира Шамиле: кху аьхка лома дог1у паччахьан доккха эскар эшор ду ахь. Кхул т1аьхьа кхин а итт шарахь нохчийн махка а баьхкина хьуна т1елата а баьхьар бац паччахьан инарлаш.
И де тахана санна дагадог1уш вара обарг Геха.
Цу буьрсачу т1еман заманахь Эвтарахь ехаш яра сурт санна хаза а йолуш, доналла долу йо1 Заза. Иза Дибин Эвтархин хьомен бер дара. Массара а олура шен дененах тера ю Заза. Цхьа ша тайпа амал йолуш, акха сай санна йо1 ю иза. Амма и бакъ дацара. Йо1 кура, акха, сонта а яцара. Шен воккхачу дас аьлларг дора цо. Ткъа Дибин Эвтарха шен заманахь лелла к1ант вара. Цуьнан ден доттаг1ий бара Мадин Жаьммарзий, Джумин Акхтулий, Аккхойн Г1ойт1амаррий. Вуьйш д1абевллера, х1ара х1инца а вехаш вара. Шен дех, цуьнан майраллех дозалла дора Зазас. Йоь1ан дагахь доллург хууш цхьа а вацара.
Нагахь Заза маре г1ур йолуш елахь и Эвтархойн Ахьмаде г1ур ю олура юьртарчу зударша. Цара долийнарг цкъа а ца хуьлуш дисина а дацара. И тайпа хабарш юьртахь хеза а дуккха хан яра. Цундела массарачул а ч1ог1а ларвора Зазас Эвтархойн Ахьмад ц1авог1у. Уьш вовшийн генахь 1аш бацара. Ахьмадар Хуллон тог1ичохь долу шовданера некъ бердах хьалабовллучохь 1аш бара. Церан кет1ахула йолий йоьдура и шовдане. Кевна йоьг1начу утармина арахьа гоьзана гонах дина хьаьвда дара. Цу чохь гурахь, 1ай, б1аьста а лерина 1индаг1нехь якъийна, т1ера сийна бос а банза йол хуьлура. Аьхка генара дуьйна схьакхетара гоьзанахь йолчу керлачу бецан хьожа. Хьаьвдана дола деш верг Ахьмадан да Мохьмад вара. Уллохь яра хен боруш йина готта ной. Цу чохь хи латтадора Ахмадан нанас-Хьалимата.
Шайн ц1ахь хьеша-дена аьттонна иштта гоьзана го латтош ерг Заза яра. Хьаьвди чу йол цо юьллура, ной чохь шовдана хи а латтадора. Эвтарха воккха ву аьлла ца 1аш, сих-сиха хьаша-да хуьлура цаьргахь. Дийнахь кхузза, доьазза хит1а йог1ура Заза. Амма цунна цхьа а к1ант ца волура. Ахьмадан ларам юьртахь боккха бара. Цу т1е зударша даржочу хабарша жимачех цхьа а ца вуьтура «Ахьмадан йо1ана» т1ехьовза. Ахьмада цкъа а, шозза а синкъерамехь Зазе сакъийринера, безаман дош а даьккхинера. Наггахь ша ц1ахь нисвелча хит1а а вог1ура. Цул т1ехдаьлла гена долуш дацара захало. Амма Заза цунна реза яцара. Иза йистхила лууш яра Ахьмаде, эхь-бехк дайина, нагахь иза ишттачехь а лардан дезахь. Цхьана сарахь и аьтту белира.
Заза мехкаршца шовданехь а йолуш, малх буза Хуллол дехьа лахбелча, ц1еххьана говрийн бергийн дур хезира. Дукха хьолахь обарг Гехий, Тамий, Ахьмад цхьане вог1ура хийистте. Шовдана кхоччушехьа хаьхкина йог1учу говрашкара охьалелхара уьш. 1емина долу дой, цу минотехь совцура. Дуьрста хецна йоллушехьа, дена уллохь лаьттара. Гаъ т1е куьг тоьхча, гена а ца болуш, бажа х1уттура х1ораннен дин. Оцу сурто дегнаш ловзадохура мехкарийн. Х1оранна уьш шегий-шегий бистхила лаьара.
Хьастаг1а шовданехь Зазий, Ахьмаддий вовшашка дистхиллера. Къовсам а баьллера. Тахана цу шимма х1ун дуьйцур ду хаа лаьара мехкаршна. Хьалха шаьш вовшах къастале Зазас элира Ахьмаде, нагахь ша маре йоьдуш хилахь а хьоьга йог1ур яц. Ойла а йина х1ума дийр ду ша. И саннарг цо эр ду моьтташ цхьа а вацара. Юьртахь х1ума сиха даьржа. Ша дерриг керланаш хи йисттерий, базарарий, юьртара туьканашкарий хеза. Цу т1е Зазас вайн хийцаделла х1умма а дац аьлла жоп делира Ахьмадан хаттарна. Т1аккха ц1ера араяла дагахь яц ша, ялахь а Ахьмаде ян дагахь а яц.
– И ма тамашийна х1ума ду. Вайшиъ девза дуьххьарлера шо а дац. Вайшиннен ц1еранаш а вайн захало хилла даьлла бохуш 1аш бу. Нехан эладитанаш-м ца кхаьчна хьуна т1е? – хаьттира Ахмада.
– Хабарш-м дукха дара, амма сан сацам царах бозуш бац, – элира Зазас. – Д1адаханчу к1иранах со Майртуьпахь хьошалг1ахь яра. Цигахь цхьа к1ант вара ша т1ехьовзаве бохуш. Ас эли и т1аьхьараваккха, со Эвтархойн Ахьмадана дош делла ю. Эрна цхьа а 1ехавелла сайна т1аьхьаваза ца лаьа суна. Эццахь цигара мехкарий цецбевлира. Цара элира, ой тхо долчохь-м Эвтархойн Ахьмада Г1изларха ц1е йолуш ч1ог1а хьал долу йо1 ялош ма ву бохуш дуьйцуш ду аьлла.
– Х1а-а, цхьа к1ур болуш х1ума хилла ахь дуьйцург. Цунна ву со хьоьгара кхачам боллуш жоп дезаш: хьо соьга йог1у ца йог1у? – хаьттира г1еххьачул холча х1оьттиначу Ахьмада.
– Хьан сина хала а ма хетийла, со хьоьга йог1ур яц, – хадийра Зазас.
– Кхетавехьа со?
– Цкъа делахь кхечу къомах долу адамаш ледича эхь ду дерриге а къомана, – аьлла, беснеш ц1еелла д1ах1оьттира Заза.
– Цу декъана парг1ат хила мегар ду хьуна. Тхан х1инца а ялорна – йитарна т1едаьккхина х1умма а дацара, – элира Ахьмада.
– Суна бен а дац. Ахьмад, сайн вешега санна тешарца къамел дан мегар ду-й ас хьоьга? – хаьттира Зазус.
– Мегар ду! – жоп делира цо.
– Дукха хан яра со цхьа а хьуьнарш гайтаза волу к1ант лаха лууш йолу. Со цуьнга маре яхча, наха эр долуш: «Зазин майра ву и урамехула вог1ург. Заза Дибин к1ента Эвтархин йо1 ю». Сан дай, дедай мила ву нохчашна хаьа. Х1умма а хьайчул лахара сий долуш вац и шиъ халкъалахь, хьомен Ахьмад.
– Со кхеташ х1ума дац йо1 ахь дуьйцург. Сан бехк стенна т1ехь бу кхузахь, – цецвелира Ахьмад.
– Со хьоьга маре еача, со урамехь йог1уш гича, наха эр ду Эвтархойн Ахьмадан х1усамнана ю и йоьдург. Царна бала хир бац мел ларамечу х1усамера схьаяьлла ю со. Нагахь со хьан накъостех цхьаьнга йодахь- урамехь йог1уш гича эр ду Эвтархин йо1 йог1у, Таймин Бийболатан доттаг1 вара цуьнан да, Эвтархин да Диба- Мадин Жаьммирзин доттаг1 вара. Иштта сайн ц1ийнада а сий долуш вийр ву ас. Къинт1ера волий хьо суна?
– Дера волу. Со санна Дела а волийла хьуна къинт1ера! Хьо оццул хьекъал долуш йо1 юй ца хаьара суна. Дала сий дойла хьан, Зазу! – элира Эвтархойн Ахьмада и дош шен кийрара даккха мел хала хиллехь а.
– Ахьмад, хьоьга кхин цхьа х1ума деха бакъо лой ахь суна? – дийхира йо1а, шен ши бесни куьг хьаькхна якъа а еш.
– Пурба ду хьуна. Бакъду, новкъа-м ду суна хьо сайн йиша ца хилар, Заза, – элира Ахьмада.
– Ахьмад, и Г1изларха ялаелахь. Со тешна ю шуьшиъ вовшийн дезаш а, бертахь а хирг хиларх. Цуьнан гергарчу наха дерриг нохчийн къам лорур ду. Х1окху дуьне а херадаьллачу заманахь доккха х1ума ду хьуна и. Со-ваша воцуш йиша ю, хьо йиша йоцуш ваша ву. Дела ву теш, хьан дикий, вой нанас дена йиначу йишасчул ч1ог1а лорур ма ду ас!
Заза букъ тоьхна д1айирзира. Цунна иштта атта а дацара и дешнаш ала. Гуш дара цуьнан кийрахь безамах дуьззина дог хилар, вала везачунна х1ун бен ду и безам езаран я йишин хилча а?! Цунна х1инца гонах болчарна цхьанне а ца хуург хаьара оцу дог-майрачу, оьздачу к1антах.
Шолг1ачу дийнахь сатоссучу хенахь, Заза хит1а яле Эвтархойн Ахьмад юьртах велира. Цуьнан ойланаш хьалха а евлла Теркал дехьа д1аяханера. Х1инццалц цо шеца цхьаъ шиъ вуьгура шен доттаг1ех, х1инца цунна ша виса лаьара, аренан мох лоьцуш беалора бахана дин д1ахеца ма-боьдду. Цигахь и х1инца а наггахь бен нахана вевзаш вацара, синтем боцчу некъо эца там бара цуьнан аьрха ойла. Цуьнан накха гатбина детталора майра дог. Цо г1одаюкъах къуьйлура чал дера герзаш. К1езиг хуьлу гонах майрачун дагара хуу нах. Юьртахь дерриге а машарен адамаш ду, амма иштта къонахий а бу: зуламхой боцуш, къуй боцуш, ц1ена ойла а йолуш, буса наб ца кхеташ ладоьг1урш-цхьаммо орца дохуш хезий-те бохуш. Царна даиман а моьтту цхьаъ бохамо хьийзош санна ша цхьаъ бен г1онна ван адам-да а воцуш…
Ишттачу ойланца, сагатдеш долчу даго ца витина ломахула лелаш вара обарг Геха. Садойн лам т1е кхаччалц д1авахара иза. Дехьа Гуьржийн мехкан доза дара. Амма х1окхо цига бахьа арабаьккхина некъ бацара. Кхузара д1а ма – йоьдду говрахь хьо вахача, ялх сохьтехь некъ бича, гуьржийн Шатили олучу г1опе кхочур ву хьо, дуьйцура цунна жа1уйша. Цигахь бу лаьттан аматаш доцу мехкарий, 1аьржа буьйсанал 1аьржа б1аьрг-цкъоцкъам долуш. Нохчех хьаша-да боккхачу ларамца т1еоьцу цигарчу къонахоша. Цу меттехь дийнна баттахь сакъийрина, дукха къонахой бевзина, некъ к1ордийна, б1аьрг к1адбелла вог1уш вара дог майра обарг Геха. Хилларг-лелларг шен доттаг1чунна хаийта Эвтара вирзинера Геха. Амма Эвтархойн Ахьмад ц1ахь вацара. Х1ума хууш ву аьлла ц1еяхана волчу цуьнан вешин к1анте Баматгира – Хьаьже Ахьмад муьлхачу аг1онгахь карор ву ала ца хоьттира Геха.
Баттахь дукха хи д1адахана Хуллочухула х1орда т1е. Х1инца Тама волчохь жимма са а даь1на, Гуьна ваха сацийра Гехас. Г1елвелла, цхьана х1умана тидам ца беш вог1учу Гехина ца хаьара шена т1аьхьах1оьттина лорах бог1уш паччахьан таллархойн б1о буй. Геха чу а ваьлла, могаш-парг1ат хаьттина, волучу заманахь, Тамега мохь тоьхна аракхайкхира паччахьан эпсаро:
– Гехин стигала вала т1емаш дац, лаьттах вола ма1арш яц. Ара а валий, каравола ала цуьнга. Шен балахь 1едало къинхетам бер цуьнах, – элира полковника.
Гунойн Гехин уллора доттаг1 вара кху б1овнан да Тама. Дукхазза цхьана нисвеллера и шиъ тасадаларкахь. Масане яьккхина пошта. Амма и ца хаьара паччахьан эпсарна. Цунна айкхаша дийцинарг: зуда ялийна бут а бац б1ов йолчу ден, цунна оьшуш дац х1инца шуьца т1ом бар, аьлла болу хаам бен бацара оьрсашкахь.
Тамас Гехе хаийтира полновникан лаам. Серлаелира обарган юьхь, шена кхо го биний хиъча. Коре а вахана, Гехас ара мохь туьйхира:
– Полковник, обаргана латар езачу йо1аца хелхавалар санна х1ума дуй ца хаьа хьуна. И х1ун декъаза къамелаш ду ахь дийраш? Хьайн чанг1алкхаш кечье ахь т1амна, ас гойтур ду шуна бакъ йолу борз муха лета!
Хьалха заманахь баьхначу нохчаша г1азот лорура доккхачу эскарна юкъа а иккхина, летта веллачо даьккхинарг. Бусалбанийн 1алашо ялсамане хилча, цул боккха кхаъ бан а бац олура цара. Тур-шаьлтанца бечу т1амехь х1инца а цхьаммо а эшийна бац нохчий. Эскар мел доккха хиларх орца Делера дуй хаьара царна. И даре дора паччахьан эскаран хьаькамаша а. Уьш дукха хьолахь ларлора нохчашца куьйга т1ом барх. Герз ира хиларал сов, куьйгана а андий бара уьш. И санна йолу эскаран тобанаш г1алг1азакхий юкъах болуш хуьлура, нохчаша шаьш лата 1амийна болу.
Оццу хенахь вистхилира х1усамда:
– Геха, хьан а, Эвтархойн Ахьмадан а со осала стаг ву олийла дац. Кхоьруш а вац со валарна. Делахь а дахаран марзона хьу кхетта-кха сох цхьак1еззиг. Хьуна ма- хаьаийца ас зуда ялийна бут а боций. Х1ара ирсен дахар ма дохадехьа сан. Кара г1охьа царна. Дала аьлла делахь вай воккхур ву хьо церан карара, – элира Тамас.
Воьхна хьаьвзира Геха. Доттаг1 бахьанехь вала а кийча волу иза х1инца дагахь а доцуш шена цкъа а т1ех1оттазчу хьоле нисвелира. Дуьххьара гуш санна хьоьжура иза Тамега а, цуьнан къона нускале Зазега. Доккха са а даьккхина, элира цо:
– Воло, охьа а воссий, со каравог1у ала цаьрга. Ахь боххург дийр ду ас. Х1усамден лаамера ваьлла хьаша Делах ваьлла стаг ву олу вайн дайша. Х1усамден бакъо а йоцуш, нехан чу а веана т1ом болон бакъо ца ло шари1ато. Суна шу сайн дахарал дукха деза. Дала ирсен дахадойла шу!
Тама аравелира. Элира цо оьрсийн эпсаре Геха каравог1у. Цкъа 1уьйре ян хан ло шаьшшинна аьлла.
Б1ов чохь тийналла х1оьттинера. Иштта масех минот елира. Сингаттаме тийналла йохийра х1усамнанас:
– Майра к1ант! – элира Зазас, шен аз мелла а ч1аг1 а дина. – Со кху сайн ц1ийнадега хьой, Эвтархойн Ахьмад бахьанехь еана. Шу даггара доттаг1ий хеташ а ю со. Суна хаьара сайн ирс доца хир дуй. Делахь а суна тоьъна айса шуьца цкъа дина ирсен пхьор, шуьца цхьана вайн лаьмнийн х1аваъ чуийзина ас, шуна вайн мохк мел беза хууш. Кху дуьненахь сайна хила бохам боций хууш, шу уллохь мел ду, кху б1ов чохь майрра наб а йина ас. Сан денанас олура: майраллий, ирс дукха ца деха цхьаьна. Со яла йоьг1на елахь, шуна уллохь леттачохь долийла сан са! Ас доьху хьоьга, майра к1ант, хьайн нус йолчу сан дуьхьа ма г1охьа царна кара т1ом ца беш. Гайтахьа суна муха лета бакъболу обаргаш. Хууш ма-дайца дарьеллачу барзо дийнна хьуьнхьакхарчийн бажа лоллуш хилар. Ахь айхьа ма элира паччахьан салтий чаг1алкхаш ю. Суна хаьа сайн х1усамден герзаш мичахь ду. Охашимма а г1о дийр ду хьуна. Далла лаахь аьтту бер бу вайн, лахь-г1азотехь хир ду вай!
Дечиган маьнги т1е лах а велла, цецваьлла цуьнга ладоьг1уш 1аш волу Геха, ц1еххьана ша къона лом санна хьалаиккхира. Цуьнан б1аьргаш серладевлира. Юьхьт1ехь дага доладелира нур. Моьттар дара и х1инцца б1ов чуьра охьа а воьссина пелхьунан бухь а буг1уш хелхавер ву. Вистхилира обарг Геха:
– Сан дас олура: Дала къонахчунна- майра зуда ло. К1илло волчунна-к1илло. Х1илла долчунна- мекара зуда. Куьпчийчунна-махлелошьерг. Хьекъал долчунна-хьекъале зуда. Вай Дала яхъе хьан хан! Минот хьалха доттаг1а, нус , х1ара б1ов а яцара сан. Ахь дерриг дуьне духадели суна. Хьожур ю хьо, сан хьомсара йиша обарг Геха муха лета цу ж1аьлех. Цхьа дехар ду, Заза, вай б1ов чуьра охьадуьссуш шийла шовдана хи лолахь суна мала.
– Х1ун эли ахь цаьрга? – хаьттира Гехас г1айг1ане чувеанчу Таме.
– Хьо каравог1у, цкъа 1уьйре ян вита тхойша эли-кх, – жоп делира Тамас.
– Нийса аьлла. Харцдерг дийца магош меттиг ю вайшинна т1ех1оьттинарг. Доцург дийца йиш ю т1амехь, захалонна юкъахь, лоьраша аьлла цамгар хьулйеш.
Стоьла хьалха а хиъна пхьор дан долийра цу шимма. Диира кхаьрзина бордаха дилха, мелира шийла мохца, т1аккха лата кечам бира цара.
Чуеара Заза. Цкъа хьалха тас , г1умаг1ий делла куьйгаш дилийтира божаршка. Пхьег1аш д1а а яьхна, шена т1е атта духар а дуьйхина, герзаш юкъахдихкира цо.
– Майра к1ант, вохий ма хьовзалахь, суна са а ма гатделдахь. Т1аме ца х1иттинехь а, божарийн духар а дуьйхина дена улло йийлина ю хьуна со дар-дацар хиллачохь, – элира Зазас.
Б1ов чуьра шаьш охьадуьссуш Гехе хин чами кховдийра несо. Сутараллица шийла шовда а мелла, вистхилира обарг Геха:
– Х1ай эла, полковник. х1инца лардер-кха ахь сох и хьайн к1езий. Обаргаш т1ом ца беш кара ца бог1ий хаъал хьекъал дац хьоьгахь? Тешнабехкаца оха т1ом а ца болабо хьуна, – аьлла. Жа юккъе оьккху борз санна эскарна юкъаиккхира обарг Геха. Болабелира т1ом. Дукха хан ялале кхозлаг1а го шалха бахара, делкъе хиллачул т1аьхьа шалха го цхьалха бахара. Ша дера лом санна летара чевнаша дарвина Геха. Х1умма а шен марвешел оьшуш яцара салтий а 1адош тур шаьлтий каден детташ, чевнаша ч1ичч1ашка а яхийтина йоллу Заза. Дуккха а декъий 1охкура Тамина гонах. Оццул шена зен хир ду ца моьттина волу полковниг цецваьллера т1еман эрчаллех. Т1аьххьара го юккъе баханчу хенахь чевнаш хилла юьйжира Заза, попан хена т1е лахвелла 1ара ницкъ эшна Тама. Салташа цхьамзанаш т1е айбира Геха. Тур тоьхна масех корта божийра цо.
Ша кхетамчуьра волуш санна хийтира. Цуьнан б1аьргаш дуьхьалх1оьттира говран бухкарш юкъара хьала а ваьлла, оьрсийн тапча етташ волчу Эвтархойн Ахьмадан сурт.
– Хьай да ма ека хьо к1ентан! – аьлла, мохь а тоьхна цхьамза болчу тоьпашца бевддачу салташна т1е говр етташ воллу дог-майра Ч1ега гира цунна.
– Сан хьомен нус, ахь делла шовда бен ца дисна-те сан дег1аца! – аьлла, тур ца ластаделла галвелира Геха.
– Же ма 1елаш! – аьлла, дерачу чевнаша эгийна шайн накъостий говрашка бехка х1оьттира Гехий, Ч1егий. Говр т1е а хаьахкина, попах тевжина лаьтта Заза катоьхна мара а йоьллина, дин Эвтрара лаьллира Ахьмада.
Б1овна гонах тийналла х1оьттира. Д1асабевдда паччахьан салтий т1егулбелира. Иттех стаг висинера церан б1онах. Гехас йиначу чевнех вала воьжна волу полковник айбавелира:
– Дисина х1оъ-молха чу а диллий, эккхийта и зуламхойн бен, – элира.
Цуьнан омра кхочушдира доьналлехь висинчу салтийчо. Инзаре доккха тата делира Арцахь, ламана басенца даьржаш д1адахара цуьнан дур. Хаьрцина юйжира т1аьххьра б1ов. Ширачу Эвтаран иссалг1а б1ов яра иза.
– Гуьнара охьахьаьжча, дийно сарралц цу б1ов т1ехула хьийзаш Мулкулмот гора шена, – элира Кунта-Хьаьжас.
Хетарехь, жимма хиламел хьалхавели моьтту суна со. Делахь а баккхийчу яздархоша ма-аллара, керт еш санна, догг1уче бен ца нисло-кха дош-мог1а, бехк буьллу даций хьан дешархо. Хьуначул хала дара суна кху турпалхойн дера чевнаш лан. Цхьаболчара леладокхий цхьайолу меттигаш юх-юха йоьшу х1уманаш. Соьга и далур дацара. Г1алат ма лехалаш кхарах жима-воккха мила вара, х1орш муьлхачу шарахь лазийнера бохуш. Дахаран шен 1едал ду. Лакха-Воккхачо елла хан т1екхаччалц д1алела вайх массо а, т1аккха бахьанах бахьана а х1оьттина д1а ца дахча а ца довлу. Дуьненах сакъералучу стагана бита хала мохк бу вайниг, кхуьнан исбаьхьалло х1ара цхьанне а д1абала ца битина г1азотехь леш болу вайн дай….
Тахана вайна хаьа Кавказан т1амо дукха дика к1ентий лаьттах боьхкканий. Амма и т1ом шайна а балане баьллера паччахьан эскаршна. Кхузахь маьрша бехаш ма бара оьрсий, г1алг1азакхий, нохчий. Москохара паччахь карзахваьлча хилларг шайна хаьа-кх царна. Дагадог1ий шуна Кавказан наместика паччахье яздина рапорт: «Далла бу хастам! Х1ора шарахь б1е эзар вайн салтий д1ахьош болу Кавказан т1ом чекхбели. Имам Шемал вайн сийлахь-лараме йийсар хили»…Х1умма а хала дац ткъей пхеа шарахь г1азотехь беллачу ламарой г1азот Далла хьалха къобалхилла хилар хаа.
Иштта ду ширачу историн йозанаш. Цхьаммо а ма олийла уьш цхьа а эрна велла. Ткъа х1инца кхин цкъа а духа г1о вай кхерамах дуьззина долчу Эвтархойн Ахьмадан къоналлин дахаре.
– Елла ю х1ара я дийна ю? – хаьттира Дибин к1анта Эвтархас ц1еш юьзна Заза тур, шаьлтий улло а диллина, ян а еана Ахьмада раг1у к1ел охьайиллича.
– Дийна а ю! Шен деда санна онда са долуш стаг а ю! – элира Эвтархойн Ахьмада.
– Тама муха ву?
– Дийна ву! ..
Дуьхьал лоьцучу мохо са а дукъдеш, ма-боьдду дин лаьллина Теркал дехьа ваьлла воьдура и. Цигахь яра нохчийн къоман майрачу к1ентийн доьналла гойту тийна аренаш…
Г1УРГ1АЧА
«Шу шайл хьалха баьхначийн даь1ахкаш т1ехула лелаш ду».
Къор1ан.
Бакъду, со жима хьалхавели цу заманара хиламел. Делахь а, критикаша олуш ма-хиллара, йозана дас шена луъург ма дойца и эццахь оьшуш дара олий. Т1аккха, т1аьхьо бехк ца биллар доьху дешархочуьнга, эццахь г1алат вели-кх ша. Х1инца а дуккха ма бу г1алаташ лоьхурш, х1ума шайна санна нийса адам- дена хаа йиш ма яцара бохуш. Кхузахь г1алат дац. Х1етахь Цигахь а дацара. Дахаран х1ора заманахь а шен ма дайца законаш. И шуна хиъча а тоьар ду суна.
Иштта нисделира. Аг1а ваха вуха а Гуьна хьала вахара. Г1андор цуьнан пхи к1ант Гермчигахь ваха хиира. Парг1ат дахар ца хилира цуьнах. Г1андоран цхьаьна к1ентан гермчигхочуьнца дов делира. И бахьанехь сих-сиха латарш нислора. Г1андор валлац ца бирзира и т1емаш. Ша Леш цо весет дира шен к1енташка а, Аг1ин к1анте. Г1андоран к1анте Анзоре а, Эвтара д1аг1олаш даха а, 1ен а аьлла, шайн шича Соса волче. Амма уьш х1еттахьехь схьа ца баьхкира. Дикка йорт йиттира охьаховша меттиг лоьхуш. Г1ойт1-коьртехь к1отар йиллира. Цигахь а дахар ца хилира. Дукха уллохь яра Гермчига.
Кестта бег1ийла меттиг карийра охьаховша. Г1ург1ача – олу ч1аг1о яра Гермачигний, Цоцин-эвланий, Эвтарний, Саь1ида-юьртаний юккъехь. Цигара нохчий астаг1а Тимар т1евеача лома хьала а бахана, яьсса лаьтташ яра и меттиг. Цигахь д1атарбелира цхьаберш. Анзор 1айни дукъа т1ехь шен к1отар а йиллина, шира Эвтара денъян волавелира. Цуьнан к1ант вара Мохьмад. Дукха хан яллале шен к1антана Элистанжара зуда ялийра цо. Цо вина кхоъ к1ант вара: Мит1ий, Зулам, Ахьмад. Цара г1о дора шайн дена бахам лелош, даьхний дажош.
Цхьана дийнахь Мит1а Г1ург1ача ч1аг1онан ара мангала вахара. Ч1ог1а нисъелла цанаш яра гонах. Иза вадон г1оьртира х1етахь т1ера мах баккха нах идош лелаш болу цхьа зуламан дай. Оццу хенахь к1антана т1аьхьавог1уш волчу Махьмада, ша саца а сецца, орца даккха итт шо долу Ахьмад хьажийра Цоцин-эвла. Стаг вадон баьхкиначех цхьаъ йийсарван аьтту белира. Церан шайн дийзира х1инца мах охьабилла. И г1уллакх хиллачул т1аьхьа, вежарша барт бира вай деден весет кхочушдан деза аьлла. Уьш гуттаренна а баха Эвтара схьабаьхкира. Анзоран к1отарахь даьхни дажадора цара. Аьхка и Садойн лома хьала а дуьгура.
Х1оккхара долон дезаш дара и Геха лаца г1ортаран хьокъехь долу дийцар. Делахь а дош хаза ду-кх ша долучохь цо меттиг толош елахь.
Хетарехь, дешархочунна хаа луур ду «г1азакхи-оьрсий» бохучу дешан маь1на. И дош оьрсийн маттахь- «ладья т1ехь бог1урш» бохург ду. Оьрсий- г1азакхий вай долчу хи т1ехула баьхкина бохург ду, ша г1аз санна неканца. Иштта шайн лаамехь, парг1ат туьду ночаша «Г1ебартой» боху дош: г1а санна бертахь.
Делахь-х1ета юьтур вай дешнийн этимологи. Цуьнан ц1ийнан хьалхарчу нахах цхьаъ ву Ирс-Ахмат аьлла имам Шемала ц1е елла волу Эвтархойн Ахьмад.
Г1ЕЛИЙДУЬЛЛУРГ
«Дика дечо-шена до, вон дечо-шена до».
Къоран.
Эвтархойн Ахьмадан, юьрта т1ехула долчу 1айни дукъахь, хьуьна юккъехь доллуш ирзо дара. Х1ара Теркал дехьахула ваьлла леллашехь хьаьжк1аш хьийкъина кхиънера цу т1ехь, амма юкъахь асаран къух дара. Нилхаяха езаш а яра. Дас Мохьмада йийнера уьш д1а, хьокха а тухуш. Асарна цел цуьнга ца хьакхалора. Шераш девлча, дег1 дазделлера цуьнан. Хан ца тоьара. Т1еман зама хиларе терра, юьртахь тезеташ а дукха лаьттара. Цундела, цхьана дийнахь, 1уьйранна ша тезета вахале, ц1акхаьчначу Ахьмадана дов дира дас:
– Хьо Теркал дехьахула йорт етташ леларх 1ай даа ахьар ма деза вайна. Ирзо асарах мукъа даккхий бен кхин кех ма валалахь аьлла. – Хьуна оьшуш болу г1ирс божалахь болуш бу хьуна.
1уьйрре ирзе вахара Ахьмад вордана а хиъна. Шен дин т1аьхьа а х1оттийна, ден говр йоьжнера цо. Д1акхаьчча хиира метиг эрна еаний. Лакхабаьлла эрз бара маьрсаца хьакха аьтто болуш. Цуьнах там хилла ший говр а вордана ц1ийнах д1атесира цо, сихха баьккхина ц1ов хьалха биллира. Хаьжк1аш нилхайохуш вовшах мор ма-кхетта, вордана т1евог1ура иза. Шен пхоьзза йолу топ, ша мур мосазза боккху улло схьатакхайора цо. Г1ап вордана ц1а буха йиллина яра, ц1ера ша вордана йиллина шира йол буха а йиллина.
Мацвелла, иттех метр генахь йисинчу вордана т1е а веана, 1индаг1не х1ума яа охьахиира иза. Ломахь х1аваъ токхен долуш кхача дика баало. Т1ум санна мерз яра нанас йина мохь тоьхна сискал. Т1о берам, сийна хох, шийла етта шура а яра т1емала.
– Маржа Хьалимат я1, хьайн к1ант етта шура а муьйлуш лела моьтта-те хьуна аренца, – аьлла ша-шена велавелира Ахьмад. Т1аккха цхьаъ шега хьоьжуш санна хетаделла, д1ахьажавеллачу цунна, шена т1еерзийна тапчин бирг1а гира. Ахьмадана вевзира селхана юьртахула, нехан кет1а а х1уьттуш:
– Г1уммаг1 таяйта, г1елай диллайта, – бохуш, мохь биттина суьйлийчуьра лакахо вара и.
– Эй, хьан да валла хьакхийца, х1инца ахь кхероза висинера хьуна со, – олуш, хьалаг1аьттира Ахьмад.
Х1инца кхийтира и шен г1алатах: иттех метр генахь яра кхо т1е б1ег1аган истанг тесна йитина йолу топ. Исмайлин Дудин совг1ат дара иза. Цундела лерана лелайора Ахьмада топ. Шен – шен хенахь чорхан даьтта тохара. Маьлхехь ца юьтуш, т1едосуш лелош б1ег1аг яра. Цкъа ц1ахь йита а воьлла, делахь а обаргаш ду шаьш бохуш хьуьнахула лелачарна т1енислахь а аьлла еанера цо и. Уьш цхьа обаргаш а бацара, эцца нахера цхьацца хуьскаш йохуш лелара и къуй. Ахьмад ца кхиира кхунна цхьа а х1илла дан х1ума дагадан. Суьйлийчо элира:
– Со, дуй хьуна, мацалла араваьлла лелаш стаг вац. Сарале Ведана кхача везаш ву. Суна т1ехуу говр еза.
Оцу къамелах там хилира Ахьмадана. Цо т1е ма – веъанехьа хи мала шовдана т1еяхийта д1ахецнера ши говр. Ткъа Ахьмадан дин т1ехь нуьйр йоцуш бара. Шен да воцург аьттехьа веача вон човхавора цо. И айг1ар- бекъа яра. Ахьмадана улло а беана, д1ах1оьттира цуьнан дин, шен дена цатов къамел деш хаалора цунна т1евеанчо. Тарса а терсина, берг етта х1оьттира иза, Ахьмадан омране ладоьг1уш.
– И хьайн ч1ижарг1а д1а а яккхий, х1окху дина хаа. Ведана д1акхаьчча, д1ахеца х1ара, цигара ц1абан кхунна хуур ду, – элира Ахьмада.
Хьаша кхунна т1ехьажийначуьра тапча д1а а ца йоккхуш, дин болчу аг1ор волавелира. Ахьмад хьажк1аш юкъавелира ша озавелча санна. Цунна ца гира шен дин т1аьхьарчу когаш т1е а х1оьттина, цо бергаш тоьхна суьйлий вожош. Тапча йожон ца кхиира иза. Пхоьзза йолу топ карахь т1евеанчу Ахьмада:
– Хьалаг1атта, х1инца вели хьо Ведана д1акхаьчна, – элира.
Шена хиллачух ца кхеташ, динан бергаша галваьккхина лакар (лакец) воьхна хьоьжура Ахьмаде. Цо шен карара тапча схьаоьцуш лаг озон са а дацара цунна чохь. Жимма и метта а ваийтина, дисина асар цуьнга чекхдаккхийтира Ахьмада, сих-сиха:
– Хьо-м Дала валийра, болх банза дукха хан яьлла, хала ма воллура со, – олура.
Сарахь ц1авоьдуш вордана архаш д1а а елла, хьалха хаийра и Ахьмада. Юьрта кхаьчча, дукха хан яллале хиира суьйлийчунна ша йийсар винарг мила ву. Ц1акхаьчча, шен дега Мохьмаде элира Ахьмада:
– Х1окху стага цхьана к1иранах вайн ц1ахь долу хьашташ кхочушдеш болхбийр бу. Ас ял д1аелла кхунна. Вайн веза-вевзачеран г1уммаг1анаш къагаяйта г1елий дуьллуш, беша кхаьллий яржаяйта. Дахкертана керла го а байта.
Ахьмадана дагадеара цкъа Исмайлин Дудас шена дийцинарг. Мартанара жандармере кхайкхинера ша бохура цо цхьана дийнахь. Шена дина арз къастош ша цигахь даьккхиначу сохьтехь жандармере дукха адам деа бохура цо. Царна юкъахь бара массо куьпахь беже лелаш болу 1уй, саг1адоьхурш, г1елийдуьллурш, тхевнаш тохкурш, хьаштаг1наш йохурш. Шайна бевзиначу нахах мел хуург охьадуьллу бохура цара. Герзех воьттина хилча, ша а бухара а лерина.
– Х1ун дара хьуна кху юьртахь 1едало т1едиллинарг? – хаьттира Ахьмада.
– Эвтархойн Ахьмад ц1ахь ву-вац хаа дезаш вара ша, цуьнан накъостий муьл бу а, цунна т1е мила вог1у а.
– Хиин хьуна? – хаьттира Ахьмада.
– Ахьмад Теркал дехьа вахана ву аьлла, д1авоьдуш вара ша, – мукъарло дира хьешо.
– Ведана стенна водара хьо?
– Шемала цигахь г1ап еш ю аьлла хезнера шена и муха ю а хьожуш, цигахь баттахь бан болх безаш вара ша, – элира г1елийдуьллучо.
Гуттар Ахьмад цецваьккхинарг, хьешо кестта шун юьртан къеда а ву хуьйцур волуш алар дара. Цуьнан меттана оьрсий х1оттор ву бусалба дин т1еэцна волу. Иза къеда х1оттаве аьлла Эвтархошна т1едиллинарг имам Шемал ву бохура цо. И тайпа керланаш шен хьешера девзича, Ахьмада сахиллац набаран су ца бира. Г1елийдуьллург ларвар кхечуьнах тешон а ца х1оьттира иза. Шолг1ачу дийнахь шен вешин к1ант Баматгира волчу а вахана, вехха 1ийра и шиъ дагара дуьйцуш.
Гергарчарна хаьара шен итт шо кхаьччахьана дуьйна х1уманан к1орггера маь1на деш, Къоран дагахь хууш, муьлхха молла къарвеш хьекъален жимха Баматгира вуй. Цуьнан х1уманаш нахана дуьйцуш дацара. Цо мичча хенахь а шайн чохьболчарна кхана хенан х1оттам муха хир бу олий дуьйцура. Жимчу стаге г1ан тидийта бог1ура уллора а, генара а гергарнаш. Т1едеана шо муха хир ду а дуьйцура цо: йочане, йокъа йолуш ялта алсам долуш, стоьмаш цхьана шарахь латор, вукху шарахь ца латор а кхетадора. Баматгирас г1елийдуьллушверг цо биначу балхана алапа а лой, д1авахийта элира. И волчохь шайна 1едале д1аала лууш долу х1ума дерриг дийца а мегар ду. Нагахь и цадахь, юхашарахь аьхка масийтта хир ву г1елийдуьллург юьртахула лелаш, бажа бажон суьйлий бог1ур бац, оьрсий, тавлинаш хир бу. Уьш цхьанне а бевзаш хир бац….
Беж1уйх дерг Баматгирас ма-аллара хилира. Юьртакъеда маьждигехь дуккха а къийсамаш хиллачул т1аьхьа, Теркал дехьара амалтана велла волу Кузьма х1оттийра Эвтархоша. Цкъа и х1ун стаг ву хьажа шеца Теркалдехьа х1онц ян вигира юьрткъеда дог-майрачу Ч1егас. Нохчий а хаабелла д1аьхьабевллачу г1алг1азакхаша Теркачу кхийсира обаргаш. И дистина дог1уш дара, вуоза – дийна цхьа а дехьавер ву-те аьлла хеташ а вара Ч1ега. Цунна гира хьалхаваьлла волу Кузьма шен жа1аран ламаз а дина Терка чутуьлуш.
Шаьш кхерамах, а девлла, ц1адог1уш сада1а севццачохь Ч1егас хаьттира:
– Ва Кузьма, и керста нехан ламаз дара ахь хьо Терка чуволуш динарг?
– Д1аваьллахь, дог-майра Ч1ега, бусалба ши рака1ат деш 1ен кхерамен киртиг яра и т1ех1оьттинарг. Коьртаниг цхьаъ бен воцчу Далла т1е болх биллар ду. Хьуна х1ун башхалла ду вай балех девлла хилчахьана?
Обаргаша бела, а белла, гечдира Кузьмина шен сихаллехь цо дина тамашийна ламаз….
ТАЙМИН БИЙБОЛАТ
«Нохчашна ма-ярра шайн истори хиъча,
Цу дозаллех баккхийбеш лийр бара уьш».
И. В. Сталин.
Имам Шемал вайн уггар тоьлла эвлаяаш, къадарийн, накъшбандин т1ерикъатан дай, гучубовлучу муьре нисвелла. Дала царна халкъ кечдан ваийтина хиллий – те и олий хета. Мухха делахь а, цуьнан ц1е яккхаро 25 шарахь кхерамехь, г1айг1анехь, шенначулла баланехь латтийра дуьнена жандарм хилла д1ах1оьттиначу Россин паччахьан ц1а. Ас-сой бохучу эланашний, дворянашний, графашний х1инццалц оццул дуьхьало йина цхьа а вацара. Ткъа стенах йоллура Шемалан боламан ч1аг1о?
Суна хетарехь, цуьнан бух-нохчийн халкъан кхачалур доцу, цхьанне а йист ца гина доьналла дара. Сан и ала бакъо юй шуна хаьа. Цкъа хьалха и доьналла Шемал вале гайтира шейх Мансура. Шолг1а-25 шарахь паччахьна дуьхьал партизански т1ом латтийначу Таймин Бийболата.
Халахеташ делахь а Бийболатан а, Шемалан а заманара истори х1инца а язйина яц. Цхьаболчара Шемалх Турцин шпион винера, вукхара-шен къиза дог хиларна, ша санна йолу «акхарой» т1аьхьа а х1иттийна, оьрсашна дуьхьал т1ом бинарг. Системин лайш а хилла д1ах1иттиначу историкаша а, яздархоша а дицдинера оьрсийн халкъ, паччахьан администраци а шиъ хилар, д1ашардинера цу шина кхетаман йоза. И бахьанехь 1аламат хала дара дуьхьалонех а ваьлла, нийсачу, ц1еначу новкъа вала. Из-за леладора советан 1едал долуш. Парти, оьрсийн халкъ цхьаъ дора. Х1инца а оьрсийн хьоладай, партеш, миска халкъ эдина.
Амма нохчочун ц1ена дог ца 1а дайн доьналлин лорах а дахана, диканна шун ойла ца г1аттийча.
Шайх Мансур эшначул т1аьхьа кхоччуш ца яйра Кавказехь г1аьттина маршонехьа болчу т1еман ц1е. Эццахь, х1оккхузахь г1уьттура керла т1еман боламаш. Къаьсттина гайтамен а, паччахьан сагатдеш а яра Дег1астанахь (Дагестан, Нохчийчоь) летта ц1ерш. Уггар къастамен, оьрсийн таьптарша ма-дийццара, Шелара юьртда Таймиев Бийболат коьртехь лаьтта партизански т1ом бара. Цкъа паччахьан администрацица машар бора Бийболата, амма шена церан ямартло ма – хааелли, буха а т1ом хьебора.
Инарла Ермоловс паччахье яздора: «Уггар доккха зен вайна деш волчу Таймиев Бей-Булата шен аьрхачу т1елатаршца ч1ог1а сагатдо вайн».
Майртуьпарчу баккхийчу наха 1970-чу шерашкахь, ас Шеларчу «Коммунизман байракх» газетехь болх бечу хенахь, дуьйцура Таймин Биболат ц1ера Майртуьпара ву олий, тайпана Бильт1о ву – вац дагацадог1у суна. Цу заманахь тайпанаш дуьйцуш дацара. Тхан штатехь воцу корреспондета Цициев 1алвис ша редакце мосазза веа дуьйцура суна Таймиев Биболатах долу бакъдерш. Школехь историк волчу Ахмадов Бахьадис олура иза 1789 шарахь вина ву эчиг-пхьар волчу Таймин, цуьнан х1усамненан Жаннарун доьзалехь. Биболатан нана а Майртуьпара яра. Кхин а шиъ йиша а яра Биболатан: Жансари, Товсари ц1ераш йолуш. Таймин Бийболатан к1ант вацара, кхоъ йо1 яра: Дусар, Марха, Седа ц1ераш йолуш. Жимах йолу Седа Кунта – Хьаьжин х1асамнана, шен ц1ийнадел ши шо жима а яра.
Оцу официальни хаамаша ма-дийццара, Бийболатан куьйга к1ел нохчийн 100 сов юрт а, к1отар а яра. Цигахь юртдай паччахьан 1едало х1иттош бацара, Таймин Бийболата х1иттийна бара. Кхузза паччахьан векалийн «каравахара» иза. Цунна капитанан чин а деллера, алапа а х1оттийнера, Ермоловца шецца цхьаьнатоха Тифлисе а вигнера. Амма цхьана а х1умано г1о ца дора паччахьан 1едална. Иза вуха а оьрсий д1а а тосий, шен Нохчийчу схьавог1ура. Керла ницкъаш вовшах а тухий, паччахьан эскаршна дуьхьал волура.
Баккхийчара дуьйцуш, т1аьхьено т1аьхьене луш схьадеана суна хезна долу дийцар. Цкъа Чечана хьошалг1а яхана хилла Бийболатан йиша Жансари. Юьртара тхьамданаш т1екхайкхина Ермоловс и шена ма-хиъинехь. Цуьнан нохчашна юкъахь оцу заманахь а айкхаш хиллачух тера ду. Цо эвларчу тхьамданашна т1едиллина юьртана 1едало тоьхна долу г1уда охьадиллар. Амма цо боху ахча чечанхойн ца хилла. Ермоловс веана юьрта улло туп тоьхна охьа а хиъна, шайн ахча вовшахкхетталц аш закъалтана Бийболатан йиша ца лахь, ша юьрт ягор ю аьлла. Боьхна хьаьвзина чечанхой. И хиъначу Жансарис:
– Де а дохий ма хьовза, суна динарг ца дита сан ваша ву, шайн юрт ма ягаяйта, со бахьанехь, – аьлла.
Шен дег1аца шаьлта д1а а лачкъийна, йийсаре яхана йо1.
Гуьржийн махкара ц1акхаьчначу Бийболатана йоьлхуш дуьхьал яьлла нана. Хилларг цо ма-дарра дийцина. Цу буссехь вахана, хан яьллачу хенахь, Чечана уллохь штаб тоьхна 1аш волчу, Ермоловн четар чуваьлла Бийболат:
– Дукха сиха охьайиллал сан йиша! – т1едожийна цо.
Схьа а ялина схьаелла инарлас Бийболатан йиша.
– Сан йишех куьг тоьхний аш? – хаьттина цо.
– Ца тоьхна. И ц1ена ю, – жоп делла Ермоловс.
– Делахь-х1ета ахь сайца лаьцна г1иллакх дицдийр дац ас, ца вуьйш вуьту хьо, йийсар а ца во ас. Амма сан йиша закъалтана йийсар ярна ас лерг доккху хьан, – аьлла, шаьлта тоьхна, Ермоловн лерг даьккхина д1авахана Бийболат. Цул т1аьхьа инарлин мел диллина сурт аг1ор а верзийна, аьрру лерг гойтуш ду. Ч1ог1а хьуламехь хилла и г1уллакх паччахьан 1едалан, амма ша Ермолов и бахьанехь нохчашца вуно къиза вара. Архиван цхьаьна таьптар т1ехь хьахийна и историкаша, ч1ог1а майра х1ума дара Бийболат инарла Ермолов йийсарван г1ортар аьлла, хилларг ма-дарра ца дуьйцуш.
Бийболатан тобана юкъахь нохчий хилла ца 1аш, г1умкий, суьйлий, г1езалой а бара. Цкъацкъа, уггар йоккха эскаран тоба 600 стаге кхочура. Кхин доккха эскар вовшах ца тухура Бийболата. Цуьнан болам партизанин т1еман амал лелош бара. Динан лехамашна т1е ца те1ара боху Бийболат, ша ламаз-марха дика лелош хиллехь а. Оьрсаша шайн таьптарш т1ехь доцурш дукха дуьйцу, амма иза иштта дац. Шейх Мансур санна Дала шен некъа т1ехь къайленаш елла вацара иза, амма бусулба дин лелош а, г1азотан да а вара. Кунта-Хьаьжин стунда ларало и. Къонахаллех, хазаллех, г1иллакхах юьзна йолу Бийболатан жимах йолу йо1 Седа ялийра Хьаьжас. Амма Бийболат цу хенахь дийна вацара.
Таймин Бийболата шен сийлахь лар йитина нохчийн дегнаш чохь-м хьовха, генна Нохчийчоьнал арахьа, халкъан турпалаллин исторехь. Вайн махкахь т1еман алу сийсаш лаьтташ юй хаьара Дег1астанахь бовлучу имамашна.
Ларамаза дацара 1828-чу шарахь Дег1астанахь ша имам а кхайкхийна, т1ом беш волу Г1еза-Мохьмад 1831-чу шарахь Нохчийчу вар. Цунна улло а х1оьттина Таркхахь, Дербентехь биначу т1емашкахь дакъалецира нохчаша Таймин Биболат, Ташо-Хьаьжа а коьртехь волчу шина эскарца. Ткъа 1832-чу шарахь Гимрахь шен эскарна паччахьан салташа го бича, Нохчийчу г1о доьхуш стаг хьажийра Г1еза-Мохьмада. Вухавенчу геланчас беана хаам ирча бара: паччахьо ахча а делла эцначу ямартхочо тешнабехкаца вийна Таймин Бийболат.
– Кхин вайна тахана орцахвала да вац, – аьлла, тур-шаьлтий даьккхина, маьждиг чувуьйлира Г1еза-Мохьмад а, Шемал а. Шайн го г1елбала боьлча, ара а иккхина, тур хьаькхира Г1еза-Мохьмада. Амма керстанаш дуккха бара. Вуьйжира и т1амехь. Цунна т1аьххье араиккхира Шемал. Лаилах1а-иллаллах1у бохуш зуькар а деш, тур детташ мостаг1ийн го а хадийна, ломахь къайлавала аьтту белира цуьнан.
Кавказан историн хроника лелош вара нохчийн яздархо Айдамиров Абузар. Цо дийцира цкъа 1992-чу шарахь Мескет1ахь, сой Гермччигара юьртда Сайханов 1алашший и волчохь хьошалг1ахь волуш. Тхан къамелехь Таймин Бийболат хьахавелча, иза 42 шо долуш хилла 1832-чу шеран 14-чу июлехь, Таьшкичу Ташо-Хьаьжа волчу воьдуш волуш к1ело а йина вийначу хенахь. Оцу хиламан т1аьхье юьйцуш Бийболатан ч1ир шена т1елаьцна бохура г1умкин эла хиллачу Салис, ша иза шен ден Маьхьта-Гирин ч1ир оьцуш вийна аьлла.
Мухха делахь а, шен 20 шо кхаьчча, нохчийн къоман баьчча а хилла д1ах1оьттина волу Таймин Биболат вийна паччахьан эскаран зуламхойн тобано. Цуьнан дакъа Майртуьпа ц1а а деана, цигарчу кешнашкахь д1авоьллина ву иза. Нохчий ц1ера баьхначу хенахь кешнашкара чурташ а, яккхийн чхаран экъанаш схьа а йохуш лелачу оьрсийн экзуционни тобано Грознехь, бордюраш, т1айш деш хилла оцу кхоьчалех. Иштта яйна Бийболатан коьрте йоьг1на йолу экъа, амма ца дайна я б1ешераша кхола а ца дина оцу къонашчун сий.
Таханлерачу историкашнаа, яздархошна а хала дац Таймин Биболатах долу бакъдерш карон. Х1унда аьлча, 1829-чу шарахь Терски область чуйог1уш хилла Шела. Бийболат цу юьртахь старшина (юьртда) волуш, шецаЭвтарарий, Атаг1арий ши юьртда а волуш, Паскевичан резиденцехь Арзрумехь хилла ву. И таьптарш кегон сан аьтту ца хилла, вукхеран хьекъал ца кхаьчна-м ца боху ас, аьлча бакъахьа делахь а.
Эвтархойн Ахьмад цу заманахь Таймин Биболатца цхьанакхетта хиларан тоьшаллаш даладора сан информатарша. Устрада-эвлахь Ташо-Хьаьжас ч1аг1онаш кечйечу хенахь и дийна хилла. Амма архивашкара тоьшаллашца уьш цхьаьна ца дог1ура. Цундела дитина ас кху романа юкъа ца далош. Амма билггал хууш ду пошта яккха ваханчу Таймин Биболатана т1аьхьавоьдуш волу Эвтархойн Ахьмад Теркал дехьах Исмайлин Дудина т1енисвелла хилар, цо цунна пошта йоккхуш г1о дар а.
Амма сан дагна кхаъ хилира Курумов Мохьмада со Эвтара вуй хиъча, шайн дедеда Курумов Къосум вара, деде нана Халипат Эвтарара чармойх яра, Хьемин де Ибраьх1иман йиша яра и. Ша тахана а Эвтарахь хуьлуш ву, гергарло лелош ву аьлча. Цо деллачу йозанех вай тахана а пайдаэца а лаьа суна.
Г1излара-г1опан коменданта инарла Ахвердовс, Таймин Бийболата дечу т1елатаршна резавоцуш яздора инарла Гудовиче: «Суна хууш ду Шела юьртан старшинас Таймин Биболата а, Аг1арчу юьртдас Гендергеев Чулика а т1елаьцний шайна алапа х1оттадахь, чин а лахь, шаьш вайна т1елатарш деш болу нохчий бухабохур бу аьлла. Тхуна, г1уллакх дан новкъарлонаш а йийр яц аьлла. Амма соьга х1инццалц цу хьокъехь цхьа а хаам кхаьчна бац. Я и Бийболат суна х1инца а гина а вац». Ткъа цуьнан накъост къона молла Ташо-Хьаьжа Таьшкичуьра г1умкий, нохчий т1аьхьа а х1иитийна тхуна т1елетарш деш ву. Амма Ташо-Хьаьжа х1инца а инарлийн сводкаш т1ехь язвеш вацара. Атта дара дерриг зенаш вевзаш волчу Таймин Бийболатана т1еяздар.
Т1емаш Нохчийчохь цкъа г1уьттура, юха тоьра. 1810-чу шарахь нохчийн, карабулакийн, иштта олура г1алг1айх х1етахь, коьрте а х1уттий, 600 т1емало волуш т1елета паччахьан салташна. Шена чов хилахь а мостаг1чунна доккха зен до Таймиевс. Оццу шеран октябрехь 800 т1емало вовшах а тухий, паччахьан эскаршна т1елата кечло и. Амма вовшашна юкъахь барт ца хуьлий, эскаран планаш мостаг1чунна хаар бахьанехь т1ом цаболош д1асакъаьста нохчий.
Инарла Тормасовга ша язйиначу рапорта т1ехь пристава Келекаев Мамед-Мурзас яздо: «Теркал дехьарачу г1умкашна юкъа ас хьажийначу геланчо, б1она куьйгалхочо Кандемиров Шабазгирас, таллам беш тхан мостаг1алла долчу нохчийн халкъа юкъахь, хьан локхалле ас хьалха хаам бина ма-хиллара, октябран 31-чу дийнахь суна т1е схьавеара Г1излара. Цо дийцира нохчий бакъ а долуш, Таймин Бийболатан юьртахь Майртуьпахь гулбеллера тайп-тайпанчу ярташкара схьа. Уьш т1елата кечбелла бара г1алг1азакхийн станицашна. Амма уьш суна ца хуучу бахьанина барт а ца хилла д1асабуьйхира.
1ай шен жимачу тобанца паччахьан ч1аг1онашна сих-сиха т1елатарш деш даьккхира Бийболата. Т1ом Нохчийчохь лахбеллера. 1едало Бийболатана т1едуьллу т1ом а битина паччахьан эскаршкахьа валар. Инарла Тормасовс есаул Черновга яздо: «Таймин Бийболатах дерг аьлча, иза сан ц1арах тешон мегар ду хьуна, нагахь и т1ом битина, шен юьртден болх а беш, вайца машарен хилахь, хьуна ч1аг1о а йина, хьоьца со волчу ван реза хилахь, цунна цуьнан чин а д1алур ду, алапа а меттах1оттор ду ала. Цуьнах шех 1едало къинхетам бар а цуьнах дозуш ду».
Ша тайпа къастош дара паччахьан 1едало Бийболатана алапа даларан г1уллакх а, лакхара даржехь болу нохчий эцар а. «Со гуттар ч1ог1а реза ву нохчийн юьртдай а, молланаш а вайгахьа бохуш царах лакхарчарна 250 сом, вукхарна 150 сом детица алапа х1отто. И ахча церан шайн ярташкара вовшахтоха». И цара беш болу «къинхетам» бара нохчех.
1811-чу шеран 31-чу майхь Бийболат оьрсийн эскаран лагере вог1у. Къийсам юкъара а волий, оьрсийн эскарша лелочун тидам беш 1а и. Амма сиха кхета паччахьан салташа еш йолчу ямартлонех. Майор Шевцов йийсар а вой, Майртуьпа схьавог1у и. Кхайкхам бо нохчийн къонахашка. Иза т1елетар дан кечло. Къоначу шейхаца Ташо-Хьаьжица барт а бой, дийцарш до суьйлийчуьра Шах-1ела-Ханца нохчашна паччахьана дуьхьал къийсам латтош г1одахьара олий. Иза реза хуьлу Таймин Бийболата шортта ахча делча, т1аме кегийрхой хьовсо. 1811-чу шеран августехь нохчийн, суьлийн вовшашхьоьхна долу эскар т1елета Каргалински станицехь йолчу ч1аг1онна. Оцу т1амехь валар нисло Эвтарарчу Мит1ин а, цуьнан вешин Зулуман. И ший а Эвтархойн Ахьмадан воккхахволу ши ваша ву. Мит1а т1аьхьо гучувен волчу шейхан, эвлаяан – 1овдин да ву.
Майра т1емалой, г1азотан лаьтте бала Эвтара баьхкинера Таймин Бийболат а, Ташо-Хьаьжа а. Эвтархойн Ахьмадан варх1 шо бен дацара х1етахь. Амма иза кхиира шен 17 долуш Таймин Бийболатана а, Ташо-Хьаьжина а т1аьхьа а х1оьттина шен доьналла а, майралла а гайта.
Паччахьан инарлаша ломара ярташ йоха а йой, адам аренашка охьадоккхура. Шаьш бохург диначу ламарошна нуьцкъала белхаш лора т1айш, некъаш деш. 1едало бохург ца дича, г1уда тухура, даьхни а, йийбар а д1айоккхура. Дуьхьало йиначарна буьрса та1зар дора. Масех стеган бехк дерриг хьалкъана т1ебоькъура. Д1айолийнера терроран политика. Къар ца лучу халкъана т1еман а, экономикан а блокада йинера.
– К1езга-мезга дуьхьало йиначунна, – яздора шен «нохчашка кхайкхам» т1ехь, – шун ярташ ягор ю оха, доьзалш д1абухкур бу, аманаташ ирх ухкур бу, зударшний, берашний арсаш хьоькхур ду». Куьйгаллин 1едал мохк шаьш схьабаьккхина боццушехьа, приставин кара д1алуш дара. Цара ярташна г1уданаш деттара, контрибуциш язйора, бусулбанийн сийлахьчу меттигашка бахар дихкинера, нуьцкъах керста дин т1еоьцуьйтура х1ирашка а, г1алг1ашка а. Нохчашка схьабоьхура бевдда болу шайн салтий, ламанан ярташкахь 1аш болу. Иштта оцу талораш т1ехь бахам гулбора паччахьан эскархоша.
И тайпа сий бахьанехь пхенаш чохь ц1ий соьцу, дег1а т1ехь мел болу чо ирах1утту. Вай и адамаш деша 1амош хилча, цара иллеш дохур дара. Амма поэзи чалтаччийн г1уллакхашца йог1уш яц. Арсаш хьоькхуш адамаш дайарх лаьцна гимнаш ца язйо поэташа. Ч1ог1а къиза вара адамашца инарла А. П. Ермолов. Яздархочо Н. Н. Муравьев-Карскис шен «йозанаш» т1ехь дуьйцура: «Алексей Петрович Ермоловс шен ц1е сийсазйина эхьечу г1уллакхашца. Цо сих-сиха цхьана а кепара дов хаттар доцуш, бехк боцу ламанхой ирх ухкура. Шен салташна хьалха лелош йолу и къизаллаш цу сохьта йицлора. Шаьш цкъа лаьцна волу молла массарна гуш ирх оллийтира Ермоловс когех муш а тесна. Иштта еххачу ханна витинера цо иза иэхьана аьлла. Цуьнан коьртачу ц1ий доьссинера, б1аьргаш, балдаш ц1ех дуьзнера. Цо шена гечдар доьхура, дин бусалба хилар бен х1уммана а бехк бац шен бохуш. Ч1аг1о йора хьакхин жижиг даа а, чаг1ар мала а, ша цавуьйш витахь.
Шен дехаршна жоп лур доций хиъна, бакъонах, нийсонах дог диллина волу молла, адам д1асадаха доладелча, д1аса а лестина, ша ирх оьллиначу дечигана ялкхана буьххье велира, шен когаш д1абаста х1оьттира иза. Амма сел къиза ирх кхазарна цуьнан б1аьрса дайнера. Т1евеанчу эпсаро омра дира иза вуха а ша хьалха ма-хиллара ирх олла аьлла, ши куьг шина хьокханах д1а а доьхкуш. И миска иштта кхезира садаллац. 1ожалло парг1ат ца воккхура иза сахиллац. Цу хьокъехь эххар хаийтира Лексей Петровична. Цо омра дира логах муш тасий ирх олла и аьлла. И къинхетам бахьанехь 1уьйранна велира и молла».
Нохчашна дуьхьал къизаллаш лелоран политика Къилбасда-Кавказехь уггар онда а, къарлуш доцу а, кхерамен а долчу халкъана дуьхьал д1аяхьар инарла Ермоловс шен формуляр т1ехь билгалдинера : «Со парг1ат хир вац цхьа нохчий дийна а волуш». Ермолов куьйгаллехь волуш дора нохчийн ярташна уггар къиза т1елатарш: ялташ дагош, ц1енош дохош, даьхни х1аллакдеш. 1819-чу шеран 15-чу сентябрехь т1улга т1ехь т1улг ца буьтуш йохийна д1аяьккхира Дадин-юрт. Цунна т1аьххье Исти-су, Мелчу-хе, Нойбера, 1алерой, Кошкельда. Штурмаца т1елеташ х1аллакйира: Топли, Шира-юрт, кхиерш. Нохчийн ярташна уллохь г1алг1азкхийн станицаш йохкура, т1еман ч1аг1онаш йора, ялташ дуьйш долу латтанаш т1е салтий а ховшабой д1алоьцура. Оцу хьелаша яа х1ума а йоцуш дитина адам оьрсийн 1едална муьт1ахь хила дезаш дара мостаг1ашна хетарехь. Ермоловна хетара цу кепара ша Нохчийчоь йоккхур ю аьлла. Амма и бакъ дацара. Мацалла белла а машар, парг1ато езаш болу нохчий т1аме бовлура колониальни 1едална муьт1ахь ца хила. Халкъана ша т1аме дуьгун волу дика баьчча везара. Нохчий кхоьруш бацара шаьш баларх: «Кханенна юкъара Дела ву, къонах вац т1аьхьалона ойлаеш верг! » олура цара. Х1Х-чу б1ешеран 20-чу шерашкахь и тайпа ницкъ карийра ламарошна.
Суна хьалха ю паччахьан инарлин, х1ирех схьавлар долчу бусулба стеган Кундухов Мусан мемуараш. Имам Шемал паччахьан 1едална Ларамен йийсар хилла караваханчул т1аьхьа, нохчаша дехар а дина Нохчийчохь урхалла деш витина вара Кундухов Муса. Цо паччахьан 1едална нохчий махках баьхна Туркойн махка хьажош г1о дира. Инарла Лорис-Меликовс Кишиев Кунта-Хьаьша лоцуьйтуш г1о динарг а иза ву олура. Хетарехь, цо шен мемуарашна юкъадахийтина долу дийцар цунна Курумов Къосума дийцина. Иза чармойн нуц велахь а, г1умких схьавалар долуш вара. Жима волуш шайх Ташо-Хьаьжин эскарехь хилла а вара Къосум. Т1аьхьо оьрсашкахьа ваьллера. Талмаж вара и. Кунта-Хьаьжина т1ехь тергам латтош дика хьовзарна полконикан чин деллера цунна. Т1аьххьар пенсе вахале х1ирийчуьра бусалбанех волчу Кундухов Мусан талмаж хилла вара Курумов Къосум.
Эвтархойн Ахьмадана къона волуш дуьйна девзаш дара Таймин Бийболата динарг. Шен Ялхийтта шо кхаьччахьана дуьйна Ташо-Хьаьжин эскарехь хилла а вара Ахьмад. И санна долу хьуьнар шегара далийта кийча а вара иза.
Паччахьан инарлина гечдийр ду вай тахана цо цхьадолу х1уманаш ма-дарра ца дийцарна. Таймин Бийболата динаг Ташо-хьаьжех дага а ваьлла дина дара. Х1индерг Воккхачу –Хьажас цунна дийцина дара. Мемуараш язъяр цхьаъ ду, амма шен кхуьуш йолчу т1аьхьенан ойла йора яздархочо. Т1едог1у долу 1едал муьлхачу аг1ор доьрза хаа атта ма дац…
«Нийса хир дацара вай цхьабакъдерг къийсича, Кавказан къаьмнаш майра дара, доьналла долуш. Шайл т1аьхьа дика ц1е йитар коьрта лерина цара даиман а. Эхьен долу х1ума шайгара ца долуьйтура къонахаша. Амма и оьзда г1иллакхаш вон амал лорура х1етахьлера 1едало. Оьзда, нийсо езаш стаг велахь цунна т1аьхьабовлура. Оцо дукха зенаш дира вайн аг1онна а ерриг Россина а. Цунна тоьшаллина, дуккха хиллачу доьхначу г1уллакхаш юкъара х1ара дагалецаме х1ума дийца лаьа суна.
Масала, Йоккхачу Нохчийчохь Шела юьртахь старшина хилла волу майра Бийболат шен доьналлица дерриг нохчийн халкъ шена гонах х1отто ларавеллера. Халкъан г1уллакх оьций уллохь доллучу оьрсийн 1едална т1евоьдура иза. Меттигера хьаькамаша шайн шалхо йолчу политике хьажжина, х1окхо деанарг къобал а дой, амма кхочушдан воьлча дуьхьало йора, нохчашка шайн оьзда г1иллакхаш ца леладойтуш, уьш мел бакъбелахь а.
И х1уманаш бахьанехь майра Бийболат собарах велира. И ца тешара оьрсаша дуьйцучух. Цо шен халкъана т1едиллинера герз карахь дуьхьало яр. Халкъана луург бен кхузахь чекхдер доций д1ахоуьйтура цо хьаькамашна. И бахьанехь мостаг1алла дара нохчийн паччахьан хьаькамашца.
1818-чу шарахь Грозный олу ч1аг1о а йина, Соьлжа йисттехь доккха эскар а эцна, Йоккхачу Нохчийчу волавелира инарла Ермолов. Иза къонахийн бен хилла д1ах1оьттина йолу Майртуьпа йохон воллура Таймин Бийболат цирага хиларна, ша Шелахь старшина велахь а. Амма цуьнан х1илла девзиначу Ташо-Хьаьжас меттигерачу къонахошка г1о дар а дехна, Гелдаганний, Эвтарний юккъехь к1ело а йина, тохар дира Ермоловн эскаршна. Грози-г1опа чохь борз елахь а, нохчийн хьуьнах воьлча, шен цхьогалан амал гайтира цо. Иза вухавелира шен ах эскар нохчаша х1аллакдича.
Иза х1илла дан г1оьртира. Хасавюьртахь талораш дарна Г1излара г1алин набахте воьллина волу ши нохчо ара а ваьккхина, цу шинна 300 сом деши а делла Таймин Бийболат вен хьажийра цо. Цу заманахь и тайпа зулам дийр долуш цхьа а нохчо а вацра. Шина тутмакха Таймин Бийболатана т1е а веана, 300 сом деши охьадиллира, тхойша Ермоловс хьо вен ваийтина аьлла. Ши хьаша цецваьккхира Бийболата. Ахча а шун ду, кхин цхьацца дика дин а ло шуьшинна аьлла, вела а велла, оьг1азвахаран меттана, и ши нохчо д1авахийтира Бийболата.
Шолг1ачу дийнахь мехкхелан тхьамда, Гермчигара чармо Г1акха коьртехь а волуш, нохчийн лараме нах вовшахтуьйира Бийболата. Царах дагавелира иза.
– Кханачул кхин гена ца доккхуш вайна хуур ду Далла вайн чохь машар хила лаьа я т1ом бахбала лаьа. Х1унда аьлча, шу сох тешаш делахь ас гойтур ду шуна со вай мехкан а, халкъан а дуьхьа вала кийча хилар, – аьлла д1ахаийтира Бийболата.
– Ахь и дукхазза гайтина, тхо хьох тешаш ду! – элира мехкан дайша. Т1аккха Бийболата йовзийтира царна шен план. Шен куьйга к1ел мел болу дошлой вовшаш а тоьхна, Ермоловн эскаршна пхи чаккхарма гергахь латтаде, шегара хаам хиллац аьлла, шена улло Эвтарара Диби к1ант Эвтарха а, Майртуьпара Мохьмад эцна Грозный г1опан г1аролан арахьара ха долчу т1евахара Таймин Бийболат. Караулни эпсаре хаам бира Ермоловга ала ч1ог1а мехала х1ума долуш кхоъ ламаро веана тхуна т1е аьлла. Цо хаам бира политикан г1уллакхашкахула корпусан хьаькаман г1оьнча волчу полковнике Бекович – Черкасскега. Шен рог1ана и инарла Ермоловна т1евахара. Веанчу кхаа хьешах цхьаъ ч1ог1а башлакх т1еоьзна, юьхь-марш хьулйина чалба хьарчийна вара, чохь болчарна ша ца вовзийта:
– Сардал! Суна хезна ахь Таймин Бийболатан корта баьккхиначунна 300 б1е дашо туьма (червонец) ло бохуш. И нийса делахь, ас дийр ду ахь аьлларг. Т1аьхьа а ца тоьттуш, тховссехь хьуна хьалха буьллур бу ас Таймин Бийболатан корта 300 деши а доцуш. Амма ахь суна дош дала деза адамаш дукхадезаш хиларна, миска нохчийн халкъ т1амах парг1атдуьту, эрна оьрсийн салтийн ц1ий а ца1енадойту аьлла.
Ермолов цецваьлла вара башлакхах хьаьрчиначо и тайпа тешош дечу къамелах, 1ен а ца велла цо хаьттира цуьнга хьо мила ву, муха бан воллу хьо суна Бийболатан корта?
– Доьху ас и къайле соьга ца хеттар, – элира нохчочо, хьуна со вевзар ву ас Бийболатан корта хьайна хьалха биллича.
Барам-чот яцара Ермоловн цецваларан. Йоккхачу сутараллица схьалоцура цо веанчо мел олу дош. Цуьнан лаамах дика кхетархьама хаьттира Ермоловс:
– Мел деза хьуна червонцаш оцу Бийболатан коьртах?
– Цхьа а кепек ца оьшу суна, – жоп делира нохчочо.
Ермолов а, цо шен хьомен накъост хиларе терра, лоруш улло ваьккхина, Кавказ дика евза боху Бекович – Черкасский а вовшашка хьаьжира.
Ермоловс цавашарца вела а велла, хьан комаьлшалло и тайпа зуламах мах ца эцаро а ша цецваьккхина хилар д1а а хоуьйтуш, юха а т1едиллира нохчочунна шена бог1у муьлхха мах лечкъа цадеш схьаалар.
– Сан лаам иштта бу, – элира буса веанчу хьешо, ахь тховса Бийболатан корта хьайна хьалхабиллича, кхана я лама хьайн эскарш Нохчийчуьра духадахар, х1окху Грозный-г1опа чу а далийна. Т1аккха нохчийн халкъан мехкакхелан тхьамданаш схьа а кхайкхина, т1ахьало йоллуш машар бар, кхул т1аьхьа оьрсаша Йоккхачу а, Жимачу а Нохчийчохь г1алг1азкхийн станицаш йохкур яц, Аксайрачу набахтехь болу бехк боцуш чубоьхкина болу нохчий ара а хоьцур бу, нохчашна т1ехь халкъана цалууш долу 1едал а хир дац, шари1ато, халкъан суьдо бен дов къастор дац аьлла барт бичахьана. Сардал, оцу хьелашна хьо реза велахь, ахь и дийр ду аьлла суна закъалтана цхьа тешам лахь, ас дош ло-кх хьуна Таймин Бийболатан корта тховса са хилале хьуна хьалха охьабилла! Ас юха а боху-цхьа а сом ахча а доцуш, ас бохучу хьелаш т1ехь.
– Бакъ ма ду и вай тамашийначу стагана т1е ма нисделла, хьуна муха хета? – хаьттира Ермоловс Бекович Черкасскегахьа а вирзина.
– Суна и г1уллакх кхочушхила мел ч1ог1а лаахь а, оцу стага дуьйцучух цхьана а дашах ца теша со, – элира Бековича.
– Шайтано ца хьоьхуш х1ун ду, – элира Ермоловс, – вай цуьнах к1езиг мел теша а цо вай вайна дечу хазахетаран мах лакхара хир бу. Вай сатуьйсучул сов дерг-цо Таймин Бийболатан корта бохьуш хилча.
– Д1аалал цуьнга, – талмажана т1евирзира Ермолов, – цо мел бохург халкъана ч1ог1а пайден г1уллакх ду, цундела со резахилла т1етов цунна, т1аккха схьаалийтал оцу балхана тешамна мила юкъавало лаьа цунна?
– Сардал Ермоловн бакъ дош, паччахь Александран къинхетам тоьа суна, – жоп делира нохчочо.
– Хуьлуьйтур ду-кх вай иза иштта, – сацам бира Ермоловс, хьала г1аьттина куьг кховдийра цуьнга, – х1ах1, х1ара сан куьг ду хьуна, цуьнца ас ц1ена дош ло хьуна, ахь майрачу Бийболатан корта хьалхабиллар, х1ара берриг мохк парг1атонах баьккхина волчу, ас дерриг кхочушдийр ду вайшимма кхучохь мел дийцинарг. Цул сов, халкъан къеданаш, вай аьлларг деш болу суьдхой пачхьалкхан алапах латтор бу ас. Хьуна, хьо хьакъволу турпалхо хиларна, паччахьо ша совг1ат а дийр ду.
– Х1инца, – элира Ермоловс, – ас сайниг чекхдаьккхи, х1инца хьуна хьайн аг1ор долчух дерг т1едуьллу ас. Ахь тешамна, хьуо ц1ена бусалба хиларе терра, Къор1ана т1ехь дуй баа беза, айхьа т1елаьцнарг тховссехь чекхдоккхур ду аьлла.
Нохчочо Ермоловн куьг д1ацахоьцуш баркаллаш бехира цунна. Далла хастамаш бора. Ша ирсдолуш стаг ву элира. Шен сатийсамаш кхочушхилла бохура, нохчий бехи ша къизачу т1амах. Т1аккха, Ермоловн куьг д1а а хецна, элира:
– Х1инца хьуна, Сардал, сай дуй оьшуш бац. – Башлакх хьала а оьзна, чалба схьаяьстира хьешо, – х1ара бу-кх хьуна Таймин Бийболатан корта! И даиман кийча бара нохчийн халкъан парг1атонна дуьхьа баккхийта. Ас Делан а, Цуьнан бакъонан а каравели=кх суо!
– Иза ша ву! , – мохь белира цхьанаметта Бековичан а, талмаж волчу Курумов Къосуман а.
– Ой, мила ву и, цу беса?! – Хаьттира Ермоловс.
– Хьан Сийлалла, ша майра Таймин Бийболат ву х1ара! – жоп делира Бековича.
Ермоловн б1аьргаш серладевлира. Дукха цец-акъ валарна, дош ца долура цуьнан багара. Бийболате г1ента охьахаар а дехна, масех минот яьлча, метта а веана, иштта д1адолийра Ермоловс:
– Бийболат, дог-ц1ена мостаг1ий атта хуьлу вовшийн тешамен доттаг1ий. Со тешна ву вайшимма и г1уллакхца бакъдийриг хиларх. Ахь диначо сий ойбу хьан долчунна т1е а, халкъо нийса тиллина хилла хьуна ц1е майра Бийболат аьлла.
– Нагахь ас диначунна т1ехь жимма а сийлахь х1ума делахь, цуьнан доккха дакъа Сардал Ермоловн ду, харцонан мостаг1 волчу! – элира майрачу Бийболата.
Таймин Бийболата шен йист йоцу доьналла гайтира. Дог-ц1ена вара иза. Амма халахеташ делахь а, Таймиев 1ехавеллера. Шен 1алашоне ца кхечира иза. Инарлин ямартло йоккха яра. Ермолов ц1ена стаг санна лелаш вацара, иза шалхо йолчу 1едалан векал вара. Шолг1ачу дийнахь а вехха 1ийра Ермолов Таймин Бийболата диначух цецваьлла. И ч1ог1а кхеравелира оццул майра са долчу нохчех. Цара йоккха новкъарло йийр юй хиира шен сатийсамашна кхочушхила. Нохчийчуьра планаш кхоччуш 1анаг1ур юй хиира Алексей Петровичана.
Ша делла дош кхочуш а ца деш, ямартлона новкъа велира иза. Ша Таймин Бийболате мел аьлларг кхочушдийр ду моттийтира. Аксайн ширачу г1опе а вахана, нохчий арабахар айхьа кхочушде аьлла, эскар а делла, д1ахьажийра цо Бийболат. Амма улло даьккхинарг леррина долу ха дара. Лецна болу нохчий арабехира Таймин Бийболата-пхи стаг воцург. Цара шайгахь цатовш дерг лелийнера. Нехан долахь болу задарий хьийзорна чубоьхкина бара уьш.
Аксайра г1уллакх чекх а даьлла, Ермоловна т1е схьа а веана барт чекхбаккха дагахь хилира Таймин Бийболат. Эццахь гучуделира иза ара ма валийта аьлла омра Ермоловс дина хилар. Дуьхьалваьллачу Аксай г1опан коменданта Бийболатана хаийтира, къаьсстина долу омра даллац и аравалийта шен йиш яц аьлла. Амма нохчий а бацара Ермоловна ма-мотту сонта. Бийболат, цхьа а дуьхьало ца еш сецира г1опахь. «Со х1умма а эшна вац, сан 1алашо кхочушхилла, сол а тоьлла болу нах арахецна» элира цо.
Цу сохьта хабар деара арабевллачу нохчаша Бийболат чохь сацийна аьлла. Цу буссехь 6000 эзар дошло, г1аш-б1аьхой болуш т1елеттачу нохчаший, суьйлаший шайна коьртехь Ташо-Хьаьжа а волуш, охьаэтира Аксай-г1ап, веддарг-ваьлларг ца вуьтуш. Уггар хьалха г1опа чулилхиначех бара х1инца г1еметта х1иттина болу дог-майрачу Ч1егин обаргаш: къона молла Гуьнара Геха, дог-майра Ч1ега, Буг1а, Эвтархойн Ахьмад. Х1етахь «майра» полковник Пулло а, Моздокерчу г1алг1азакхаша «лом» ду олу Бекович-Черкасский а Грозный г1опан кевнах арахьажа а ца ваьхьира. Царна дика хаьара дарвелла Таймин Бийболата шайна дендерг. И г1уллакх 1828-чу шарахь хилла ду.
Оццу шарахь и шена ма-хиъа керла веанчу коьртакомандующис Паскевича Бийболатана лууш долчу х1уманех цхьадерш дар шена т1елецира. 1едална балха а х1оьттина и бакъ ду-дац хьажа лиира Таймин Бийболатана. Халкъо цо аьлларг кхаочушдора шена эшамаш хилахь а, амма Нохчийчу рейдаш ян полковник Пулло волавелча, Таймин Биболата бакъо елира Ташо-Хьаьжина шена ма-луъу оьрсашна тохарш дан. Мичча хенахь цунна г1оьнна а вог1ура Бийболат 8 эзар т1емало а оьций.
«Нохчийн округехь со командующий волуш, сан йоза деш волу талмаж хиллачу полковника Курумовс дийцина суна х1ара, – бохуш яздо шен дагалецамаш т1ехь Кундухов Мусас».
Таймин Бийболат шаьш вийна хилар къайладаккха г1оьртира паччахьан инарлаш. Цу хьокъехь а халкъалахь лелаш масех легенда ду. Амма, шаьш, Майртуьпахоша т1едуьтург, цхьаъ ду. 1825-чу шарахь г1умкийн Эрпели олучу юьртара уггар хаза йо1 юкъарло а дуьйцуш Ермоловга маре еллера Таркховн Шовхала Маьхьта-Гирас. Эрпели Дагестанехь, Нохчийчохь г1араяьлла юрт ю уггар хаза мехкарий, зударий болуш. Ермоловс т1елатар дина кхин а 4 лай ялийнера Эрпелера. Царех шен зударий бира къизачу Сардала. И бахьанехь Таймин Бийболата вийнера Маьхьта-Гира мискачу г1умкаша дехарца. Шен ден ч1ир оьцур ю ша аьлла паччахьан пластунийн отряде д1аязвеллера цуьнан к1ант Сали. 1832-чу шеран 14-чу июнехь к1ело а йина Бийболат вен аьтту белира цуьнан лорах леларчу таллархойн тобана.
Шеко яц майрачу нохчочун валарх боккха кхаъ хилла хилар паччахьан инарлашна. Мухха делахь а, майрачу Таймин Бийболатан сий довр дац дуьненчохь вехаш цхьа нохчо дийна а волуш.
Имам Шемал шен заманахь тоьлла лоручу т1емалойл дуккха а лакхахь ву. Масала, Наполеон – 60 т1амехь 5 –зза эшна. Шемал – 250 т1ом бича, цкъа бен цаэшна: 1839-г1а шарахь Ахульгора т1ом лору историкаша.
ИМАМ ШЕМАЛ
Ялх баттахь къайла а ваьлла, шен чевнаш ерзийра Шемала. Цул т1аьхьа имам ваьллачу Хьамзат-Бекана улло х1оьттира. Дег1астанан шолг1а имам Хьамзат-Бек 1833-чу шарахь Хунзахехь маьждиг чохь, ч1ирхочо Хьаьжмурда (Толстойс вийцина Хаджи-Мурат) а, цуьнан вашас Османа а вийра. Дег1астанан а, Нохчийчоьнан а имам хаьржира Шемал. Хьалха хиллачу шина а имаман уллора г1оьнча хилла волу иза 1аламат майра а, хьекъал долуш а вара. Цунна дика хаьара ша т1еэца а, шех имам ван а уггар тоьлла бух Нохчийчохь буй. Кхузахь х1инца а сийсаш лаьтташ яра Таймин Бийболата, Ташо-Хьаьжас латийначу т1еман ц1арах йисина алу.
Шемал вина 1797-чу шарахь. Нохчийчоьнан а, Дег1астанан а имам хоржучу хенахь 37 шо кхаьчна, г1еметта х1оьттина къонах вара иза. Ша жима волуш дуьйна т1ахъаьлла, хьекъал долуш а хиларца г1араваьлла а вара. Цкъа хьалха хинволчу имама Г1имрахь болчу 1елама наха шена дала таро ерг дерриге а схьаийцира цаьргара. Шолг1а делахь, ша 1амийначу 1илманех буьззина пайда а ийцира цо. Боккха т1е1аткъам бира нийсо а, маршо а ломахь ларьян луучу нахана т1е. Х1инццалц кхузахь лелийна йолу тайпа-тукхумашна юкъара гамонаш д1аехира цо. Стаг цуьнан хьекъале а, доьналле а хьаьжжина шена улло а озавора.
Нохчийчохь т1етовжа бух Шемалан болуш бара. Х1инццалц лелийначу историно вайх дуккха а х1уманаш лачкъийнехь а, харцонаш лелочийн таро ца хилла дерриге а шира таьптарш къайладаха. Цундела вайна хаьа Шемална ша Нохчийчу а вале вайн къомах болу цхьаболу къонахий бевзаш хилла хилар. Масала, дагадоуьйтур вай 1831-чу шарахь имам Г1еза-Мохьмад Нохчийчу вар. Хьанна т1етевжина хир ву иза, я мила ву цу хенахь царна т1ех1отта а, таркхойн элех лата ваха а?Дера ву: Ташу-Хьаьжа (Дала къайле ц1инйойла цуьнан! ) , Шелахойн Т1елхаг, обарг Геха, Исмайлин Дуда, вуно къона волу Эвтархойн Ахьмад.
Юьхьенца Шемалан политика стенна т1етийжаш яра, цуьнан эскаран д1ах1оттам муха бара хьовса вай, историн тоьшаллаша ма-дийццара. Уггар хьалха Шемал бусалба динан коьртачу законна Шари1атана т1етийжара. Шуьйра пайда оьцура шел хьалха хиллачу имамийн: Мансур, Г1еза-Мохьмад, Хьазат-Бекан зеделлачух. Шемалан имаматан вовшахтохар, я бух эр ду-кх вай цуьнах, кхаа х1уманах лаьттара: эскарх, наибех, 1елама нахах. Ша тайпа дара Шемалан эскар вовшахтохар. Цо иза, Делера салам-маршалла къинхетам хуьлда цунна, Мухьаммад-пайхамара халифат вовшахтухуш лелийначу кепах пайда а оьцуш кхоьллинера.
Х1оккхузахь жимма достуш дуьйцур вай. Бусулба динах, цунна зеделлачух 1едало даиман а пайда оьцу. Далор вай иштта бакъдерг. Имаматехь массо боьрша стаг т1еман декхар т1ехь долуш вара. Шайга Шемала, я цуьнан наиба ма кхайккхинехь, кхийча хила безаш бара 15-50 шо долу къонахий. Герз а, дин а церан шайн долахь хила дезаш дара, оьшшучу хенахь схьабахкар а т1ехь дара царна. Эскарехь денна г1уллакх дечу муридех-муртазекъаш олура, уьш боцург-ханна вовшахтухуш эскар а дара, кху заманахь шех-ополчени олуш долу. Муртазекъаш- имаман ша тапа гварди яра. Царах х1ора а дуй биъна, г1азот дихкина араваьлла вара. Эзар стаг вара гварди юкъавог1уш.
Х1ора наибан шен эскарна юкъавог1уш а вара 200-300 муртазекъ. Уьш вошахтухура х1ора итт доьзална т1ера цхьаъ. Вукху исс доьзало и т1емало шайн чоьтах лелавора: дин, герз, духар, даар. Оьрсийн историкаша а, яздархоша а Шемал къиза стаг санна вуьйцу. Цо х1оттийна низам а луьра дара боху. Кхечу кепара цара шайн мостаг1чух дуьйцийла а яц. Амма Шемала ден та1зарш цул хьалха деш хиллачарал мелла к1еда дара, тоьар ду, зуламхойн меженаш яхар д1а а даьккхина, ахчанца г1уда тохар цо юкъадалор.
Ермоловс цу заманахь хоне ма1ар тосий ирхуллуьйтуш хиллий ма хаьа вайна. Таханлерачу юриспруденцица дуьстича, я шари1атан лехамаш хьахийча, нийса цахеташ дерш а ду. Масала, Шемала шен наибашна бакъо луш хилла уьш болчу виллаеташкахь кхел ян, стаг вен бакъо елла а хилла суьдхошна. И бахьанехь девза вайна цхьаболу Шемалан наибаш къиза хиларх долу тоьшаллаш. Евзаш ю низам талхийна меттигаш а, Шемала ша а, Дивано а цу т1е тидам бахийтина хилар а хаьа. Ма-дарра аьлча, х1етахьлера къизаллаш таханлерачаьрга хьаьжча, бегаш хета, бакъдерг х1унда ца дуьйцу?!
Дагахь цахиллачу кепара нисделира Эвтархойн Ахьмадан Шемалан вовзар. Имаме дехаре яха вовшахтоьхначу делегаци юкъа Ахьмад вахийта веза элира обарг Гехас. Арадаьккхиначу г1уллакхан 1алашо хиъча, дог-майра Ч1ега а, иттех накъост а вига веза вай аьлла, барт хилира. Дийцаре дендерг Шемал резахинвоцу къамел ду. Вуьшта а имам Шемал буьрса вуьйцу, цо эхь а ца хеташ кех куьйсур ду вай, нахана хьалха шен сий айба а. Нагахь цо вай бохург цадахь, и цхьанне а дикачу балхана араваьлла вац, шен ц1е айбина лелаш стаг ву, сацийра къонахоша. Баккхийнаш а цу ойланехь буй хиира царна, арадаьккхиначу г1уллакхах шаьш кхетийча.
Ахьмад жима волуш дуьйна а ламаз-марха дика лелош вара, амма шари1ат, т1ерикъат, г1азот, маззаб бохучу къайленашка кхийдина вацара. Цуьнан хан а ца хиллера дин 1амон. Хьужарехь деша-м дешшера, делахь элип-лам бохучул сов х1ума ца 1еминера. Еса деша а хиъчахаьна, ламаз, тасбихьа, масех до1а а, кхачам хилийтинера. Молланаш юкъахь дукха бацара 1аьрбийн маттахь ша дуьйцург нохчийн матта гочдан хууш нах. Ахьмада дозалла дора шейх Мансурах. 1овдин гергарлонаш дара Элистанжахь. Цигарчу наха тахана а шайн юьтара ваьлла волу шайх Ушарма виц цавора. Х1инца Эвтархойн Ахьмадан ларам имам Шемале бара. Цо шерра нохчийн мотт буьйций хиъча-м, гуттар а безам бахара цуьнга. Кавказехь а сиха г1арайолуш яра Шемалан ц1е.
Гуьнарчу къаноша шаьш арабаьккхина некъ а ца буьйцуш, кхо-виъ молла Даьрг1а, Шемалан ч1аг1о йолчу д1авига, вуха ц1а а валаве, царах маь1а-моза а ма хьакхабалийта аьлла, т1едиллинера Ахьмадний, Гехиний. Йисина тоба т1еехнарг и шиъ вара. Иштта и жима б1о а эцна, Шемалан г1опе д1акхечира Гуьнара хьеший.
Иза, и луьра зама вай лерича, историна а доккха маь1на долуш хилам бара. Имам Шемалан тидам Дег1астана т1ебахийтина бара. Нохчий, хьаларниш, охьарниш шаьш бисинера паччахьан эскаршна дуьхьал.
Нохчийн наибаш Т1елхаг, Шо1ип- молла, Джаватхан имамаца Дагестане д1абаханера. Шаьш бисинчу обаргийн, кегийчу тобанашна хьалха бевллачу майрачийн ницкъаш цатоьара нохчийчоь паччахьан эскарех ларйан. Нохчаша сацийнера Шемална т1е нах а бахийтина, хьо имам велахь тхо а ларде, оха вовшахтоьхна эскарш а эцна суьлийчу д1а а цавоьдуш, я тхуна тхайн нохчех имам харжа бакъо ло, я паччахьан 1едална муьт1ахь хилийта тхо.
И къамел Шемалх д1атоха доьналла долуш, ваьхьарволуш стаг везара нохчашна. Эххар иштта нах кара а бина, хьовсийра х1орш и делегаци а эцна Даьрг1а. Амма цкъа хьалха, дешино ломахь а некъ боккхий хуучу нохчаша, дийцарш дан хьалхаваьллачуьнга ахча делира.
Шамил ахчанах эцалур воций нохчашна хаьара. Кхаъ хьахийча а г1уллакх генадала тарлора. Ерриг дегайовхо юкъалелачарна т1ехь яра.
Шена ша боххучул ахча делча, питици имамана т1екхачош стаг вала там бара. Шемалс делла жоп дахьаш ц1абахка дагахь бара нохчий. Иштта некъ лелон барт а бина, Дарг1а яха араелира делегаци. Вовшашца барт бича, шайна юкъахь воккхахверг волчу Т1епис бохург дар нийса лерира цара. Хабар Шемалан ненах тоха деза. Ч1ог1а суьпа стаг йолу Баху-Меседу нохчий безаша, цара хьоьгу баланаш гуш а яра. К1антана а дукхаезара шен нана, т1аккха цо бохург дан там бара имама. Даьрг1а шаьш схьакхаьчча Шемалан хьаша Х1ашим-молла волчу воьссира Т1епи шен накъостташца. Шемалан нанас а лоруш стаг вара Х1ашим.
Могаш-парг1ат хаьттина, кхачанах а кхетта, шаьш парг1атдевлча, нохчех хьалха ваьллачо, дикка ойла йиначул т1аьхьа, Х1ашим-молле къадийра шаьш арадаьккхина г1уллакх. Иза карзахвелира и тайпа х1ума шена т1е стенна деана, ша Шемале вейта г1ерта шу бохуш. Жимма и парг1ат а валийтина, шегахь болу дешин туьманаш чохь долу т1оьрмиг гучче аьлла охьабиллира Т1епис. Хах аьлла церг къежира х1усамден. Моллин б1аьргаш серладевлира. Сихха т1е а вахана, т1оьрмиг а баьстина, п1елгаш юкъахь туьманаш ловзон х1оьттира иза. Хаа лиира оццул деши стенгара даьлла.
Моллин ойла хийцаяларх воккавеш волчу Т1епис дийцира ша Х1ашимах дегайовхо йолуш веана хилар. Цуьнан аьтту хилира шаьш деана долу г1уллакх Шемалан нене цо хьахориг хиларх ша тешна ву ала а. Доцца аьлча, шаьш деанарг мухха делахь а Шемална т1екхачийча, шаьш 2000 сом лурдуй хаийтира нохчаша.
Цу буссехь йоккха стаг еара Шемал волча. Имамаца шецца къамел а дина юхаера Шемалан нана. Цуьнан б1аьргаш дукха йилхина ц1ийбелла бара. Хала дара Шемалний, цуьнан нанний юккъе деанарг хаа. Шемала динарг х1ун дара хьуна аьлча, шен тешамен нахана т1едиллира имама, нохчашца баьхкина болчу т1емалошна цара деанарг хаьа я цахаьа хьажар. Кестта цунна т1едеара, оцу обаргийн г1уллакх шайн моллланаш ларбар ду, деанчун къайле царна евзаш яц аьлла. Амма уьш Шемал лоруш а, иза ган лууша бу. Иштта долу г1уллакх Шемална тайра. Х1ара тоьлла бахьана дара нохчашна шен Делаца йолу юкъаметтиг гайта. Т1ейог1учу ханна а уьш шена тешамен хилийта. Делан ц1арах долчу х1уманна атта т1аьхьах1уттуш къам ду нохчий. Шемал шен эскаран хьаькамашна т1едиллира оцу т1емалошца тоьлла г1иллакх лацар, уьш меца цабитар. Ткъа ша, хьалха суьйлашна ма-гайттара, шен возалла йовзийта х1оьттира. Хууш ма-хиллара, Ахульгохь эшарна а, дукха баларш хиларна а шарахь и дагахь латтор т1елаьцна дара. Имаматехь муьлхха а самукъадоккху х1ума дихкина дара. Шемалс ша корта боккхур бу аьллера шен омра дохийначун. Зуда ялор, цхьацца бахьанина тойнаш х1иттор тапаьлла тийна д1адахьа дезаш дара, самукъанна лелон х1умнаш юкъара д1адаьхна. Иллеш бохуш, хелхарш деш г1овг1а яр дихкинера. Закон талхийначарна массанхьа та1зарш деш дара.
Шемалан нана шалхонаш йоцуш нийсса-д1асатаь1ара йоцуш майра амал йолуш, шен к1антачул нехан бохамашна к1езиг сагатдеш а яцара. Цкъа эвлайисстехь 1аш йолу шен хьаша йолчу еанера иза, цунна к1ентан к1ант виначе. Оцу балхах самукъадаьлла йолчу шина зудчо, цхьана ханна имаман бехкамаш биц а белла, берана лерина и дижош олу илли аьллера.
Уллохула бовлуш хиллачу зударша цу сохьта Шемалан муридех д1атоьхнера и. Вуьйш цу сохьта цу ц1ийне а баьхкина, чуг1ерта х1иттира маьттаза бага а лейеш. Амма цу ц1ачохь Шемалан нана юй хиъча, баха а бахана имаме и д1адийцира цара. Шемала омра дира шен нана лаций шар1ан суьде ялайе мох санна чехка аьлла. Цигахь кхел а йина, Шемалан нанна ткъей пхиъ шед тоха аьлла, сацам т1еийцира. Цу заманахь стомма муьшах йихкина я бахтаран шед тухура, диначу зуламан луьралле хьаьжжина. Г1аж еттар, т1аьхьо Кунта-Хьаьжин мурдех болчу туркхаша юкъадаьккхинаду. Суьдхойа, шед тухуш болу чалтачаша боьхна хьаьвзира. Шемала д1ахьедира:
– Шари1атан суьдан кхелахвала имаматехь бакъо йолуш цхьа а вац, – аьлла.
Ша к1ант хиларе терра, нанна йина кхел шена т1елецира цо.
Шен коч д1а а яьккхина, шед тохийта кечвелира иза. Амма судан кхел кхочушьеш верг реза вацара Шемална етта, ша цуьнах кхоьруш хиларна. Имама шена омра дича, яйн лестош шед етта х1оьттира иза. Т1аккха Шемалс хьала а иккхина, омра дина, шен мурид охьа а вижийна, доггах шед етта йолийра:
– Иштта тоха еза шед, – бохуш.
Ахульгохь Шемална йина чов дика ерзаза хиларна и кхоон г1оьртинера мурид. Цул т1аьхьа, ша тоха ма-еззара шед йиттира цо Шемална. Г1атта цалуш кходе меттахь даьккхира Шемала. Амма нанна хьалхара к1ентан декхар ша кхочушдийр дуй массарна а хаийтира. И бахьанехь имама нийсо лелайо аьлла ц1е яхара цуьнан суьйлашна юкъахь.
Х1инца имамана дика хаьара ша нохчийн виъ векална та1зар дахь, вехь иза шена дуьхьалдер дуй. Цкъа делахь, нохчий паччахьна т1ебоьрзур бу, шолг1а делахь, оцу арахь лаьтташ болчу обаргаша дийцина ца валлал доккха зен дийр ду эскаршна. Цундела цо д1акхайкхийра, ша Делах, пайхамарх дагавала а, ламзана а маьждига чувулу, шена Делера цхьа хаам хиллац аьлла. Шайхаш бевзачарна хаьа цаьрга Делера я пайхамарера хаам муха хуьлу: кхетамах волий, велла я дийна а воцуш хьал х1утту цуьнга. Т1аккха лере зуз дог1ий хаам хуьлу я г1ена кхоьлах пайхамар я шен устаз дуьхьал вог1у.
Шемал шена т1ехула дог1а а тохийтина маьждига чувуьйлира. Гонах ха ч1аг1дар шен муридашна т1е диллира. И г1уллакх Даьрг1ахь даьржира. Гобаьккхина маьждиг лардан схьагулделира адам. Кхаа дийнахь-бусий марха кхобуш 1ийра нах. Массо а ч1ог1а г1елвелла вара. Эххар маьждиг чохь татанаш девлира. Сацам байнера нехана. Маьждиган не1арш д1айиллина гучувелира имам Шемал. Г1елвелла, ницкъ хилла вара иза. Б1аьргаш чу ц1ийдоьссинера цуьнан. Дуккха а вилхиначух тера вара иза. Улло х1оьттина ши мурид а волуш, маьждиган тховт1ехь йолчу момсарт1е хьалавелира имам. Цуьнан омрица маьждиге схьаялийра Шемалан нана, коьртахь доккха к1айн шолан кортали а долуш. Улло х1оьттина ши молла а волуш, г1ийла корта а оллийна, маьждига хьалха д1ах1оьттира Шемалан нана Баху-Меседу. Вист цахуьлуш масех минот яьккхира имама. Т1аккха стигала хьала б1аьргаш а хьовсийна, вистхилира:
– Х1ай тхан сийлахь пайхамар Мухьаммад (1. с. в. ) ! Сийлахь а, хийца йиш йоцуш а ду хьан бусулбанашна т1едахкарш! Хьан нийса кхел кхочуш цайича цайолу. Има диллинчу нахана массарна а масал хуьлда кхуьнах!
«Цуьнан лаам, со цунна доза доцуш муьт1ахь хиларой хьоьга кхайкхийтинера со тхан сийлахь пайхамар! Хьан лаам бовза лууш, х1окху адаман тоьшалла дан йиш йолуш, ламазаш деш, до1анашца кхоъ де даьккхина ас вижар-г1аттар доцуш, нийсонца жоп доьхуш сайн дехарна. Эххар сайн хаттарна жоп карий суна. Амма оцу жоьпо ша стелахаштиг тоьхча санна вагийна лаьтта со. Аллах1а т1едиллина суна уггар хьалха нохчашкара х1ара эхьен дехар дахьаш сайна т1евеанчунна б1е шед тохар. Ткъа и адам сан нана ю! »
Цу сохьта т1ебеттабеллачу муридаша озийна схьадаьккхира Баху-Меседун коьртара к1айн шолан йовлакх, цуьнан букъ, чухула йухучу кучаца а битина, муш буцуш йина стомма шед етта йолийра. Адам цецдаьлла 1адийначохь лаьттара шена гушдолчо. Амма пхоьзза тоьхначул т1аьхьа имаман нана кхетамчуьра елира. Шемала сацийра чалтачан куьг, шен нанна хьалха гор вуьйжира иза. Ч1ог1а лан хала сурт х1оьттира нохчашна, шейн ненах-м шед хьакхийнарг а вуьйр волуш болчу. Кхузахь волу жима а, воккха а нохчо шаьлтана т1е куьг диллина лаьттара. Шемал воцуш кхин хилча, ма декъаза вара и. Адаманна ма да и т1е! Зударийн маьхьарий девлира. Божарел осала бац нохчийн зударий а. Дийхира цара Шемале нанна гечдар.
Шемал хьалаг1аьттира шен ненан когашкара. Шегара х1умма а цадаьлча санна, стигала вог1авелира имам, кхаъ боккхуш санна элира цо:
– Лаилах1аиллаллах1, Мухьаммеди Расулуллах1! Х1ай ялсаманен дай, шуна хези-кх сан до1а, аш пурба дели суна дисина та1зар сайна дайта, сайн мискачу нанна йина кхел чекхйаккха. Ас хазахетарца, шун совг1ат лоруш т1еоьцу и сацам!
Шемал, векхавелла шен ц1ен духарш д1адехира, оба муриде д1аелира. Стоммачу муьшан шед шена еттар, шина муридана т1едиллира. Д1ахаийтира ша пайхамаран сацам кхочушбеш воцчуьнан корта боккхург хилар. Тийна, ша лазавар цахоуьйтуш дисина 95 тохар шена т1еийцира. Цул т1аьхьа шен духарш т1е а дуьйхина, момсар т1ера охьа а воьссина, адамашна т1евеара и:
– Мичахь бу и Делан мостаг1ий, соьга сайн нанна еттийтина болу? – мохь туьйхира цо.
Боьхна латтаьш болу нохчийн векалш Шемална хьалха а балийна, д1ах1иттийра муридаша. Т1ехьа мог1аршлахь говг1а а яьлла, нохчийн обаргийн тоба т1ег1оьртича:
– Собар! Собар! – аьлла, мохь туьйхира Шемала, аьтту куьг а айбина.
Тарраш баттара даха кхиаза хиларна севцира нохчий. Имам т1евеара нохчийн молланашна. Човха а цабира, дов а цадира, адам цецдоккхуш парг1ат элира:
– Х1инца шайн халкъана т1ег1о. Кху тайпа сонта къамелаш суна т1едохьучул, шайна кхузахь гинарг ма-дарра д1адийца царна.
Иштта х1ара г1уллакх дерзо хьалххе кечам бойла дацара. Шемал вевзачарна хаьара муьлххачу а шайхан Делаца йолу юкъаметтигаш шайна хуийла доций. Амма кхузахь Хастамхиларан къинхетам хьалхабаьлла хилар массарна а гуш дара.
– Парг1ат бита нохчийн обаргийн некъ! – омра дира имам Шемала.
Хьалха ваьлла вог1у Эвтархойн Ахьмад говрара охьа а иккхина, аьтту куьг некхат1е а диллина чекхвелира аьрру куьйга динан дуьрста лаьцна а йолуш, изза дира цуьнан накъосташа. Уьш т1ехбевлча а, некха т1е куьг а диллина лаьтташ вара Шемал:
– Маржа нохчий я1! Шун доьналлин, хьекъалан къайленашна т1аьхьа кхуур а вац! – элира имама, шен муридашна хозуьйтуш.
Цул т1аьхьа, т1емалошка маршалла хаттаран, цара шена ларам баран кеп йина имаматехь т1еийцира имам Шемала.
– И муха дагадеара хьуна? – аьлла, дог-майра Ч1егас шега хаьттича, Эвтархойн Ахьмада дийцира, ша 1овдех дагаваьллера вай кхуза дахкале. Цо т1едиллира иштта имааман сий дар. Кхин а дийцира цо: «Т1аьхьара заманахь дуьненахь дерриг бусалба эскар хир ду. Аьтту белшт1ехь цхьа пагон а йолуш, цунна т1ехь язбина ши мог1а болуш: «Лаилах1аиллаллах1, Мухьаммади Расуллах1»….
Паччахьан инарлаша Даьрг1ахь хилларг шайн къайлах болчу айкхаша дийицича, керла х1умма а дац цигахь, хьалххе кечйина спектакль ю элира. Амма обаргаша д1асакъаьсташ Шемална ялийначу кепо ч1ог1а цецбехира уьш: «Стенгара хиъна – те нохчашна Салманул-Парсин Малхбузе даханчу эскаро салам-маршалла муха хаттара?». Царна цахаьара имам Шемална уллох1уьттучу нохчийн эвлаяашна дукха дуьненан а, эхартан а къайленаш евзий.
Амма шеко йоцуш дара оцу хиламо нохчашна т1е боккха 1аткъам бина хилар. Вай дицдан ца деза и санна долу та1зар даран кеп Шемалал хьалха хиллачу имамаша а лелийна хилар. Г1еза–Мохьмада цкъа ша галваьлча, шена а шед еттийтинера. Хьамзат-Бек цулла а т1ехвелира. Цо шена шед а еттийтира, чуволлийтина кходе-буьйса а даьккхира, ша имам воллушехьа. Иштта шари1атан бакъо массарна т1ехь цхьатерра лела еза бохург дара иза.
Амма Даьрг1ахь кхин цхьа х1ума а дийцира Эвтархойн Ахьмадана. Иза цунна цкъа а дагара а цадолура. Масала, Шемалан заманахь ч1ог1а бара зударийн ларам, церан бакъонаш а ларйора. Имамат ч1аг1йар санна г1уллакх лорура Шемала зударийн доьзалехь йолу меттиг ларйар. Х1етахь зуда юьтучу хенахь цуьнгахьа г1одаккха майралла оьшура. Имамана гора ламароша цхьа к1еззиг бахьана даьлча а зуда юьтуш хилар. Т1ом хиларна д1абоьдуш, зударий алсамбовлуш бара. Цо цхьаболу осала нах кура баьхнера. Масала, Г1имрахь 400 доьзалх кемсаш хуьлучу заманахь 200 доьзал бухуш бара. Оцу хенахь суьйлаша чаг1ар дан доладора. Маларо вахийначунна зуда йитар атта х1ума дара. Нагахь стага кхузза шега хьо йитина ю аьлча, зуда д1айоьдура юха а цайог1ура стаг ваставаларх, цо ша вехна вара бахарх. Цул сов, цхьана дехачу муьрехь вовшахтоьхначу йийбарх, башха бахам цу хенахь бан а бацара, ша бежанаш цадигахь, зударшна кхочуш х1умма а яцара. Дукха хьолахь маларх кхеттачу божарша а харц тоьшалла дора. Цундела Шемала там-мах беш, зуда ялош-юьтуш молуш, узуш, ламаз-марха ледара лелориг , рузбана ца воьдург магош вацара тоьшаллина. Нохчашна юкъахь х1етахь а молуш болу нах к1езиг бара. Цундела теш ц1ена хила везаран г1уллакх нохчаша даиман а ларамца леладо.
Цхьа а х1ума а доцуш бисинчу зударша имаме аьрзнаш дора. И тидаме а эцна Шемала леррина долу указ юкъадаьккхира. Х1етахь дуьйна зудчуьнан таро яра д1асакъаьсташ шена еззарг схьаэца. Г1имрахь чаг1ар даккхар дихкира имама, мелла волуш йитина зуда, йитина ларалуш хилар а юкъара д1адаьккхира.
Шемалан цхьана наиба харцонца оьрсашца з1е ю аьлла Цутински районера цхьа стаг бехкен вина, цунна вен кхелйира. Амма и вен везаш волчу мурида, цо шена Къорана т1ехь дуй биъча и цавуьйш витира. И хиъначу наиба, шен омра кхочуш цадина волу мурид вийра. Ч1ог1а шен майрачунна муьт1ахь а йолуш, зуда яра оцу вийначун, вуно хаза а йолуш. Цо хабар даржийра шен майра шена ницкъбеш вара, ша баркалла бохуш ю и вийначунна, цо йигча, майра вийначуьнга маре а г1ур яра ша аьлла. И д1ахезначу наиба, шен масийтта шарахь зуда а йоцуш 1аш волчу, дукха реза хилла ялийра йисина 1ашьерг.
Ша маре еанчу хьалхарчу буса муридах йисинчо шен керла майра дика ваха а вина, шаьлта тоьхна вийра. Т1аккха Шемална т1е а яхана, имамана дийцира ша динарг. Шемилс гечдира цу зудчунна, цунна бохам бинарг ша вуьйр вуй д1а а хаийтира. Жимма ша ойла йиначул т1аьхьа, элира имама: «Сан тешамечу накъосташна юкъахь и тайпа х1уманаш 1итталуш хилча, сан х1усам ц1елетта йогуш маю», – аьлла. Иштта ойланаш йолуш волу баьчча нийсо езаш болчу нохчашна гергара вара. Цундела Шемал нохчаша шайн имам хоржуш, цо нийсо лелош хилар коьрте а даьккхина, хаьржира иза. Эвтархойн Ахьмад хьовха, цхьаммо а доладеш боцуш, шаьш бевлла лелаш болу обаргаш а реза бара нийсо лелочу Нохчийчоьнан а, Дег1астанан имама аьлларг, т1едиллинарг кхочушдан.
Г1ИЗЛАРХА
«Хазалла- сарралц, дикалла-валлалц».
Кица.
Цкъа шен доттаг1а 1абдул-Къедар волчу хьошалг1а Баби-юьрта ваханчохь цхьа оьрсийн эпсар вевзинера Исмайлин Дудина. Иза паччахьан эскаран полковник вара, Петарбухера Семеновски полкан эскаран хьаькам. Декабристашна г1о дина аьлла 1825-чу шарахь махках а ваьккхина Кавказе хьажийнера иза нохчашна дуьхьал т1ом беш долчу эскаре. Дуда муха, х1ун стаг ву хиъча, цо дийцира ша паччахьан эскарехь дошлой 1амош инструктор вара аьлла. Динбере т1еман хьелашкахь муха хила веза гайтина ца 1аш, цунна тур-шаьлта лелон, говр буха а вахана тапча тоха, хаьхкина воьддушехь нийса топ тоьхна мостаг1 вожон а 1амадо ша, бохура эпсаро. Нагахь жима б1о 1амо лаахь ша кийча ву элира Смирнов Вячеслав Ивановича.
1едало ша и болх лелош вуй хаахь кхузара а гена воккхур ву, чуволла а там буй хаьара цунна. 1абдул-Къедар ша г1умкий вара, паччахьан эпсар хиларал сов, мартанхойн нуц вара и. Дукха ял а йоьхур яц ша, 12-15 шо долу 25 жимха шина-кхаа баттахь т1амна кечвийр ву ша аьлла, дош делира Вячеслав Ивановича. Ахчанца ша г1еххьачул дакъалоцур ду элира 1абдул-Къедара, йисина харжаш шена т1елецира Исмайлин Дудас. Цунна дика хаьара т1амна бере 1амор кху заманахь мел мехала г1уллакх ду.
Цхьана баттахь тохавеллачу Исмайлин Дудас 25 жимха цхьана тобанехь а волуш, йиъ тоба вовшахтуьйхира. И б1о Мартант1ера, Гихт1ара, Шелара, Эвтарара, Чечанара, Г1ойт1ара кегийчу нахах лаьтташ бара. Цхьана беречунна т1ера баттахь датон сом дала дезара, говраш, герз, даа-мала латтор т1елецира Исмайлин Дудас. 1амор къайлаха дара, хьалха хазарийн каганатан хилла тоьланаш яра Чиллана ирзехь. Буса дошлой 1амон йиш яра Шелкозаводскойра Червленни кхаччалц йолчу хьаннашкахь. Инарла Ермолов тешнабехкаца Дадин-юртана т1е а летта, ягийначул т1аьхьа эскарша а, г1алг1азакхаша а кхузара меттигаш буса ларьеш яцара, нохчаша бекхам барна кхоьруш.
Бутт а балале Теркан дозанехь х1инцале дуьйцуш хабарш дара нохчий ч1ир эца Грозный г1опана т1елата кечамаш беш бу бохуш. Горчеводскерий (х1етахьлера Мелчхе) , Чурттог1ерий г1опаш ч1аг1йеш яра. Цига совдаьккхина салт а х1оттийра, Дона т1ера г1алг1азакхий а балийра. Йихкина йолчу Горчеводски г1опехь хиллачу нохчийн куьпчийчо Мациевс хаа бора, юьрта чуволучохь йолчу арки т1ехь керла йоза ду: «Нохчашний, ж1аьлешний г1опа бог1у некъ бихкина бу» аьлла.
Амма б1о 1амор кхиамца д1адоьдуш дара. Нохчашна ч1ог1а хазахетара говрлелоран урокаш. Оьрсийн мотт а 1амабора. Ха деш болчара хаам бира Г1излара йолчу аг1орара бог1уш дошлой бу аьлла. Иштта хила а хиллера. Лаьтта бухара казематаш йолчу а баьхкина, нохчийн, г1умкин, суьйлин меттанашкахь маьттаза хабарш дийца х1иттира уьш. Амма нохчашна ч1ог1а буьйр дина вахана вара Исмайлин Дуда. Х1уъа а дай гучу цадовлуш х1ума дар т1едиллинера цо. Г1излара г1опехь х1илла долуш разведка яра оьрсийн. Кийрахь дог дерг шайх летар волуш, питане къамел дора цара даиман. Нохчий сиха буй хууш, церан дог-ц1ена хиларх, х1илла дацарх пайда оьцура. И бахьанехь дукха зенаш хуьлура пошта яхьа к1ело ян г1ертачу нохчашна. Г1изларарчу эскаран талламан тобана юкъабог1уш массо къомах нах бара, ахчанах шайн да а вухкур волуш, цхьа а сийлахь х1ума доцуш адамаш дара уьш. Кхин цхьаъ а дара: нохчий, г1алг1азакхи цхьаьна бехачу станицашкара берашна ч1ег1ардигана санна хаьара нохчийн мотт.
Шозлаг1чу дийнахь буха а баьхкира и зуламхой. Х1инца кхо-виъ стаг бен вацара. Амма къамел доьхнарг дора. Цкъа а, шозза а уьш д1аг1ур бацара – те аьлла катакомбаш чухула генна д1авахара Эвтархойн Ахьмад. Цуьнца кхин а бара Эвтархой кхузахь т1еман говзаллина 1емаш. Амма лаьтта бухара къайлена чоьнаш йолчу баьхникарш 1аш бацара оьзда доцу хабарш дуьйцуш бен. Говрахь веана лаьтта бухалара каземата чуьра Эвтархойн Ахьмад хьалаваьлча, боьхна хьаьвзира казакаш.
– Х1ун оьшу? Ц1армата баганаш стенна етта аш! – аьлла Ахьмад т1ечевхича, цецбевлира уьш. Жима къонах шайгахьчул а тоьлла герзаш долуш гича, боьхна хьаьвзира кхайкхаза хьеший. Уггар церан тидам т1ебаханарг дара беречун г1ода юкъах доьхкина обаргаша ластийна т1екхуссий синаметта духуш долу кегийн арсаш. 18-20 шо ханна хир долущ кегий нах бара уьш, цхьа а таллархойн тоба а яцара иза. Маларо вахийна, дов лоьхуш араваьлла г1алг1азакхийн кхо к1ант вара. Схьагарехь, миска нехан бераш а дацара уьш. Мухха делахь, къайлах 1ама г1ерташ бохкучу нохчашна цаоьшуш нах бара.
– Шу муьлш ду бохий аса-м шуьга! – вуха а т1ечевхира Ахьмад.
Меттабаьхкинчу кегийчу нахах цхьаммо хаттарна дуьхьал хаьттира:
– Шу дуй и тхох лата 1емаш долу нохчий?
– Х1ундда бахара аш? Лата даьхкина дуй шу? – Ахьмада ц1ена оьрсийн мотт бийцича, иза вуха а шайна т1ечевхича, г1еххьачул озабелира к1ентий.
Царна хууш дара кхузахула лелаш Г1изларерачу штабан разведка юй. Шаьш галдевллий-те аьлла хеттачухтера дара.
– Лата лууш-м дацара тхо. Х1окху мехакан дай ду тхо, – элира царах цхьаммо.
– Со-м ву лата лууш! – хьалхавелира царах воккхониг. – Цавашарца хьоьжура цуьнан маларо ц1ебина б1аьргаш.
– Схьавоьл, охьавоссал говрара. Муха лата лаьа хьуна: герзаш тухуш, охьатохарх? – хаьттира Ахьмада. Хетарехь, хьалхаваьлларг ч1ич1ъаьлла къонах вара я ша хьоладайн к1ант хиларна шен х1уъа чекхдер ду аьлла хетаделлера цунна, цу т1е, маларо а майра ваьккхинера.
Эвтархойн Ахьмад говрара т1ахъаьлла оьхьаиккхича, собаре хилира т1ебаьхкиначех волу шиъ:
– Валохьа, Сергей Александрович, д1адоьлху вай, – аьлла дийхира цу шимма.
– Жима къонах, хьуо кху мехкан да ву бохург эрна къамел ду. Шаьш т1едаьхкина нах дуй а хаий д1аг1о! Ца водахь сох лата везар ву хьан, Сергей, – хаийтира Ахьмада.
Ц1еххьана дехьо болчу боьрара кхо-виъ бере хаьхкина говрашкахь т1евеача, – тамаша ца бира цара. Хуучух тера дара царна кхузахь лата 1амош нохчийн б1о буй.
Динара охьавоьссира г1алг1азакхий. Летар ву ша аьлла, карзахвелира иза.
– Собардел цкъа, – аьлла, хьалхавелира Мартант1ера Б1от1а. – Вай т1аккха нийсо лелор ю. Х1ара Ахьмад хьол масийтта шо жима ву. Со ву хьан хенара, вайша летар ву вовшех, – элира цо.
– Б1от1а, хьо цуьнах летча, вайн Исмайли Дуде ала х1ума хир дац. Цулла а г1ой, Семеновга схьакхайкхахьа цунна и мегар долуш делахь кхуза вар, – дийхира Ахьмада.
Цу сохьта, хуьлуш дерг х1ун ду ца хууш оьрсий а битина, лаьтта бухара х1усамаш йолча вахара Б1от1а.
– Оьрсийн мот бийцахьара аш, тхо а кхетар дара шух, – дийхира казакаша.
– Тамаша бу шуна-м цхьа а мотт кхеташ хилахь, – велавелира Ахьмад.
Цхьа а, х1умманах а кхетон а ца ийшира, мох санна сиха схьакхечира полковник Семенов. Шен эпсаран духарца вара. Белшаш т1е оьллина 1аьржа верта дара, коьртахь месала куй. Цхьаммо а эр дацара и нохчий вац. Цу сохьта хиира цунна мила ву веанарг: шен меллачохь тасавала меттиг лоьхуш араиккхина Александр Данилович Меньшиковн к1ант хиллера нохчийн дошлошна т1екхаьчнарг. Шен дагахь Хастатовг1еран имени уллохь, дийнахь гучубуьйлуш болу нохчийн кегийрхой кхерор бу ша аьлла веанера иза, шеца ши накъост а валош. Эххар Сергей Даниловича шен дагара хаийтира. Эвтархойн Ахьмад шена чуг1оьртина, цуьнца дуэле ца ваьлча 1ийр вац ша аьлла схьахьедира. Иза вухаваккха а хьаьжира Семенов. Г1уллакх ца хилча, ша шена г1оьнна кхайкхина болу эпсарш схьакхайкхира цо летачийн секунданташ х1иттабан. Нохчашна ца хаьара дуэль бохучу дешан маь1на, амма шиъ вовшахлетий-м хаьара.
Шаьш тахана дан дезарш буьйсанга д1атеттира Семеновс. Меттиг а къастийна дуьхь-дуьхьал х1оттийра Эвтрахойн Ахьмад а, Сергей Данилович а. Дикка къийсамаш а бина, тапчанаш тоха сацам бира. Хьалха герз тоха кхаж белира хьешан.
– Вайца вайн Дела а, пайхамар а ву. Вай лоьхуш даьлла дов дац х1ара, – элира Ахьмада, холча х1иттина шаьш х1ун г1о дийр ду ца хууш лаьттачу к1енташка.
Тийналла х1оьттира Терка йисттерачу моа дечигаша го бина лаьттачу майданахь. Юьйлира тапчанаш. Юкъаметтиг 25 г1улч къастийнера. Ша кийча хилар хаийтира Сергей Даниловича. Ахьмадна х1инццалц нисбелла т1ом бацара х1ара. Делахь, а и цуьрриг воьхна вацара. Цуьнга аьлла дара Баматгирас хьо бехкен а воцуш даьллачу девнехь цкъа а кхера ма кхералахь.
Вехха 1ийра казак тапча хьажийна. Леррина хьоьжура иза Ахьмадан б1аьра, амма къона нохчо шек-д1а вацара. Моьттар дара цунна 1ода т1улг тоха г1ерта. Эххар елира тапча. Теркаца долчу дитташ т1ера г1арца хьалалилхира акха олхазарш. Массо, а Ахьмадан аг1ор хьаьжира. Иза шек а воцуш лаьтташ вара. Кхинд1а ша дан дезарг ца хаьара цунна. Тапча юьйлина а яцара. Полковника хьелаш ч1ог1а б1ег1ийла хаьржинера. Секунданто аллац тапча тоха бакъо яцара шолг1ачун. Цо таро лора лазавина висахь цунна г1о дан, йина чов елахь метта а ваийтина мостаг1чух лата.
Тамашийна х1ума дара Ахьмадан дино лелош дерг. Шен дена улло д1ах1оьттинера иза. Герз даьлла, Ахьмад лаьтташ гича, ша тешамен накъост санна т1ехьаьдира иза цунна, тарса а терсина, берг етта х1оьттира ша х1ун г1оде бохуш санна. Ша Делан Вели а эцна т1ома баьлла Буракъ дин санна Ахьмад эцна д1аэккха реза бара цуьнан дин. Амма дас кхест1е дайн куьг а хьаькхна, хьастира дин. Д1аболо, бажа г1уо, кхин кхерам бац аьлча санна, д1а теттира уллора. Ша цуьнах кхеттий хоуьйтуш дехьа а баьлла, юкъачу бацала бат 1оьттира цо. Гуш дара вайн 1аламца долу гергарло. Адаман, говран ши са дара вовшах кхеттарг, аьлла дош а доццушехьа. Иштта ду-кх 1алам вай цуьнца т1ом латтабахь а.
Ахьмада тоха деза герз кханенга д1атеттира суьдхоша. Малх д1а а буьзна, маьрк1аже яра шен бодане сурт ана дуьллуш. Сергей Данилович а реза хилира цу балхана. И х1инца х1умма а майра вацара. Хаьара цунна нохчаша герз нийса тухий. Кхана вухаван дош а делла, шен шина накъостаца д1авахара Меньшиков. Иза Хастатовг1аьргахь хьошалг1ахь волу кхо де а хиллера.
Эпсарша-инструкторша ламаройн йеа а группица шец-шеца кхетош-кхиоран болх бира. Кхетийра хилларг дестийна дийца дезаш х1ума ца хилар. И санна долу дар-дацарш Кавказехь-м хьовха, Россехь, т1амана генарчу меттигашкахь а нисло, гонаха гуобаьккхина лаьтташ салт а, полици, лакхара 1едал доллушехьа. Дуэлехь шиъ вовшах а летта, дов дерзар г1олехь лерина даиман а, ши тоба вовшах летачул. Ишттачохь шина а аг1онна мелла а к1езиг хуьлу зен. Новкъадерг-х1инца эскар 1аморан къайле йовруг хилар ду. Ма-дарра аьлча-м, цхьа а къайле а йоцуш ламарой жимачохь дуьйна лата 1емаш ма барийца. Охьатохарех летта а ца 1аш, т1еман хьелашкахь лата кечбора уьш. Кавказан т1ом д1абоьдуш болу дуьххьарлера шо дацара. Исмайлин Дудас х1иттийна долу хьелаш лардан таро ца хилира къонахийн. Ишттачохь яхь, г1иллакх, доьналла долу кегийрхой шайна дена-нанна, а бохуьйтуш 1ийр боцийла Дудина а хаьара.
Суьйранна х1ума а йиъна, аралилхира дошлой. Бурунахь, генна дежийлашкахь, жоьлеш чохь «левчкъиначу» салташна т1елатар 1амийра цу буса. Кхузахь цкъа а хилла а боцчу шайн хьехархошна карти т1е а хьаьжна муьлха экономи мичхьа ю, и хьена ю, жоьлаш маца йина ю, чу жа мел тарло хиъча тамашийна болх хетара нохчашна. Царна х1инццалц дагадеана а дацара буса борз лоцу ж1аьлеш т1е цакхетаче доху молха а малийна бохург. Кхин а тамашийна г1уллакх дара цара шайна тесна долу жижиг т1едетталуш даар.
Кошарашкара жаш обаргаша д1алаьхкинера кхузара масех шо хьалха. Х1етте а жоьлаш ларъеш 1аш дара борз лоцу ж1аьлеш. Иштта комаьрша т1елатархой цара ларбен дукха хан яра.
Дийнахь хиллачу хиламаша а, буса т1амна 1амораша а х1иттийна болу нохчийн к1ентий сихха ха а х1оттийна, д1абийшира. Х1ора а ойлаеш вара Исмайлин Дудас х1ун аьрте бохуш: х1ара меттиг 1ораяккхарна а, буса биначу т1амехь кхиаамаш бахарна. Иза кхана ван везаш вара шен б1о 1амоче. Амма 1уьйре а г1овг1ане еара. Г1излара г1алара дийнна делегаци кхаьчнера сатасале. Селхана хиллачун дуьхе кхиъначу к1ентан верасаша Семеневга доьхура Эвтархойн Ахьман шен рог1ана герз тохарх вухаваккхахьара бохуш. Амма царна шаьш лоьхучунна жоп ца карийра. Делкъа ламазана схьакхечира шен г1уллакхашна Мартант1е вахана волу Исмайлин Дуда. Иза цецваьлла висира шега хьоьжуш дукха адамаш гича, цхьа даьрг1ахо волу суьйлийн молла коьртехь а волуш.
Молла Саь1ид-Паша Эндерихь бехачу нохчаша лоруш стаг вара. Исмайлин Дудин г1иллакхаш, оьздангалла, нахаца тарвала хууш хилар дийцинера цунна нохчаша. Пайхамаран заманара масалш далош, ша деана г1уллакх генара дуьйна долийра цо, вайн замана кхаччалц дахдина. Хаийтира ша нохчийн Даьрг1а юьртара схьавалар долуш хилар, шайн дайша нохчий лоруш хилла хилар. Исмайлин Дудас баркалла элира цунна и машарна а, масла1атна а юкъаволарна. Хьолада а, куьпчи а волчу казакан Меньшиковн г1уллакх ледара дита йиш яц шен элира цо. Делахь а Эвтархойн Ахьмад х1инца а жима ву. Дахарх воьлла а валалале, бехк-гуьнахь доцуш цуьнан коча а веана, к1ант холча х1оттийна шун стага. Эвтархойн Ахьмад тасадаларшкахь а, дар-дацаршкахь а нисвелла ву. Амма кху тайпана латар цунна дуьххьара нисделла, ша цхьа дуьхьало ян бакъо йоцче а ваьккхина, юьхь-дуьххьал т1е герз тохар ца лайна цо. Сан накъостах а кхета ма деза шу, хадийра цуьнан къамел Исмайлин Дудас.
Дийцарш дийно сарралц д1адаьхьира Исмайлин Дудас. Стенггара делахь а, довна бехкечарна хиънера Эвтархойн Ахьмадан, цулла ханна дукхха а воккха волчу Исмайлин Дудин юкъаметтигаш. И цхьаъ бен кху доккхачу дуьненахь Ахьмада ладуг1ур долуш стаг ца хилар а. Саь1ид-Пашас даре дира шен цхьа билггал дош доцуш вухаваха йиш цахилар. Хьолада волу Меньшиков шаьш ч1ог1а лоруш стаг хилар а дийцира. Амма цулла а мехала дара оцу шен к1антаца хиллачу девнан хьоладас вуно дика мах хадийна хилар: ши рема говраш, 1000 сом детица, кхоъ жа а. Цул сов, эла Меньшиковс шена т1елоцу нохчийн б1о 1амош ен харжаш, нагахь и б1о Г1изларна т1елата 1амош белахь а. 1едалца йолу юкъаметтиг нисъяр а шена т1елоцура Меньшиковс.
Цу буса Эвтархойн Ахьмадаца дийцарш дира Исмайлин Дудас. Дийцира цунна вайн машаран довхочун дас боккха мах хадийна хилар. Бакъду иза, вай дов цу аг1оне доьрзуш ду моьтташ а дацара. Дагахьбаллам буьсу вайн эскар х1инца 1едална гучудаларна. Амма и аг1о а шена т1елоцу г1излархоша. Кхузахь г1уллакх б1о 1аморах доьрзуш дацара. И лаьтта бухах йолу катакомбаш яра нохчийн дукха к1ентий 1ожаллех баьхна. Г1излара йог1у пошта а йоккхий, т1аьхьадаьлла 1едал а долуш бог1у нохчийн къонахой, лаьтта буха а боьлхий, т1ап олий бовра цигахь. Салтий бог1ий Дади-юьрта дехьа долучу т1айт1е а х1уьттий, и дагийна карийча, нохчий хи чухула дехьа бевлла олий, д1абоьлхура. Ткъа х1инца царна хуур ду нохчийн б1о лечкъа меттиг. И ша бахьанехь оьрсашна хаар новкъа дара Исмайлин Дудина. Г1уллакх хьалха санна ду моьтташ, ног1ийн махкара жа-бажа лаьллина я рема ялош бог1у обаргаш кхузахь къайлабовла г1ортахь, царна тешнабехк хир бу. Х1инца шайна кхин бух лаха безара доьналла долчу к1енташна.
Дов дитича вайна хуьлу пайда вуно боккха бу. Масане тоба х1аллак хилла нохчийн оццул са ца йолуш, мел ч1архъаьлла т1елатар, талор дарх, рема лалларх. Хьуна ма-дарра шен дагара хаа лаахь, со машарехьа ву хьуна Ахьмад, д1ахаийтира Исмайлин Дудас. Нагахь Ахьмада ша ойла а йина, и шен герз тохар духаэцахь Г1изларара суьйлий, оьрсий, эрмалой, жугтий нохчашна несала боьлху. Эвтархойн Ахьмада дукха ойла йира оцу кхолладеллачу хьолан. Цхьана аг1ор: нагахь кхуьнан куьг дегийна, герз ледара хилла чов хилла Сергей Данилович дийна висахь, хуьлучу зенан хьесап ца далора цуьнга. Мостаг1ий хиларал сов, цара д1акъовлур бу нохчашна Г1излара боьду некъ. Дукха миска-нах бу кхузахь йохка-эцар лелош, даьхни, стоьмаш, 1ай декъа дечиг духкуш хене бовлуш. Оцу берриге а пайданашка кхечу аг1ор хьоьжура Эвтархойн Ахьмад. Шай, Дудий д1авижа д1асакъастале, доккха са даьккхира Ахьмада:
– Х1ай, сан деган доттаг1а Исмайлин Дуда, хьан дуьхьа ас дуьненахь дийр доцуш х1умма дан а дац. Амма тахана кийча вац со хьуна жоп дала. Кхин цхьа де а лохьа суна!
– Дика ду. Сан десара, ас дуьненахь йоккхучу ханна кху тайпа девна мах хилла ма бац сан! Баккъал, дов беркатен хуьлуш тамашийна стаг ву хьо. Цхьаъ го хир ду-кх хьуна хьайн хьекъалан, кхетаман кирхьана т1ехьа хьажча, суна кху балхах хууш доцург. Сада1а хьайна аьлла, пхьуьйра ламазана кечам бан х1оьттира Исмайлин Дуда.
Шолг1ачу 1уьйранна Исмайлин Дудина т1аьхьа пайто еара. Чиллана заводехь йолчу к1отара вигира иза хьошалг1а. Дукха даккхийн даржаш долу нах бу цигахь гуллуш аьлла. Шен динна х1оъ луш воллучу Эвтархойн Ахьмадана т1евахара Исмайлин Дуда:
– Х1ай сан жимах волу ваша, х1окху шина дийнахь хьан к1ант т1е а кхайкхина цавуьйш витаро гойтий хьуна, со куьгабакъо йолчунна жимма т1е1аткъам болуш хилар. Ч1ир йита кийча воцчунна шен лазам, бохам жимма бицбан хан ма ло нохчаша. Шайн т1еман 1едалехь тхан стагах лата а летта, аш тхоьга х1ун боху? – аьлла долон мегий ас сайн къамел, хаьттира Исмайлин Дудас.
Ахьмад велавелира:
– Дуда, хьо масла1атан да вуй хаьа суна, – аьлла.
– Делахь дош лол суна, ас бакъо яллац айхьа цу г1антана шаьшшиъ ларамаца дуьхь-дуьхьал нислахь, герз тухур дац алий!
– Сан дешан бакъона да хьо ву-кх! – самукъане хазийра эвтархочо.
Дуда шена т1аьхьаеанчу пайтона хьалавелира. Цуьнан майраллин, хьекъалан, синан дозаллин дуьхьа х1уъа а дан мегар дара. Цунна т1аьхьабаьхкинарш г1алаг1азкхий бара. Гребенской казакийн полкан коменданта шен г1оьнча ваийтинера. Х1орш д1акхаьчча, атаманан доккхачу ков-кертахь дукха адам дара. Г1излара – г1али маьждиган имам, молла Саь1ид-Паша, Таркхойн Шовхал. Цуьнца баьхкина аьккхара нохчий, Исмайлин Дудин дукха хьеший бара царна юкъахь. Цаьрца массаьрца куьйге воьдуш салам-маршалла хаьттира Исмайлин Дудас. Хьолада волу эла Меньшиков Дег1астанахь а, Нохчийчохь а вевзаш стаг вара. Цуьнца гергарло долуш бара Шелара, Мартант1ера совдегарш. Иза шен комаьршаллиций, адамаш девзаш, тарлуш хиларций нахала ваьлла вара. Доттаг1аллин з1е латтайора ламарошца.
Цкъа хьалха х1ора тобана векалша ша-ша, юха-массара цхьана а кхетта а дийцарш дора Исмайлин Дудийца. Меньшиковн аг1орара мел веанчо билгалдоккхура Эвтархойн Ахьмад жима велахь а Теркал сехьа лелла ву, Дудица пошта йоккхуш дакъалаьцна а ву, х1инца паччахьан уггар тоьлла т1еман инструкторша тур-шаьлтий, топ-тапчий т1амехь лелон 1амийна а ву. Шайн луъу дуьнена даьхний мах а хадабай Меньшиковн цхьаъ бен воцчу к1антана герз ма тохийтахьара олий, доладора цара шайн дехаран къамел. Г1изларан коменданто а, Гребенской полкон командира а Исмайлин Дуде дешийтира Кавказан Та1зар даран атамана шайга дина буьйр. Цо яздора Теркан линица паччахьан поштанаш схьайохуш талораш дина, деш волу Исмайлин Дуда лаца везаш хилар, кара цаваг1ахь вер. И ший омра а шаьш кхочуш а ца дина, я дийр а дац, аьлла кехаташ Дудина а гойтуш эт1а а дина, пешахь дагадайтира.
Кхин а итт шарахь зуламна шу Теркал сехьа дийла ца оьшуш дуьнена даьхни шаьш лург хилар д1ахаийтира. Дудина дукха совг1аташ дира. Меньшиковн кхин к1ант вацара, иза ша ханна воккха вара доьзалхо ца хаьлучу хене ваьлла. Исмайлин Дудина делла совг1аташ: деши диллина мукъ болу Дамасскехь дина шемахойн тур, Дагестанехь уггар тоьллачу пхьег1о Кубачера Хьаьжмурда, датон варкъ доккхуш кечбина мукъ болу шаьлта, Г1ебартойн элийн реми юкъахь кхиийна дин, йиъ говр южу пайто, цунна рогг1ана хуьйцуш йожа барх1 говр.
Иштта дийцарш д1адоьлхуш а долуш, буьйса юкъал т1ехъяьллачу хенахь, цхьанне а дагахь доцург хилира. Хаьхкина бог1чу динахь ма-вогг1у атамана керта иккхира Эвтархойн Ахьмад, ши г1ат долчу ц1енойн балкона т1ехь чай а молуш, дийцарш деш 1аш болу тхьамданаш цец-акъ бевлла басира. Тийналла х1оьттира кертахь. И тайпа кеп кхузахь цкъа а цхьаммо а ялийна яцара. Ша комендант а цецваьллера оццул герзах доьттина ха юккъехула а ваьлла, цхьаммо топ а ца кхуссуш, герзех воьттина волу бере керта иккхича. Уьйт1арчу зезагийн клумби чохь зуз деш боллу моза хезара. Исмайлин Дуда велавелира. Цунна хаьара Эвтархойн Ахьмада цхьа сацам т1еэцний. Цо ша цкъа а юьхь1аьржа х1оттор воций а. Ткъа х1ун сацам бу-те и? Иза х1инца цкъа Аллах1 ша воцчунна ца хаьара! …
Делкъа ламаз а дина, тасбихьа деш 1аш волчу Эвтархойн Ахьмаде Теркан берда т1е кхойкху аьлла хабар деара. Вевзаш воцчу геланчас, дашон тир яьккхина долу мерах хьокху дарин йовлакх схьаделира. Иза кхузткъа шарал сов ваьлла, г1еметта х1оьттина стаг вара. Хаза велакъажар долуш, йоца, уллохула лергина к1айн маж йолуш, безамехь стаг вара казак.
– Де дика хуьлда хьан! Соьга хьуна шерра оьрсийн мотт хаьа аьлла. Суна эла-йо1 йолчу Меньшикова Светланас хьоьга Теркан берда т1е кхайкхар т1едиллина. Т1аьхьа тетта йиш йоцу г1уллакх ду шен боху. Иза хьуна йовзийта: нохчийн Теркал сехьа лелачу к1енташа Г1изларха олуш йолу хазйо1 ю и, – аьлла, жоп даларе а ца хьоьжуш, аравелира геланча.
Ахьмадан дег1ах цкъа а летта йоцу ц1е летира. Муьлххачу а къонахчуьнца юьстахвала стаг волу жимха, бер санна ц1ийвелира. И хезна вара дехьа-сехьа синкъераме вахча, нохчийн къонахаша Г1излархин хазалла юьйцуш. И йо1 яддол къонахалла хилча тоьар дара шена олура царах муьлххачо а. Амма кхул хьалха кхунна и цкъа а гина яцара. Цкъа дагадеара: сан шира доттаг1а Исмайлин Дуда ву-те соьца, сан дог к1аддан забарш лелошверг аьлла. Амма и цхьана г1уллакхе вахана вара. И забар ян иза кхуьу хан яцара. Т1аккха мила ву-те Г1изларха суна т1ехьажийнарг? Сан к1езиг долу, к1ад боцу хьуьнарш цхьамма дийцина-те цунна? Цхьа нохчо и ядон г1оьртина соьгара г1о оьшу-те?
Оцу ойланаша хьовзийна волу Ахьмад сихха каземат чу а иккхина, Б1от1иний, Веданара Селимний т1ех1оьттина:
– Же- яма, Теркайистте цхьана йо1е дистхила доьлху вай!
Терк к1ентийн 1ойлина б1е г1улч бен генахь дацара. Нохчийн 1едал дац доттаг1чо кхайкхича: стенга, х1унда бохуш хеттарш деш. Дерриге а хьоле хьаьжжина къаьстар ду. Амма Ахьмад кхиира цу шинга еанарг Г1изларха ю ала. Цунна х1ун оьшу, стенна, х1унда еана цунна шенна а ца хаьара. Берде кхочуш гира говраш яжош волу ялхо. Кхузахь берд лоха бара. Когаш уллохь меллаша хьесталуш доьдура аренца иштта буьрса доцу Терг. Цуьнан ерриг карзахе, цхьанхьа-м бухахь яра. Дехьа берда т1ехь яра нохчийн шира Дадин-юьрт ягош йисина овкъарш. Итт шо а даьллера инарла Ермоловс юрт ц1аре елла. Берда т1ехула, сих- сиха хийисттехь саца а соцуш, йолаелла лелаш кхоъ йо1 яра, нохчийн г1абалех тера еха к1анй кучамаш т1ехь а йолуш, цхьаъ вукхул хаза. Амма Эвтархойн Ахьмадан хьажаро царех цхьаъ къаста а йина, лецира. Ша малик санна хаза яра и, цхьана а йо1а дохор дацара цуьнан куц-кеп. Юьхь-амат шура санна к1айн дара. Лилура сийна б1аьргаш, дашон басахь месаш, хьарчийна еха к1ажар-кийрара са озош яра. Нохчийн к1енташа дуьйцуш хезна, цунна дагахь лаьттара цуьнан сурт.
Х1инца и аренца лелаш болчу нохчийн ас-сой бохучу к1ентийн сатийсаман туьйра х1оккхузахь лаьтташ дара. Яйн йорт тохуьйтуш говрашкахь т1е а веана, кхоъ жима стаг цхьатерра динара охьаиккхича, б1аьргаш серладевлира кхаа йоь1ан. Уьш тамаша беш хьоьжура церан духаршка, герзашка, нуьцкъалачу белшашка, дойшка.
– Хьажахьа иштта к1ант хилла-кх хьо Эвтархойн Ахьмад! Ас хьо ца вевза аьлча цец ма бовлура нохчийн к1ентий. Жимма хьо сехьа ваьлча, хьайгга дийца х1ума дара сан, – элира Г1излархас.
Цу сохьта шен г1алатах кхийтира Светлана. Иза д1ахьоьжучу аг1ор хьажавеллачу Ахьмадана гира цуьнга хичаш еш ша волчу веана геланча. Бехк ма биллалаш, аьлла. Кхаа к1анте могаш-парг1ат, а хаьттина, шен коьртара к1айн шолан шифон Ахьмадан когаш к1ел тесира цо.
– Д1аяла, баккхийчарна юкъахь лелош долу х1уманаш ма леладе, – аьлла, шифон схьа а эцна, йо1е д1акховдийра Ахьмада.
Амма йо1а йовлакх схьа ца ийцира.
– К1ентий, бехк ма билла, х1окхо х1ун боху хьажий со. Шина йоь1ан самукъадаккхийша жимма, – шен шина накъостана т1е а диллина, Светлана а эцна, масех г1улц царна гена велира Ахьмад.
– Хьо стенгара евза нохчийн к1енташна, х1ай Г1изларан хазалла? – хаьттира Эвтархойн Ахьмада.
Ма-гиннехь вовшийн дезаделира цу шинна. Ша яран бахьана довзийтира йо1а. Хаийтира ша Сергей Меньшиковн йиша хилар. Гечдар дийхира шен вашас хьошалг1а веанчохь мала а мелла, дина сонта г1уллакх. Цо йиттина кураллаш шайна оьшуш х1ума дац элира йо1а. Шен дас, девежарша а гуттар нохчашца гергарло а лелийна, шу лара а лору шаьш элира. Шена хаьа шун иштта г1иллакх доций. Оьрсаша дехар дича, гечдо вовшийн хабашца аьшнаш бар. Ткъа нохчаша шайна дан г1оьртина долу зен-дича санна лору. Йоккха сонталла ю сан вашас хьуна т1е герз а тоьхна шегара ялийтинарг.
Цуьнан къамеле ладег1а а ваьлла, шен карахь дицделла йоь1ан йовлакх т1ера чан йожа а йина, д1акховдийра Ахьмада. Амма Светланас юха а схьа ца ийцира йовлакх:
– Ахь сан вешина гечдаллац схьаоьцур дац ас йовлакх, – элира йо1а. – Цуьнан меха кху дуьненахь сан х1умма а дац. Сан цхьа ваша бен вац. – Цуьнан хаза б1аьргаш хих лаша буьйлабелира.
Ахьмада меллаша йовлакх вовшах а тоьхна, шен бешметан кисана диллира. Светланин сирлачу б1аьргашчу хьаьжира иза. Нохчийн г1иллакхехь и х1инца цуьнан дехарна жоп дала дезаш вара. Хуьлуш долчунна сиха т1аьхьакхиира цуьнан ира хьекъал. Йо1а схьакховдийна куьг шен кара а диллина, жоп делира цо:
– Оцу ширачу тхан дайн г1иллакхана хьакъ вац хьан ваша. Тхойша дуэлехь латарна ас суо во цул а алсам бехкен. Ас ца лардира Исмайлин Дудас сайна т1едиллинраг.
– И вуй сан гергарчаьрца хьан ц1арах дийцарш деш верг? – хаьттира Г1излархас шен куьг к1ентан керара схьа а ца доккхуш.
– Ву.
– Х1ун хабар тоха ас цуьнах? – йоь1ан хьажар к1ентан дагах чекхделира, къизачу мостаг1чо чов йоцуш цавита тоьхна шаьлта санна. Амма кхуьнан лазар аьхна, дагна томехь ов тухуш дара.
– Ахь х1умма а ма ала, ала дезарг оха тхаьш эр ду. Амма сан хьоьга цхьа дехар ду, – т1едожийра Ахьмада.
– Со лолда хьан, хьайна луъарг схьа ца аьнделахь, – хьастаелира Светлана. Цуьнан б1аьргаш чохь дикане сатасаран ц1ераш летира. – Со кийча ю ахь аьлларг дина яла. Тахана дуьйна сан деган эла ву-кх хьо, х1ай Эвтархойн Ахьмад, – елаелла ешира йо1.
– Цхьана а адам-дега ас хьайна делла дош ахь хьахадахь мегар дац хьуна! И нахала далахь со кхочуш ца дича а волу хьуна сайн дош. И вайшиннен къайле хилийта. Кхана дуэлехь хьан ваша вуьйр вац! И сацам тоьий хьуна?
Дукха хазахетта ша йоллучохь кхоссаелира йо1. Цу цикондехь т1екхетта к1антана беснех барт баьккхира цо:
– И барт бу хьуна Ахьмад сан хьуна болчу тешаман закъалт! – ц1еххьаш д1а а йирзина, шен накъостий болчу т1еяхара Светлана. К1ентийн 1одика а йина, шайн говраш йола а ялийтина, ша уггар тоьлла говр-береш санна, шайн дойшт1е хевшира йоь1арий. Д1ахаьхкира цара дой. Дахделла Ахьмадан, Светин къамел хадон санна, церан дой далош т1евеана волу церан реманча, к1енташка куьг дала а ца кхуьуш, т1аьхьа хаьхкина вахара царна.
Цара диначух цецваьлла, шен накъосташна т1евахара Ахьмад. Т1ома ваьлла говрашка а хиъна, шайн х1усамаш йолчу д1атилира кхо бере. Х1инца царна сагатделла, лаьтта бухара хьала а ваьлла, лаьтташ вара полковник Семенов. Кегийн бераш санна болу х1ара ламарой доггах безабеллера цунна. Нохчашца т1ом бан-м цкъа а вог1ур вацара иза, кестта кхарах къаста дезаран ойла хаьарчира цуьнах, тог1ийчу доьссина дохк санна. Мехкаршна т1аьхьа хьажавеллачу Ахьмадана гора говранча волу къена казак самукъадаьлла, Светланина улло шен дин а х1оттийна, чаболехь говр сецош воьду. Цу шиннен къамел тасаделлера. Амма Эвтархойн Ахьмад тешара оцу исбаьхьачу йо1а шен дош лардийриг хиларх.
Полковник Семенов шена Эвтархойн Ахьмад оцу Г1излархица цхьаьнакхеттий хиъча, ойлане велира. Цо т1едиллира кхаа беречунна, казакийн атаман волчохь волчу Дудина т1аьхьавахар. Сатеде шайн доттаг1чун, йоь1аца бина барт ма-барра ца бийцахь а, шу шена орцах девллий хуур ду цунна. Шун х1ума галдолуш хилахь берриг б1о летта лийр буй хаийта Исмайлин Дудега. Дика стаг ву и. Дошлой а уггар тоьлла къонахий гулбина цо. Шуна лата 1амон оьшуш дац ма-дарра аьлча. Шу собарна 1амон дезаш ду, сихделлачохь цхьа зулам ца дайта.
Атаманан ков-керт лардеш долчу г1ароло хаьхкина бог1у нохчий ца совцош уьйт1а лелхийтира. Царна хаьара т1ома бог1у ламарой сацон эскар х1инца а цхьане а инарлин ломахь ца хиллий. Шолг1а де а дара и тамашийна дийцарш д1адоьлху. Оццул беза хьеший, герзах доьттина ха, каден хьийза нохчий кхузахь ганза дукха хан яра. Таймин Бийболат х1инца Гуьржех вахана ц1ахь вацара. Ташо-Хьаьжа Шемалца лома д1авахана вара. Кхин оццул сий казакаша а, дег1астанхоша Теркалдехьа цхьанне а дина а дацара, мел даржехь волу паччахьан инарла кхуза варах. Дийцарийн къайле хууш цхьа а вацара. Ван мукъана а мила ву де х1арар Исмайлин Дуда, иштта когабуьхьар кхунна хьалха массарна а бевзаш болу хьоладай лела?…
Шолг1ачу дийнахь Хастатовг1еран декъат1ехь йолу шира диттийн беш (парк) массо а аг1ор ха х1оттийна къевлина яра. Гребнской г1алг1азакхийн полкан эскар дара д1ах1оьттина. Гуламан къайле масех стагана бен ца хаьара, хаа оьшуш а дацара. Эскаран г1уллакх шега аьлларг дар, куьйгаллин омра цадохор ду. Дийцарш дечеран кийранаш хинца а кхерамах богуш бара. Цхьалха даьлла х1умма а дацара. Шина сохьтехь Эвтархойн Ахьмадаца б1аьрга т1е б1аьрг боьг1на дийцарш дина волу Исмайлин Дудас хаддийна х1ума олуш дацара. Амма к1ентан дена цо хаийтира – Сергей Меньшиков нохчочо дуэлехь вуьйр вац. Вайна юкъахь мостаг1алла ца деза тхуна. Воккхачу стагана цуьнах кхаъ хиллера. Х1окху операцин къайле йовзийтира дийцарш дечу х1усаман да волчу казакийн атаманна, молла Саь1ид-Пашина, дерзоран дукхахйолу харжаш шена т1елаьцна волчу Таркхойн Шовхална а.
Исмайлин Дудина ша дуьненахь йоккхучу хенахь дукха гинера къонахий, доьналла долу нах. Амма х1окху жимачу стеган майралла, хьекъал, сий, собар цхьатера дара. Цуьнца хала дара дийцарш дан, амма сацам хьо цецвоккхуш ша тайпана къайле йолуш бара. Хуьлуш долчух хьуна зулам гахь, цунна пайда гора, вовшашкхеттачу адамах хьуна бала хилахь а, цунна сий гора. Хьуна дагахь доццу делил даладора цо. Эххар Исмайлин Дудас шен мел долу хьекъал, собар, г1иллакх вовшахтоьхна хаьттира Эвтархойн Ахьмаде:
– Сан деган доттаг1а, хьомсара жимах волу ваша, х1окхул пайден долуш зулам аьтту а бахьаш шена т1едеана ма дац. Х1унда ца лаьа хьуна и к1ант вита тапча ца тухуш?
– Дуда, цо кхоьссиначу герзо са мерцина сан, цуьнан цкъа сайниг санна са марцийтахьа соьга. Т1аккха нохчашца шаьш дов доккхуш т1аьхьенан ойла йийр ю кхара, – элира Эвтархойн Ахьмада. – Ас герз ца дожийча, шайн харжаш а эрна хетар ю. Вай вешан г1уллакх даз мел до цуьнан мах хьалаболу, вайн сий айбало аьлла хета суна!
Иза уггаре а хьекълен сацам лерира Исмайлин Дудас-м хьовха, шайн г1уллакх доьхна даьлла хеттачу шолг1ачу аг1оно а. Эвтархойн Ахьмада г1уллакх ша ма-дарра деза а, хала а дуьтуш, лан таро йолчу хьоле даьккхира. Делкъа ламаз д1адаьлча, дуэль д1ахьур ю вай аьлла барт хилира. Моллас кхетийра керстанаш: ламаз т1ехь Эвтаройн Ахьмадан ойла мелла юьткъалур ю, дахаран, 1ожаллин мах к1орггера хадор бу цо, дагчохь къинхетам совбер бу.
Кхелана д1ах1уттучу минотехь воьхна ца хийтира Ахьмадана Сергей. Светлана цунна т1е ца кхаьчний цунна хаьара. Цхьаьнгахула хабар тоьхна – те цо аьлла хийтира. Амма ша шира тапча юла волавелча, цунна хиира шен сацам мостаг1чунна бевзаш цахилар. Тоьпан молха духку шира тапча яра иза. Цундела тата мелла а ч1ог1а хилийта цхьа бустам сов доьхкира цо молха, Сергей Меньшиковн б1аьра а хьаьожуш. Х1инца иза бехкала дахана к1еза санна лаьтташ вара. Дохковаьллера ша сонта, маьттаза мотт лебарна. И кхийтира х1ара нохчо сий бохург х1ун ду хууш к1ант хилар. И дохковоккхушдерг-цуьна эца цавалар дара. Сергейна хаьара шен дас цунна шайн болу берриге а бахам д1алур буй. Амма нохчий хала нах хила а хилла девнехь аьлла, ойла сецира цуьнан. Ахьмада х1уьттаренна акха котамашна тухуш йолу кегийн чоччамаш чуйоьхкира. Лаьттахь карийна, кегийн т1улгаш а.
Ахьмад вехха 1ийра тапча хьежош. И стенга хьоьжуш ву цхьанне а ца хаьара. Дукха б1аьргаш дара турмала а хьоьжуш, тапчин бирг1и т1едоьг1на. Эххар тапча елира. Йийкира тийна аре. Буп олуш тата а доккхуш лаьтта юьйжира Ахьмада тапча тоьхна йожийна къиг. Массо а Исмалин Дуде хьаьжначохь висира. Ведда т1еваханчу секунданта Сергейн юьхь т1ера хьацар гата а хьаькхна д1адаьккхира. К1ентан са к1ожин пхенашка даханчух тера дара. Шимма лаьцна вигира иза пайтона хаа. Цуьнан карара юлаза йолу тапча схьаэца дицделлера дукха хаза хетарна. Тапча цуьнан са парг1ат хилийта, г1иллакхана караелла яра.
Лами т1ехула шена т1евог1уш шен к1ант вайча, хьалаиккхира къена эла. Сергейна т1ех а ваьлла, т1аьхьавог1учу Исмайлин Дудина мараиккхира иза.
– Дуьнена даьхни нохчийн г1иллакхан меха а дац, – элира цо, шен хьаша мара а воьллиначуьра д1а ца хоьцуш. Кестта Ахьмад а, цуьнан доттаг1ий а чубалийра. Куьйге бахийтира селханлера мостаг1ий. Вовшашна къинт1ера бевлира уьш, хьеший а хилла д1аса къаьстира.
ЛЕРМОНТОВ А, ШЕМАЛ А
«Со вала реза ву-денвелча нохчо хила».
М. Ю. Лермонтов.
«А. А. Лопухине-кехат.
Ставрополера-Москва, 17 июнь1840 шо.
О, хьомен Алексис!
Кхана со г1уллакхдеш йолчу отряде воьдуш ву, аьрру фланге, Нохчийчу шайх Шемил лаца, со хууш ву айса и лоцур воцийла. Нагахь лацахь, хьуна почтехула д1аваийта хьожур ву со. Ч1ог1а бале а ваьлла церан и шайх! Д1акхачахь ялкхант1ера чухецалахь иза. Царна Нохчийчохь ца евза индера н1аьнеш. Т1аккха кхеравала там бу и. Кхузахь, Ставрополехь со волу к1ира ду. Эла Ламберт а ву соьца, иза ву лома экспедице вог1уш. Эла Зубова езаш садала доллуш а ву, даккхийн синош дохуш 1аш. Цуьнах д1атохахьа и»…. (М. Ю. Лермонтовн кехата т1ера).
Малхбаллера динан дайша олу массо поэт а шайх ву. Къорана т1ехь ма ду «поэташ» аьлла сурат. Амма яздархошна ца хаьа шайгахь шайхаллин дакъа дуй. Хууш хилча Лермонтовна, нийсса пхи бут баьлча, имам Шемал шена уллохула а ваьлла д1аг1ур вуй, 1уьйренан дахкарлахь. Бевзаш боцу б1аьхой шен новкъахь гича, Шемал Саь1ид-Юьрта уллохула болучу новкъа Веданахьа д1авоьрзур ву, шеца йолу жима тоба а эцна. Эвтархойн Ахьмад вара шеца обаргийн тоба а йолуш и новкъа ваккха веана.
Имам гучара ваьлча, дог – майра Ч1егас т1ом болор бу Руфин Иванович Дорохов коьртехь волчу талламхойн тобанца. Оьрсийн командир лазаме чов хилла вужур ву цу тасадалехь. Эскаран тобана коьрте поручик Лермонтов х1уттур ву. Т1ом ц1еххьаш соцур бу. М. Ю. Лермонтовн талмаж волчу Г1алабана вевзар ву Эвтархойн Ахьмад. Лермонтовна а карладер ду цу къонахчун амат. Хьовса вай и маца, муха нисделира.
Ткъей итталг1ачу шерашкахь нохчийн къонахчо Исмайлин Дудас Теркалдехьа 1амош нохчийн къонахойх б1о бара. Цара пайдаоьцура Парабоч к1отара уллохь д1акхийсина лаьтташ йолчу лаьттабухара ширачу чоьнех. Нохчашна оьрсийн мотт а, т1еман говзалла 1амош бара полковник Семенов коьртехь волу говза инструкторш. Цу хенахь Кавказехь, шен нена денана йолчохь, Хастатовг1еран к1отарахь хьошалг1ахь хуьлура къона М. Ю. Лермонтов. Ламарошца нисйелла истори, х1етахь Эвтархойн Ахьмад, эла меньшиков дуэле валар, цул т1аьхьа Светлана къонахчо ядийна йигар хаза туьйра санна дуьйцуш дара шен заманахь. И хазаза жима а, воккха а карон хала дара.
Цул т1аьхьа, инарла Галафеевс Кавказан масех къаьмнех болчу нахах вовшахтоьхна йолу талламхойн тобанаш зуламаш дан юьйлаелира Нохчийчохь а, Дег1астанахь. И санна тобанаш имаман эскарсшкахь а яра. Аьрру фланган коьртакомандующи волчу инарла Габбена а, штабехь волчу масех эпсарна а бен ца хаьара х1ун декхарш ду Руфин Иванович Дороховн тобанна т1едехкинарш. Царах пластунаш олура, тебна текхаш леларш бохург дара иза. Амма нохчийн ярташкахь хала дара царна 1ора цабовлуш лела. Кхечу мехкан стаг я юьртара воцург цу сохьта тидаме а оьций, муртазекъашка д1алора нохчаша.
Амма къора к1отарш а нислора. Цигахь Шемалан муртазкъаш ду шаьш олий чу а боьлхий, жима, воккха ца къестош, арсаш хьоькухура паччахьан инарлаша къайлаха вовшахтоьхна йолчу отрядаша. Даьхни д1алоллура, ц1енош дагадора.
Ала деза. Валарг хи т1ехь хилла тасадалар нохчаша дика кечам бина дара. Паччахьан эскарш шайн ма-хуьллу х1илла дан г1оьртира, амма цуьнах г1уллакх ца хилира. Суьйра коьртера баккхийчу ницкъашца араваьлла инарла Галафеев Чеченахула Чахкара а веана, ша лома воьду а моттийтина, Г1ойт1ахьа д1авирзира. Хьун юккъехь доьду эскар ца гахь а, т1аьхьайисинчу лорах и стенга дахана хаа хала дацара. Оьрсийн цхьана яздархочо дика аьлла шайн Нохчийчохь долчу т1еман хьелах: «Нохчийчохь паччахьан эскарш т1ехь лаьтташ доллу меттиг вайн ю, уьш жимма меттах довллушехьа цигахь нохчий хуьлу». «Тхан отряд ша хинкема санна д1айоьду, цунна т1аьхьа лар ца юьсу, я дагалецамаш а», – бохуш яздо Кавказан т1еман историка В. А. Поттос.
Галафеевн Гихт1а доьду эскар варх1 батальон гергга г1ашсалтий, 14 йоккха топ, 1500 г1алг1азакхий а волуш Ханкалан тог1ера араделира. Хьалха Мартана гонах йолу к1отарш а ягош, 10-чу июлехь Гихт1а уллохь сецира. Лагерь еш туп а тоьхна севцира эскарш Гихт1а уллохь. Гонах долу ялташ дагийра салташа. Юьртара нах д1абаханера эскар т1екхочуш. Буса лечкъина лаьттачу г1арол т1е а нибелла, г1еххьачул тоьпаш кхуьйсуш т1ом бира нохчаша. Амма шаьш шерачу майдана нисбаларна сихха бухабевлира.
Х1окхул сонта оьрсаша д1абихьна цхьа а т1ом бацара Нохчийчохь х1инццалц. К1ело йина 1аш болчу Шемалан наибашна Акхбердин Махьминий, Ташо-Хьаьжиний т1енисбелира оьрсий ма-богг1у. Ма-дарра аьлча, х1орш т1аьхьий, хьалхий схьакхаьчна бара кхуза. Буьрса т1ом хилира Гихт1а уллохь. Галафеевн омранаш эскаршка д1асахьушверг Лермонтов вара. К1айн динахь вара поручик, цунна сих-сиха улло нислора доттаг1а а, талмаж а волу Г1алаб. Шайх Ташо-Хьаьжин эскар юкъахь вара Эвтархойн Ахьмад, обаргаш дог-майра-Ч1ега, Геха, Буг1а а. Т1ом бирзича, церан вовшашца гойла ца хилира. Поэта Лермонтовс ша йийцина шен стихашкахь т1еман къизалла а, чехкалла а. Инарла Галафеевс ша а яздо шен дневника т1ехь-150 стаг дараш дара нохчийн, ткъа шайн аг1орхьара 600 стаг вийнера. Царах цхьаъ инарла вара, 4 лакхара эпсар а.
Хьуьнхахь бечу т1емашкахь нохчий ч1ог1а каден а, т1ахъаьлла хьаьвзара. Цара йина дуьхьалонаш д1айохуш дукха зенаш хуьлура оьрсийн эскарна. Цуьнан дукхаллех к1езиг дозура г1уллакх, тур-шаьлтий дика лелош, урс нийса кхуссуш болу обаргаш мичара бевлла ца хууш т1елатара, цу сохьта гучура бовлура. Нагахь йоккха тоьпаца даш тухуш, я тоьпаш тоха таро ца хилча, паччахьан эскаран дан х1умма а ца хуьулура. Нохчийн майраллин доза дацара. Шайн г1азот дихкина бала г1ерташ болу уьшший, дийна биса г1ерташ болу оьрсийн салттий ч1ог1а къаьсташ хуьлура т1амехь.
Паччахьан инарлаший, историкаший дин бахьанехь ю олура нохчийн майралла. «Г1азот» боху дош цара тешаш боцчех латар санна т1еоьцура. Амма динан феномен елахь а, шен ц1енош, дийна ялташ дагош веана волу салти вер х1ора т1емалочун декхар дара нохчашлахь. Шайн къизалла йицйора паччахьан инарлаша. Лермонтовна и къаьхьа бакъдерг хаьара.
Нохчаша говрана атта ца тухура топ. Беречунна а т1аьхьашха топ ца тоха и схьавоьрзу меттиг лоьхура цара. И хууш волу поэт майрра д1асахехкалора т1еман ц1ергахула. Турца я шаьлтанца и г1ашволчо вожор а вацара. Т1еман хьолехь а оьзда, тешнабехк боцуш леташверг лорура нохчаша. И саннарг шайх Мансуран заманахь дуьйна т1емалойн г1иллакх хилла д1ах1оьттинера. Чов хилла кхетамах ваьлла волу Багратион. И майра а, тешнабехк боцуш а летта хиларна, мостаг1ашна д1ало аьлла шайх Мансура. Барама виллина, к1айн верта т1е а тесна, шайн эпсар гиначу оьрсийн инарлас хаьттина хилла мел ахча деза шуна цуьнах:
– Оха майра т1емалой ца бухку, – аьлла жоп делла нохчаша.
Михаил Юрьевич нохчаша шайн стаг лорура. Иза Теркал дехьара вуй хаьара царна. Хеталора цхьа оьг1азло коьрте а яьлла, и нохчех леташ ву аьлла. Наибаша харцонаш лелийна меттигаш дукха яра. Цул сов, нохчаша сих-сиха т1елатарш ма дорийца г1алг1азакхийн экономешна а. Хастатовг1еран имени нохчашна евзара. Лермонтов цигахь кхиъна вуй а хаьара.
Паччахьан инарлаша нохчий акха адамаш лорура шайн къизаллаш салташна хьалха мелла а бакъйархьама. Амма кхузахь лулахь бехачу казакашна а, бевдда баьхкиначу оьрсашна а хаьара нохчий нийсо езаш, къинхетам болуш, тешамен адамаш дуй. И хууш Шемална т1аьхьа х1оьттина оьрсашна дуьхьал т1ом беш г1азакхийн дийнна эскар дара. Шемалан наиб хилла д1ах1оьттинера казак Алпатов. Буьрса диверсеш йора цо оьрсашна дагахь доцчехь. Дийнна эскар дара и лаца т1аьхьадаьккхина. Имамате сехьаяла ца лиира цуьнан зудчунна. Цкъа и йолча хьажа-х1отта вахча к1ело а йина лецира оьрсаша Алпатов. Вийра цара иза. Наурски станицера вара Яков Дмитриевич. Яккхийн тоьпаш т1ехь г1уллакх деш, уьш даиман кийча латтош оьрсийн полк а яра Шемалан. Царна йина килс а яра Веданахь.
Паччахьан инарлаша тидаме ца оьцура ша Шемал шайх хилар. Шайн уггар хьуламехь кечйина йолу операци а цунна хиъча, разведка дика ю цуьнан олура. Кхин а Дала дика дина нах, куьзганахь санна хиндерг гуш шайхаш бара Шемална уллохь: Ташо-Хьаьжа, Умалт-шейх, Черказийн Махьмат-Мирза, Зандакъара Г1еза-Хьаьжа, Элах-молла, Кунта-Хьаьжа, 1овда. Цаьрца диване хууш, дагаволуш а вара имам Шемал.
Лермонтовна евзара нохчийн уггар тоьллачу къонахчун Таймин Бийболатан истори а. Хаьара и А. С. Пушкинан доттаг1 хиллий, цо иза Турцера Кавказехула Россех схьавалийний а, цхьа а зен-зулам ца хуьлуьйтуш. Лаа дацара поэт нохчийн обаргаша а х1умма зен ца деш вуьтуш хилар. Эвтархойн Ахьмад оьрсийн зуда йолуш вара. Г1излара г1алара хьоладен Меньшиковн йо1 Светлана яра иза. Нохчийн къонахаша Г1изларха аьлла ц1е тиллинера цунна. Таркхойн Шовхал Сулейман вара и шен к1антана ялон лууш. Амма йо1а Эвтархойн Ахьмад хаьржира. Цундела массо а Кавказера оьрсий а Ахьмадан стунцахо лорура нохчаша.
…Хьалхаваьлла вог1у Шемал ц1еххьана дахкарлара схьаваьлча, М. Ю. Лермонтовна хуийла дацара и имам Шемал вуй. Х1ун дагахь дара Шела уллорачу хьуьнхахь Са1ид-юьртаний, Эвтарний юккъехь иза б1аьргашца имамаца цхьанакхетар ву аьлла. Нохчийчоьнан а, Дег1астанан а имам хьуьнах боьдучу новкъа д1авирзира. Галафеевн талламхошна и некъь бевзийла дацара. Иза Эвтара уллохь долчу кешнашка боьдуш бара, аьлча а кешний керт чекхйаллац д1а а боьдий, кешнийн керта ца боьрзуш, Сиржа-Эвла боьдура. Цигара д1а, кхин а хьала Ведана. Ткъа х1ара меттигаш имаматана дукха уллохь хиларна цхьаммо а ларъеш яцара. Массарна а моьттура кхузахь ха ч1ог1а хир ду. Амма т1еман политика дика хууш волчу Шемала некъ хецна битинера.
Кхузахь хилла тасадалар сихха дирзира. Руфин Дороховна чевнаш д1айихкира, Татин дакъа юьрта д1адахьийтира. Г1алаб, Михаил говрашкара воьссира. Маракхийтира и шиъ Эвтархойн Ахьмадана. Бехха 1ийра уьш къамелаш деш. Дийца дуккха гулделлера, ганза дукха хан а яьлла. Д1асакъаьста сахьт т1ех1оьттича, поручик Лрмонтовс шен ворх1азза йолу тапча елира Ахьмадана совг1атана. Ахьмада шен детица кхелина мукъ болу шаьлта елира Лермонтовна. Цуьнан дит т1ехь яздина 1аьрбойн йоза дара.
Д1асакъаьсташ Лермонтовс хаьттира Эвтархойн Ахьмаде:
– Мила вара шуна хьалхаваьлла вог1у 1аьржа верта дерг, месала куй коьртахь а болуш?Шун шайх Ташо-Хьаьжа вара и, я элех цхьаъ вара?
– Нохчийн элий бан а бац. Иза Нохчийчоьнан а, Дег1астанан имам Шемал вара, – жоп делира ламарочо.
Поэтан б1аьргаш серладевлира. Цо самукъане вела а велла элира:
– Тхайнаш тешар бац тхойша вовшийн гина аьлча! – ло санна к1ай болу шен дин шед тоьхна лаьллира цо. – Имам Шемал вара тов, – аьлла.
Генна д1а а дахана, шаьш Шелахойн хьуьнах а доьлла сада1а севча, Г1алабе хаьттира:
– Х1ун ду Эвтархойн Ахьмада суна деллачу туьран дит т1ехь яздинарг?
– Кху т1ехь долчу 1аьрбийн йозано боху: «Х1ара дит санна – ира хьекъал хуьлда хьан, сан болат санна – онда собар а хуьлда».
Ойлане а ваьлла, велавелира нохчо. Цунна хаьара оцу дешнийн хьекъалан мах.
– Да, – элира Лермонтовс. – Малхбален хьекъал к1оргера ду.
Оцу Саь1ид-юртахь хиллачу дар-дацарх иштта яздора Шемалан йозанчас Мохьмад-Т1ах1ир Карахис: «Хуллон тог1ех а девлла, некъ лома бирзича, парг1ат дахара тхо. Дехьо девлча, цхьана жимачу т1айт1ехь сецира Шемал. Патармаш доцуш, ярхьама схьаяхьаш йолу пхоьзза йолу тоьпаш хичу кхийсийтира имама. И тайпа аьчкаш вайн шортта ю, аьлла. Имам оцу т1айт1ехь волуш цхьа стаг т1евеара цунна. Цо хаам бира оьрсий Саь1ид-Юьрта чубаьхкина аьлла. Т1аккха тхо цигара д1адахара. Тхо Ведана чукхочуш долчу 1инах доьлча, цунна дуьхьалвеана вара мухажир Хьаьжмурд. Шемалс Саь1ид-юьрта эскар хьажийра. Дукха хан яллале геннара хезаш бара цигахь бен т1ом. Цара дуккха а оьрсийн салтий байира, бисинарш бевдира. Цул т1аьхьа цхьана юьрта чу а дахана, нах кхетош къамелащ дира Шемала. Шари1атана дуьхьал болчарна та1зарш дира имама. 1а юккъе даллац Нохчийчохь дара тхо. 1256 (1840/41 шо) .
Шолг1ачу дийнахь ярташкахула хабар даьржира оьрсийн отрядо Саь1ид-юрт ягийна аьлла. Нохчашна хаьара оьрсийн та1заран отрядаш ломахь дуккха а юй. Амма Лермонтовн талламан тобано и саннарг цкъа а дийр дацара. Цул т1аьхьа, кхин а кхаа дийнахь хала т1емаш хилира Гелдаганахь, Эвтарахь, Куршлойн- эвлахь, Майртуьпахь. Цигахь т1амехь гинера к1айн динахь волу дошло. Амма цунна цхьаммо а топ ца тоьхнера. Цхьанне а ца лаьара Эвтархойн Ахьмадан хьаша а вийна шена т1е ч1ир лаца.
Дукха хан яллале хаттар хоьттира таллархойн тобана командирана х1ун совг1ат до аьлла. Руфин Иванович Дороховс т1аьхьа дагалоьцура: «Ма-дарра аьлча, тхан куьйгалло кегийхошца лелош йолу тергаман политика дика ю. Муьлхха а г1алат бахьанехь Кавказе кхаьчначийн дика дола до эпсарша. Къинхетаме а бу цаьрца. Лермонтовн а дика доладора. Цунна луъуче а вохуьйтура иза. И бахьанехь кхечарна а вас ца йора. Хууш дацара цуьнан нохчашца х1ун гергарло ду. Амма цуьнан нена денана Теркалдехьара юй хаьара кхузахь массарна а. Лермонтовс ша а лечкъа а ца дора иза. Сих-сиха воьдура ненахошна т1е-хьошалг1а, шина-кхаа денна сада1а акхачу Теркаца».
1840-чу шарахь ша кхузахь, Нохчийчохь яьккхиначу ханна дуккха а дан кхиънера поручик Лермонтов. Цунна къеггина тоьшалла дара и мосуьйттазза совг1атана хьалхатеттина хилар. 1840-г1а шеран 8-чу октябрехь инарла Граббес Головине язйиначу №166 йолчу реляци т1ехь бохура: поручик Лермонтовна орден яла еза Владимиран ц1арах йолу 4-чу даржан т1ехь бант йолуш, 11-чу июлехь Валаргт1ехь биначу т1амехь майралла гайтарна. И тайпа деза совг1ат къоначарна деш дац аьлла, кхин совг1ат билгалдираа поэтана корпусни инарлас. Амма 1840-чу шеран 9-чу декабрехь керла рапорт чуделира аьрру фланган командира инарла Галафеевс. Цо доьхура Йоккхачу а, жимачу а Нохчийчохь бечу т1емашкахь майралла гайтарна, Лермонтовн шен дехар тидаме а эций, и гвардин эпсар ве бохуш. Инарла С. В. Голицына а рацорт деллера Лермонтовна дашон турца совг1ат дар доьхуш. Амма массо а инарлин рапорташ д1атеттира шен омрица паччахьо.
Вай генара кхетам боцуш хир дара нагахь вайна паччахьан шен айкхаш Кавказехь ца хилла аьлла хетча. Петарбухехь г1араелира Эвтархойн Ахьмада елла шаьлта. Теркан дозанца хиллачу паччахьан командовнин лерринчу отдело хаамаш бора поручик Лермонтов нохчаша ларвеш ву, цуьнан дола деш ву Шамилан наиб Эвтархойн Ахьмад бохуш. Амма оцу гергарлонан дерзар мухха хиллехь а, нохчаша тахана а дозалла до оьрсийн халкъан сийлахь поэт шаьш ца вуьйш витарна. Цо хоуьйту нохчий къинхетаме къам хилар, царна шайн истори езаш а, ц1ена хила лууш а хилар.
ТЕРКАЛДЕХЬЕ
«Акха ду цу лаьмнашкара тукхамаш,
Дела ву – маршо, т1ом- 1едал ду церан,
Уьш кхуьу къайлах деш талораш,
Къиза г1улкхаш, хилларш ду тамашийна»…
М. Ю. Лермонтов.
— Ас нигатди, ас нигатди, – аьлла; делкъа ламаз доьхккушехь, 1одара кхоьссича санна, уьйт1а иккхинчу говран бергийн татано юкъах а ваьккхина:
– Топ-остопируллах1, топ – остопируллах1, – олуш, вухахьажавелира къена Мохьмад.
Б1аьрга нег1ар тухучу минотана чу а иккхина, вертий, топ эцна, аратасавелира Ахьмад.
– Кlaнт, хьо лаа вуй? – цунна т1едуьйг1ира дас шен артделла б1аьргаш.
– Деллахь, дада, са ма гатделла са-н, Теркал дехьа а иккхина цхьа рема ялийча х1ун дара техьа, ясакх яккха схьалестачу оцу имаман хьадалчаша юьртахь цхьа а мегаш говр а ца йитина, – жоп делира цо, дина а хууш.
Сан докъат1е кхочийла хьо мискачу нехан дог дохон делахь, – юкъаиккхира, раг1у к1еларчу товхи хьалха а хиъна, сискал йоттуш 1аш йолу нана а.
– Д1аялахьа, ахь х1ун дуьйду? Хьан к1ант цкъа а вер вац оццул дакъаза, – элира Ахьмада, вела а велла. – Миска нехан рема цахуьлий цахууш ю хьо?
Шега хьоьжучу ден б1аьргаш чохь хаттар а гина:
– Шен да велла шортта оьрсийн, г1умкин, ног1ийн элий бара цигаххьа-м, ас цхьа рема схьалалларх х1умма а къен а лур боцуш, – аьлла, д1аэккхийтира к1анта говр. Цу минотехь генна урамехь хезара бергийн дур. «Дукха челакха а вай хьо-м», – ойла йора Мохьмада. Т1акха, совнаха йолу ойланаш а йитина, шен ламаз дихкира цо. Амма к1антана т1аьхьа ахьаран цинц а ластийна, х1инца цунна б1аьрг ца хилийтар доьхуш, ц1ерга туьха а кхоьссина, «г1ам-г1им» деш йолчу зудчун шабарш хезча, ц1ена ламаз шен хир доцийла хиира Мохьмадана.
0цу хенахь, гена воццуш 1аш волчу доттаг1чун Тамин уьйт1а кхечира Ахьмад. Иза кхуьнца дукха хан йоццуш ц1авеана вара имам Шемалан б1о д1а а тесна. Эвтархойн Ахьмада хаьттина дов ца тайнера имамана. Ларамаза топ а кхетта т1емалочун говр йийча, дов хаттар Ахьмадана т1едиллинера коьртачу суьдхочо Джамалайлас. Х1окхо массарна а хьалхха д1акхайкхинера бехкен имам ву аьлла. Х1унда аьлча, Шемалан хила езара еллачунна дуьхьал х1отто говр. Г1елвелла б1аьхо хийца керла муртазекъ.
– Суна хьо иштта сиха вог1ур ву ца моьттура, делкъе е вайшимма, – элира Тамас. Амма Ахьмад динара ца вуссий хиъча, сихха шен герзаш схьа а эцна, говpa хиира.
Дукха хан ялале ялх бере юьртах а ваьлла, Г1ург1ачарчу хьуьнах вуьйлира. Дойшна дуьххьара хьацар а даьлла, бухкарш к1ел чопа х1отта йолаелча, дин саца а бина, жимо майда йолчу вирзира Ахьмад.
– Аьрзу, гена ма ялалахь, – олуш, дуьрста логах а хьарчийна д1ахийцира цо шен дин. Амма Тамас, шен алаша, корта охьата11ош дуьрста хьалхарчу когах а йихкиний бен ца лаьллира бажа д1а. Цуьнан говр х1инца а дика йолаза яра шен дех. Дехьо стовдечиг к1ел сада1а лахбелира кхаьрца болу дошлой а. Кху шимма шаьш арабаьккхиначу некъан ойла ечу хенахь, юкъаг1уртуш 1едал дацара церан.
– Тама, Бенара Бойсакъарера ха6ар-х1ума дуй? – хаьттира Ахьмада, шаьшшиъ мохо охьатоьхначу акха кхуран стоммачу хена т1е охьалахвелча.
– Дац. Делахь а, имам хьо лоьхуш воций-м хаьа суна, – шен доттаг1чун са тедира Тамас. – Ас х1унда боху хьуна аьлча, стомapa буьйса яккха ц1а веанчу тхан шичас Юcyna дийцира суна, – аьлла, шен дешнаш т1еч1аг1дан х1оьттира Тама. Цунна дика-хаьара 1аьрбийн а, оьрсийн а дешар дешна, берх1ийтта мотт хууш а волчу Эвтархойн Ахьмада бух боцу къамел т1e ца оьций. Элирий, бахарий, хезнерий бохург а зударийн хабар лорура цо. И саннарг дуьйцург шена улло а ца вуьтура.
– Делахь а ца теша со имамах, – юкъахваьккхира цо Тама. – Тешнабехк шегахь болуш и вацахь а, т1амехь мичча хенахь а х1иллана т1енисвала тарло. Цул сов, Седас а цхьацца шеконаш тесна сан дагчу. Селхана буса Атаг1ахь ма вара со.
– Муьлхачу Седас? – цецвелира доттаг1а.
– Х1ара, х1усамнана яц, Светлана, – ц1ийвелира Ахьмад.
– Oй, дакъаза ма вала со дела1, Валлах1и яцара суна иза дагахь, Дала вочу х1уманах и ларъярг, – велавелира Тама, алун бос эцна вогучу доттаг1чун юьхьт1е а хьожуш.
Ахьмад ши шо жима вара Тамел. Вовшашца эвхьаза велахь а, шен доттаг1чух озалора Ахьмад. Ткъа Тамина шен дагахь шел воккха велара иза олий хетара. Хене хьаьжна доцуш хьекъал долуш, майра, нуьцкъала, х1уманна б1о ца къажош а Ахьмад хиларна.
– Т1аккха, х1ун боху сан несо? – доттаг1чун бехкала вахар дайа г1оьртира иза.
– Бехк буьллу даций хьан, Тама, товш х1ума-м дацара воккхачунна хьалха шен зудчух лаьцна къамел дар, делахь а, цо ша хьекъалца бохура: «Хьуна бекхам беш имама ша йийсаре йигахь х1ун дан воллу хьо?» Шуна сан багахь даиман кийчча жоп ду моттахь а, вайдаха, эццахь=м воьхнера хьуна со.
– Валлах1и- биллах1и, Ахьмад, хьуна мухха хетахь а, суна даиман а хаьара и оьрсий шайн дагара ма-дарра д1аэр долуш нах буй. Гой хьуна, хьан xlyсамнана нохчи хиллехь, ахь олучуьнга ладоьг1уш 1ийр яра. Кхузахь муьлхха а шеконаш эрна ма яц. Шен дагахь ойла йинакхий цо: «Шовзткъа эзар эскар долчу стеган оццул х1илла а хир ду», – аьлла.
– Баркалла, доттаг1, – г1еххьачул парг1атвелира Ахьмад. Тама даиман а кхетара цуьнах. Цундела кхиболчу шен доттаг1ел дукха а везара иза Ахьмадана: хьекъал, собар, майралла, х1уманах сиха кхиар а цуьнца хиларна. Мел чолхе х1ума дийцаре дан дезаш хиларх-Тамас доккха г1о лоцура, муьлхха а лазам бийцича, дог эца хаьара цунна.
– Х1инццехь Атаг1а доьлху вай, – хьалаиккхира Тама, – Светлана, аьлча а- Седа, шен к1антаца кхечанхьа юьгур ю вай. Теркал дехьа тlaккxa г1yp ду, рема цхьанхьа a гlyp яц. Вайна ца хаьа имаман дагахь х1ун ду, шейхалла дезаш х1ора а велахь. Хууш ма ду Хаьжмурдан доьзал д1а цабалар бахьанехь вукхо лелийнарг.
Ахьмад хьалхавелира. Иза ца кхиийра шок тоха. 1емина болу дин тарса а терсина, т1ебеара. Генна хьуьнахула даьржира бергийн тата. 1аламат ч1ог1а хазахеттера Седина. Ша нохчийн нус йолу дукха хан яцахь а, къоман коьрта г1иллакхаш 1амийнepa цо. Цундела кхузахь болчийн могашаллех хаьттина ца 1аш, гергарачаьргара хьал- де а хаьттира. Цул т1аьхьа, Ахьмадан йишина г1о а деш, кxача кечбан х1оьттира. Ши шо кхаьчна волу Турпал шаьлтанех, таррех куьйгаш а 1уьттуш, къежара хьешашна, амма б1аьргаш дена т1ебоьг1на бара. Ахьмад г1иллакхах ца воха 1ара, шена к1ентан хьийзинчу к1ужалех куьг 1отта луъушехь, чохь йоккхах йолу йиша а, доттаг1ий а хиларна.
Вуьшта а цунна дуккха х1ума гечдинера гунойн тайпано, Г1андоран некъаша-м муххале а. Иза хьекъал, ницкъ, г1иллакх, яхь, доьналла долуш хиларна. Бакъду, гунойн кхин а бара Теркал дехьара несарий. Ткъа Эвтарахь, ц1ена бусалба нах бехачохь, имам Шемала дуьххьара съезд йиначохь, цул сов, массара а лоруш долчу тайнанан гунойн, шайх Мансура царах цхьаъ т1aьxьapчy заманахь эвлаяъ хир ву аьлла долчу, нисделлера уггар тоьллачу беречо кераста ялор. Иза а дийна делккъехь, ерриг г1ала Г1излара теш а йолуш ядийнера, уггаре а хаза йо1. И ца хууш х1инца дег1астанахь, г1ебартойн махкахь, х1ирийчохь, г1алг1айчохь дукха нах бацара. Цундела юьрта а ца йитина, Aтаг1ахь кхобуш яра Ахьмадан зуда.
Х1ума йиънацул т1аьхьа, цкъа Седий, Турпаллий Атаг1ошна гойтуш юьртал ара а даьккхина, маьрк1ажа бода къовлабелча, духанехьа эвла дигира, кхечу новкъа, кхечу x1усаме. Шемалан иччархой кхачахь а аьлла, хьехам а бира. Сапарг1ат даьлла новкъабехира Седас шен марзой. Иза тешара церан аьтту хирг хиларх. Дийна делккъехь уггар тоьллачу, ас-сой бохучу г1алаг1азакхашка ша ядочу хенахь ца лацавелла Ахьмад, х1инца цхьаммо а лоцур воций xaьapa цунна.
Бода ч1аг1белча кхечира уьш Терка т1е. Гечо а лехна, буьйса юкъал т1ехъяьлча, дехьабовла сацийра. Х1инца сада1а севцира.
– Ха х1оттийча x1yн дара-те, Ахьмад? – хаьттира Тамас.
– Дукха дакъаза ма валахьа, Тама, – велавелира Ахьмад.
– Ц1арна а ц1е яханчу Таймин Бийболата олуш ма-хиллара: » Хьалдолу нах буса хьунахула а ца лела, къечо вайна х1ума а дийр дац. Садо1ур ду вай».
Дукха хан яллале ц1е а латийна, цхьацца забарш а еш, парг1атбевлира дошлой.
ИНАРЛИН ОЙЛАНАШ
«Диканна дуьхьал- дика, ц1ийна-ц1ий,
Цабеэам бу церан – безамал ч1ог1а»
М. Ю. Лермонтов.
Грозный-г1ап дахкарлахь яра. Соьлжа чу, ца лууш санна, дегаза оьгура бердаш т1ерачу таьллан диттийн г1аш. Инарла Аполлон Алексеевмч Галафеев кор д1а а къевлина, стоьла хьалха охьахиира. Ламарошна дуьхьал т1амца д1ахьош йолу гуьйрена кампани чекхйолуш яра. Эскарш г1елделлера, хан кхаьчнера уьш 1аьнна квартирашка д1ах1итто. Т1аххьарчу денойн хаамаша а синтем ца бохьура. Имам Шемалан эскарш Веданахь, Шуьйтахь севццера. Цул сов, сих-сиха т1елетачу нохчийн дошлойн тобанаша даккхийн зенаш дора: беженаш я говраш лечкъайора цара. Даьхнина-м х1ун ден дарий, г1опана улло вахана салтий а вовш вара.
Х1ора денна бохург санна Ставрополера Кавказски линин a, Черноморин а командующи волчу эла Граббера циркуляраш дог1ура ламарошца т1ом берзабе, имам Шемал йийсарве, la долале бахуш. Амма г1уллакх цунна ма-моьтту дацара. Иза дика хаьара инарлашна Галафеевний, Баклановний. Сентябрехь, октябрехь Чечана, Баби- юрт, Дади-юрт, Г1оьрдала, Урус-Мартан, Гихт1а, Валаргт1е, Устрада-эвла, Мескер-Эвла, Гермчига, ягийнехь а, х1аллакбинарш дукха хьолахь баккхийн нах, бераш, зударий бара.
Инарла, шелонна вега а вина, 1уьйрена почта талла х1оьттира. Камин латийна дукха хан елахь а, х1инца а шийла яра чохь. Цкъа хьалха иччархойн отрядан командирам декхарш кхочущдеш волчу поручикан М. Ю. Лермонтовн рапорт схьаийцира. Цо доьхура чиллана заводе шен гергара эла Хастатов волчу хьажа-х1отта ваха кхо де. Цул т1аьхьа, штабс-капитанан Максимовн дехаран кехат схьа ийцира инарлас. Т1аьххьарчо хаам бора поручика Лермонтовс ламарошца хиллачу тасадаларшкахь хьуьнар а, майралла а гайтина хиларх. Доьхура цунна совг1ат дар а, иза иччархойн командир х1оттавар а, Эвтарахь луьра чов хиллачу Руфин Иванович Дороховн метта.
Инарла ойлане велира. Стоьла хьалхара хьала а г1аьттина, чухула волавелира. Цхьаъ-ам дагадеана соцунг1а хилира. Сейфан дог1анаш схьа а эцна, схьайиллира. «Секретно» аьлла йоза т1ехь долу сийна папка хьалха а йиллина, охьахиира. Пенсне б1аьргаш дуьхьал а лаьцна, деша х1оьттира:
» Хьан сийлалла! Хьан тидам т1ебахиита лаьа: къайлахчу тергамехь волчу М. Ю. Лермонтовс х1инца ца язйо 1едална дуьхьал сочиненеш. Цуьнца г1уллакх деш болчу салташа дийцарехь, 1аламат йоккха майралла гайтина цо. Делахь полицин къайлах болчу тергамо хаам бо ламарошца цо лелочу шеконан юкъаметтигах. Хууш дерг ма-дарра д1аяздо хьоьга. Аренан жандармерин начальник, майор- аншеф В. И. Брусилов. »
– Маржа я1, и, Лермонтов, – элира ша – шега Галафеевс, киталан логера нуьйда д1а а яьккхина. Х1инцца хаалуш яра каминан йовхо.
– Х1окху меттехь ву- кх суна иза, – олуш, шен кьамкъарга к1елхула куьг хьаькхира. Тамашийна х1ума а дукхии иза. Оцу Петербухехь цара ойлайо моьттуш а вац со. Бунт мел ойбург кхуза схьахьажаво. Ткъа кхузахь царна нохчийн топ а «ца кхета, шаьлта ца 1оттало я кхоьссина муш логах а ца хьаьрча».
Цуьнан б1аьргаш беана «мотт» т1ехь болчу кехата т1ехь севцира » Гихт1а уллохь хиллачу т1амехь Лермонтов ламароша йиначу дуьхьалонашна т1елетачу хенахь цунна уллохь жимачу нохчийчохь вевзаш волу маьрша нохчо, талмаж Газалиев Г1алаб вара, цо шайн маттахь мохь беттара, хетарехь, и бахьанехь поручикна цхьаммо а топ ца тухура. Оцу т1амехь цунна уллохь итт т1емало вуьйжира. Кхин а дагалецамен ду 10-чу октябрехь Эвтарний, Саь1ид-юьртаний юккъехь хиллачу т1амехь цо динарг. Г1алаба мохь тоьхна, нохчийн маттахь цхьаъ-м аьлча, Лермонтовна ластийна долу тур цунна уллохь волчу Руфин Иванович Дороховна туьйхира ламарочо. Цул т1аьхьа, т1амехь куьйгалла шена т1e а эцна, тасадалар машарца дерзийра поручика, цуьнца ц1еначу оьрсийн маттахь къамел дира имам Шемалан наиба Эвтархойн Ахьмада, хьалха машаре нохчо санна вевзаш хилла волчу. Цунна масех мотт а хаьа, Г1излара г1опан уггаре вехаш волчу элан Меньшиковн йо1 а ю цуьнгахь. Шайн юрт ца ягориг Эвтархойн Ахьмада поручикана дато варкъ даьккхина йолу шаьлта а елира. Гуш дара юрт ягон тхан таро хилар а, Ахьмадца волу пхи-ялх нохчо бен тхуна дуьхьало ян стаг цахилар а.
Агент Червленскии. »
– X1apa ду-кх x1apa акха тукхамаш, х1инца метта веана боху поэт а, – вуха а ша- шега вистхилира Галафеев. – Оьрсийн зуда а ю, масех мотт а хаьа. Х1ан-х1а, оха ца лору, аьлча а, ма-барра мах ца хадабо ламаройн. Цундела жам1 ду-кх гуш: Шемалца оьрсийн дийнна полк ю, уггар тоьлла т1емалой, тхан яккхйин тоьпаш, – т1етуьйхир цо. Царна Веданахь килс а йина, х! етте а т1ом дин кхуьйсуш бу а боху. T1аккxa шена уллохь кхозу т1ийриг охьаозиира. Чувеара адъютант.
– Поручик Лермонтов дукха сиха схьакхайкхал суна, – т1едиллира инарлас.
Ахсахьт а ца даьллера поручик Лермонтов цунна хьалха х1оьттича, говрахь дукха чехка варна, алун бос эцна яра цуьнан беснеш.
Инарлас шен б1аьргашца когашкара коьрте кхаччалц вуьстира и. Резавоцуш корта а ластийна, пенсне охьа а юьллуш, стоьла хьалхара хьалаг1аьттира.
– Господин поручик, со кхетавел айхьа лелочух, xlapa х1ун духар ду: верта, детица кхелина доьхка, чергазийн куй, нохчийн маьхьсеш. Хьо х1ун, ламаро ву я оьрсийн эпсар ву? – буьрса т1евог1авелира цунна инарла Галафеев.
– Хьан локхалла, х1окху духарца атта ду нохчашна юккъехула лела. Тешна хуьлу-кх хьо вал т1ехьара схьа хьайна хье юккъе топ тухург ца хиларх, – жоп делира Лермонтовс. »
— Хьуна-м вуьшта а туху моьттуш вац со цара иза. Амма Дала ларвойла хьо, суна кхул т1аьхьа хьуна т1ехь и духар гарх. Ас вехка а вихкина вохьуьйтур ву хьо, когех, куьйгех г1оьмаш тоьхна, Петербухе кхаччалц. Петропавловски г1опа я кхеран шайх Мансур 1уьллучу Шлисселбурган г1опе. Кхийтин хьо? – аз стамдира инарла Галафеевс. Цул т1аьхьа, жимма соцунг1а а хилла, чухула д1а-схьа а волавелла, мелла а к1едачу озаца элира:
– Дехар деш кехат кхаьчна соьга хьо иччархойн командир х1оттавe бохуш. Ас мах хадабо майраллин, господин поручик. Ахь хьо ламаро лоруш хилча, де-буьйса ло хьуна Чиллана заводе а вахана вухаверза. Дикачу беречунна цхьана aг1op кхаа сохьтана бан а некъ бац иза. Вевза суна эла Хастатов. Александр Петрович Ермоловна а, Паскевична а бевзара церан доьзал. Хазахета сайн эскарехь цуьнан гергара стаг волуш а.
Амма цкъа хьалха сан хаттаршна жоп дала дезар ду, ма-дарра бакъ а дуьйцуш.
– Эвтара х1унда ца ягайора ахь?
Поручикан беснех ц1е летира. Х1инца хиира цунна инарлас ша х1унда хеставо, стенна чехаво. «Велла стаг д1аволлале, хьалха и мел вон хиллехь а, нохчаша цкъа хьалха иза хеставо, т1аккха къинт1ера бовлу, юха декхарш, цо мел дина вон а гечдо», – дагадеара Лермонтовна Г1алаба шена дийцинарг. Делахь а цу сохьта метта а веана, нийсачу озаца жоп делира:
– Хьан сийлалла, суна оьшуш дац бехказа вийларш я соьга и дан а ца ло. Ма-дарра бакъдерг эр ду ас. Эвтархойн Ахьмад а цуьнца итт бере а тхуна т1екхаьчначул т1аьхьа ах отряд х1аллак хилира тхан. Вай уьш ца ларахь а, тур-шаьлтий лелочу т1амехь царал тола хала ду. Уьш саннакаден, дера а, говза а леташ т1емало хир а вац. Говраш а цхьаьна ю церан 1амийна. Вуьшта, муха кхета веза: беречун цхьана карахь тур, вукху куьйга коча кхуссу муш хуьлу. Царах цхьаъ ларамаза охьайожахь, мичара ели ца хууш, шаьлта йоккху цара. Бахтаран доьхки т1ехь бустамаш чохь лелош ластош долу арсаш ду церан. И жима урс ткъей пхиъ г1улч генара нийсса дагт1е я логах туху нохчаша.
– И суна дуьйцург майралла гайтарна совг1ат дала кечвина волу эпсар ву-кх?Дала витахь! Ткъа х1ун де боху ахь, т1ом саца а бина, салтий шаьлта тоха, урс кхосса 1амабе вай?
– Ца боху, хьан локхалла! Данне а и дац. Оцу дийнахь салтий дикка г1елбелла бара. T1e юьртахь а баккхий нах, бераш, зударий бен бацара…
– И бохург х1ун къамел ду? Хьуна дицделла Алексей Петрович Ермоловн дешнаш: » Цхьа нохчо дийна а волуш, со сапарг1ат хир вац, уггар дика нохчо-велла 1уьллушверг ву! «.
– Иза къизалла ю, хьан сийлалла. Суна хетарехь, государь императоран 1алашо яц ламаройн тукхамаш дерриг х1аллакдар.
– Поручик, хьомениг! Хьайн коьртан г1айг1абе ахьа, шен 1алашо государь- императорна хьуний, сунийчул дика хаьа хьуна. Хьажахь цуьнга! Х1окхунна къа хетийца оцу акхаройх! – инарлас поручикана т1е мохь хьаькхира. Т1аккха улло т1e а веана, 1aдийча санна лаьтташ волну Лермонтовн хаьнт1ера шаьлта баттара яьккхира. Цецвуьйлуш, цу т1ехь долчу 1аьрбийн йозане хьежа х1оьттира.
– Бусурманийн совг1ат дуй х1ара? – хаьттира Галафеевс.
– Хьан локхалла! Эвтарахь хилла тасадалар машарца дирзича, Г1алабца нохчийн маттахь къамел а дина, Эвтархойн Ахьмада елла суна x1apa шаьлта.
– Х1ей, кхокхана к1орни, цхьа а барам боцург ду xlapa. Иштта эхь доцуш хилар х1инццалц хезна а дац дуьйцуш. Х1ун доттаг1 хир ву мостаг1ашна юкъахь?!
– Хьан сийлалла, инарла, уьш маьрша нохчий ма бу, – т1етоха сихвелира поручик.
Тахана маьрша бу, кхана бац. Гар ду церан машарен. Оцу хьан нохчаша буса ден талораш хаьий хьуна? Д1атийний хьо? Говраш лечкъайо вайн, бежнаш, салтий. Ткъа xlapa х1ун йоза ду? Къор1ана т1epa аят дуй? – мелла а аз к1ад а дина, хаьттира инарлас.
– Х1ан-х1а, хьан локхалла, xlapа йоза 1аьрбийн маттахь: «Сан дитт санна ира-хьекъал а, х1ара болат санна ч1ог1а – собар а хуьлда хьан! «, – бохург ду, – жоп делира Михаил Юрьевича.
Инарла ойлане велира. Шен ботт чуйиллира цо шаьлта. Стоьла т1e а вахана, охьахиира.
– Хьекъален дещнаш ду уьш, – элира цо, дикка соцунг1а хиллчул т1аьхьа. Т1аккха т1етуьйхира:
– Вайшимма дийциначун маь1на делахь, поручик. Малхбалено даиман баьхна нах хьекъалца цец. Xlapa къамел ваьшшинна юккъехь дуьтур ду вайшимма. Суна к1еззиг къахета хьох. Жима ву хьо. Ткъа х1инца, д1аволо. Кхул т1aьxь салтин духар бен ма гайталахь хьайна т1ехь.
– Ладугу. Баркалла, хьан сийлалла, – олуш, дукха сиха аравелира Лермонтов.
– Казарме боьдучу новкъа ойлане воьдура иза: » «Сарахь Г1алаб вог1yp ву. Маржа я1, шайхаллин дакъа долуш велара со х1инца. Теркайистте Эвтархойн Ахьмад кхайкха, дукхавезавелла суна и нохчо. Хьажахь, инарлас-м лоруш хилла Малхбален хьекъал».
Ша чу ма-кхеччи, шен г1оьнче омра дира: «Теркал дехьа ваха говраш а кечъе, хьан нохчашна юкъахь хьаша велахь, Эвтархойн Ахьмаде Теркат1е вола а алийта. Гребенскойра г1алг1азакхи Михаил Андреев вара кхузахь поручикан доладеш. Цуьнан дара Эвтара а, Гуьна а кхочуш гергарлонаш. Шена т1едиллинарг цо дерриге а кхочуш а дира.
ТЕРКА Т1ЕХЬ СЕДАРЧИЙ
«Там бу со Малхбален стигланаша,
Пайхамаран йозанца гергавало».
М. Ю. Лермонтов.
Гуьйренан буьйса хьем боцуш тleeapa. Терка тlepa шийла мох хьоькхура. Седас некъана деллачу даарех пхьуьйре а йина, накъосташца сада1а велира Эвтархойн Ахьмад. Г1евланга нуьйраш а ехкина, т1e вертанаш а тесна, набарна д1атаь1ира накъостий. Амма наб йойла ца хилира церан. Чурттог1и йолчухьара говра-бергийн тата хезира. Тамас улло охьа йиллина йолу топ юьйлиpa. Цуьнан виъ накъост хуьна юккъехула бог1учу готтачу некъат1e а хьаьдда, хьаса болчу муьшан гураш дог1а х1оьттира.
– Дукха дакъаза ма валахьа, Тама, охьайиллахьа топ. К1ентий, д1адахал шаьш доьг1на гураш, – самукъане вистхилира Ахьмад. – Вог1ург кхоъ бере ву, ч1ог1а сиха бу уьш, хетарехь, к1елонах кхоьруш а бац. Цо хоуьйту уьш вайна а кхерамен ца хилар, – т1етуьйхира цо.
Эвтархойн Ахьмадана т1едуьйг1ира цара шайн, чохь цецбовлар долу, б1аьргаш. Цо ма-бохху, кхо бере велира бодашкара схьа. Хьалха а иккхина, топ а юлуш:
– Муьлш ду шy? – хаьттира Гребснскойра г1алг1азакхийчо.
– Могаш – маьрша вог1ийла Гребенскойра Михаил, хьо ма дакъаза вели бодашкахь хьайн хьаша а ца вевзаш, – аьлла, велалелира Ахьмад.
– 0, – о, маршалла хуьлда хьуна а, Эвтархойн Ахьмад, – самукъаделира г1алг1азакхийчун а. Къамел машарен дуй хиъча, т1аьхьасецна волу орсийн ши бере а т1евеара.
– Ассалам 1алуьйкум, Ахьмад. Х1инца баккъалла тийши со хьо дог-ц1ена хиларх. Х1унда аьлча, дика стаг шен ц1е йоккхучу хенахь т1екхочу, – олуш, хьалха а ваьлла, динара воьссира Гихт1ара Г1алаб.
– Ва 1алуьйкум, салам! Ма тамашийна г1уллакх ду хьо кхуза кхачар. Дикане сиха хуьлда шу, – воьлуьш, маракхетта доттаг1а т1екъевлира Эвтархойн Ахьмада. Ц1еран серлонгахь т1евог1у шолг1аниг а вевзина, сихха д1ахийцира Г1алаб.
– Марша вог1ийла, Михаил. Доггаха сатеснера ас хьо иштта гape, хьажахьа, ван а ма ву ц1ена ламаро, – олуш, Лермонтов а маравоьллира.
Нохчийн г1иллакхаш дика девзаш волу Лермонтов, Ахьмаде а, цуьнан накъосташка а могаш-парг1ат хаьттина ца 1аш, ц1еранаш а хетта х1оьттира. Эххар а, вовашкара хьал-де а хиъна, ц1ера гонах охьалахбелира уьш. Массерачул а ч1ог1а самукъадаьллера Эвтархоин Ахьмадан. Цунна цкъа а дагара ца долура Лермонтовс шен юрт а ца ягош, реза боццушехь салтий д1абигар. Церан б1аьргаш чохь яьгна оьг1азен ц1ераш, сутаралла. Ша совг1атана шаьлта еллачул т1аьхьа и берриг цабезам поручике цара хьежабар. Ткъа х1инца йиш яра оьрсийн доттаг1чуьнца майрра къамел дан, дагчохь 1аь1нарг далхон, ша ца кхетарг хатта.
– Ой, xlaрa ма тамашийна х1ума ду. Там бара хьо а Г1алаба рема ялон валош хилча? – хаьттира Ахьмада.
– Дела ву теш, цунний , хьуний оьшуш хилча со рема хьовха, х1уъа а ялон вог1ург хилар, ткъа х1инца сан ненан гергара стаг эла Хастатов волчу воьду со, — жоп делира Лермонтовс, жимма соцунг1а а хилла, т1етуьйхира, – хетарехь, ахь еллачу шаьлтано а г1о дина суна: де-буьйса делла сайн гергарчу нахе ваха.
– Мyxa? Peг1apa ха цисти ахь цуьнца я хьайна тешнабехк бан воьлла мостаг1а вожош ка дели? – цецвелира Ахьмад.
Шаьлта хьехош хезча, Тамица къамеле ваьлла, Шемалан б1о хоьттуш воллу Г1алаб а д1атийра. Некъан бохаллехь цунна х1умма а ца дийцинера оцу хьокъехь Михаила.
– Шаьлтана т1epa йоза ас шена гочдича, цецвелира инарла Галафеев, оьг1азваханчуьра васта а велира, ша Къоранан деза аят дешна нохчо санна, – велавелира Лермонтов.
– Ой, велла вала х1ара дела1, цунах хьуна зулам даьлла ца хилчахьана, иза-м могуьйтур дара вай, – хазахийтира накъостана.
– Дитал къамелаш, цкъа вайгахь ерг кхалла вай, – аьлла, аркъалтесначу верти т1e дакъийна жижиг, оьрсийн кепахь беттина боккха хьийна бина хьокхам, кхо-биъ самарсекхан корта, туьхий охьадиллира Тамас.
Х1инца наггахь Теркан бердах кхетча тулг1ено санна, балдаша г1овг1а еш, хьадечу мочхалийн бен тата а доцуш, кар-кара оьцуш къамелаш дора цара. Лермонтовна хиира Этархойн Ахьмадий, цуьнан накъосташий арабаьккхина некъ. Вист ца хуьлуш, ойлане ваьлла 1ара иза. Хала дара хаа цо стенан ойла йо, юьхьт1ехь иза ца гора. Ткъа цунна цхьа а говр а йоцуш йисина юрт дуьхьалх1уьттура, юха, ха т1ехьадалахь кхара гойту долчу доьналлин сурт. Т1аккха- цецволура: шаьш летта белла а къехошна говраш хилийта х1орш арабовларх. Маржа я1! Ма нийсо, оьздангалла, къинхетам бу-кх нохчий шун дегнашкахь, бохура.
Изa peзa вара ша паччахьо х1орш х1аллакбан ваийтинехь а, кхаьрца доттаг1алла хиларна. Кхин а дика хир дара со кхузара, нохчо вацахь а, лулара г1алг1азакхи мукъане а велахьара, олий, дагчохь ойла ч1аг1лора: » Мел беха ас ломахь т1ом барх сан герзо вуьйр вац нохчо, х1орш сан гергара нах бу я со суо а нохчо ву», – олий. Цунна билггал шен да мила ву ца хаьара, амма кхузахь вина хилар цкъа а диц цадора.
– Дакъаза ма вала хьо, Михаил, ма ч1ог1а г1айг1ане вуьйжи- кха хьо, дийцахьа хьайн сагатдечух, оха г1о ца дарна кхоьру хьо? Нагахь нускал дало г1ертахь, Аллах1-Делора ду и асий, Г1алабий ша куьйрано кхокха санна дадийна дийна делккъехь далор, xla? – белша т1е куьг диллира Ахьмада.
Лермонтовн б1аьргаш чохь самукъане цle летира. Ц1еран серлоно я эхь хетаро делахь а, беснеш т1e алун тача диллира.
– Дуьне даа аш дела1, Берзалоий. Ма хаьа суна иза. И дацара сан дагахь. Амма билггал цхьаъ-м ду сан дагчу дижина. Макка дахалур дарий вай? – хаьттире цо. –
Г1алабан, Ахьмадан б1аьргаш вовшашна т1едог1аделира. Лермонтовга хьаьжжиначохь бисира церан накъостийн б1аьргаш а. Х1окху юккъехь тоьпа молхана черма иккхича а оццул цецбевр бацара уьш. Царна цкъа а ца гинера бусалбанийн Хьаьжц1а ваха г1еташ керста. Мосуьйттаза цига ваха дага а деана, шен зуда кериста хиларна 1ийна вара Ахьмад ша а. Г1айг1ане вуьйжира Г1алаб. Дуьнена йистте ваха а майра дог дара цуьнан кийрахь ловзуш, амма бусалба динехь цунна и муха хир ду ца хаьара. Дукха хан яра иза ша а Делах тешаш велахь а, ламазах буьззина пайдаэца йиш йоцуш волу. Дикка 1ийpa уьш, цхьа а вист а ца хуьлуш. Эххара, доккха са а даьккхина, Ахьмада элира:
– Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла къинхетам хуьлда цунна! ) дош ду: шена т1e милла а ван мегар ду, цуьнан дог-ц1ена хилчахьана, аьлла. Ткъа, ламаз-мархий Дала мелана дехкина парзаш ду аьлла хьалхалерачу молланаша.
– 0й, хьо х1ун деш 1а т1аккха вист ца хуьлуш, сан са дууш, – хьалаиккхира Г1алаб, т1аккха, Лермонтовгахьа а вирзина, т1етуьйхира:
– Г1ур ду-кх вай Макка!
Михаил ша ламаро санна ч1арх аьлла хьалаиккхира. Цхьа тамашийна бос лепара цуьнан юьхьт1ехь, б1аьргаш чохь седарчий дара.
– Схьало, доттаг1ий, куьйгаш, – олуш, цкъа хьалха Ахьмадан, духа Г1алабан куьг лецира Михаила. Инзаре йовхо яра цуьнца.
– Суна цига ваха х1унда лаьа, сайн дог-ц1ена стенна хета, ас вай духа вовшахкхетча дуьйцур ду шуна. Доьху вайн барт къайлехь битар. Ткъа х1инца Г1алаб, хьело вай, же ма 1елаш, – олуш, массарна а мара а эккхаш, говра хиира Лермонтов. Шен накъостел хьалха а ваьлла:
– Я, бусалбанийн пайхамар, Мухьаммад (1. с. в. ) олуш, шен дин Терка чутесира цо. Х1инццалц лечкъина 1ийна болу бутт мархаш т1ехьара схьа а баьлла, ерриг ара дети 1енира. Седарчий лепара Терка чохь.
– Уьш цхьа-ши чаккхарма гена бевлча дехьадевр ду вай, – элира Ахьмада, вуха а хена т1е охьа а лахлуш. Ойлане велира иза.
Царех цхьанне а ца хаьара ши де даьлча, инарла Галафеевс рапорт доьшур дуй: «Хьан сийлалла, поручик Лермонтов иччархойн командир х1оттон мегар дац. Иза Кавказехь а ц1еяххана болчу машарен нохчашца Эвтархойн Ахьмадций, Гихт1ара Г1алабций бусалбанийн пайхамар волчу Макка-Медана ваха г1ерташ ву. Агент Червленский».
АХЬМАД А, БОЙСАКЪАР А
«Нохчий даим буьрса мостаг1ий бу.
Баларна ца кхоьруш лета уьш».
В. А. Потто, оьрсийн инарла.
Шелахойн аре олучу Басс хин тог1ехь паччахьан эскаршца д1абоьдуш т1ом а болуш, лекхачу гу т1е а х1оьттина, оцу тасадаларе хьоьжуш 1ара имам Шемал шен масех наиб улло а х1оттийна. Кхузахь хила везаш а воцу Бенара Бойсакъар, веана схьакхечира. Салам-маршалла хоьттуш и воллучу хенахь, мичара бели ца хууш бан а беана, йоккхачу тоьпан тилкхаза х1оъ буьйжира царна хьалхха. Керчина т1е а беана, «чкъаж» деш, буц ягош хьийзаш бара ша боллучохь, ц1ийбелла болу и х1оъ.
– Имам! – хаьттира Бойсакъара. – Нагахь Дала яздина дацахь, ас и х1оъ схьа а эцна, т1ема к1ел боьллича, и эккхахь лийр вуй со?
– Дала яздина дацахь, мел ч1ог1а и х1оъ эккхарх лийр вац-кх хьо, Бойсакъар! – жоп делира Шемала.
Цу сохьта говрара охьа а иккхина, схьаэцна йоккхачу тоьпан х1оъ, шен верта а морцуш, т1ома к1ел боьллира Бойсакъара.
– Х1ара-м забар еш а ма вац, жимма дехьа довлий вай, – аьлла, говран дуьрста озийра Шемала. Цхьа иттех метр гена бовла кхиъна хир бара наибаш, вертана т1омо к1ур туьйсуш, воьлуш лаьтташ волу бено а витина.
– «Б1ов-ов», – аьлла, инзаре тата доккхуш, иккхира тилкхаза х1оъ. Бойсакъаран говр лазийра, Шемалан кхоъ-виъ г1арол а чевнаш хилла вуьйжира, вукхарна х1умма а ца хилира. Гаьргаш лерехь шок а етташ, уллохула евлла яьржира гу т1ехь. Бойсакъар лаьттиначохь, догуш верта дара, цу юккъехь ах1 алар доцуш 1уьллуш дег1ан чалх яра.
– Чехкка Ведана г1опе хьалавига иза! – омра дира Шемала. Сихха шайн керлачу вертана а виллина, говран таьлсех Бойсакъар а вихкина, д1алилхира муридаш. Дан дезарш Шеларчу Т1елхигана т1е а дехкина, Ведана хьалавахара Шемал а.
Шайн цхьана г1уллакхана Ведана г1опе веана, имам схьаваре хьоьжуш 1аш Эвтрахойн Ахьмад, обарг Гехий вайна, сихха чу а вахана, и шиъ чукхайкхира Шемала:
– Мох санна чехка Грозый-г1опе а г1ой, алий, тохий, шайна луъург дай, цигара оьрсийн хирург схьакхачаве кхуза! – т1едиллира Шемала.
Сихха ара а иккхина, говрашна т1ехьаьдда воьдучу цу шинна т1аьхьа мохь туьйхира имама:
– Говр йигалаш. Бойсакъар ву вайн ч1аг1велла!
Цу шинна хаьара Бенара Бойсакъар Шемалан уггар тоьлла доттаг1 вуй. Ахульгохь чов йина, дукъал сехьаваьккхина волу Шемал Бойсакъаран х1усамехь 1ийна вара. И товинарш, цуьнах имам винарш беной бара. И шиъ Эвтара кхаьчча, ша а вог1у шуьца аьлла, т1аьхьах1оьттира Буг1а а. Маьрк1ажа бода къовлабелча Грозный г1опехь бара лор вало баханарш. Цу хенахь, лазартни уллорачу ц1а чохь 1аш вара хирург П. И. Пирогов. Хьайна дийна виса лаахь говра хаа аьлла, лор а валош, буьйса юкъал т1ехйаьллачу хенахь Ведана кхечира Эвтархойн Ахьмадан тоба.
Хьалхаваьллачу имам Шемала лазартне чувигира лор. Мехкдаьтта дуттучу чиркхашца къагийна яра чоь. Пироговна хьалхха схьадаржийра ц1еш даьзна верта. Цу юкъахь харц-бакъ бехчалгаш юкъахьарчийна вара Бойсакъар.
– Х1ара дийна виси-кх, маьрша ву хьо. Х1ара вели-кх, шолг1а каш хьан хир ду, – элира Шемала.
Лор леррина хаьажира оцу даь1ахкех, ц1ийх буьзначу уьйраге. Туркойн чиркхан серлонехь Пироговна гира маж, мекх, б1оржамаш санна дуькъа долчу цкъоцкъамаш юкъара схьахьоьжу цхьа б1аьрг а. Цу т1е, вала вожна 1уьллуш волчо, шен цхьаъ бен боцу б1аьрг та1ийра лоьре, ша дарбана кийча ву бохуш бегашана санна. Эццахь хирург б1агор хьаьвзина кхетамах велира. Ц1енкъа юккъе охьавуьйжира иза. Имама чехкка меттавалаве и аьлла омра дира бухарчу лоьрашка. Шемала дов дира Ахьмадана лоьре х1ума ца яийтина ахь оццул беха некъ бича, хи а ца малийтина аьлла. Т1аккха Пироговга элира:
– Хьуна х1ун хилла? Вохий ма хьовза вай хьан коьрта т1ера чо а божабойтур бац.
– Суна бехк ма билла, со кхеравелла ваьлла вац кхетамах. Кхара дукха сихвина, сайн инструмент чохь йолу саквояж схьа ца эцийтина соьга. Х1инца ас х1ара муха товийр ву аьлларг коьрте даьллера суна, – кхетийра лоьро. – Бехкен ву со, имам, гечде тхуна. Х1ара герз тоха г1ерта моттаделлера тхуна, бодашкахь х1окхо т1оьрмиг шена т1еозийча, – бехказа вала х1оьттира Эвтархойн Ахьмад.
Имам Шемала шен шаьлта баттара а яьккхина д1акховдийра лоьре.
– Х1окху шаьтанца оха уггар тоьллачу т1емалойн чевнаш чахчош, ц1ий сацош вовшахтийсина бу уьш.
Цкъачуьнна кхуьнца болх бе, кхана хьан саквояж кхузахь хир ю. Х1инццалц оха чевнаш шаьлтанца ерзийначех цхьа а велла вац. Къор1ана уггар деза аяташ ду кхунна т1еяздина. Цу т1е, хьо парг1ат валлац еса доьшуш со а хир ву, – сапарг1ат даьккхира имама.
Шемалан шаьлта ц1иян г1опа уьйт1ахь декъачу попан дечигах ц1е латийра. Ткъа уггар майрачех волу кхоъ т1емало кханенна марха а лаьцна, Грозне ваха аравелира, саквояж Ведана ян езаш яра. Ишттачу г1улкхана шен божлара уггар тоьлла 1аьрбойн х1ух болу кхоъ дин бигийтира имама.
1уьйранна малх г1аттале чевнаш ягийна а ваьлла, царна даьтта хьаькхна уьш к1ад а йина, т1е динберг олучу бецах даьккхина долу мутт а хьаькхна, парг1авелира лор. Делкъа хенахь Грозне баханарш схьакхаьчча, Бойсакъар дукха ц1ий д1адаьлла хиларна, кхетамах ваьлла къамел деш вара. Амма хирурго маха а тоьхна меттавалийра. Имам тешош элира цуьнан дахарна кхин кхерам бац, иза толур ву. Дахарна мел оьшу меже хоьттина ваьлла ша, амма цуьнан цхьа ког, цхьа пхьарс, цхьа б1аьрга а хир бац. Кхин тоьлла болх шега балур бац. Кхин а к1ира даьккхира Веданахь хирурга. Ша Бойсакъара а даггара баркалла элира лоьрана. Кхин а ялх бутт баьлча, Бойсакъар уггар тоьллачу дина д1авихкира бахтаран доьхкаршца, цхьа бутт а балале т1амехь вара иза. Цуьнан моьнаш долу юьхь гича, герзаш охьа а кхуьйсий, бовдура паччахьан салтий.
Цкъа цхьана т1амехь хаьхкина вогг1ушехь эскара юккъе иккхинера Бойсакъар. Т1екхиъначу накъосташа цуьнга хаам бира:
– Бойсакъар, оьрсаша го бина вайна, – аьлла.
– Далла бу хастам, т1аьхьауьдуш мостаг1ий лехах дезар даций! – элира майрачу беночо.
Кхин а дагалецамен ду Эвтархойн Ахьмада Бойсакъаран шозлаг1а к1елхьара ваккхар. Паччахьан историкаший, инарлаший шайна ихьэн деанарг цхьана предложеница яздина истори т1е а, аьрру фланган хаамийн дневника т1е а. «Муридийн аьтту белира Бойсакъар к1елхьара а ваьккхина, йийсарх мукъаваккха». Ма- дарра вай дийцича, иза дийнна эскаре а ялун йоцу т1еман операци яра. Цхьана Эвтархойн Ахьмадан сий айбина ца 1аш, ерриг имаматан сий а дайтина йолу.
Цуьнах дийцале Шемалан, Бойсакъаран гергарло дийца жимма вухаван лаьа. 1839 шо т1ех1отталц бенойн истори ца юьйцу паччахьан историкаша. Амма вайн аьтту хилла. Бойсакъарна генахь 1аш вацара 1овдин йозанча хилла волу Тимарболат. И шиъ жима волуш дуьйна цхьана маьждигехь ламаз а деш, вовшийн вовза а вевзаш кхиъна вара. Бакъду и, 1839-чу шарахь гуьйранна Ахульгохь эшна, чевнаш хилла волу Шемал Бена схьавеача, х1оттийна цунна т1аьхьа тергам паччахьан хьадалчаша. Амма юьртан истори геннара дуьйна схьайог1уш ю . 1824 шарахь кхузахь шена партизанийн тоба вовшахтуьйхира Таймин Бийболата. 1832-чу щарахь эскар вовшахтухуш вара Нохчийчоьнан имам Ташо-Хьаьжа. Иштта йоккха юьрт ломахь Бена ца хиллехь а, амма кхузара къонахой тешам болуш, майра а хиларна г1араяьллера юрт. Цундела воьссинера Шемал а кхуза. 1839-чу шарахь Бенахь дуьненчу велира Шемалан к1ант Мухьаммад-Шепи а.
Доцца аьлча, кхузахь кхолладелла доттаг1алла дара имам Шемала, Ташо-Хьаьжас, Шо1ип-моллас, Джаватхана д1акхоьхьург. Шемал имам хоржуш а массарачул алсам вовшахтохараллин болх нохчашна юкъахь бинарг Бойсакъар вара. Кхуза Шемал вовза бог1ура Нохчийн массо а ярташкара ас-сой боху къонахий. Шемал Нохчийчоьнан имам харжар кхузахь кхин къонах цахилар дацара. Хьакъберш дукха бара, амма коьрте х1оьттиначу нохчочун сиха кура а волий, шен гергара нахах го беш 1едал ду. Кхечу махкара волу Шемал нийсонна т1ера ваьлча, сацон атта дара нохчашна. Цул сов, нохчаша хьаша-да ч1ог1а лору, т1евоьссина къонаха стаг цара хьошалара вала а ца волуьйту. Цундела 1839-чу шарахь, кхеташон коьртехь, Ц1оьнтара уллохь вовшахкхеттачу нохчаша вевзаш волу 1елам, Дег1астанахь а ц1еяххана волу майра стаг, шайх Шемил хаьржира Нохчийчоьнан а, Дег1астанан а имам. Мехкан Да а, Туьран Да а ву аьлла д1акхайкхийра иза. Коьрта баьчча а, эскаран хьаькам а.
Шемалс шен пачхьалкхехь Бойсакъарна дезза дарж лора. Амма дог-ц1ена а, х1илла доцуш а волчу Бойсакъара цхьа а коьрта дарж шена оьшуш дац элира. Т1аккха шен уггахь хьомсара наиб ма ву хьо аьлла, д1акхайкхийра имам Шемала. «Таш-адам» ду Бойсакъар, т1улг санна онда, собарен стан ву олура цунна Шемала. Шен бенойн эскарна хьалха а волий тайп-тайпанчу т1емашкахь дакъалоцу Бойсакъара. 1945-чу шеран аьхка, шайна юкъахь Бойсакъаран тоба, массо а наибан эскарш, дег1астанхой а болуш Даьрг1а яккха веана волу эла Воронцов вохаво нохчаша. И т1ом хилале хьалха Ташов-Хьаьжас, Г1еза –Хьаьжас, Кунта-Хьаьжас, 1овдас аьлла дара Нохчмахка бог1уш боккха б1о бу, амма и эскар нохчаша х1аллакдийр ду. Масех шарахь шайна даъал рицкъа а, говраш, жаш дохур ду цаьргара. Цул т1аьхьа кхин а итт шарахь паччахь нохчийчу г1орта а ваьхьар вац аьлла. Оцуьнах кхаъ хилла болчу нохчаша баккъал майралла гайта а гайтира.
1847-чу шарахь ломарчу Дагестанехь йолу Гергебиль юьртана го бира паччахьан эскарша. Цхьа б1аьрг, цхьа пхьарс, цхьа ког боцу Бойсакъар шен жимачу эскарца г1оьнна вахара суьйлашна. Юьртана йисттехь позици а , т1ом беш вара иза. Ц1еххьана тохар а дина, эскарш т1елетча, цхьаъ бен боцчу когах чоччамаш кхийтира цунна, т1ехиъна волу говр а йийра. Суьйранна шайн декъий схьалехьош лелачу паччахьан салташна карийра говрах вихкина волу 53 шо долу Бойсакъар, кхетамчуьра ваьлла а волуш.
Бойсакъар йийсар вина паччахьан эскарша аьлла долу хабар сиха даьржира ломахь. И хаам хала бара лан Шемална а. Цо ша масех план х1оттийра и к1елхьара ваккха. Амма Темир-хан-шурахь доккхачу эскаро ларвеш вара Бойсакъар. Ха дан доккха эскар а делла, Дагестанера Грозне валон сацийра оьрсаша Бойсакъар. Кхузахь вара х1етахь Бойсакъар товина волу лор П. И. Пирогов а. Цул сов, атта ахчанах бохкалуш болчу суьйлийн элаша и Шемална д1аваларна кхерара инарлаш. Паччахьана хьалха а боккха кхаъ а бара Шемалан уггар тоьлла доттаг1а йийсаре лаьцна хилар.
Х1етта Шемалан наиб х1оьттина волчу Ахмадана т1евеара Гизлара г1опехь г1уллакх деш волу г1умкех волу цхьа эпсар. Цо Бойсакъар г1ала валон х1оттийна йолу план, эскаран дакъойн ц1ераш, оьшуш мел дерг а деанера. Шолг1ачу дийнахь имама Ведана кхайкхина бара Теркаца, Соьлжан линехь а болу наибаш. Цаьрца кхеташо йиначул т1аьхьа, Эвтархойн Ахьмад т1аьхьа а сацийна цо деанчуьнга ладуьйг1ира имама. Делкъа ламаз дина, цхьане кхачанах кхетта, шена новкъа вала пурба дийхира Ахьмада. Шемална ч1ог1а б1ег1ийла хеттера Эвтархойн Ахьмадан план. Операци д1аяхьа к1езин ницкъаш боьхура цо. Некъаш дика девзара. Цхьа а даа-мала ца доьхура. Д1акъалоцуш 50 т1емало хир ву, дийнахь массеран марха хир ду. Ерриг отряд 10 декъе йоькъур ю, доцца аьлча, цхьана тобанехь пхи стаг а волуш. Кхин сиха и операци кхочушъян цхьангге а кечам балур а бацара.
Эвтархойн Ахьмада имамана ерриге а план йовзийтира. К1ело Борг1ани олучу г1умкин юьрта уллохь йийр ю. Цигахь вовшахкхеташ ду Терк, Соьлжий. Хууш дара Бойсакъар пластунийн отрядо валош хилар, царна г1о деш Дагестанера таркхойн Шовхлан эскар ду, ши б1е г1алг1азакхий а ву. Эшначохь т1екхача эскарш уллохь долчу новкъахула бог1уш бу тутмакх валош берш-ширачу Ермоловки тракт т1ехула. И некъ 1819 –чу шарахь Ермоловс къайлах нохчийн ехаш йолчу Дадин-юьртана т1елата баьккхина бара, Теркан бердаца.
– Имам са ма гатде хьайн, нагахь цхьа муртазекъ дийна висахь ас цуьнца Бойсакъар схьахьажор ву, Дала яздина делахь кхана сарахь хьан хьомсара доттаг1а хьоьца хир ву-кх, имам! – дош делира Эвтархойн Ахьмада. – Тхоьца Аллах1 а ву, 50 ялсаманен тур а ду.
Цхьа сахьт даьлча Шемална хаам бан чувеара г1опан комендант: Эвтархойн Ахьмад ша воьду меттиг ца юьйцуш, шеца шовзткъа муртазекъ а, 9 обарг а волуш т1елата вахана аьлла. Шолг1ачу дийнахь Шемал цхьа а т1еоьцуш а вацара. Къор1ан доьшуш, марха а лаьцна, сих-сиха чухула вола а луш, 1аш вара. Шен да Данга-Махьма ваг1ахь а, ша цхьа а т1еоьцур вац аьллера цо. Шозза веара Ведана г1опан коьрта молла ву ш олуш волу шайх Зандакъара Г1еза-Хьаьжа. Шега имам тахана цхьа а т1еоьцуш вац, марха а лаьцна Къор1ан доьшуш 1аш ву аьлча, ойлане а ваьлла, шена хууш цхьа а деза де-м дац тахана аьлла д1авахара.
…Оццу хенахь Бойсакъар Грозный г1опе валош вог1уш волчу полковник Форстене хаам бира:
– Хьан сийлалла! Соьлжа т1ехула долу т1ай цхьаммо вовшахдаьккхина ду, – аьлла.
– Ой и муха хуьлу вовшахдаьккхина? Минот а ма яц соьга дерриге а дика д1адоьдуш ду, т1айна шина аг1ор ха деш пластунаш бу, – аьлла казакийн сотник д1авхана. Сацае колонна. Тутмакхана ха ч1аг1де!
– Дерриге дина ду, эла полковник! – жоп делира безамехь волчу г1алг1азакхийчо.
– Лерг сема хилалаш! Оцу имаман зуламхоша вайна дагахь доццург дийр ду шуна! Х1ара хьун мукъана а чекхйаьлла елахьара!
Полковник ша говра а хиъна, т1ай долчу хьалхахьа вахара. Стенна делахь а авангард шен болар ца дохош хьалхахьа йоьдуш яра. Цаьрга цхьа а омра кхаьчначух тера дацара. Хадеш волу хьаькам а т1айдолча хаьхкина вахара. Цигахь деррриге а шен меттахь дара. Т1ай х1умма хилла а дацара. Шина а аг1ор левчкъина платунаш бара.
Оццу хенахь тутмакх т1ехь волчу пайтона т1евеара иттех казак. Ха хуьйцуш ду. Шуна т1едиллина ду т1аьхьайог1у колонна сацор. Т1ай вовшахдаьккхина ду!
– Колонна сацор т1елоцу! – аьлла, т1аьхьадог1учу эскарна дуьхьалбевлира пайтонна ха деш болу набахтин духар т1ехь долу г1алг1азакхий. Эскарна т1едиллина дара цаьрга дуьхьало ца еш ладог1ар. Омра з1енехула д1алуш хезаш дара: совцайе чкъургаш йолу техника! Новкъахь совцуш ду!
Ц1еххьана ша т1ехь волу пайто саца а йина, дуьхьалбевллачу г1алг1азакхашка хьажавелира Бойсакъар, йиллинчу не1арехула. Эзар говрана юкъахь а евзар яра цунна г1алг1азакхийн эпсар т1ехь волу говр. Оцу казакан озан мукъам а бевзира цунна. Цо муьлхха мотт бийцича вевзар волуш вара и къонах. Дукха хазахетта Бойсакъаран аз дайнера. И кхийтира хуьлуш долчух. Шена уллорачу не1арехь волчу «казаке» охьата1ар дийхира цо:
– Пацтона т1ехьа йолчу яьшки чохь ду шуна сан шаьлтий, тур, тапчий. Уьш схьаэцалаш! – элира цо.
Цхьа ши-кхо минот яьлла хир яра, Бойсакъар меллаша пайтонара схьа а эцна, улло к1еда кегий г1айбеш дохкуш вертана юкъа хьарчийра. И ларча къевллина тоьллачу динан таьлсашчу шина а г1ор нисъеш д1айихкира. «Г1алг1азакхийн» духар т1ехь долу и жима тоба готтачу новкъа Теркаца йолчу хьуьнах юьйлира. Эскран тоба Эвтара дукъ т1ехула Гуьна эвла йистте а еана, Веданхойн хьуьнах йоьлча, хьалхабевллачу обаргаша, ха деш болчу нохчашка а, суьйлашка а хаам бора герзаш ма тохалаш, казакаш вай долчу хьошалг1а бог1уш бу шуна бохуш. Эвтархойн Ахьмад гучуваьлча, и бакъ дуй масарна а хаьара. Шайн ц1еххьана операцехь аьтту баларна, т1ера духар хуьйцуш 1ен хан яцара Эвтархойн Ахьмадан отрядан я и оьшуш а дацара. Уьш сихбелла бог1ура имаме кхаъ баккха.
Малх х1инца а ца кхиънера шен дийнан го а баьккхина, дукъал т1ехьа бала. Къор1ан доьшуш 1аш волчу имам волчу чуиккхира г1аролан куьйгалхо. И х1умма а ала а ца кхиира, жима стаг санна т1ахъаьлла араиккхиначу Шемала цкъа хьалха маравоьллира шен доттаг1а Бойсакъар. Иштта г1уллакх нисдаларна шен лозучу кога т1е а х1оьттина, герзаш г1одах доьхкуш воллучу. Тамашийна х1ума дара и, иштта сиха щаьлта, тур тапча дег1ах къовла и кхиар. Эвтархойн Ахьмада схьакхайкхина болу лоьраш т1етасабелира имам а, Бойсакъар а вовшах ваккха. Имаман доттаг1 то а вина д1ах1оттор х1инца сий хилла д1ах1оьттира дарбанчийн.
Имам Шемал мог1а бинна, некха т1е куьйгаш а дехкина д1ах1иттиначу «г1алг1азакхашна» х1оранна т1евоьдуш:
– Дала сий дойла шун! – олуш, куьг а лоцуш чекхвелира.
Нохчийн дарбанчаша то а вина, говра хаийна волу Бойсакъар оьрсийн эскарш 1адош т1емаш беш чекхвелира кхин а шийтта шарахь имамана уллохь волуш, и махках ваьлча а…. Кавказан т1ом д1абоьдуш бара.
ИМАМАНА НУСКАЛ
«Нохчаша ч1ир оьцуш зудчунна дуьхьал – шиъ боьрша стаг воь».
Имам Шемал.
Эвтархоша массо а заманна лоруш стаг ву Эвтархойн Ахьмад. Ша 1овдин деваша хиларе терра, цо кхиийна ву вевзаш волу шайх, эвлаяъ Баматгира-Хьаьжа. Т1ахъаьлла дина бере, майра къонах, доьналла долу стаг, ша вехачу заманахь дуккха а дика г1уллакхаш дина ву. Оцу исбаьхьачу къонахчун дахарера цхьа бакъдерг довзийта лаьа суна.
Х1окху дийцаро довзуьйту вуно хьалха заманахь дуьйна Кавказан къаьмнаш юкъахь хилла ларам, доттаг1алла. Имам Шемалан 1едал дара ша наибашца б1аьрга т1е б1аьрг х1оттийна къамел деш висинчу заманахь, цунна жоп дала хала долу хаттар деш:
– Вай долчохь Дала диканиг дойла! Масане нисло дагахь доццург, нагахь ког-когах кхетта а цхьа х1ума хилла, хьо д1а а ваьлла, хьайн метта наиб харжа сан дезча, мила вита луур дара хьуна вайн махкарчу къонахех?
– Волуш ву-кх и тайпа къонах: Эвтархойн Ахьмад! – аьллера чергазийн шайха Махьмат-Мирзас, Ц1оьнтарара Шо1ип-моллас, Шелара Т1елхига, наиба Эскис, ц1еххьана Ахьмадца гергарло тасаделлачу суьйлийчо Хьажмурда а.
Х1етахь дуьйна Шемал шен аьтту баьллачу минотехь Эвтархойн Ахьмад наиб х1оттор волуш хилира. Шен къайлах болчу айкхашна, мудирашна, мухьтасибашна а цо т1едиллинера Эвтархойн Ахьмадах шайна хааделла долу сакхт, ант я дуьйцуш нахалахь хезна хабар шех схьатохьара аьлла. И воцчунна а дора цо и саннарг. Имам Шемила х1инца цкъа цхьацца г1уллакхаш т1е а дохкуш, шен доттаг1а ву бохуш лелош вара махкахь дика ц1ейоккхуш волу Эвтархойн Ахьмад, иштта и санна болу кхин къонахий а.
Амма цкъа цхьана шарахь, Кавказан т1ом уггар марсабаьлла боьдуш а болуш, имам Шемална т1е хабар деара цуьнан къайлах долчу орцано: хьан доттаг1а а, наиб х1оттон кечвеш а волу Эвтархойн Ахьмадан оьрсийн зуда ю Эвтархоша юьрта а ца йитина жима Атаг1ахь, шен гергара нах болчохь кхобуш аьлла. Имаматехь хабарш даьржира. Эвтархойн Ахьмадан сий дожа там бу бохуш. Имама цхьана дийнахь шена т1евола, хьоьца хьайцца дийца дезаш х1ума ду шен аьлла хаам а бира цуьнга. И информаци евзаш мел верг, х1инций-х1инций, гавуршца з1е ю аьлла, Эвтархойн Ахьмадан корта а баьккхина, хьокана буьххье олла там бу, бохуш 1ара. Бакъду, Нохчийчохь и тайпа къизаллаш Шемала х1инццалц лелийна яцара, амма Дег1астанахь цо цхьа а кхоош вацара. Эла-сту йолчу Паху-Бикин к1ант Булач а хичу а кхоссийтина, вейтинера.
Вахара Эвтархойн Ахьмад имам Шемална т1е.
– К1ант, бакъдуй суна хезнарг?Хьан оьрсийн зуда ю ма боху? – хаьттира имама.
– Бакъду и, имам! – жоп делира Эвтархойн Ахьмада.
– Х1ун ду цо хьо т1еверзор?Хьенан мила ю и? – Шемал ойлане велира.
– Цкъа делахь, товш дацахь а имаме дуьйцуш, хаза ю и. Шолг1а-хьал долчу нехан ю. Г1изларара эла Меньшиковн йо1 ю иза. Цуьнан ден ахчанах 1амийна ду тхо уггар тоьллачу оьрсийн салташа т1амна.
– И дика ду. Цу аг1ор ала х1ума дац вайн. И кериста хиларна х1ун до вай?
– Имам, цо бусулба дин т1еэцчи бен ялийна ма яц ас иза! – элира Эвтархойн Ахьмада.
– И тоьлла мах бу т1аккха! Вайшиъ ши доттаг1а хилча, хьоьга цхьа хаттар дан лаьа: суна ялон иштта хаза йо1 карор ярий хьуна аренца?
И ший а г1ад а вахана велавелира. Жимма ойла а йина, элира Эвтархойн Ахьмада:
– Имам, Мазлакхехь ю хьоладен Улусовн йо1 Анна, ша куьйга диллина сурт санна хаза йолуш. И ялон ца мега ас хьуна?
– Дукха ч1ог1а бакъахьа хир ду! И г1уллакх нахала ца долуш дуьсур дарий вайшинна юкъахь? – хаьттира имама.
– Кхузахь дерг ахь дерзаде. Чукхаццалц дерг ас сайна т1елоцу, – элира Ахьмада.
Цхьанне т1аьхьаволуш воцу имам Эвтархойн Ахьмадана т1аьхьа а ваьлла, куьг лоцуш мара а кхетта, воьлуш чувахара. И сурт Ведана г1опехь хаа дезачарна массарна а хиира. Ахьмадана болу кхерам д1абаьлла аьлла хабар даьржира. Цу сохьта и кхечу гона даккха а хиира ладоьг1уш 1ачарна:
– Ахьмадан вешин к1ант ву шайхаллин дакъа долуш. Имам Шемал сих-сиха воьду цуьнах дагавала Эвтара. Т1аккха ша т1ехь 1аш волу га хаддолла сонта а вац Шемал, – дерзийра наха.
Цул т1аьхьа, дукха хан яллале Ахьмад, обарг Гехий Теркал дехьа вахана аьлла хабар даьржира. Цу хенахь Шемалан наиб волчу Яков Алпатовн г1алг1азакхий а бара Эвтархойн Ахьмадца гергарло лелош. Цара а обаргаша арабаьккхина некъ хиъча, г1о дира Улусова Анна ядош. Шена нускал далон баханчеран аьтту беш вара имам Шемал а. Моздокана т1елата воллу алий, г1алг1азакхий, х1ирий кхера а бай, цу уллорачу ярташна тохарш дай, вухавола аьлла шен доттаг1а волу наиб Акхбердилав хьажийра Шемала.
Эвтархойн Ахьмада шен доттаг1ий болчу г1алг1азакхашна т1едиллира Мазлакха т1ехьахула Г1ебертойн махка боьду некъ ларбар. Оцу г1уллакхо церан аьтту а бира. Цхьана дийнахь т1емалошна гира Ставрополан аг1ор йоьду пайтон а, гонах бевлла масех динабереш а. Т1елатар дича, гучуделира Шемалан эскарех к1елхьара яккха шен нена йиша йолчу йоьду Улусова Анна хилар пайтонахь ерг. Эвтархойн Ахьмадий, г1алг1азакхаший барт а бина, пайтон юхаерзийра. Шаьш лелочух йо1 кхета а йина, хьаьнга йоьду а ца дуьйцуш, Нохчийчу некъ юьхьарлецира цара.
Йоь1ан гергарчех волу ши эрмало, закъалтана датон ахча а делла, шайн ц1а д1ахьажийра, захалона юкъахь т1ом оьшуш цахилар д1а а хаийтина. Иштта г1уллакх делахь, шаьш баккъалла а къонахий а делахь, ша имамана йига элира Аннас. Г1алг1азакхаша йовзийтира цунна Эвтархойн Ахьмада оьрсий ялоран истори. Йо1ана и тайра. Эвтархойн Ахьмада цуьнца барт бира. Йо1а дош делира захало хилла даллац цуьнан къайле ларъян. Нускал далош Чурттог1е схьакхаьчначу Ахьмадана хиира Акхбердин Мохьмад шен эскарца Моздокана т1елата аьтту а ца баьлла, лома юхавог1уш кхузахь сецна хилар. Оцуьнах кхаъ хиллачу Ахьмада кхузара бухабахийтира г1алг1азакхий, царна баркалла а аьлла.
1840 –чу шеран 29 чу февралехь Шемалан эскарш Моздока уллохь хааделира. 1уьйренан дохк ц1еххьана д1адалар бахьанехь, къайлах т1елатар ца нисделира. Паччахьан эскарш дукха дара кхузахь, цара дина тохар ца ладелира муридашка. Уьш шайн лома бухабахара г1али уллора станицаш а, инарла – майоран г1ебартойн эла волчу Бекович – Черкасскин юрт а йохийна.
Х1инца Эвтархойн Ахьмада арабаьккхина болу некъ шена хиъча, ч1ог1а цецваьлла вара Шемалан наиб. Амма и йо1 имамана т1е д1акхачо дош делира цо Эвтархойн Ахьмадана. Х1ара ша юха а Теркал дехьавала дагахь вара, имаман нускална совг1аташ а доцуш ц1авоьрзийла дацара Шемалан къоначу доттаг1чун.
Кестта Моздокехь керла хабар даьржира, г1ала схьа ца яккхаеллехь, кхузара уггар хаза йо1 ядийна Шемалан нукерша аьлла. Аннин ваша-махлелорхо Улуханов (иштта фамили лелайора цо) стаг леха х1оьттира имамана т1еваха. Шен йиша схьалург цо итт эзар сом дети, говрийн рема, масех жа-бажа лора. Кхин а шен деззачун ц1е тоха аьллера. Шемалх и хабар д1атоха т1елаьцначу Алпатово станицера г1алг1азакхийчунна эзар сом делира цо. Ши де а далале и Эвтархойн Ахьмадана схьа а деара.
Амма имама наибашна хьалха Акхбердин Махьмас йийсаре ялийна ю боху йо1 имам Шемална «езаелира». Жима стаг хилла, эмгаралла а йоьссина, д1ах1оьттинера иза. Эвтархойн Ахьмад кхин а дукхавийзира Шемална. Цунна мах дика хаьара шайн дешан дай болчу нохчийн къонахойн. Баккъал йо1 ша йийсар йича санна, дозаллаш детташ волу шен доттаг1 Акхбердилав сиха гучуваьккхира Шемала.
Имаман ши зуда йолуш яра. Зайдат, Аминат (шолг1ачун истори шуна хаьа) . Кестта резиденцехь гучувелира Эвтархойн Ахьмад. Цо имамана совг1аташ деанера: тоьлла дин балийнера, к1айн эмкал, Аннина кучана к1аденаш деанера. Шемалан хазна т1еюза ахча а делира цо. Массо г1оьнчий чохь болуш, Аннас шен ваша санна лорура Эвтархойн Ахьмад. Аминате шена нохчийн г1иллакхаш хьоьхуьйтура. Марвешин санна ц1е кхаба йолийча, «Майра к1ант» олура цуьнах Шемалан массо зудчо а. Цхьа хан а лахий г1опа хьошалг1а Светлана ялаяхьара бохуш доьхуш а яра иза. Анна ша ч1ог1а ийна а, дог-ц1ена а адам дара….
Дуккха а шераш д1а а девлла, Шемалан к1ант Мохьмад-Шепа хилира Эвтарахь. Советан 1едал т1едог1учу шарахь нисделлера и. Иза паччахьан инарла вара. Лачкъон валийна вара Эвтарахь. Шу1антах лаьцна цкъа къамел долийча, цо дийцира и ялийначу хенахь хилла х1уманаш, шена ма-дийццара:
«И Шемалан ц1а чохь уггар хаза зуда яра. Шу1ант- аьлла ц1е тиллинера цунна Зандакъара шейха Г1еза-Хьаьжас. Бусалба дин т1е а эцийтинера. Имаман т1аьххьара зуда а дуьххьарлера безам а хилла чекхъелира и. Шемалс а массо ламароша санна, меттигера г1иллакхаш а лардеш балабора зударий. Ткъа х1ара…дагахь доцу Аллах1ан совг1ат хилла д1ах1оьттира. Иштта дийцара т1аьхьо шен дагалецамаш т1ехь Шемалан к1анта Мохьмад-Шепис. Сан дас имам Шемала Делий, пахамар дукха хьехаварна а, шена Дала делла нехан ойла йовзар вочу аг1ор ца дерзорна а хир дара иза. Майрачех цхьаъ волу наиб Акхберди Мохьмад Мазлакх яккха ваг1ийтича, эскар дукха хиларна т1елата ца х1оьттина вухавог1уш, нохчийн Чурттог1и олучу юьртахь т1аьхьа а кхиъна, Эвтархойн Ахьмада наибана т1едиллинера Мазлакхера хьоладен йо1, сурт санна хаза йолу Анна Улусова Шемале д1ало аьлла. Акхбердилава, йо1 т1ехь хилла йолу пайто къайла а яьккхина, вертана юкъа а хьарчийна, йийсар санна д1агайтинера иза Шемална. Стигал санна сийна б1аьргаш а, дашон басахь месаш а йолу йо1 шена ма-гиннехь, иза езаелира Шемална. Имаме леррина хьоьжучу йо1ана гира цуьнан ц1ен т1аьрсиган маьхьсеш, г1одах дихкина герзаш, хьаьрса маж, х1инца а къона суйнаш чохь лепа б1аьргаш.
Имам цхьа туьйранара турпалхочух тера вара. Йо1 реза йоцуш яра ша пайтонара говра хаорна, шега йийсаре санна наибаш хьежарна. Эвтархойн Ахьмад гучу ца волуш а холчахь яра иза. Имамана т1ехьаьжча гуш дара цуьнгахь доккха 1едал делахь а , аьхна дог а хилар. Цу шиннен хьажар вовшахкхийтира. Буьрса т1емало волчу Шемалан дагчохь цхьа къинхетаме к1едалла хааелира. И дог-к1еда хилар х1инццалц цунна шена а шегахь хааделла дацара. Иза ша-шех кхеравелира. Цу сохьта цо буьрсачу озаца элира:
– Вало, д1а а йигий х1ара йо1 айхьа схьаэцначе охьайилла.
– Х1унда юьгу х1ара д1а , имам? Хаза зуда хир ма ю кхуьнах. Массо х1ума а шен меттахь долуш.
– Суна хаьа и х1унда юьгу. Хьан г1уллакх говра нуьйр тиллар ду! – элира Шемала.
– Кхуьнах мел ахча даккха ас кхуьнан нахера? – хаьттира наиба.
– Ишттанехьа д1ало. Цхьа а мах ма эца!
Акхбердилав цецвелира. Х1инццалц мах боцуш стаг, зуда а д1аделла дацара наибаша. Амма имамаца къийса цуьнан таро яцара. Ша йийсар йина ю бохуш лелош йолчу йо1е цо элира:
– Ас Эвтара а йигна хьо схьалийначуьнга д1алур ю, цо хьайн гергарчарна юхаюьгур ю хьо. Ахь царна хаийта: Шемал нехан мехкарий идош талорхо вац, иза бусалбанийн имам ву.
Наибан дешнаш шена гочдича, йо1 цец-акъ яьлла Шемале хьаьжира.
Массарна а моьттинера и х1инца шен хиллачу ирсах цатешаш ю аьлла. Ша йийсарх яларна йоккхаеш. Цуьнга юха а элира:
– Имам бехкала вахана ву х1ара иштта нисдаларна. Цо цхьа а мах ца боьхуш д1ало хьо хьайн гергарчарна.
Т1аккха хазачо Шемилега а хьаьжна, элира:
– Х1ай майрачу нохчийн баьчча, со цхьаммо лачкъийна а, йийсар йина а еана яц. Со сайн лаамехь, хьо Эвтархойн Ахьмада сайна вийцича, хьоьга маре еана ю. Сох Эвтархойн Ахьмадана т1аьхьах1иттина болчу г1алг1азакхаша шари1ато ма-бохху там-мах бина.
Наиб Акхбердилав цу юккъехула араваьлла вара. Йоь1ан къамел ах сов цунна хезна дацара. Ц1еххьана чу а веана:
– Говрана нуьйр тиллина ю. Д1аюьгий ас йо1 Эвтара?
– Ца юьгу, – элира Шемала. – Эвтархойн Ахьмад схьаваллац собар дийр ду вай. – Хьол тешаме хилла и суна. Йо1ана шенна чоь а кечйе, цуьнца хилла мехкарий стенга баьхьна ахь?
Воьхна хьаьвзира Акхбердилав. И санна г1алат цуьнгара цкъа а даьлла а дацара. Амма тахана цунна кхин цкъа а хиира Шемал баккъал вуьззина шайх вуй. Сихха ара а иккхина, ша къайлаяьккхина йолу пайто схьаялайтира цо.
Шолг1ачу дийнахь г1опе схьакхечира Эвтархойн Ахьмад! Цо несана деза к1аденаш деанера, дашон х1уманаш. Имамана к1айн эмкал, тоьлла дин а балийнера. Шемалан ойланаш хиъча, цо элира:
– Имам, иза нускал хилла ца 1а-куьзга ду хьуна чухьажа. Цхьана аг1ор хьуна хьо гур ву. Вукху аг1ор хьажча-цунна хьуна чохь берриг ламарой гур бу. Хуур ду цунна вай х1ун адамаш ду. Воккхаллий, жималлий Дала ша лоруш ю. Дагалацахьа, делера салам хуьлда цунна Ибраьх1им – пайхамар. Иза, цуьнан зуда доккха долчу хенахь ма велла цу шинна дала доьзалхо. Зудий, майрий ма ю дахаран сийлалла. Ша кхоьллинчу адамашка вайх уггар тоьлларш масал оьций хьоьжу олу-кх дешначу наха Дела ша кхоьллиначу адамашка. И ма ву вайна вовшех кхетар, тешам, ирс лушверг. Хьайн доьзал вовшах ца тохалуш хьо хилча, хьо муха тоха воллу Кавказехь эскар вовшах? Кхечу къомах йолчу цхьана йо1аца а хьуна юкъаметтиг ца карийча?
Шемил ойлане вуьйжира. И цецвелира нохчочун шуьйрачу дахаран кхетамах. Цуьнан къамелехь цхьа а совнаха дош дацара, я доккхачу эскаран хьаькам ву-кх х1ара аьлла, озавалар. Цо гойтуш берг ша шайхан бен ларам бара. Изза цуьнан ойланаша а дуьйцура. Бакъду и, нохчий цкъа а шайна т1ехула 1едал лаьттина нах бац, ша И Дела Ша Цхьаъ волчуьнан бен. Цундела царна хаа а ца хаьа цхьаннех озабала, шайн хабарна т1ехьа кхин лаам билла. Нохчий цкъа а цхьанне а ял луш баьхна бац кху дуьненахь. Муххале а цара юкъара х1онц охьа а йиллина, цу т1ера г1о дина оьшучарна. Шайн стаге, зудчуьнга цкъа а саг1а ца дехийтина, цуьнга шаьш бахьанехь г1ело а ца лайтина. Стаг дуьненан мичча маь11ехь веллехь, Хьаьжца доцург, цуьнан дакъа ц1а а деана. Дакъа ц1адар а шен бахьаница ду: шен хан кхаьчна велла шайн стаг цхьаммо вийча. Цуьнан ч1ир хьаьнгара эца еза хьовсу нохчий. Цундела уьш аренца а майра бу. Нохчийн уггар къиза сардам: «Докъаза вайла хьо! » – бохург бу. Шемал кхийтира: шариат дийцарх ца тоьа, кхеран законаш кхин а ч1ог1а ду. Нохчочунна уггар сийлахь: нийсо, дозалла-сий лардар, массо а цхьана луушверг-маршо. Лаа аьлла дац кхарна оьрсийн паччахьо (Петр-1) : «Оцу къоман шайн низам а долуш эскар хилахь-дуьненахь хир яц уьш эшон арми! »
Имам Шемала г1опехь коьрта молла ларалуш волу, шен мудир Г1еза – Хьаьжа схьакхайкха стаг вахийтира. Амма вовшийн ойланаш евзаш болчу шайхаша цхьа а вовшашка хабар эцна вахийта оьшуш вац. Иза цара шайна т1ех1иттина болчу нахана томана до. Дехьачуьра сехьа волуш санна: «Бусалбанаш, чохь дуй шу?» – аьлла, чоьхьавелира Г1еза-Хьаьжа.
– Имам, шен дег1 хих даккхий ц1ано яйта хьайн керлачу нускале, т1аккха има дуьллуьйтур ду вайшимма, – элира Зандакъарчу Хьаьжас. Шемал велавелира:
– Маржа нохчий я1, цкъацкъа и шари1ат аш яздина-м дац-те, – олий цецвоккху аш со.
Шари1ато ма-бохху дин хийцира шен Аннас. Х1инца цунна ц1е тиллира-Шу1ант. Нохчийн муьлххачу заманахь а зуда ялорах брак аьлча, белало. Царна ца хаьа оццул ирсен долчу хиламах цара талхар х1унда олу.
Шолг1ачу дийнахь г1опехь дуьйцуш кхин хабар а дара: «Х1инца Шемалан уггар тоьлла накъост, доттаг1а, кестта наиб а Эвтархойн Ахьмад хир ву», – бохуш. Нехан эладита хиламал хьалха даьлча, иштта д1а а нислой, д1адоьду ломахь. Варх1 шо а дара цу шимма даггара доттаг1алла лелон.
Кестта хабар ломал дехьа делира. Дагестанехь дуьйцура имама керла нускал далийна. Амма Шемалан уггар тоьллачу доттаг1аша а Эвтархойн Ахьмада санна даггара совг1аташ ца дира цунна. «Кортали суьйлийн делахь а-ц1е нохчийн ю», – олура цара. Делахь а нохчий Нух-пайхамаран къам дуй хууш болчу дешначу нахана хаьара и ц1е ширчу заманара юй. «Массо шу а д1абаьккхина Ша-дуьне хи буха а дахийтина», – аьлла долу, Делан дош дуй. Ткъа хи т1е далар Дала Нухь-пайхамаран до1ина делла жоп дуй массарна а хаьа.
Имамана уггар мерза кхача Шу1анта бинарг, шена хьалха цо биллинарг хетара. Тоьлла мотт цо биллинарг бара. Уггар йовха, сирла чоь Шу1ант чохь еха ц1а дара. Шемалан буьрса юьхь, хьажар хьалха хиллачул мелла а к1еда, безаме динера цо. Комаьрша а, дика а вара иза нахаца. Дукхазза бог1ура Шемална т1е Мазлакхера векалш Шу1антан гергарчаьргара дехарш дохьуш, шайн йо1 д1ахецахьара хьайна безза мах а алий, бохуш. Шемала Шу1анте дуьйцура церан дехарех, амма къоначу зудчо цунна жоп лора:
– Имам, хьо сан майра ву. Лаахь корта а баккха сан, амма со ц1а г1ур яц. Ядийна яьккхина х1ума юхалуш ца хуьлу. Суна шун г1иллакхаш, ламасташ, кхерамах дуьззина долу дахар, хьомен ду.
Цуьнан жоп хозуьйтура Мазлакхера баьхкиначу векалшна. Луучуьнга цуьнца шецца къамел а дойтура. Цкъа имам волча Шу1антан ваша веара. Хьалхалера шен косташ имаме д1ааьлла ца хилахь а ша карладаьккхира дерриге а. Цо элира ша эзар уггар дикачех дой ло, масех жа, хьуна мел деза а бежанаш. Имама и дика т1еийцира, шен йишица къамел дайтира, и шиъ шаьшшиъ а дитира. Шина сохьтехь шаьшшиъ дисина къамел дира цу шимма. Вашас дийцира ден сингаттамах, ненан елхарх, оьшуш х1ума а доцуш ехар ю хьо ц1ахь бехира. Хьан къона т1ехьийза к1ант тахана а езаш ву, массо х1ума а хьуна гечдеш, къинт1ера волуш а ву. Эрна хилира вашас мел дийцинарг а. Шу1анат шечунна т1ера ца елира.
Д1авоьдуш шен стунваша чу а кхайкхина, Шемала элира:
– Ахь тхуна мел лур ю аьлла йолу х1ума боккха бахам бу. Амма Кавказехь уггар боккха бахам-сий, хаза, тешамен, езаш зуда хиларрий бу. Тешалахь сох, хьан масех зуда хилча, царах диканиг муьлха ю атта хаьа. Зуда стеган ах дахар ду. Хьайн ах дахар ирсен дуй хиъча, шолг1а ах кхин а хаздан декхарийлахь хуьлу хьо. Майрра т1аме а воьду, хьайна даггара сагатдеш адам дуй а хууш, т1аьхьенан ойла а цаеш. Цул сов, со сайн зударех хьал доккхуш, ваха хуур волуш вац. Муххале а, шари1ат а лардеш, царех мах цуьнан гергарчарна айса д1алуш ву.
Кестта шен дош кхочуш а дира Шемала. Томана баха къонахий вовшахтуьйхира: коьртехь воккханиг-Исмайлин Дуда вара, шолг1а-Шемалан наиб а, доттаг1а а волу Шелара Т1елхаг, моллин метта а там-мах уьш реза боллуш берзор т1едиллинера Уммалат-шайхана. Эвтархойн Ахьмад, дог-майра Ч1ега коьртехь волу 15 обарг чувог1у тоба, обарг Геха, яккхин тоьпаш юкъара ваьккхина Буг1а вига а бакъо еллера. Ишерски станицехь делегацина юкъаяхара Яков Алпатовс г1оьнна елла казакий отряд. Цаьрца хьажа-х1отта шен дец1а яха пурба дийхира имаме Шу1анта. Ша дийна я елла ц1айог1ур ма ю, хьох яьлча ша х1ара дуьне оьшуш ма яц аьлла Шемална дош а делла, новкъаелира Шу1ант. Боккха там-мах эцна Моздоке воза-декъал д1акхечира и замой.
Кхаа дийнахь-бусий той лаьттира Мазлакхехь. Ерриг г1ала еара ломара баьхкина и майра хьеший ган. Оцу кхаа дийнахь буьйшуш, г1овттуш бацара Моздокера эскаран хьаькамаш. Х1ун дича карадалор дара – те Шемалан и жима эскар бохуш планаш х1иттайора цара. Амма х1умма а дага ца деара. Царна дика хаьара шена зен диначунна Шемала бекхам муха бо. Х1ирийн элий дуьхьалбевлира паччахьан инарлина Бекович-Черкасскийна. Шаьш т1ебаьхкиначу хьешашна тешнабехк а бина, т1аьхьенна вон ц1е юьтур яц х1ирашна т1ехь аьлла. Шайна нохчий дика бевза. Царна улло а х1иттина шух летар ду тхо аьлла, д1ахаийтира. Г1алахь мел волу хьолада Эрмалойх, Жугтех шаьш лохкур буй д1а а хаийтира. Цул т1аьхьа, ц1ера схьа цхьа сингаттамен хаам ца бахьаш дикка хене елира Шу1ант….
Т1ЕЛХИГАН РЕЗАВАЦАР
«Ахь цунна эзар дика динехь а,
Дина цхьа вон бен ца го нохчочунна. »
Имам Шемал.
Хууш ма-хиллара, Шемалан къайлах болчу мухтасибаша, шари1атан инспекцис, мудираша йина докладаш тидаме эцна, шен доттаг1а велахь а, имаматана хьалха цо дина даккхийн г1уллакхаш доллушехьа, Шелара Т1елхаг наибан даржах мукъа а витина, халкъалахь лоруш волу Эвтархойн Ахьмад х1оттийра цуьнан метта наиб имам Шемала. И лацаделира Т1елхиге. Эвтархойн Ахьмаде ала х1умма а дацара цуьнан. Х1унда аьлча, ша цуьнан метта х1оттош вуй ма-хиъинехь, Шела а веана, Т1елхигах дагавелира Ахьмад.
– Т1елхаг, хьуна ма-хаъара, Гуьржичу, Дег1астана, Г1ебарта, Х1ирийчу, Г1излара, Мазлакхе кхочуш сайна т1аьхьах1оьттина обаргийн тоба а йолуш ву со. Имама хьан меттана наиб х1отта боху соьга. Суна и маршо а йитина, чуволар санна х1ума ду. Хьуна вас йолуш ас т1елоцур долуш дарж дац и, – элира цо.
– Ахьмад, хьуна хаьа Шемала вайга хаьттина х1ума а доцуш вала а вина цхьа суьйлий кху чу наиб х1оттор вуй. Т1аккха вайшинне а имамана дуьхьалвала везар ву. Цулла а хьайга бохург дай, имамана улло х1отта. Со а цо цхьа декхар т1е ца дуьллуш вуьтур вац. Шен мудир хила аьллера цо, бакъду, кхин хьаха-м цадо цо иза, – шен дагара хаийтира Т1елхага.
Шелара Т1елхаг баккъалла Эвтархойн Ахьмада лоруш стаг вара. Доза доцуш майра хиларал сов, хьекъал долуш, шена т1едиллина г1уллакх дика д1акхехьа хууш а стаг вара и. Ма дарра-аьлча, ша къиза а вацара. Амма имам луьра хиларна наибаш а чорда бара миска нахаца. Ткъа нохчашка и ца лалора. Цундела дара т1аьххьара цуьнан имамаца йолу юкъаметтиг эг1ар а. Т1елхага кхечара т1аьхьашха хьехьош дерг, Шемале юьхь-дуьххьал д1ааьллера. Цо хаийтира, шайн а к1езиг дуьйш-дерзош долу латта долуш болчу нохчашкара схьа а дохуш, ахь латтанаш суьйлашна далар шена ца деза аьллера Т1елхага.
Шемал Нохчийчохь имам харжжалц жа-бажа дажош, чуьйна кхабанаш т1е г1елий дуьллуш, нохчийчухула лелаш болу лай- нах, х1инца шайна лай бу аьлча а ца товш, нохчашна дуьхьал буьйлуш бара. Шела, Эвтара, Куршлойн – эвла а туьха духкуш кхузахула лелла болу таркхой, цо ша Шовхалш г1елбо аьлла, Нохчийчу а балийна охьаховшийнера. Ша Дагестане, Теркайистте тойне нисвелча, кемса-молха а мелла, т1е луьла а оьзна, парг1атваьллачохь оцу имаман керланашна ша реза вац аьллера Т1елхига. И къамел дан а дохьий Шемалх д1атухуш дара къайлах болчу айкхаша.
Т1елхаг Шемалан ха карахь долуш, яккхийн тоьпаш т1ехь йолу оьрсийн полк шен куьйга к1ел йолуш, наггахь ша Шемалан куьйга-метта стаг ву а олуш д1анисвелла ваьлла вара. Ткъа х1инца и дерриг лара а ца лоруш, Маккара веанчу Эпенда-Хьаьжей, суьйлашна юкъахь лакхара жа1у аьлла ц1е а тиллина волчу Дибир-Махьмей, кхечаьрга а ла а доьг1на, ша наибан декхарех мукъавитар ца ладеллера яхь йолуш къонах волчу Т1елхаге. Иза шен лаамехь, Г1еза –Мохьмад имам волуш дуьйна Дег1астана а вахана, кхарна т1аьхьа а х1оьттина, оьрсех леташ лелаш вара.
Х1инца а халкъалахь дицделла дацара Т1елхиган турпалаллин г1уллакхаш. Инарла Воронцовн эскарца цо цхьана буса биначу т1амо сий айбина волу Т1елхиг ша имам Шемала цуьнан ц1е т1е а язъеш дайтина датон мукъ болу тур совг1атана а делла вара. И муха нисделлера хьуна аьлча, цкъа Теркайисттехь наиб волчу Эскин к1анта зуда ялийча, тойнехь тхьамда хила кхайкхина вара инарлин даржехь волу Т1елхаг. Шуна хаьа хир дац и: Эски наиб х1оттале Телхиган 500 т1емалочунна т1ехь куьйгалла дина, ша ц1ера Шелара а вара. Иза Т1елхиган шича-маьхчалахь, уллора доттаг1а вара. Цу тойне кхайкхина Яков Алпатовн стунцахой болу казакаш, Мазлакхера Шемалан тунцахой эрмалой бара.
Т1елхига шен дош лардира. Лаха – Неврехь тойнехь тхьамда вара иза. Хьекъал долуш, майра волу Т1елхиг ша аьрзунан санна хьаьвзина з1ок-мара а болуш вара. Кхузахь нохчий хилла ца г1аш, ловзарга хьовса баьхкина дуккха а казакаш а бара. Церан зударшний, мехкаршний ч1ог1а хазахетара аьрзуна мара болу тхьамда. Цу т1е хелха а хаза волура иза. Т1елхиге сих-сиха кад ойбуьйтура Теркахоша. Шен самукъадаьллачохь дош а элира цо. Т1аккха бурмат елира цуьнга тоьлла г1алг1азакхийн дакъийна, шаьш бешахь кхиийна к1омал ийна томка (самосад) чохь долу. Дика садаь1ира наиба. Шолг1ачу дийнахь а д1адоьдуш дара той. Делкъе хуьллуш дагадеара Т1елхагна шена имама елла хан чекхйолуш хилар. Д1аваха тохавелира тхьамда. Ша а ву кхана Ведана ван везаш Эскис боххушехьа, говра а хиъна, д1атилира иза. Доттаг1чо г1оьнна, Гуьмсе кхаччалц х1ара д1авига шиъ обарг велира. Керла, садаь1на , хуьйцуш дига дой а, таьлсаш дуьззиа даар, малар а делира.
Буьйса юкъал т1ехъяьлча дара Т1елхиг Шела ара кхаьчча. Ц1ераш латийна, царна гонах хевшина, туп тоьхна 1аш эскарш дара. Ша цу юккъе иккхича, г1еххьачул кеп д1аелира Т1елхиган. Сецча и мила ву хуур дара. Хаьхкина вогг1ушехьа, шена уллохь болу яйдакх динан таьлсаш чуьра топ юьйлира цо. Амма говр лаг1 ца йира.
– Мила ву вог1уш верг? – ц1ера уллора ши салти схьаиккхира.
Шен дагахь: «Шун деда Иван-Хьаьжа ву-кх»-аьлла вела а велла, х1ара жоп ца луш хаьхкина д1авахача, ха толлуш лелаш эпсар ву аьлла хетта 1ийначух тера дара г1арол. Цхьа яппарш а йина, бодашкахь къайлаваьллачу беречунна т1аьхьа тоьпаш ца туьйхира цара. Г1опе схьа ма-кхеччи, имам самаваккха вахара Т1елхаг. Ха дуьхьалделира, Шемал ца г1аттош. Т1елхиган аз а хезна, аравелира имам. И вижина вацара. Къор1ан доьшуш 1аш хиллера.
– Имам, пурба ло суна яккхийн тоьпаш тоха Шела ара, – дийхира Т1елхага.
– Д1авала, буса кхоьссина йоккха топ эрна ю, олуш долу нохчийн кица ца девза хьуна, – оьг1азе вистхилира Шемал.
– Имам, вайна го беш эскар ду, тховса и духа ца тохахь кхана хала хир ду вайна. Бакъо ло суна т1ом боло! – духа а дийхира Т1елхига.
– Хьо ву-кх уьш карахь ерг соьга стенна хоьтту, – аьлла чувахара Шемал.
Дукха хан ялале ара а ваьлла, хьехаш к1ел г1ента охьахиира, шена т1е кетар а кхоьллина. Аьхке елахь а ломахь буьйса шийла хуьлу. Жимма хан яьлча, «Гов-Гов» – бохуш юьйлуш хезаш яра Т1елхаган тоьпаш. Амма дуьхьал тухуш йоккха топ яцара.
– Имам, и ма дика ваьхьна ишттачу хьолехь хьуна гучувала? – хаьттира буьйсана ден ха карахь долчу эпсара.
– Цо оьзнарг х1ун ю хиирий хьуна? – хаьттира Шемала.
– Луьйдаг йоций-м хаьа суна, – жоп делира эпсара.
Сатоссуш т1ом тийра. Шемале сийраса сарахь аьллера, Эластанжарчу некъа т1ехь паччахьан талламхойн тоба хааелла и шаьш юхатоьхъна аьлла. Амма х1инца сатасаран дохк доьссинера.
– Оцу г1алг1азакхийн вон амалш схьаэцна Теркаца бехачу нохчаша. Берриг бохург санна узуш, молуш бу уьш, – шениг дуьйцура ха латтош волчу эпсаро. Иза суьйлий вара. Даиман а нохчашна цхьаъ ала г1ертара уьш. Имама нохчий шайл сов лорий- те аьлла хеташ бара. Иштта дан а дара г1уллакх. Ахульгохь шена г1о ца дар дицдеш вацара имам. Мичча хенахь а ша амалтана велла Джамалди дага а вог1ий, б1аьргех хи долура цунна. Шемала коьрта лорург т1емалочо деш дерг дара. Делахь а малар, озар имаматехь дихкина дара. Хаавеллачун корта боккхур бу аьлла д1а а кхайкхийнера. Оцу хьолехь х1инццалц Шемална улло ван ваьхьна цхьа а вацара.
– Хьайн болх бе ахь. Цуьнца дерг ас кхана къастор ду, – аьлла эпсаран са а тедина, чувахара Шемал. Дукха хьалхе веара Шемалан къайлах болу айкхаш карахь болу хьаькам.
– Имам, оьрсийн эскар сийрара йоккха топ етташ Т1елхаган салташа х1аллакдина. Паччахьан салтий бухабовлуш бу, Чахкаре йолчу аг1ор д1акхохьуш бу цара шайн чевнаш хилларш, – хаийтира цо.
Имама шен геланча вахийтира Т1елхаг схьалаха. Беха некъ бина волу наиб т1амо а г1елвина, хар эцна наб еш ву, ша д1асаветтарх сама а ца вели аьлла, вухавеара.
Делккъа хенахь веана имамана дуьхьалх1оьттира Т1елхаг. Реза воцуш хьоьжура цуьнга Шемал. Дов муха долор ду ца хаьара цунна. Ала х1ума дацара, ша аьлларг дина Теркайисттера схьа а веана, х1инца ша цхьамма цхьана б1оца оьрсий бухатоьхна волчу наибе. Эххар дагадеара Шемална:
– Т1елхиг, – элира имама. – Малар – дикачу к1ентан нус ю хьуна! Вон к1ентан – мостаг1 ву! Ас гечдо хьуна ахь тойнехь малар, томка озар! Д1аволо х1инца, сан б1аьргаш дуьхьалара д1авала, кхин г1опехь хьо оцу хьолехь а ма гайталахь! …
Дагалоцур вай цул т1аьхьа, Чахкари олу оьрсийн Ч1аг1о схьа а яьккхина, Т1елхага имаме яздина самукъане кехат:
«Оха хаза кхаъ боккху хьоьга , имам! Цул боккха кхаъ кхин хила йиш йоцуш дагна там беш болу, Делах тешаш болчу бусалбанашна, керстанаш белхабо цо. Тхо арадевллера Делан дуьхьа, г1азотан т1амна, хьуна евзаш йолу и вайн сагатдеш йолу меттиг схьаяккха. Иза Рамазан беттан ткъей цхьалг1ачу дийнахь, шот дара. Нохчийн аренашкахула бог1учу мостаг1ашна т1екхечира тхо. Дийно сарралц т1ом бира оха цаьрца. Уьш эшон ницкъ ца тоьий хиъча, оха йоккха топ ян вайн ц1а нах бахкийтира. И йоккха топ етташ х1аллакби оха вайн мостаг1ий. Цара маьхьарий хьоькхура, шаьш дийна дитахьара бохуш. Шайгахь мел долу герз, даарш, духарш схьаделлера цара.
Оццу хенахь царна г1оьнна ткъа сов эскаран хьаькамаш арабевлира Чахкари – ч1ог1онера. Тхо т1елетира царна. Валлах1и вацара царах висина стаг велларг бен! Чевнаш хилларш, берзина бевлларш бара, йийсарш. Царна юкъахь воьлхуш цхьаъ вара. Кхин а маьхьарий оьхурш а бара, шаьш дийна дитар доьхуш: Давлат-Гирин к1ант-эпсар волу, Хьами к1ант вара. Оьзда воцу Тихиш а- сан вешин к1ант! Уьш эххар т1ехь духар доцуш, чевнаш хилла 1охкуш бара. Тхуна уьш белла моьттура. Царна юкъахь вара Маза-ахь д1аваьккхина волчу наибан Дабин вешин к1ант: уьш берриг чевнаш хилла бу, оха схьа а балийна, вайн набахти чубоьхкина уьш.
И кхо стаг схьавоьхуш суна т1е дукха адамаш оьху. Церан кхел яр оха хьуна дуьту. Имам, нийса кхел ахь йо, хьекъал-хьоьгахь алсамо ду. Нагахь ахь и суна т1едиллахь, ас ен йолу кхел хьуна евза…
Доцца аьлча, оцу т1амехь сан пхи стаг вийна, ткъей пхиъ чевнаш хилла ву. Беллачийн, лазийначийн герз, говраш оха схьаялийна. Жам1 дича, вайна хьесталуш, боьлхуш бу вайн мостаг1ий. Маршалла ло вежаршка Джамалдега, Хьаьжега. Хьан омра кхачаре хьоьжу тхо».
Х1инца и дерриге а лоруш дацара. Иштта ду ламаройн г1иллакх: б1е дика болх ахь бинехь а, хьоьгара яьллачу цхьана ледарлоно цу дерригенна а т1е сиз хьокху. Цундела вас хиллера Шелахойн Т1елхагна ша имама наиб волчуьра д1аваккхарна. Цунна лаьара Шемала гулам а бина, шена дуьхьал болчу нахе: х1ун ду шу резадоцург аьлла, дийа а дийцийтина х1унда ца воккху ша д1а, аьлла. Амма Шемална нохчий дика бевзара. Наибана дуьхьал цуьнан г1алатах цхьаммо а дош эр дац. 1едал Делера ду олу нохчийн молланаша, куьйгалхой шаьш хаьржина боллушехьа. Т1аккха, Делан векалшна дуьхьалвала мила ваьхьар ву? Цундела хьаькамалла шен деха латта луучу массо куьйгалхочо а шена гонах шен гергарнаш, х1уъа дерзо хууш болу молланаш боху. Цара 1аьбийн маттахь Дала бохург дуьйцу, шайн маттахь шайна деззарг д1аолу.
Т1елхиг д1аваьккхича, цуьнца д1абахара дуккха а муртазекъаш. Уьш цуьнан гергара нах, уьйр-безам берш, захалш бара. Эвтархойн Ахьмадан шена керла эскар вовшахтоха дийзира. Дика таро йолуш а, наха лоруш а стаг вара Эвтархойн Ахьмадан доттаг1а Шелара Мурин Элаха. Цо Шелара хьовха, гонахарчу ярташкара а эскар вовшахтуьйхира Эвтархойн Ахьмадана. Баьчча вевзаш хиларна, къонахий сиха т1аьхьах1уьттура шена олура Элахас. Царна доккха сий хетара Эвтархойн Ахьмад санна волчу к1антана т1аьхьа а х1иттина г1азот даккхар.
Тахана-кхана ша волчу Мурин Элаха хьошалг1а а вогур ву, шаьшшимма дика хан а токхур ю бохуш 1аш волчу Эвтархойн Ахьмадана хабар деара кхуьнан доттаг1а ц1ера ваьлла аьлла. Шела веанчу Ахьмадана хиира билггал шен доттаг1а ц1ахь цахилар. Цуьнан гергарчу наха цо ша ц1ера волуш дитина хабар схьаэлира: «Ахьмад, ас ларамаза сайна гонах болчу нахана юкъахь Шемалх вон дешнаш аьллера. И х1ун дара хьуна аьлча, Шемал хьакъ вац имаман еза ц1е лелон. Иза т1еман новкъа ваьлла бусулбанашна омра а деш, шен ц1е яккхийтархьама. Шен лаамехь вай и витахь, цо дукха нохчий х1аллакбийр бу. Шемала нохчашна т1ехь наибаш суьйлий х1иттабо, цхьа а нохчий а вац суьйлашна т1ехь наиб». И хабар цхьаммо имамах д1атоьхнера. Шемала стаг ваийтинера Мурин Элахе шена т1евола аьлла. Амма цо шен корта баккхале ша махкара д1аволу. Шена оьг1аз а ма г1о. Шен ч1ир эцар хьуна т1ехь а цадуьту ша».
Масех шо Петарбухехь даьккхира Мурин Элахас. Эвтархойн Ахьмада дехарца имама гечдинера цунна. Амма эхартахь ша накъост хир вац аьллера. Шен доттаг1 ц1ахь воцуш цуьнан гергарчу нехан дола а дора, царна даа, мала а латтадора Эвтархойн Ахьмада. Оцу Мурин Элахан к1ант вара Атан ц1е а йолуш. Петарбехехь деша а дешна, воккха эскаран хьаькам хилира Атанан к1ант Дада. Петарбухерачу оьрсийн паччахьан коьртачу штабехь Малхбален отделан куьйгалхо вара и Дада, 1905-чу шарахь дуьйна. Цо обарг Зеламхина уггар тоьлла герз, х1оъ-молха а латтадора. Совг1атана еллера Австрийки пхоьзза йолу топ, «Смит-вессон» системин тапча а. И герз Зеламхина Петарбухера Нохчийчу схьадеанера адвоката Мутушев Ахьматхас….
Шеларчу Т1елхигана цуьнан г1алаташ гечдар дийхира Эвтархойн Ахьмада. Цо диначун мах хадон хан ло шена элира имам Шемала. Амма хан д1айоьдуш яра. Шелахойн Т1елхага геланча ваийтира Эвтархойн Ахьмадана т1е. Цо хабар деара: «Ахьмад, со Веданахь йолчу резиденцина т1е а летта, имам лаца а лаьцна, оьрсашна д1авала воллу. Хьайна чин а, доккха алапа а дезахь шена т1аьхьах1отта. Ца х1оттахь-шена новкъарло ма е. Шемална уллора д1авала. Шен некъана хьовзам ма бе», – аьлла.
И къамел ч1ог1а новкъа деара Эвтархойн Ахьмадана. И цу буссехьа шеца дог-майра Ч1егий, Буг1ий, кхин цхьайтта обарг а эцна, ма- вогг1у, Шелахой дуьхьало ян ца кхуьуйтуш Т1елхиган керта иккхира. Аракхайкхира цо Т1елхиге.
– Ахьмад-Т1елхаг воций хаалахь! Х1инца дуьйна суна хьо хьалхалера Т1елхаг вац хьуна. Ас цкъа а дохор дац Шемална айса дина бай1ат. Ас цкъа а дуьтур дац т1аьхьенна нохчаша лаца а лаьцна имам паччахьана д1авелла боху дош. Вайн къомана т1едан цул доккха эхь дан а дац хьуна. Кхин и саннарг хьуна дагадеаний суна хиъначул т1аьхьа, со хьан некъана дуьхьалвалар-м хьовха, цу новкъахь вайшиннах цхьаъ вийна вуьсур ву хьуна», – аьлла, д1ахаийтира Ахьмада.
Т1елхага дуьхьал х1умма а ца элира. Ойлане ваьлла и лаьтташ а волуш, юьйцина йиначу керт т1ехула дой а лелхаш, д1абахара эвтархой. Цул т1аьхьа, к1ира далале имама резиденце д1а а кхайкхина, Йоккхачу нохчийчу мудир х1оттийра Т1елхаг. Эвтархойн Ахьмада имаме аьлла хиллера:
– Шемал, хьуна сой, Т1елхаг цхьа оьг1аздаханчу берех тера хетта хир ву тахана-кхана бохуш хьан бага хьоьжуш 1ен. Айхьа х1оттош велахь Т1елхаг д1ах1оттаве, вацахь-шина наибах волу хьо!
Шемалан, Эвтархойн Ахьмадан къамел хезначу т1емалоша дийцинера и Т1елхигана. Дукха лийлира и ша Эвтархойн Ахьмаде дахьийтина хабарна дохковаьлла. Делахь а 1859-чу шаран 25-чу августехь Гунибехь Т1елхаг имамана уллохь вацара, цунна дуьхьал болчийн тобана юккъехь лаьтташ вара и. Имам Шемала дехнера Барятинскега:
– Х1ара тхайн суьйлий сайна тешамен боций со хууш вара. Х1орш я элий, я лай хилла бу. Даиман суна къонахий буй хууш болу нохчий д1абахахьара ахь кху сий дайначу сан некъа т1ера.
– Билггал мила ву хьуна царах новкъаверг, – хаьттира паччахьан Кавказехь волчу урхалчас.
– Шелара Т1елхаг ма гайтахьа шена, вовшийн ч1ог1а бехкен ши стаг ву тхойша. Сан к1ентан Джамалдин стунда ву иза.
– Нохчий д1абаха имамана дуьхьалара, – омра дира инарлас.
Бисинчу суьйлийн элашна уллохула т1ехволуш, Шемал д1а а ца хьаьжира шен селхана хиллачу наибашка. Цуьнан бакъо яра царна хьалха корта айббина т1ехвала. Цо шеца хьуш Кавказан т1еман йоккха къайле яра. Кхул т1аьхьа а б1е кхузткъей итт шо дер ду нохчашний, суьйлашний 1уьйранна ч1аг1о а йина вала араваьлла волу Шемал, делкъалт1аьхьа паччахьна йийсаре х1унда вахана ца хууш. Амма хиъначул т1аьхьа, шайх, имам Шемале шайна гечдар доьхур ду г1азотан дайн, т1емалойн т1аьхьенаша.
…Амма х1инца дагт1ехь боккха бала болуш Веданара д1авоьдура Эвтархойн Ахьмад. Цунна дагара ца довлура Аварин областан начальника Хунзахерачу Хьаьжмурда Шемална юьхь-дуьххьал аьлларг: «Хьан к1ант Г1еза- Мохьмад хила ца веза имам хьо д1аваьлча, наибех тур ира дерриг хила веза! Озабезамаш т1амехья 1едалехь волуш ца бо, Шемал! ». Эвтархойн Ахьмадана хаьара и дешнаш цунна Шемала дуьтур доций.
Жимачу Нохчийчохь ц1ий1аноран т1емаш д1абоьлхуш бара. 1849-чу шеран мартехь берриг Эвтархой урамашкахь бара. Черказийн мух1ажарш бара Эвтарахь баха д1анисбан схьабалош. Наха шайн – шайн х1усамаш йол-йолчара д1абуьгура уьш, г1елбелла, мацбелла болу. Шен раг1у к1елара хьешан ц1а чохь д1атарбира Эвтархойн Ахьмада мудиран Анзоров Махьмат—Мирзин доьзал. Г1ебартой цецбевлла бара Эвтархошна юкъахь дуккха а шайн махкахой гича. Уьш Ермоловн заманахь Таймин Биболатан эскарехь хиллачу г1ебартойн т1аьхьенех болу нах бара, х1инца кхузахь шайн къаьсттина куп йолуш бехаш болу.
Дукха хан яллале х1инца т1ебаьхкиначарна а массо ара а ваьлла, ц1енош дира, за1аран пенаш т1е стомма поппар а тухуш. Шорйелира Черказийн куп. Кестта шайн черказийн кешнаш гучудевлира Эвтарарчу кешнийн кертахь. Иштта ваха хаийра Эвтарахь шайх Анзоров Махьмат-Мирза. Цуьнан т1аьхьенах болу нах тахана а лоруш бу Эвтархоша. Цхьаболчарна уьш 1овдин ц1ийнах бу моьтта. Амма иза иштта дац. 1овдера ц1ийнах цхьа а ца хилла цхьана а заманахь цхьа а доьзал Анзоров фамили лелош.
НАИБ МАХЬМАТ-МИРЗА
(Имаматера кхоалг1а эвтархо)
«Сайн лаамехь дуьненахь де даьккхина вац со».
Омар Хьаям.
Х1инццалц имам Шемалан эскарш т1ехь куьйгалла деш Эвтарара шиъ бен наиб ца хилла бохуш 1ийнера вай: Ц1икаройн Т1уьрший, Гунойн Ахьмаддий бен, шех Исмайлин Дудас Эвтархойн Ахьмад аьлла волу. Дукха хан йоццуш Махачкалара архивехь кехаташ кегош воллуш волу со, «имам Шемалан 1аьрбийн маттахь долу кехаташ» аьллачу таьптар т1енисвелира. Суна моьттура уьш нохчийн историкаша дукха кегийна, теллина, дерриг мутта схьадаьккхина лаьтташ хир ду аьлла. Царех цхьана а нохчочо куьг ца 1оьттинера, суьйлех а цхьа историк бен ца хьаьжнера. Амма таьптарш селхана яздина долуш санна, вуно ц1ена, атта дешалуш дара. Церан мехала хилар гуттар а совдоккхура уьш 1966-чу шарахь вевзаш волчу Малхбале езархочо Ю. Крачковскийс оьрсийн матте гочдина хиларо.
«Таьптарш нохчийн шина юьртахь карадаьхкина ду: наиб Дубин ц1арах дерш-Дубин эвлахь. Иза йохийна паччахьан эскарша 1849-чу шарахь; Махьмат-Мирзин ц1арах долу таьптарш карадаьхкина цуьнах йисина 1аш йолчу зудчун х1усамаш толлуш Эвтара юьртахь». Иштта т1еяздина ду царна.
Х1ара коллекци кхуза кхаьчна И. А. Бартомолейгара, кехаташ цо схьадаьхна ду т1еман трофейш санна Кавказерачу фронтехь 1849-чуй, 1853-чуй шерашкахь. Пакет т1ехь долчу йозанаша тоьшалла до 1853-чу шарахь и кехаташ М. И. Броссега д1атесна хилар. Россин императоран Академин бакъволчу декъашхочуьнга. Цул т1аьхьа пакет кхаьчна Азиатски музейчу.
Махачкалахь арахецначу сборника юкъадахана цхьадолу документаш, Шемалан кехатийн гочдарш: Яхья-Хьаьже, Махьмат – Мирзе яздина долу, т1ехь яздиначу замана терахьаш долуш, доцуш ду уьш.
Кехаташ дика ларделла ду, 1Х-г1а кехат доцург (номерш архиван ю) ;дукха къахьега а ца дезаш дешалуш ду. Кхийолчу Кавказера архивашкара баххашка хаьажча, х1окху кехаташ т1ехь цакхетамен хьаьркаш яц, вай кхузахь даладо гулар т1ехь уьш билгал ма-дарра.
*Кехатан вукху аг1ор (10 л. ) мух1ар (печать ) ду, х1оин барамехь, ялхса болу седа, яздинарг Шемал ву аьлла ду цу т1ехь. Кехат оццу куьйга яздина ду.
Гочдар
(Къинхетамечу, догхьастамечу Аллах1ан дуьхьа! )
Имам Шемалера везаш волчу веше Дубе-маршалла ду хьоьга! Цул т1аьхьа – мух1ажар волчу Махьма-Мирзина меттиг эшча, цунна хьакъ боллу, оха цуьнга юрт елла Шубутински (Шуьйтан-хетарехь) районера, Органал декхьара, Малхбузе ог1орара жима Варанда, Закан, Вашандарой. Танус (хетарехь – Тумсой) Пешхойн юкъараллехь йолу, Борзе. Хьан дагчохь вас ма хуьлийла цунна. Оха и цадевллачу денна дина. Хьашт хиларо х1уъа а дойту. Марша 1ойла!
К1иранде, 9 рабби ас-сани 1265 шо (4 март 1849 шо) .
*Кехатан вукху аг1ор мух1ар ду. Ялхса болу седа, Шемал.
Гочдар
(Къинхетамечу, догхьастамечу Аллах1ан дуьхьа! ) .
Бусалбанийн эмир волчу Шемалера шена безаш болчу вежаршка, массо бахархошка Калой, 1арштхойн виллаете. Маршалла ду шуьга!
Къинхетам, беркат хуьлда шуна! Оха шуна т1е шух волу дешна стаг х1оттийна, черкази Махьмат-Мирза, цуьнан виллает шунчуьнах хоттаелла хиларна. Цуьнца боккха пайда бу шуна. Цуьнга ла а дог1а, муьт1ахь а хила. Цуьнга ладуг1уш волчо-соьга ладуг1у! Цо аьлларг цадечо-ас аьлларг цадо. Марша 1ойла!
Еара, 13 зул-къаада 1266 шо (20 сентбрь 1850 шо) .
*Куьйга йоза тера ду 1У кехат яздиначух. Хетарехь, цхьаммо йозанчех шен куьйга яздина уьш. И гойту уьш ул-уллохь хиларо терахьашца а. (1У-4 март 1849 шо. У111- 16 март 1849 г1а шо) . Т1ехьа аг1ор тоьхна мух1ар ду, Шемалан ц1е, ялхса болу седа.
Гочдар
Имам Шемалера шена везаш волчу веше Яхья-Хьаьже-Маршалла ду хьоьга! Т1аккха-ахь г1о дан деза вайн вешина Махьмат-Мирзина говр-ворда а елла цуьнан доьзал, х1уманаш а Эвтара д1аяхьа, хьем ца беш, дуьхьало йоцуш. Маьрша 1ойла!
Еара, 21 рабби ас-сани 1265 шо (16 март 1849 шо) .
Т1аккха-Махьмат-Мирзица цуьнан муридех итт нохчо а шайн доьзалшца д1акхалхабе. Шеконаш ма лелае цу т1ехь.
*Кехат дика ларделла дац, кхидерш санна, цхьайолчу меттехь хала дешало. Т1ехьа тоьхна мух1ар ду, ялхседа, имам Шемал. Терахь дац.
Гочдар
(Къинхетамечу, догхьастамечу Аллах1ан дуьхьа! ) .
Бусалбанийн куьйгалхо Шемал шен везаш волчу веше, мудире, дешна волчу Мухьаммад-Мирзе! Маршалла а Делан къинхетам а хуьлда хьох! Т1аккха, Дала т1едиллина ма-хиллара, хастам хуьлда Цунна, «х1ара денош раг1йина д1аоьху адамаш юкъахь» (Къор1ан, 3. 134) . Вай сагатдан оьшуш дац яздина даьллачу х1уманна и хууш боцчу шалхонаш лелочарна, копаршна т1е а тийжаш, мосазза эшна церан эскарш, амма Дала динарг гуттаренна а ду. Тхо а хьоьца ду, Аллах1ана и лууш делахь, хастам бу Цунна, Цуьнах тешаш болчарна. Са а ма гатде, г1ийла а ма хила, шу царал лакхара ду, шу има диллина делахь (Къор1ан, 3. 133) . Маршалла хуьлда шуна!
Т1аккха ас хьуна т1едуьллу, кхин т1аьхьа ца тоьттуш, бисина 1аш болу зударий маре балар, хьайн йиша а цхьана. Цхьаммо аьлла: «Адамаш вовшах тера ду, церан да-Адам ву, нана-Хьава ю». Хьоьга бевддачийн герз д1а ца далийта, веллачуьнниг бен. Цул хьалха. Дисинарг вайн вашас Хьаьжас дуьйцур ду хьуна.
Т1аккха-цхьана юьртарчу адамех хьо тешаш велахь, вуьйш царах тоха сих ма ло.
Шемалан кехаташ, кхидолу таьптарш Дагестанера коллекцехь долу Нохчийн истори меттах1отторна доккха маь1на лелош ду. Иза къаьсттина билгалдаккха дезаш ду. Х1унда аьлча, кхин цхьана а меттехь иштта ларделла дац и тайпа кехаташ. Цхьана хенара а, цхьана хиламах а, цхьана коьртачу стагах а долу. Баьччин кхолламах дерш-м муххале а.
Кехатийн коллекци ткъа сов документах лаьтта. Царна т1ехь буьйцу нохчийчуьра наибаш. Мичиг хи т1ера –Шо1ип, Йоккхачу нохчийчоьнан наибаш-Сухьайб, Т1елхиг. Жимачу Нохчийчоьна наибаш-Са1дулла, Атабай, Дуба, кхиберш. Наибаш: Нур-1ела, Килик, Мухьаммад-Эмин, Хьаьжа-Яхья, Даниял-Султан Елисуйский, Гумбетара Абубакар. Цара дукха яздо наибе, т1аьхьо-мудире- Анзоров Махьмат-Мирзе. Ша дерриге а 12 стага цуьнга яздина 23 кехат ду, цо ша кхечаьрга яздина долу 5 кехат а ду архивехь. Наиб Дубе 7 стага яздина-13 кехат ду. Цо ша д1аяздина 3 кехат бен дац. Гумбетера Абубакара пхи кехат яздина веа стаге, цуьнга схьадеанчех-цхьаъ бен дац. Уггар дукха кехаташ Дубе, Махьмат-Мирзе ду. Цу шимма вовшашка 1 кехат бен ца яздина. Шемала 1845-1850 шерашкахь яздина 9 кехат ду. 1842-чу шарахь ша Нохчийчохь ч1аг1велча, Нохчийчоь кхаа наибана йийкъира цо:
1. Мичиге-наиб Шо1ип-молла х1оттийра,
2. Йоккха Нохчийчохь наиб 1иса вара,
3. Жима Нохчийчоь-наиб Акхберди Мохьмад х1оттийра.
Наибаш шо-шаре мел дели совбохуш бара. Масала, 1843-чу шарахь Нохчийчохь 6 наиб вара. Оццу шарахь Дубе д1аелира Йоккхачу Нохчийчуьра ерриге а ярташ 1аьржачу лаьмнийн когашкахь 1охкуш йолу. Кхин а 2 шо даьлча, кхаа юкъаралле екънера Нохчийчоь: Мичикан, Качкалыкан, Ичкерин. Цигахь х1оттийна варх1 наиб а вара. 1846-чу шарахь т1екхийтира Шуьйтан, Шубутан, Ч1еберлойн наибаш.
1845-чу шарахь наиб Дуба имам Шемала кхечу латтанаш т1е хьажийра Органний, Мартанний юккъехь долчу, Теиб ц1е йолу наиб д1а а ваьккхина. 1845-1846 шерашкахь яздина ду Дубега 1, 11, 111-лоьмарш йолу кехаташ. Х1етахь Дуба Жимачу Нохчийчохь т1емаш беш вара. Цул хьалха цо дакъалецира Дег1астанахь а, Ичкерехь биначу т1емашкахь, цигахь чов хилла а вара Дуба.
Важадолу кехаташ (1V, V, V11, V111, 1X) Махьмат-Мирзин ц1арах ду. И. А. Бартомолейс Францера ю аьллачу коллекци юкъахь иштта дуьйцу цу кехатех кхетош:
«Анзоров Мухьаммад-Мирза-лараме стаг ву Жимачу Г1ебартахь. Иза Шемална т1ех1оьттира имам 1846-чу шарахь г1ебартой т1еберзон г1оьртича. Амма цуьнан Г1еберта вар аьтту болуш ца хилира. Шаьш арабаьккхина некъ чекх ца баьлча, Махьмат-Мирза Шемална т1аьхьа а х1оьттина Нохчийчу схьавеара», – бохуш.
Мухьаммад-Мирза Жимачу Нохчийчохь наиб х1оттийра Шемала 1846-чу шеран 22-чу августехь Гихт1арчу наибан Атабайн меттана. Кхечу коллекцехь цхьа таьптар ду (1846-чу шеран 2-чу декабрехь х1оттийна) цо т1еч1аг1до Махьмат-Мирза цу заманахь наиб х1оттор, циггахь ду тешаша дина тоьшалла а шина а наибан мух1арш а ду кехата т1етоьхна. Мухьаммад-Мирза Эвтархоша цуьнах олуш ма-хиллара-Махьмат-Мирза Далла дуьхьал д1авахана 1851-чу шеран 19-чу июнехь, инарла Слепцовца хиллачу т1амехь йиначу чевнах хилла цуьнан д1авалар.
Гуш ма-хиллара, Шемала 1V –г1а кехат яздина Махьмат-Мирзе коьрта наиб х1оттийначу хенахь, аьлча а мудир хьажийча. Оцу тоьшалло таро ло Шемалан V-г1а кехатан терахь билгалдан, цу т1ехь имама деш дерг омра ду: «Хьо оцу чергазийн мух1ажаршка къинхетамца а, воккхаверца а хьоьжийла…Оха и кхечарна а –наибашна, т1едиллина»…Ала мегар ду и кехат Махьмат-Мирза мудир х1оттийна дукха хан яллале яздина ду.
V11-г1а кехат 1850-чу шеран 20-чу сентбрехь яздина Калай, 1аршт1ей виллаеташка царна т1е х1оттийнарг х1инца дуьйна д1а Махьмат-Мирза вуй хаийта.
Шемалан корреспонденташна юкъахь ву кхин цхьа стаг а-цу хенахь лараме хилла волу Яхья-Хьаьжа яккхийчу тоьпаш т1е куьйгалле х1оттийна волу. 1846-чу шеран 16-чу мартехь яздиначу кехата т1ехь имам Шемала т1едуьллу Яхья-Хьаьжина Махьмат-Мирзина Эвтара д1акхелхаш г1о дар. Цундела карийна ду Эвтарахь 1аш йолчу мудирах йисинчу зудчун чохь и кехаташ. Цо гойту т1ера да д1аваьллера аьлла ца 1аш, массо х1усамна т1ехь а паччахьан эскаро тергам латтош хилар.
Шемала мудир волчу Махьмат-Мирзе яздина долу 1Х –г1а кехат маца яздина ду аьлла т1ехь терахь долуш дац. Амма иза 1849-чу шарал т1аьхьа яздина хилар гуш ду. Х1унда аьлча, имама Махьмат-Мирза коьртехь волуш и эшна т1ом хьехабо цу т1ехь. Хоуьйту зударий маре баларан керла закон ша юкъадаьккхина хилар а. Имама т1едуьллу шен мудирана бисина 1аш болу эвтарара зударий маре д1абалар, кхуьнан шен йиша а цхьана, царна лараме божарий лахар а.
Сурташ т1ехь: Шемалан наибаш. Лакхахь волу шиъ- Эвтархойн Ахьмад, Анзоров Махьмат-Мирзий ву ул-уллохь;шолг1а сурт: йоккхачу тоьпан расчеташ. Хиъна 1ачарна юккъехь верг-Эвтарара Буг1а ву. Иза гуно ву, 1умаран некъех волу. Межда Мухьаддис шайн воьалг1а да ву олура иза.
Адамашна ч1ог1а ницкъ хуьлуш, берриг нохчашна т1ебазбелла болу даккхин зенаш хуьлуш чекхбелира. Дукха къонахий д1абаьхьира цо. Т1аьххьра а нохчашна къордийра и т1ом. Мел летарх цхьана а кепара парг1ато хуьулуш яцара царна. Росси йоккха пачхьалкх яра, эскарш дукха дара цуьнан. Цул сов, нохчий 1ехабеш, ахчанаш луш бухабохура паччахьан 1едало. Ярташкахула буьйлабелла лелаш Бартинскийн хьоладай бара, ахча доькъуш. 1850 –чу шарна ерриг Жима Нохчийоь т1емашций, ахчанций яьккхира паччахьан 1едало. Майранаш, къарлурбоцурш лома хьала бахара. Цигара хьелаш хала дара: шело, мацалла, т1ом. Тахана маре елла йисина 1аш йолу зуда- кхана юха а юьсура.
Имам Шемал шена т1аьхьара д1абовлучу нохчашна т1ехь къизаллаш лелон волавелира. Цо наибашна бакъо еллера шайгахьа боцу боьрша нах ирхохка. Амма нохчий кхера а белла бухабевр болуш бац. Дийнна доьзалш д1абахара паччахьан олалла долчу мехкашка. Берриг т1ом ловш, эскарна даар-малар латтош, т1емалой латтош хилла болу миска нохчий т1аьхьара д1абевлча, имамана хиира шена г1о дан аддам а воций. Дагестан хьоладайн карахь йолу дукха хан яра.
Кавказан т1амах йолу истори самукъане яцахь а, архивашкахь лаха езаш ю: паччахьан 1едало, т1аккха советан заманахь т1екхийдийна йолу 1есалла вай д1атеттича, хаьа нохчаша г1азот х1унда дихкина хилла, имам Шемал стенна лоруш хилла а. Вешан дайн сийлахьчу къайленна Дала т1аьхьа кхиадойла вай!
ШАЙХ ТАШО-ХЬАЬЖА
«Нохчийн майралла а ю хьекъал санна доза доцуш».
Имам Шемал.
Паччахьан эскаршца 1811-чу шеран августехь, Каргалинская олучу станицехь хиллачу т1амехь г1азот хилла ву Эвтарара Мит1а. Эвтархойн Ахьмадан воккхахволу ваша. И д1авуллуш эвтарахь хилла ву Майртуьпара Таймин Бийболат, Сесанара схьавалар долу Ташо- Хьаьжа олий дуьйцура эвтархоша. Таймин Бийболат 22 шо долуш, лохочу дег1ахь а волуш, ша воьттина вича санна бутон дег1 долуш, т1ахъаьлла, т1амна каден вара. Цунна улло а х1иттина, т1ом бар дозалла хеташ бара Эвтархой: Дибин к1ант Эвтарха, 1ахин Темаркъа, 1успана 1успа, Анзора Мохьмада к1ант Мит1а, цуьнан ваша майра Зулум а. Паччахьан эскаршца хиллачу Таймин Бийболатан тасадаларшкахь дакъалоцуш къона молла вара Эндарера Ташо-Хьаьжа. Иза Таймин Бийболатал цхьа шо жима вара. Цуьнан да Тоба аьчка-пхьар хилла. Цо вордана семана милкаш, эчиган х1азарш дой, суьйлашна, г1умкашна, а духкура. Дика пхьар ву аьлла, юьртарчу нохчаша кхайкхина вигна а хилла и Эндаре. Доьналла долуш, ша жима волчу хенахь деца Хаьжц1а вахана а вара Ташо-Хьаьжа. Нохчийн баьчча Таймин Бийболат дог-йовха вара х1инца. Шена зеделларг д1адала уллохь накъост вара цунна. 1830 –чу шарахь нохчийн баьчча хьо хила веза аьлла, т1еман декхарш цуьнга д1аделира Бийболата. Ташов-Хьаьжас ша реза ца хиллехь а, шена т1елецира и сийлахь г1уллакх. Цунна ша шайх хиларе терра, хаьара Таймин Бийболатан дуьненахь яккха йисина хан дукха йоций. Паччахьан инарлаша алапа х1оттийна т1аьхьабаьхна лелош нах бара цунна. Тешнабехк а бина, 1832-чу шеран аьхка Таймин Биболат вийра таркхойн Шовхалан к1анта Салис.
Нохчий, Дег1атанхой вовшашца муха эг1ор бара ца хууш 1аш болчу паччахьан инарлаша питана долийра. Нагахь и зуламан дай болу нохчий аш махках ца бахахь шаьш Эндаре ц1ере лур ю аьлла, кхидолу къаьмнаш царна дуьхьал дехира. Амма нохчийн къона баьчча ваха меттиг болуш вара. Цуьнан схьавалар Сесанарчу нохчех дара. И хууш, цо ша Майртуьпахь хиллачу гуламехь имам ма – хаьржжинехь лома а веана, Сесанара, Шоьнара, Бенара, Ялхойн махкара, Джуг1уртара, Майртуьпара , Эвтарара къонахех вовшахтоьхна дара шен эскар. Ташо-Хьаьжас шар1аца гергарло дезарг, маьрша стаг вуй, обарг вуй ца бохуш, шега хабар ма-кхеччи, т1еман тасадалар долча схьакхача веза аьллера.
Россин Кавказан истори йийцархоша 1834-чу шарахь дуьйна шайн т1еман хроники юкъахь вуьйцу Ташо-Хьаьжа, амма Т1еман-историн архиво 1830-чу а, цулла хьалхарчу а шерашкахь хьехаво и майра къонаха. Бакъду, цуьнан т1еман истори кхин а хьалхе йолаелира. Цхьанатоьхна йолу Таймин Биболатан а, Ташо-Хьаьжин а ши тоба 1810-чу шарахь дуьйна Теркаца йолчу аренца доладеш яра. Нохчийчоьнан исторехь Ташо-Хьаьжин ц1е легенда хилла д1ах1оьттина дукха хан ю. Теркан-Г1изларан дозанца цхьа а хилам бацара цу къонахоша д1акъа ца лоцуш. Кавказан т1еман аьрру фланг даиман а церан тергамехь яра
Ташо-Хьажас т1емаш бо Дагестанан хьалхарчу имамана Г1еза-Мохьмадана (Махьма) улло а х1уттий. 1830-чу шеран б1аьста Дагестанан дуьххьарлера имам Нохчийчу волавелира шен эскарца. Новкъахь цо го бира «Бурная» ц1е йолчу паччахьан эскарийн г1опана. Т1амца схьаяьккхира Шамхалан коьрта шахьар Таркха. Имаман 4 эзар эскархочунна г1оьнна веара 8 эзар г1умки, нохчи. Июнехь цара гуо бира Эндерин лулахь йолчу «Внезапная» г1опана. Оцу т1амна куьйгапла деш вара Ташо-Хьаьжа. Августехь гона юкъахь бисинчу салташна орцахвелира «Кавказски линин» командующи инарла Эммануэль, шеца цхьаьна инарла Бекович-Черкасский а волуш. И дерриг хиъча, Г1еза-Мохьмад, шен эскарш эцна, аьккхийн хьаннашкахь къайлавелира. Цунна та1зар дан т1аьхьаваьлла волу Эммануэль, бекхамо корта хьовзийна, хьуьнах вуьйлира.
Инарлера и г1алат даларе хьоьжуш хилла Ташо-Хьаьжа шен эскарца цунна т1елетира. Оцу т1амехь Эммануэлна чов йира. Шегара командовани инарла Вельяминовга д1адала дийзира цуьнан. Т1аьхьашха т1еллеттачу Г1еза-Махьмин эскаро йистъяьккхира т1еман: цхьа йоккха топ ца кхуссуш, «Внезапни» г1опехь кьайлабевлира паччахьан салтий. И боккха толам бара. И бахьанехь нохчийн, суьйлийн т1емалойн цхьабарт хилира паччахьан эскарца латточу къийсамехь цхьаьна лета.
Оцу кхиаман коьртехь лаьтташ вара Ташо-Хьаьжа. И даим вара юкъарчу къийсамехь Къилбседа Кавказан къаьмнийн ницкъаш цхьаьнатохаре кхойкхуш. 1831 – чу шарахь Ташо-Хьаьжас Кавказан бахархошна юкъахь баржийначу кхайкхам т1ехь г1азотана дуьхьал болчу динан дайшкабохура: «Делах дуй буу ас, вайн Пайхамаран умматах шу дац аьлла. Шу Делан, Пайхамаран мостаг1ий ду. Х1инца дуьйна, ца лаахь а, Дала бохург ца дича девр дац шу».
1832-чу шарахь Гуьмсе уллохь нохчаша х1аллакйина д1аьккхира г1алг1азакхийн дошлойн полк. Цигахь караеана ши йоккха топ нохчаша Бена д1айигира. Цу хенахь Бена паччахьан эскаршна дуьхьало яран меттамотт хилла д1ах1оьттинера. Кхузахь кест-кеста хуьлура шен хьехамашца Дагестанан имам Г1еза-Махьма, х1етахь башха вевзаш воцу Шемал, кхузахь ч1ог1а лоруш волу Ташо-Хьаьжа. Наха , ч1orla лерина ладуг1ура цара бусалба динах лаьцна бечу хьехамашка.
Гуьмсехь х1аллакбинчу г1алг1азкхех бекхам беш Нохчийчухула ц1арца чекхвелира инарла Розен. Бена яга а йина, иза т1елетира имам Г1еза-Махьмин г1опана Г1имрина. Цигахь хиллачу чевнех кхалхар а хилира имаман. Оцу ц1ергахь хилла волчу Шемалан аьтто белира эскарийн гона юкъара аравала.
Цул т1аьхьа, ши бутт балале, 1833 шо долалуш, Дагестанехь керла имам Хьамзат – Бек хаьржира суьйлаша. Цхьана шарахь эха шарахь имаман даржехь хилла и ч1ирхоша вийра. Шолг1а имам вийначул т1аьхьа оцу дарже уггар хьакъволу баьнча хилла д1ах1оьттира Ташо-Хьаьжа, Уди молла. Амма цига, Ташо-Хьаьжас r1o а деш, Шемал хаьржира. Ташо-Хьаьжа имаматан Лакхарчу Кхеташонан декьашхо хаьржира. Оцу хенахь дуьйна Ташо-Хьаьжин ц1е хаддаза хьехош ю оьрсийн т1еман документашкахь. Царах цхьанна т1ехь аьлла ду Ташо-Хьаьжина т1аьхьах1иттинчу т1емалойн барам кхаа эзарне кхочура аьлла.
1835-чу шарахь Ташо-Хьаьжас шен ч1аг1онаш йо Устрада-Эвлахь, Майртуьпахь, Казбек-юьртахь, Сесанахь, Зандакъахь. Оццу хенахь паччахьан инарлаша къаьсттинчу тидаме оьцу Ташо-Хьаьжин б1о. Июнехь Ташо-Хьаьжин эскар т1елета Орга хи т1ехь полковник Пулло отрядашна. Кхаа дийнахь т1ом бинчул т1аьхьа эшийна Пулло юхаволу. Амма шо даьлча, Хошкелда а ягош, нохчийн ярташна юха т1елетта Пулло, амма юха а эшаво и Ташо-Хьаьжас.
1836-чу шеран 26 августехь паччахьан эскарша ягайо Зандакъ. Дагестанера сихха юха а воьрзий, Уди-моллица цхьаьна Ташо-Хьаьжас гуо бо юрт ягийначу Пуллон отрядана. Бевдда «Внезапни» г1опехь къайлабовларо к1елхаьарбоху салтий xlaллакьхиларх.
1837-чу шеран б1аьста инарла Фезис, шина баттахь т1ом бой, схьалоцу Аварин коьрта шахьар Хунзах. Ташо-Хьаьжас, шен эскарца т1е а летий, хаъал зе до инарлина. Т1аккха, ца ваьлла, Фези дийцарш дан волало имам Шемалца.
Цул т1аьхьа дог1уш долу шо машаре деара Нохчийчохь. Амма оцу машарх пайда паччахьан эскаро ийцира. Шайна б1ег1ийла долчу arlop, бусалба дин тидийта инарлаша Нохчийчу валийнера г1езалойн шахьарера – Казанера молла Тажаддин Мустафин. Цо хьехамаш бора нохчашна к1айчу паччахьна муьт1ахь хила деза, цуьнан герзана хьалха охьата1а деза, бохуш. Цул сов, цо ч1агдора бусалба нах вирдашка бекъабалар Исламаца ца дог1у, зуькарш дар Исламана дуьхьал ду, керста наха шайга бен боху барт а цаьрца бан беза, массо дин а Делера ду. Шайга цара олла бахахь коча жа1ар а олла, килсчу а г1о, Аллах1 дагахь латтийчахьана довлу шу, бохуш.
Г1езалойн моллас йинчу пропагандин жам1 дара ткъе итт юьрто Россина тешаме хир ду шаьш аьлла дуй баар. Цул сов, Тажаддинан хьехамаш бахьанехь вас юьйлира Ташо-Хьаьжиний, Уди-моллиний юккъе. Оццу хенахь Уди-моллин шен ч1ирхочун карах валар хилира. Ша леш Уди-моллас элира шен мурдашка Ташо- Хьаьжа бакъ хилла, цо бохучунна муьт1ахь хилалаш, аьлла. Шен дика накъост хилла волу Уди-молла кхелхича, Ташо-Хьажа Нохчийчоьнан цхьаъ бен воцу динан, т1еман баьнча хилира. Цу хенахь дуьйна цуьнан Воккха-Хьаьжа аьлла ц1е яхара мурдашна юкъахь.
1839-чу шеран 10-чу майхь Мескет1ана уллохь Ташо-хьаьжин тасадалар хуьлу инарла Граббен эскаршца. Аксайн, Яман- сун тог1ешкахь 1охку нохчийн ярташ ягош схьавог1учу инарлас 12-чу майхь ягайой, чимбой д1айоккху Сесана. Ташо-хьаьжа Бена вухаволу. Кхузахь цунна караво Ахульгохь вохийна веана Шемал. Ший тхьамда т1еман эшам лайна велахь а, дог- ойла йоьхна ца хуьлу. Кхузахь Дагестанан имам волу Шемал, Ташо-Хьаьжин г1оьнца, Нохчийчоьнан а имам хоржу.
1840-чу шарахь Бенахь паччахьна дуьхьал г1аттам болало. Ташо-Хьаьжа имам Шемала Аьккхийчоьнан наиб х1оттаво. Болчу бохамашна т1e Нохчийчохь 1аьржа ун (холера) хьийза доьалг1а шо ду. Т1амочул дукха нах х1аллакбо оцу цамгаро. Оцу халчу муьрехь Ташо-Хьаьжин дахаран коьрта маь1на хуьлий д1ах1утту г1ийла-миска бохкучарна г1одар, боберийн доладар, нахана юкъахь нийсо латтор. Шар1аца цхьаьна цо ларамца лардо нохчийн шира 1адаташ. Гуттар бохург санна къийсамаш хуьлу цуьнан имамаца т1еман х1онц мог1арерчу б1аьхошна д1айолуьйтуш, тайпанийн латтанаш лардеш, харц кхел еш болу къеданаш д1абохуьйтуш.
Шемалан гвардехь лаьттачу муртазекъаша мог1арерчу бахархошна ечу къизачу г1елонна, харцонна дуьхьал хуьлу Ташо-Хьаьжа. Цо ца къестабора суьйлий, нохчий. Ташо- Хьаьжас мел йоккхучу г1улчан къилба хилла д1ах1оьттинера шар1ан бакьо. Шена аьтто болчу arlop ца туьдура цо шар1ан лехамаш. Г1ийла-мискачу стагана дан rlo а, гайта нийсо а яра Ташо-Хьаьжин. Цундела цунах Воккха-Хьаьжа олура. Ханна кхечу хьаьжойл воккха ву бохург дацара и-царна юкъахь ша лелочу нийсонца, бокъонца сийлахь ву бохург дара.
Ц1ен волуш, эг1аза волуш, багахь цергаш йоцуш цхьа к1ант ву Шелахь дуьнент1е вер волуш. Жима волуш дуьйна даржехь хир ву и. Соьгахьчул уьссазза сов 1илма, иман хир ду цуьнгахь аьллера цкъа Воккха-Хьаьжас. Цо аьллачу хенахь дуьнент1е ваьлларг Шелара Ама ву. Хила а хилла и Ташо-Хьаьжас ма-вийццара. Шелахь цуьнан зиярт ду, дуккха а мурдаш а бу. Ташо-Хьаьжин т1еман стратеги имам Шемалчух къаьсташ яра адамалла хиларца. Цо ца лоьхура шена сий, кьизаллица дуккха а нах бойуьйтуш баьккхина толам. Дараш мелла а к1езиг хилийта г1ертара. Дахарехь чlorla оьзда, унах-ц1ена, тахъаьлла стаг вара Ташо- Хьаьжа. Шена кхечарах къаьстина хьал, бахам, ц1е еза-йоккха яккхар а ца лоьхура цо.
Мог1арерчу бусалба нахал къаста rlepташ, шаьш аьлларг бен бакъ ца хеташ, шайгара г1алат долийла яц боху т1еман куьйгалхой декхарех сихха мукъабохура шайхо. Т1ом-т1ом бу, шина а аг1ор болу мисканаш бу Деле шайна-шайна толам боьхуш до1анаш дийраш. Т1амехь долчу адамийн ойла юткълой хуьлу. Цо кхайкхош долу дин а дара шен нийсонца нахана товш. Тахана Воккха-Хьаьжин мурдаш а къаьста шайн дош лахара лелорца, тийна-тапъаьлла Далла 1ибадат дарца. Т1еман ц1ергахь кхолладелла Ташо-Хьаьжин вирд нахана юкъахь барт, машар, тардалар, дазар лоьхуш ду.
Ша 1еламстаг, шайх, эвлаяъ хиларе терра, Ташо- Хьаьжас дукха къахьоьгу бусалба дин кхиорна т1ехьажийна. Цо иттех сов жайна яэдина хилла бохуш дуьйцу цуьнан муридаша. Царах ши жайна бен дисина дац. Бакъду, и жайнеш тахана цхьацца бахьанашца нохчийн матте даьхна, теллина дац. Тхан аьтто белира Ташу-Хьаьжин цхьаболчу белхийн сурташ даха. Ташу- Хьаьжас яздинчу жайнин копиш ю аьлла а делира тхоьга сурташ. Цу йозанаш т1ехь бан безаш 1илманан таллам бу. И жайнеш дешначул т1аьхьа Ташо-Хьаьжин васт кхин а дика довза, цуьнан лехамех кхета таро хир ю аьлла хета. Цул сов, Ташо-Хьаьжас язйина ю бохуш мурдашна юкъахь лелаш назманаш ю. Иштта дуккха а назманаш ю Ташо-Хьаьжин дахарх лаьцна
Далла т1е боьдучу новкьахь xlopa бусалба стеган декхар ду ша-шен нисвар, ц1анвар, иманехь ч1аг1вар боху Ташо- Хьаьжас. Цунах лаьцна цо яздина шен жайнеш т1ехь. Уьш нохчийн матте даьхна довзийтича царах боккха пайда оьцур бу аьлла хета бусалба наха.
Сесанахь зиярт долу Воккха-Хьаьжа, Симсарехь зиярт долу Зандакьара шайх Г1еза-Хьаьжа, Илсхан-Юьртара Кунта- Хьаьжа, Эвтарара Баматгира-Хьаьжа кест-кеста вовшашна т1екхочуш, цхьана заманахь баьхна нах бу, царна юкъахь 30-40 хан хиллехь а.
Зандакъара Г1еза-Хьаьжа Воккха- Хьаьжас кхиийна ву. Ташо-Хьаьжа ханна воккха хилла цулла а. Уьш Мохьмад-яраг1ис цхьана шерашкахь муршидаш бина лелийна бац. Хенан тег1а ду царна юккъехь. 1овда цу шиннал жима хидда. Иза 1809-чу шарахь ваьлла дуьнена. Оьрсийн хьостанаша хаам барехь- Кунта-Хьаьжа 1829-чу шерашкахь вина ву. Ташо-Хьаьжел 30-40 шо жима хила тарлуш. Мохьаммадал-Яраг1ис Ташо-Хьаьжина т1едиллина хилла Г1еза-Хьаьжа эвлаяийн дарже кхачош кхиор.
Дуккха а шерашкахь хан яьккхина Г1еза- Хьаьжас холбатахь. Оцу хенахь цуьнан терго, 1уналла деш хилла Воккха-Хьаьжа, эххар, цо къобалвина, эвлаяъ ву аьлла, халкьана д1акхайкхийна ву Зандакъара Г1еза-Хьаьжа. Оцу хенахь дуьйна Нохчийчохь шар1 ч1аг1деш цхьаьна къахьегна цара.
Мохьаммад-Яраг1ин мурдаш хилла болчу Г1еза-Мохьмада, Шемала, Ташо- Хьаьжас, Зандакъарчу Г1еза-Хьаьжас оцу муьрехь коьрта лору, 1адаташ юьстах а теттина, бусалба дин чlaг1дар. Халкъ цхьаьнатухуш, нахана юкьахь барт беш, массаьрга г1азоте кхойкху Ташо-Хьаьжа коьртехь волчу 1еламнаха. Цу хенахь Ташо-Хьаьжин ц1е «Нийсовоьдург», «нийсавехарг» олий йоккхуш хилла.
Оьрсийн хьостанашкахь дуккха а масалш ду имам Шемалний, Ташо-Хьаьжиний юкъахь дар-дацарш, девнаш, цакхетамаш хилла бохуш. И масалш пропаганда яран 1алашонца, динехь болу нах галбаха паччахьан 1едалан жанжармерис кхоьллина ду. Ташо-Хьаьжа цкъа а ца хилла Шемалца – имамалла къуьйсуш. Х1унда аьлча, Шемал имам харжийта хьелаш кхоьллинарг, шен накъосташца цунна г1о деш, имаматехь и динан уггар лакхарчу т1ег1ана ваьккхинарг Ташо –Хьаьжа вара.
1830-чу шерашкахь цхьаъ вукхунна т1аьхьа та1зардаран экспедициш д1ахьо Нохчийчохь паччахьан эскарша. Уьш чекхдевллачохь дуьсуш дерг ц1ий, чим, буобераш ду. Царна дуьхьал Ташо-Хьаьжас дуьххьара юкъаялайо кегийчу тобанашца партизанийн т1ом баран кепаш, кхуллу орца ма-даьккхи т1емалой сихха схьагуллу ч1аг1онаш. Шемалний, Ташо-Хьаьжиний юкъара галморзахаллаш пачхьалкхехь урхалла дарца, даржаш декъарца, шар1 юкъадалоран кепашца доьзна яра.
Нохчийн къоман васт, дагестанан къаьмнех къаьсташ, башхаллаш йолуш ду, и башхаллаш тидаме эца еза бохура Ташо-Хьаьжас имам Шемале. Бакъду, Ташо-Хьаьжа дуьхьал вара имама шен гвардин декъашхой – мух1аджираш бина – нохчийн лаьтта т1e баха ховшорна, царна латтанаш даларна, юкъара латтанаш, хьаннаш бахархошна д1асаекъарна.
1834-чу шарахь Майртуьпахь гулъеллачу нохчийн къоман кхеташонехь лакхара мах хадийра Ташо-Хьаьжин г1уллакхийн, цо, шapl кхайкхийна ца 1аш, шар1аца девнаш къастор юкьадалорна, нохчашний, суьйлашний юкъара барт ч1аг1барна.
Воккха-Хьаьжа д1аваьлла дукха хан ялале буьйлабелира мурдаш и ваьхначу Сесана эха. Кестта цуьнан коша т1ехь зиярт дира. И г1ишло буьйда кибарчигех йина яра. Кибарчигаш сиха т1унлора, юхура. И бахьана долуш кест-кеста тодан дезаш хуьлура зиярт. 1903-чу шарахь Воккха-Хьаьжин мурд Шелара Ахьмад (Ама) коьртехь волуш, Сесана баьхкинчу мурдашна гина зиярт ледарчу хьолехь дара. Ташо-Хьаьжина уллохь д1авоьллина вара цуьнан мурд, эвлаяъ Мо1сум. Ама а, цуьнан накъостий а зиярт тодан дагахь баьхкинера Сесана. Делахь а ца х1иттира уьш ши каш юкъалоцуш Г1ишло ян.
Шолг1ачу дийнахь хьешашка кхаъ баьккхира: Ташу-Хьаьжин коша уллора д1а а даьлла, Мо1суман каш шершина охьадахана аьлла. Цунах ца тешаш, говзанчаша хилларг телпича, гучуделира – латта, шен даг т1е кхаччалц дат1а а даьтт1а, пхи6le ша охьадахана хилар.
Амас шен накъосташца Курчалойн-Эвлара дуьйна силикатан кибарчигаш кхоьхьуш тодина д1ах1оттийра зиярт. Цу хенахь цунна г1о деш хилла Мескер-Эвлара дешна стаг Махьмуд. Т1аьххьара хан текхаччалц лаьттира и г1ишло, шена т1е эзарнаш муридаш лелаш.
Чекхбевллачу т1емаша xlapa ду аьлла зе ца дира Сесанарчу Воккха-Хьаьжин зияртана. Хаддаза юьртарчу, гондахьарчу лаьмнийн басошка еттачу бомбанех, ракетех лардира Дала эвлаяан каш. Бакъду, 2002-чу шеран 23-чу сентябрехь зиярт эккхийта г1оьртинера цабевза нах. Цара 400 грамм тротил ведарчу а диллина динчу эккхийтаро башха доккха зе ца дира, исс г1ат йолу ц1а т1ек1елтоха ницкъ болчу тротило.
Эвлаяан каш хьадаза дисира. Зен хилларг тхов, пенаш дара. Зияртна т1е куьг кховдийна аьлла хезна дукха нах гулбелира Сесанахь. Цара вуно сиха хьалха хиллачу кепара меттах1оттийра сийлахь г1ишло.
Эвтарчу 1овдин, Сиржа-Эвларчу Умалт-Шайхан зиярташца дуьстича, дика кхоллам хилла Ташо-Хьаьжин зияртан. И дохо ца г1иртина Советан 1едало кхиийна болу Делан мостаг1ий. И охьатоха дагахь цунна т1е бульдозерш ца хихкина, Бакъду, наха дийцарехь, Нохчийчохь дика вевзаш волу чекист Мазлак реза воцуш хилла Ташо-Хьаьжин зиярте дукха нах эхарна. Амма, генавала воьлча, Мазлак д1асацийна оцу зияртан доладеш болчу мурдаша.
Тахана а дика ц1е йоккхуш бу Сесанара Алиевг1ар. Царах цхьаъ, Мохьмад-Салахь, дуккха а шерашкахь куьйгаллин белхашкахь къахьегна, милицин хьаькам лелла хилла. Иштта, шеларчу эвлаяан Амин т1аьхьенаша тоьшалла дарехь, оцу зияртан дола дина шен хенахь Веданахь, Шелахь райкоман хьалхарчу секретаран болх биначу Осмаев Сайд-Ахьмада. Xlopa п1ерасканан дийнахь шен «Волги» т1ехь стаг вохуьйтуш хилла Осмаевс зияртна х1ун оьшу хьажийта.
Дала декъалвина стаг хилла Ташо-Хьаьжа. Дахарехь цо аьлла xlopa дош, яьккхина xlopa г1улч, дина xlopa г1уллакх бусалба нах иманехь ч1аг1барна т1ехьажийна хилла. Бакьдолуш хууш ду и Дагестанерчу Эндери-эвлахь вина хилар. Цуьнан беран хенах лаьцна дисина цхьа а тоьшалла дац. Иштта боцуш бу цуьнан дех-ненах, гергарчарах лаьцна хаамаш, цуьнан шен сурт. Суна цхьаьнгара-м дуьйцуш хезна, со жима волчу хенахь, зуькарехь. Ташо-Хьаьжин да Даргахь эчиг-пхьар вара, цуьнан ц1е Тоба яра олуш. Иза Нохчмахка хьалха туьха дохка оьхуш болчу совдегарша – г1умкаша вехна шайн юьрта вигна бохуш.
Эндери г1уьмкийн юрт елахь а, цигахь бехаш дуккха а нохчий хилла. Цундела тахана хаддош къастийна дац Ташу-Хьаьжа муьлхачу къомах хилла. Амма шеко йоцуш дерг цхьаь ду: и ц1ена Дала Шен дика делла бусалба стаг хилла хилар, Таймин Бийболата нохчо ву олуш хилар. И шиъ ши доттаг1а а, т1еман ши накъост а хилла хилар.
Ташо-Хьаьжин дин ч1аг1даран программин коьрта лехамаш бара девнаш, къийсамаш 1адатан бух т1ехь доцуш, шар1аца кьастор. Томка озарца, маларш мийларца къийсам латтор. Иза иштта дуьхьал вара нохчийн бераш керстанашка кхетош-кхио д1адаларна, д1акхелхинчарна т1аьхьа белхарна. Дахар-1еран берриг д1ах1оттам бусалба динан буха т1ехь хила безарх тешна вара Ташо-Хьаьжа. Цо тайп-тайпанчу ярташка д1асакхехьийтинчу кехаташ т1ехь болчу кхайкхамаша шар1 лардаре кхойкху бахархошка.
Шар1ана дуьхьал болчаьрца луьра кьийсам латтабо цо. Шемал имам хаьржинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна иза когах1оттош, цуьнан 1едал Нохчийчохь даржош, ч1аг1деш, ша Далла дуьхьал д1аваххалц г1уллакх до Ташо-Хьаьжас.
1835-чу шарахь Майртуьпахь цо вовшахтуху нохчийн тайпанийн кхеташо. Оцу гуламо къобалдо шар1. Цунна т1ехь тергам латто гуттаренна йолу тоба кхуллу, шен коьртехь Ташо-Хьаьжа а волуш. И денош Воккха-Хьаьжин дахаран сийлаллин лакхе лара мегар ду. Ерриг Нохчийчоь цунна муьт1ахь, цо аьлла муьлхха а х1ума кхочушдан кийча ю. Шена бахам, хьал оьшуш вац Ташо-Хьаьжа – цуьнан 1алашо халкъ иманехь нисдалар ю. И дерриг гуш волчу имам Шемала ч1ог1а сий дора Ташо- Хьаьжин.
Сесанарчу зияртан шолг1а дахар доладелира Нохчийчоьнан Мехкан Да Кадыров Рамзан х1оьттичахьана. Йоццачу хенахь юьртахь дира вуно доккха, сирла, хаза, кхузаманан лехамашнa жоп луш долу маьждиг, иштта дика тодира кхузара Ташо-Хьаьжин зиярт. Тодира бохучу дашо кхузахь динчу г1уллакхийн мах ца хадабо аьлла хета. И зиярт, бух т1ера дуьйна юхадича санна, ц1индина д1ах1оттийна. Г1ишлошъярхоша кхузахь йинарг йоккха комплекс ю. Г1ишло еш пайдаэцна уггар езчу кхоьчалех: шагат1улгах, ц1астах, болатах.
Европехь, Азехь хир юй-те кхин иштта хаза зияртан г1ишло олий ойла кхоллало кхузара сурт тергалдинчуьнан. Зияртан доладеш волчу Аль-Ма1суда дуьйцу:
– Юьртахой ч1ог1а реза бу вайн Мехкан Дас Кадыров Рамзана шайн доладарна. Юьртахь доккха, сирла маьждиг дина, кхин хаза тодойла йоцуш зиярт тодина, хаза, исбаьхьа комплекс чулоцуш гонаха бустамаш долу аьчка керт йина. Х1инжа-г1алахь вовшахтесна схьаеана ю и. Ламеш дина шагат1улг Украинера беана бу. Кхиболу паччахьаш зиярташ дохорна дакъазбевллехь, Рамзан уьш тодина аьлла декъал хир ву Даламукъалахь, т1аьхьенийн дегнашкахь вуьсур ву.
Иштта Воккха-Хьаьжа аьлла ц1е д1аяхана Ташо-Хьаьжин нохчашна юкъахь. Накъшбандин а, къадарин а тарикъаташ Нохчийчохь дуьххьара довзийтинчарах ву Ташо- Хьаьжа. Къадарин тарикъатан сил-сил юкъахь ю Ташу-Хьаьжин ц1е. Цуьнца цхьаьна дин даржош, шари1ат ч1аг1деш, паччахьан колониальни политикица къийсам латгош хилла ву Девкар-эвлара шонойн тайпанах волу Уди-Молла. Шел т1аьхьа Ташо-Хьаьжас шен некь д1акхехьар т1едиллинчех цхьаъ ву Сесанара Бешто, Шелара эвлаяъ Ахьмад (Ама) .
Мохьаммадал-Яраг1ис т1едилларца накъшбандин тарикьат д1акхехьначех ву Сиржа-эвлара Умалт-Шайх. Цхьаболчара и харачойн тайпанах схьаваьлла нохчи лору, вукхарна и Костек ц1е йолчу юьртара г1умки ву аьлла хета. Умалт-Шайх 1850-чу шарахь Сиржа-эвлахь Далла дуьхьал д1авахана, цигахь д1авоьллина а ву. Умалт-Шайха шен хьехар д1асадаржор т1едиллина хилла Таьшкичуьра шайхана Абуна. Мохьаммадал-Яраг1ис куьйгалла дечу хьуьжарехь муршидаш хилла бу: Ташо-Хьаьжа, Г1еза-Мохьмад – Дагестанан хьалхара имам, 1абдурахьман Суг1ри, Зандакъара Г1еза-Хьаьжа, Нохчийчоьнан, Дагестанан имам Шемал.
Верриге цхьайтта муршид хилла Мохьаммадал-Яраг1ис кхиийнарг. Уьш, массо бохург санна, эвлаяийн дарже кхаьнна, ерриг Къилбседа Кавказехь бусалба дин, шар1 кхайкхош баьхна.
Царах массарал жиманиг Зандакьара Геза-Хьаьжа ву.
Имам Шемал, Ташо-Хьаьжа нийсархой хилла аьлла хета, церан вовшашца хилла юкъаметтигаш теллича, цара цхьана хьуьжарехь дешна хилар тидаме эцча.
Т1аккха Ташо-Хьаьжа, имам Шемал санна, 1790-чу шарахь дуьнен т1е ваьлла хила тарло. Вина хан санна билггал къастоза ю Воккха-Хьаьжа Далла дуьхьал д1авахана хан а. Оьрсийн документаш т1ехь 1843-чу шо ду аьлла язйина ю и. Х1унда аьлча, оцу шарахь дуьйна церан инарлин сводкаш т1ехь хьахош вац иза. Нохчийн хьостанаша (Ибрагимов Ибрах1им, Амаев 1абдулхьамид) билгалдаккхарехь Ташо-Хьаьжа бакъдуьнена д1авахана 1261- чу шарахь (бусалбанийн календарь) Григорианан календарца и нисло 1845-1846 чу шарца. Ткъа цуьнан вина хан 1790 шо лору таьпптарша. Сесанара Хьаьжина т1аьхьах1иттинчех хилла Энганара, Сесанара, Бенара бусалба нах. Ша д1авалале К1ажак1ел олучу метте оцу ярташкара нах д1а а гулбина, Ташу-Хьаьжас хаийтина ша мурдех дозалла деш хилар, уьш шена т1аьхьара д1абовла цалаар. И д1акхелхаш цунна уллехь хилла цуьнан верас Энганара Илес-Хьаьжа, Гелдаганара Довлат-Молла, Энганара Селаби.
Царах xlopa улло озош цо элира «Хьенех, уьзда дели хьоьга». Цуьнан маь1на дара шайхалла дели шуьга бохург. Чlorla сагатдеш хилла Ташо-Хьаьжа шен г1ортор, тешаме накъост хилла ваьхначу Бештона. Цо дехар дина ша д1авахале Бештон доладелаш аьлла. Бешто Сесанахь Воккха-Хьаьжин зияртана гена воццуш д1авоьллина ву.
Ша д1авалале Ташо-Хьаьжас аьлла: «Герзашкахьчул боккха ницкъ бу г1иллакхехь, г1иллакх доцург – шар1ехь дац». Ялсаманера схьадаьлла, юха цу чу д1адаха дезаш долу г1иллакх ларделаш бохуш Воккха-Хьаьжас шайга дина весет лору и дешнаш цуьнан мурдаша.
P. S. 1914-г1а шо кхаччалц Нохчийчохь цхьа а зиярт ца хилла. Коша т1ехула за1аран къуб а, гонаха керт йой х1оллам х1оттош хилла. 1овдиний, Доккиний зиярташ дан бакъо елла Николай-паччахьо. Цуьнах пайда а баьлла, вукху эвлаяийн коша т1ехь а зиярташ дина нохчаша.
ЗАНДАКЪАРА Г1ЕЗА-ХЬАЬЖА
«Кханенна юкъара Дела ву»
Нохчийн тешар.
Хьалха заманахь баьхачу дешначу наха олуш хилла шайх Г1еза-Хьаьжа шозза шайт1ана букъ бойначех ву олий. Дуьххьара иштта нисделира иза. Накъшбандийн т1ерикъатан муршидийн устаз волу Мохьмад-Яраг1и бакъонца лору муридийн боламан бухбиллархо. Схьавалар лаьзгех а долуш воккха 1елам вара иза. Амма доьзалехь к1ант вацара цуьнан, д1амел еш ерг йо1 хуьлура. Цхьана дийнахь хида воьдуш волчу муршидана Г1еза-Хьаьжина дуьхьалкхийтира шен устазан х1усамнана. Иза доьзалхочух яра. Цуьнга а хаьжна, жима волу Г1еза-Хьаьжа велавелира. И цуьнан къажар гира гена воццуш цхьаъ деш воллучу Мохьмад-Яраг1ина. Жимха шена т1е а кхайкхина цо хаьттира:
– Хьуо велакъажаран бахьана дийцахьа суна?
Эхь хетта воьхна волчу к1анта, кхин корта болуш х1умма а ца дийцира цунна. Дукха хан яра устаза т1ехь тамашийна нур догуш волчу оцу шен муршидан терго йо. Йоза-дешар дика схьалоцуш а, г1иллакхе, шен нийсарех къаьсташ волу и к1ант Дала цхьа дика дина вуй хаьара цунна. Оцу тайпана цхьа а бахьана а доцуш и жимха велавалар бахьана хаа лира Мохьма-Яраг1ина. Г1еза-Хьаьжица герарло долуш волчу Ташо-Хьаьжегахула хаа лиира цунна и. Х1етахь иза вара шайх волчохь т1аьххьар урокаш оьцуш.
Г1еза-Хьажас аьллера:
– Шайхан х1усамнана дуьхьалкхеттачу хенахь, цуьнан кийрахь волу к1ант вара вела а воьлуш соьга хьоьжуш. Цунна велавелла вара со.
Дукха хан яллале шайхана к1ант вира. И хазахеттачу Мохьмад-Яраг1ис тоьллачу пхьееое яйтина датон варкъ даьккхина, т1ехь Къоранан аят а долуш тур делира Г1еза-Хьаьжина совг1атана. Цхьана аг1ор цуьнан дитт т1ехь яздина дара: «Г1ези к1ант Аьрзу», вукху аг1ор: «Дерриг Аллах1е доьху ас». Терахь дара: «1246 шо. Хиджра». Тур дайнера 1944-чу шарахь нохчий ц1ера бохуш. Г1еза-Хьаьжин т1аьхьенах болчу наха массанхьа хаийтина, бусалбанашка орца даьккхина, берриг шайн таро йолу ницкъаш т1ебехийтира схьалехира тур.
Боккха кхаъ хилира Г1еза-Хьаьжа вевзиначарна а, везачарна а, дог-ц1ена мел волчу нохчочунна а: 2014-чу шеран 27-чу декабрехь тур схьакарийра Дагетанехь. Йина харждаш, гатдина са, хьегна къа дуьйцуш дац. Далла бу Хастам цо Шена т1едиллинарг, вай Шега дехнарг ло. Тур тахана Г1еза-Хьажин гергарчу нехан баьрччехь лардеш ду. Экспертизо тоьшалла до и баккъал Г1еза-Хьаьжин тур хилар, т1ехь долу варкъ, терахьаш хьалхалерра хиларан а.
Мохьмад-Яраг1ис жимчу стагана тур даларан а шен къайле яра. Устаз Маккахь волчу хенахь 1аьрбойн баккхийчу шайхаша цуьнга аьлла дара хьан муршидашна юкъахь, ахь 1амош-кхиош хир ву хинволу воккха эвлаяъ. Иза вовза хала а хир дац хьуна. Цунна т1ехь догуш ша тайпа нур хир ду, цуьнан тидамаш, цо аьлларг бакъ а хир ду. Шен нийсарна юкъахь а к1орггерачу хааршца къаьсташ а хир ву иза. Цундела цхьа к1ант талла дагадеанера Мохьмад-Яраг1ина. Муршидаш 1амочу хьуьжара уллохь шовда дара долуш, цу шовдана гуо бехбора шайт1анаша, хи эца веанчун к1удал я кхабичу цигара ченаш еттара. Цу ьалхана дан х1ума доцуш бисинера мута1еламаш. Шен пайдаэцале хи хьаъалц дита дезаш хуьлура. И Мохьмад-Яраг1а ша а и жинийн болх буй хууш вара.
Цхьана дийнахь:
– Г1еза, схьвал суна т1е, – аьлла, к1ан шена т1екхайкхира цо. – Волохьа шийла хи дахьа суна! – т1едиллира. Шен дагахь ойла йора цо: «Нагахь х1ара к1ант и хинволу воккха эвлаяъ велахь. Дала хаьржина волу, и вовза хала хир дац. Жинийн х1уьттаренна ц1ена хи дахьар ду кхо». Г1еза-Хьажас шовдана хих кхаба юзарца цхьана гушдоцчу бахьанина чу нехаш ийгира. Хи д1а а 1анийна юха а кхаба юьзира к1анта. Амма юха а цхьан х1умана чу ченаш кхийсина хи бехдира. Эццахь, хи д1а доьттина, крара кхаба охьа йиллина, къилбехьа а вирзна до1а дира к1анта: «Х1ай, Везан Дела, х1ай Воккха Дела, х1окху жинашка сайн устазана хьалха юьхь-1аьржа ма х1оттавайтахьа со. Кхин тхан хи бехдан ницкъ ма лохьа кхарна! «.
Ц1ена хи а эцна, шовда долчу таь1анчу меттера баса хьалаволуш воллучу Г1еза-Хьажина цхьа жин гира дела а доьлуш, карахь хатташ а болцш лаьтташ, шен хи бехдан кечделла. Г1еза – Хьажас шена шайт1а гуш доцуш санна кеп а х1оттийна, улло т1е а вахана, ластийна оцу букъах хих юьзна йолу ц1еста кхаба туьйхира цунна. Шайт1ано хьаькхна болу мохь ерриг куьпахь хезаш бара. Устазана а хезира. Г1еза – Хьаьжа, вуха шовдана а ваханашен устазана ц1ена хи а дахьаш веара. Кхин мута1еламийн хи ца бехдеш, шаьш шовдана уллохь тоьхна туп д1а а яьккхина девдира шайт1анаш. Эццахь хиира Мохьма-Яраг1ина шега Маккарчу безчу шайхаша вийцина волу эвлаяъ х1ара вуй. Цул Т1аьхьа «Шайт1ана букъ бойна волу Г1еза-Хьажа» олий хьостура устаза шен тоьлла муршид.
Вайн дайша олуш ма-хиллара, баккхийчара 1818-чу шарахь дара олура, кегийчара 1824-г1а шо дара олура, дешна а ваьлла, шен устазо х1инца кхачам хили, кхид1а йолчу ханна шайх ву хьо олуш, ц1а хьажийра Г1еза-Хьаьжа. Цул Т1аьхьа, жимма хан яьлча, Мохьмад-Яраг1ис бронзех дина мух1ар делира къоначу шайхана, ша д1а-схьа яздеш долу кехат и т1е а тухий ч1аг1дора Г1еза-Хьаьжас. И мух1ар тахана а 1алха-юртахь, Куршлойх волчу воккхачу 1еламан, эвлияан 1абдул-Саламан т1аьхьенах болчу нахехь ду. И шен заманахь Геза-Хьаьжин йозанча а, цо шега шайхалла д1аделла а стаг лору дешначу наха. 1абдул-Саламан т1аьхьенах болу нах тахана а Г1еза-Хьаьжин муридаш а болуш, цунна вирд доккхуш а бу.
Ведана-г1опехь имам Шемала шенна йина чоьнаш а йолуш, цуьнах дагавала сих-сиха чу а воьдуш, д1атарвина вара Г1еза хаьажа. 1овдас ша лула-куларчу наха масла1атана дехьа-сехьа вигча, масарна валавора Г1еза-Хьаьжа. Цуьнн собарх, оьздангаллех, воккха-веза хиларх дуьйцура масла1аиана гулбеллачаьрга. Оц уг1уллакхо нехан дегнашчу къинхетам боссабора, к1аддора уьш, дуьненан сихалла а, к1ад доцуш к1езиг хилар а хоуьйтра. Эвтарховн Ахьмад ша Ведана г1опе нисвелча, Шемал волчу чувахале Г1еза-Хьаьжина т1ех1уттура. Цуьнгара хьал хуий, шегара х1умма оьший хьожий бен ара а ца волура. Цо шега дехьа-сехьа тоха кост дича воккхаверца кхочуш а дора.
– Имаматехь цхьана замнахь шар1а-суд Умалта лелийнехьа, муридийн озабалар а, ларам а боккха Г1еза-Хьаьже бара.
– Улло биллина т1улг эккхийттал доккха собар долуш стаг ву Г1еза-Хьажа олура Эвтархойн Ахьмада. Ша сихвеллачу минотехь и дага а вог1ий, тур баттара цо доккхуш 1ара Ахьмад.
– Стагах стаг вийриг собар ду. И хьекъалдолчуьнгахь бен ца хуьлу. Ша майра ву бохуш чуг1ертарг 1овдал стаг ву. Собарен хила къонал хила веза цкъьа хьалха, – олуш хилла 1овдас.
Бакъду, къонахчун собар эвлаяан собар санна доккха хуьлуийла дац. Х1унда аьлча, собарх ваьлларг Делан лаамера волий хууш бу шайхаш. И ч1ог1а лардора нохчийн оьздангаллин орамаш лардеш баьхначу нохчийн эвлаяаша. Царех уггар тоьллачех вара, дала церан массеран а къайле цинйойла, Зандакъара шайх. Нагахь дуьххьара г1азотан т1ам ойбучарна т1аьхьах1оьттинарг Воккха – Хьаьжа хиллехь, кхетош-кхиоран, нохчаллин т1ам Г1еза-Хьажехь бара. Накъшбандин тарикъат Нохчийчохь даржийначарех хьалхарниг Г1еза-Хьаьжа ву. Дуьххьра шен вирдан марзо нохчашка яла йолийнарг и ву. Дуккха а нах а бу тахана а цуьнан вирдана т1аьхьабозуш Нохчийчохь хилла а ца 1а уьш, вайн дозанел арахьа а бу. Ша дахарехь йоккхучу ханна шена т1е дуккха а зераш х1иттина а ву Г1еза-Хьаьжа.
Гуьйренан цхьана сирла, хазачу дийнахь боккха бохам беара шайхан х1усаме. Шен юккъерачу к1антах АБу-Муслимах велира иза. Иза дагахь доцуш нисделира. Шена Дала дина дика бахьанехь Г1еза-Хьаьжина-м ша куьзганахь санна гуш хилла хир ду иза. АБу-Муслман накъостий шан вирдехь а волуш, юьртахь лоруш волчу Асаьрдирна т1е бахара. Цо вайн дино ма бохху, дегара дош а даьккхина ехнера йо1. Кестта нус схьаялон беш кечамаш а болуш, цул хьалхарчу буса синкъерам хилира юьртахь. Нуьреш яра хан йиллиначу йоь1ан ц1е. Оцу синкъерамехь ша т1ехьовзаве аьлла хьаьвзира цуьнга Айпи ц1е йолу цхьа юьртахо. Баккъал а дег1ана онда а, зоьртала а волуш, хьекъална айпен стаг ван а вара иза. Шен г1уллакх ца хилача, йо1а ша тергал цавой хиъна и синкъерам бохон г1оьртра. Эццар дов даьлла, дар-дацар хилира. И кеп цо кхеченхьа а лелайора, нахана бале а ваьлла вара иза.
Айпес лелош долу сонта х1уманаш ла а ца делла, оьзда вистхилира Абу-Муслим:
– Айпи, ишттачу меттехь цадог1у х1аманаш ма леладе! – аьлла.
Иза цавашарца вела х1оьттира:
– Нуреш хьан зуда а яц, дола яллац и массеран а юбкъара ю. Шена луъучуьнга сакъера йиш ю цуьнан. Шена лаахь кхечуьнга маре яха а. Хьан г1уллакх дац тхуна юкъаг1ерта!
– Хьайга къерахь сакъера, неахн синкъерам ма бохабе! – кхин цкъа а и сацон г1оьртира Абу-Муслм.
Амма Айпи кхин а гена велира:
– Хьовсийша цуьнга, х1ара ма вазвели! Ша эвлаяа к1ант хилча, шена дерриг мегар ду моьтту кхунна-м! – бохуш, мохь хьекха х1оьттира иза.
Т1аккха дош дашера делира. Нах юкъабуьйлира. Амма Айпин ка а даьлла, цо шаьлта тоьхна Абу-Муслим вийра. Иштта йисира маре яха езаш йолу сурт санна хаза йолу Нуьреш. Ян а яра иза т1ехь нур а догуш. Оу сийлахьчу доьзалехь нус хила товр йолуш яра. Муридаша шолг1ачу дийнахь лаьцна, вихкина, вала а вина шайхана хьалхьа охьавиллира ч1ирхо.
– Тхо х1инца кхуьнгара ч1ир эца дохку. Оха х1ара вуьйр ву, – элира цара.
– Собардел. Сихлур дац вай! – элира Г1еза-Хьаьжас. – Дера х1ара шуна ма-хаъал хала киртиг ма ю. Делахь кхуьнга дан хаттар ду сан:
– Х1ун бахьанехь вий ахь сан к1ант?
Тийналла х1оьттинера гонах. Вехха 1ийра Айпи вист цахуьлуш. Эххар жоп делира:
– Х1ун башхалла ю х1инца? Хилларг хилла даьлла. Шайн ч1ир эца аш! Ц1ийна бекхамбе!
– Суна ч1ог1а хаа лаьа ахь и мича бахьанина вийна?Дийцахьа суна?! – т1едожош элира Г1еза-Хьаьжас.
Зуламхочо т1аккха дийцира:
– Суна чохь хьезаш долчу озе ладуьйг1ира ас. Цо и вие аьлла омра дира суна. Кхетамах ваьлла вара со.
Адамаш цец-акъ девлла лаьттара. Доза дацара церан оьг1азаллин. Г1овг1анаш евлира. Куьй айбина сацийра адам к1ентан дас. Цхьа Г1еза-Хьаьжа воцург доьналлехь цхьа а вацара. Хеталора иза шек а вац. Доккха дара цуьнан собар, дийарх хуур доцуш, и дийца пох1ма тоьар доцуш. Парг1ат вистхилира шайх:
– Шуна ма-гарра, аддам хьоьгур воцуш хьал ду соьгахь дерг. Шен дег1а вахана доьзалхо д1аваьлларг кхетар ву сох. Вай х1инца х1ара тилавелла волу стаг верах вайн к1ант денлур вац. Я вайн дегнашна хьаамбеш бекхам а хирбац цуьнах. Суна хаьа, шуна а хаьа шари1ато бакъо ло вайна ч1ир екха. Суна хаьа Везахинволчо ишттачух аьлларг: «Со собар дина, сатоьхначуьнгахьа ву шуна! «Къорано боху: «Шух ч1ир йитина гечдиначух бан бан бакъдуьненахь къинхетам ма бу Шен! » Деларе совг1ат деза ду-кх тахана вай бен болчу бекхамал. Делан шен дуьхьа, ас вити-кх х1ара Айпи. Аша а гечде х1окхунна!
Оцу вайн ц1енонна дуьхьал даьтташ ду Абу-Муслимана дина ц1а. Ваха, 1ен и чоьнаш ели ас кхунна. Д1ахаийла адамашна а, оцу мискачу стагана чудоьллачу шайт1анна сан иман цуьнга дохалур ма дац, со Делан новкъара ваккхалур ма вац!
Адамаш юкъахь г1овг1а елира. Божарий белха х1иттира. Маьхьарий девлира шовкъе даьллачу адаман. Кхетчуьра бевлла, лаьтта а эгна, бетталора иман совдерш.
– Вай Дала сий де хьан! Ма воккха эвлаяъ ву хьо! Ма дика дина хьуна Везахинволчо! Дала оцу хьайн йист йоцчу доккхачу собаре хьажжина дика дойла хьуна! – маьхьарий деттара наха.
Жимма г1овг1анаш тейтина, т1етуьйхира шайхо:
– Нуьреше йохий ма хьийза ала. Дала цунна кечбина боккха дика болх бу.
Хилларг х1ун ду цахууш холчахь бара генара г1овг1анаш хезаш берш. Эххар новкъахула валош Айпи гира нахана: вихкина чуьра ваьстина, коьрта т1ера башлакх д1а а яьккхина, цуьнан юьхь екхна яра б1аьргех оьхуш хин делахь а. Хиллачух кхаъ хилла, кхетамах ваьлла, кхечу дуьнене хьаьожура иза. Ца вожийта, лаьцна валавора и муридаша.
Г1еза-Хьажина баркалла баьхна а, ламамазаш. до1анаш дина а бовлуш бацара нахД1амел хезначо:
– Эх1, Дала къинхетам бе цуьнах, ма доккха зх1ума ду цо динарг! – олура.
Ах1ин декъах доьлхуш д1асакъасьтира майдана гулделла адам. Шайхо ма-аллара, цуьнан к1ентан керлачу ц1а чохь ваха хаийра Айпи. Шен к1ентан санна цуьнан дола а дора, цунна оьшучуьнга хьожура Г1еза – Хьажа. Эвлаяаша шайн диванехь шайт1ана шозза букъбойна волу Г1еза-Хьаьжа аьлла д1а а кхайкхийра иза.
Бакъду, адамийн безам бацара Айпегахь. Б1аьргаван цавезара и цхьанне а. Цунна т1евоьдуш стаг а вацара. Деллачу ж1аьлел баш цхьаммо а тергал а цавора. Амма цхьана дийнахь Г1еза – Хьаьжас ша волче д1акхайкхира цуьнга.
– К1ант, ахь х1ун дийр дай?Х1ора денна маьждиге а вог1уш, суна улло а х1оьттина ламаз дийр ду ахь!
Айпи реза хилира. Шайхо боххург дора цо. Дукха хан яллале дика бусулба стаг хилира цуьнах. Амма адам кхин а ч1ог1а цецдохург Г1еза-Хаьжин йист йоцу собар дара. Цуьнан хьекъал, оьздангалла, собар дуьйцура ваханчо а, веанчо а. Макка-Меданахь шайхин меджлисехь коьрта дийцар хилла д1ах1оьттира и.
Цхьа Нуьреш яра шен хиллаваьлла ворлу майра вер цадиталуш. Дукха к1елонаш йора цо Айпина и вен дагахь. Амма ша йо1 хиларна аьтту ца болура. И хила ца йог1у меттигаш дукха нислора дахарехь. Шена хила доллучух са кхиъна, лечкъаш лелара Айпи. Эххар Г1еза-Хьаьжегара пурба а даьккхина, кхин ша дуьненчохь йоккхучу ханна шегара Дела реза воцу х1ума долуьйтру ма дац ша, аьлла шайхана дош а делла, цу юртара д1авахара. Цул т1аьхьа цуьнах хилларг ца хаьа Зандакъхошна. Г1еза-Хьаьжас шена хуург цуьнах дерг цхьанне а ца дийцира.
Цхьана дийнахь шаьш рузбанера девлча, Г1еза-Хьаьжина т1евеара Нурешан да Асаьндир шеца шен к1ант Эрсамби уллохь а волуш.
– Вайна юкъахь хьалха хилларг-лелларг д1адаьлла. И вайначул дика Далла хуур ду. Хьо тхайн устаз волун дела хьоьца гергарло дезаш хьаьгначохь дисина тхо. Хьан кхиина к1ант а ву, ахь тхайга захалш бахкийта лаьа тхуна, – элира цара.
И къамел цу дийнахь хезна нах бу Г1еза-Хьаьжин муридаш: Байтаркъара-Х1уда, Зандакъара-Зурум-Хьаьжа, кхиберш. Цу буссехь вовшах а кхетта, устазе пурба дийхира цара и захало кхочушдайтар доьхуш. Цо пурба а делла, жимах волчу к1антана Мут1а1елина ялмйра Нуьреш. И шиъ дуккха а, ирсен дехира. Виъ к1ант кхиийра цара: Нур-Мохьмад, Г1еза-Махьма, Г1айра-Махьма, Джабраил. Т1аьххьарнаиг- Джоба-шейх олуш, Нохчмахкахь вевзаш шайх а вара.
Г1еза-Хьаьжа ва1аде хийшина ву Кунта-Хаьжица. Цуьнга Накъашбандин тарикъат дала а г1иртира иза. Амма шен устазан Мохьмад-Яраг1ин дехарца имам Шемална улло а х1оьттина, цуьнан нохчашна юкъахь дола деш, т1арикъатан болх толош г1уллакх дира цо.
Дуккха а шерашкахь 1едалх лечкъон дезаш хилира Г1еза-Хьаьжас бусулба дин толош дина г1уллакхаш. Иза ткъа шарахь (1830-1850) шерашкахь Нохчийчоьнан а, Дагестанан имам лаьттиначу шайх Шемилан динан г1уллакхаш лелош вара. Г1азотан муридашка имамана бай1ат дойтура. Даьрг1арчу, Веданарчу маьждигашкахь имам хуьлура. Амма цуьнан коьрта болх Мухтасибан бара. Исламан дин наибаший, къеданаший, маьждиган имамаший, молланаший нийса лелорна т1ехь таллам латтабора цо.
1840-чу шарахь имам Шамала Малхбузе Кавказе хьажийра Г1еза-Хьаьжа. Цо адыгаша, шапсугаша, г1ебартоша, черказаша тесна дитина долу бусалба дин духа а дендира. Цаьрга тобанаш а дойтуш накъшбандин тарикъате балийра. Цул т1аьхьа вуха а Нохчийчу вирзира. Х1инца йолчу хьалха а, т1ехьа мартант1ерачу виллаеташкахь болх бира цо бусалба дин нийса лелорна т1ехь тергам латтош. Валаргт1ехь биначу т1амехь г1азот хилларш д1аберзош дакъа а лецира цо.
Дагалецаме ду Россин пачхьалкхан архивехь карийна долу тоьшалла (РГВИА. Ф. 13454. оп. 6. д. 721. л. 1-2) Шемалан наибан Гиххойн Со1дуллин кехат: «Тхо Делан орцанца нийсачу новкъа дог1уш ду вайн пайхамара гайтина болчу. Тхо нийсчу новкъа доху шайхан Г1еза-Хьаьжин хьехамаша».
Имам Шемал 1едало д1алаьцначул т1аьхьа а шен кхетош-кхиоран бол саца цабора Г1еза-Хьаьжас. 1860-1861 шерашкахь г1аьттиначу боламан декъашхо вара Зандакъара шайх. И г1аттам хьашначул т1аьхьа, Г1еза-Хьаьжа шен доьзалцаний ваха-1ен Теркалдехьарчу округе хьажаво паччахьан 1едало. Кхин лома вухаван шена бакъо цалой хиъча, имам Шемал макка вог1у хан хууш волу эвлаяъ бусалбанийн сийлахьчу кхерче Макка-Медана ваха аравелира. Цигахь 1867 – чу шарахь Далла дуьхьал вахар нисделла цуьнан. Ша хьаьждиначул т1аьхьа Г1еза-Хьаьжин коша т1ех1отта вахара имам Шемал.
КУНТА-ХЬАЬЖА
«Нохчий – мостаг1ий лоруш церан диканаш х1аллакдора оха. Уггар хьалха – шайхаш махках бохура».
М. Я. Ольшевский, инарла.
Эвтархойн Ахьмад ларамаза теш хилира Эпенди-Хьаьжас, шари1атан суьдан куьйгалхочо Дибир-Махьмас дечу къамелан. Цу шимма къона, суьпа стаг, къадарийн т1ерикъатан шайх Кунта-Хьаьжа вуьйцура. Цо кегий нах х1ора сарахь галбохуш бу, мохь тоьхна дечу зуькаре а кхойкхуш, чкъуг хьийзайойту цаьрга. Муртазекъаш галбовлуш бу вайн. Нохч-Махкара цхьаболчу наибаша а аьрзнаш до буса эскар вовшахтухуш шайна цуьнах новкъарло хуьлу бохуш. Шен дахаран т1аьхьарчу деношкахь Кунта-Хаьже къадарийн т1арикъат а делла, «телхина» вог1уш вара шайх Ташо-Хьаьжа бохура цара. И ву Кунта-Хьаьжин устаз хилларг. Цул сов, Кунта-Хьаьжин мурд ву ша аьлла араваьлла Эвтарара шайх Баматгира-Хьаьжа а. Ша Кунта-Хьаьжел 20 воккха воллушехьа, т1ерикъат т1е ца лецира цо. Шен 40 кхаьчча бен бакъо яц т1ерикъат т1елаца аьлла. И бехкам бинарг мила ву дуьйцуш а дац. Ненан кийрахь волуш дуьйна Хедица къамел деш хиллачу Кунта-Хьаьже д1ало элира цо керла т1ерикъат. Воккхачу Хьаьжас цуьнга ладуьйг1ира. Цу белхан къайле хууш х1инца Шемалан гона юкъахь цхьа а вацара.
– Ма-дарра аьлча, хьан вешин к1ант Баматгира-Хьаьжа, Кунта-Хьаьжел 20 шовоккха ву, цо х1унда ца эцна Ташо-Хьаьжегара и т1ерикъат т1е? – бохуш бехкаш дохура Эпенди-Хьаьжас. Делера салам-маршалла хуьлда цунна, Мухьаммад-пайхамара а шен шовткъа шо кхаччалц т1е ца лаьцна бусалбанашна дин хьехар. Баматгир-Хьаьжа а кийча вац къадарин т1ерикъат т1еэца. Далла дика хаьа, вайн дагахь дерг, ойланаш, суна цуьнах х1умма а ца хаьа, – элира Эвтархойн Ахьмада. Ловул-Махьпузи а Далла хьалха ду. Цунна дика хаьа вайх х1ора мел, маццалц вехар ву а, ша цуьнга возалла, сий маца дала деза. Уьш шайхаш бу, церан шайн къайленаш ю. Делан лаам ца хиллехь хьо Нохчийчохь а воцуш, хьайн махкахь хир вара. Хьо имамана уллохь хилча, оха хьо и санна лара веза моьтту хьуна?Хьайн къурайшин тайп бусалбанашна юкъахь деза а хета хьуна. Иштта Кунта –Хьаьжин а, Баматгира-Хьаьжин а таро ма ю Далла а, пайхамарна а вайл гергара а уллохь а хила.
Эвтархойн Ахьмад хууш вара х1ун сийлаллин 1индаг1 ду имам Шемална а, Ташо-Хьаьжина а юккъе дижинарг. Итт шо даьллера цу шиннах Нохчийчоьнан, Дег1астанан имам муьлха ву къаста ца луш. Ша-ша Аллах1ана уллора хетара цу шинна. Амма 1840-чу шарахь дуьйна, шен дахар д1адерзаре герга даханий хууш волчу Ташо-Хьаьжас Шемал мелла а хьалха тоьттура. Бенарчу Тимарболата, 1овдин йозанча хилла волчу, шен устазо т1едилларца Бена рузбане кхайкхинера имам Шемал. Тимарболат Ташо-Хьаьжин, Шемалан барт хила лууш вара. Ташо-Хьаьжас 18 хаттар динера Шемале. Ахь царна нийса жоп лахь-хьо ву имам, ца лахь-со хир ву имам аьлла. Царах 8 хаттарна бен Шемале жоп ца даладелира.
Догг1учура аьлча, цу дийнахь Бенахь рузбанехь бара Г1еза-Хьаьжа, Ташо-Хьаьжа, Кунта-Хьаьжа, Баматгира –Хьаьжа, Эндарера Абу-шейх, лаьзгийн Яраг1-юьртара Мухьаммад-Яраг1и. Т1аьхьарниг Шемалан а, Ташо-Хьаьжин а устаз вара. Амма Шемал цхьаьнакхетаре ца веара. Х1инца Кунта-Хьаьжин таро яра шена лиънехь Шемала кхайкхича Ведана ца ван. Х1етахь цхьаьнакхетаре Шемал веанехьара цунна дуьйцур дара шейханий, эвлаяаний юккъехь х1ун башхалла ю. Хеталора, хьо Маккара а хилча, шайх ву бохуш хилча, хьуна хаа декхар дара и санна долу х1ума. Соьга сан вешин к1анта шуьга цхьа де билгалде ала боху. Шен устаз Кунта-Хьаьжа ханна жима велахь а, Далла хьалха доккха дарж долуш ву боху.
Эвтархойн Ахьмада шеца юьхь йоцуш каъмел деш санна хеттера Эпенди-Хьаьжина. Делахь а хаийтира Мехк-кхелой, Шари1атан суьдой, къанойн кхеташоной барт бина, Кунта-Хьаьже дан хаттарш кечдина. Тхуна кхин цхьа х1ума а хиъна, Кунта-Хьаьжас, Баматгира-Хьаьжица барт а бина керла шайхаш кхиош йолу лакхара хьуьжар схьайиллина. Далла муьт1ахь волу суьпа стаг схьа а хоржий, цунна накъашбандийн т1ерикъатехь болчара санна хьехамаш ца беш, массо а 1илма 1ама ца деш, 40 де-буьйсанна халвата а хаавой, цуьнга Делан гергарчу нахаца къамел дойту боху цара. И стенгара даьлла хаа лаьа тхуна.
– Хьуна цхьа х1ума хаа лаьа суна, – элира Эвтархойн Ахьмада. – Нохчийн шейхаша цкъа а кхечу махкарчу шейхашна шайн Делаца долу гергарло а дуьйцур дац, церан хеттарша жоьпаш а лур дац. Кхин цхьа х1ума а хаа деза хьуна, Нохчийчохь Абу-Супьян а, Хьаьбиб-паччахь а вьуйцуш йолу поэма дика евза, и шира туьйра ду. Нохчашна хьуна дийца а вайн пайхамара шен заманахь гайтина долу мухьлизаташ а девза.
Шолг1ачу дийнахь, шен, Эвтархойн Ахьмадаца хилла долу къамел имам Шемалах д1атуьйхира Эпенди-Хьаьжас. Цул т1аьхьа к1ира а делира. Дагчу кхерам боьссина бара Шемалан шари1атан суьдхой а. Царна шайн г1алат хиира. Цхьаъ мукъана а къадарин т1ерикъат девзаш волу молла хила везаш вара царна юккъехь. Кунта-Хьаьжа цхьана а моллина и т1ерикъат 1амон я дийца кхиъна вац аьлла хета шена, элира Элих-Моллас а. Бакълоь Эвтархойн Ахьмад, вай т1аьхьах1итта декхар дацара Эпенди-Хьаьжас дуьйцучунна, оццул к1оргера 1елам а ца хета суна и. Цкъачунна Кунта-Хьаьжий цуьнан тоьлла мурид Баматгира-Хьаьжий вайх цхьанне а ма-варра вевзаш а вац.
Баматгира-Хьажа вайна юкъахь уггар воккхахверг ву. Мел чолхе г1ан гича а, ша Юсуп-пайхамара санна и нийса туьду цо, хиндерш а дуьйцу. Мел йокъа х1оьттича а цо до1а дича дог1а а дог1у. И шайх вуй массарна а хаьа. Доккха къа ду вай ваьшна латош дерг, оцу нахана Дала дика диний вайна гушшехь, совдерг лелош ду вай. Хьекъален волчу Элах- моллас имаме д1ааьллера, ша цу къийсамна юкъа г1оьртар волуш вац.
Амма Шемал тешна вара Кунта-Хьаьжас, Баматгира-Хьаьжас шаьшшиннен зуькарш юкъа а даьхна, адам галдоккхуш ду бохучух. Самукъанна я сингаттамна адам вовшахдеттар имаматехь дихкина дара. Ткъа х1окху керла ваьллачу шина шайхо ч1аг1дора стаг шен х1усамна 15-20 г1улч генахь веллехь а г1азот ву бохуш. И дерриг Дала а, шари1ато а боху бохуш дуьйцуш дара. Ташо-Хьаьжа дика накъост, нийсо езаш стаг вара. Х1инца и Далла дуьхьал д1авахана 4-5 шо даьллачу хенахь, цо вуно жима волуш Кунта-Хьаьже делла къадарийн т1ерикъат кхунна дуьхьал болх беш дара. Оцу балхо синтемах ваьккхинера Шемал.
Эххар, имам Шемала хала хьелаш х1иттийра, шен дагахь: Кунта-Хьаьжа суьдхойн массо а хаттарна жоп дала дезаш вара. Суьдхой декхарийлахь бара керла т1ерикъат юкъараллина зуламен ду я дац ала. Цо т1емалой малбо, я ца малбо, г1азотах шалхонаш кхуллу я ца кхуллу къасто. Эрсанахь меттиг кечйира и къийсамаш д1абахьа: цхьана аг1ор исс хьокха лаьттах буьйг1ира-царна т1е шар1а суьдан кхелахойн кортош ухкур ду ша уьш эшахь элира имама. Юьстах а баьккхина кхин цкъа хьокха ша буьйг1ира. Иза Кунта-Хьаьжина кечбина бара. Цу майданахь и кортош к1иранах кхаза дезаш дара кхечарна масал а хилла, юкъаралла галйохуш болчу.
Билгалдиначу дийнахь Кунта-Хьаьжин делегаци Ведана схьакхечира. Бакъду, Эвтархойн Ахьмадана хууш дара Эрсанахь доьг1на хьекхий дуй. Цундела кечам а хьакъ ма-хиллара бара. Кунта-Хьаьжиний, 1овдиний шайна Дала дика дина хиларна и сурт гуш дара. Уггар тоьлла зикархойх б1е стаг кечвинера. Хаза мукъам болуш назманчаш бара Гелдаганара, Майртуьпара, Гихт1ара, Герзель-юьртара а. Амма царна ха дан Эвтархойн Ахьмадан б1о, дог-майра Ч1егин обаргаш, Шелара, Атаг1ара обаргаш Ахтаха, Орца, Дог1а, Вара а. Нагахь суьдо йина кхел нийса ца хилахь и эскар тоьар дара Кунта-Хьаьжа Эвтара кхаччалц охьавало, ткъа кхузахь хиндерг-Дела ша воцчунна хууш а дацара.
Еарийн дийнахь, июлехь, хаза де дара. Ломаца довха а доцуш. 1уьйранна дуьйна Ведана схьабаьхкира дуккха а говрабереш. Делкъа ламаз дале ши сахьт хьалха схьакхечира Кунта-Хьаьжий, 1овдий т1ехь волу пайто. Г1опахь берш цецбевлла бара. Имам Шемалан а яцара и тайпа пайто. Иза Г1излара – г1алин комендантан совг1ат дара мацах Эвтархойн Ахьмадан дов дерзийча Исмайлин Дудина дина долу. Ткъа Дудас цкъа 1овдас цхьа зен а ца хуьлуш почта йоккху ахь аьлла шена кхаъ барна цунна совг1атана шеллера и. Иштта нис а делира. Ха дада а дедда, х1онцах йоьттина шарбан ялош ц1авеара Исмайлин Дуда.
Кунта-Хьаьжиний, 1овдиний улло бевлла къона муршидаш бу, т1аьхьах1оьттина доккха эскар а ду аьлла, шега хаам бича, Шемал воьхна хьаьвзира. Цунна дагадеара Ташо-Хьаьжас шега баьхнарг: хьайна гонах т1ом ма белахь имам, нохчий- х1инцца цаьргара х1ун дер ду ца хууш ша кегийн бераш санна адамаш ду хьуна. Имам велахь шайх воцчу стагана мичча хенахь дуьхьалбовла кийча бу уьш. Шемала, хьешашца лараме хила, цхьана а х1уманна т1ехь царна дуьхьало а ма е аьлла омра дира. Т1ебаьхкиначаьрга хаийтира имам диван-ханехь ву, жимма собар дан дезар ду аьлла. Муридаша зуькар долийра. Дол-долуш чехкаделира зуькар. Диван-хан йиначара дуьйцург хезаш дацара. Чкъуг ц1ийна гонах йирзича, чоьнаш лела йолаелира. Ша х1удо ца хууш, араиккхина имам.
– Я Аллах1 олуш, – коган зуькаре велира. Шен вуьшта а нуьцкъала, т1ахъаьлла волчу имама ч1ог1а тухура ког.
Мичара ели ца хууш марха а еана, Веданара г1опа т1ехулара стигал д1а а къовлаелла, 1индаг1 хоьттира, эсала, аьхна аьхкенан мох хьаькхира Хулло чуьра схьа. Зуькар т1етт1а чаг1луш дара. Цецбевлла лаьтташ болу г1ролера суьйлий цхьана ч1агара юкъабахара. Лоха а, буто догймаш долчу суьлий тарраш лаьттахула текхаш, суйнаш туьйсуш дара. Нахана тамашийна хеттарг, зуькарна дуьхьал волу Эпенди-Хьаьжа, массарал лакха а кхийсалуш, я Джаббар аьлча а соцуш вацара. Цхьа сахьт даьлча, зуькар ц1еххьана сецира.
Имама аьллера хьеший г1опара маьждиге ламазана бига, т1аккха х1ума яийта цаьрга. Делкъал т1аьхьа Эрсана д1адаха кечам а бе. Резиденци чуволлушехьа, цуьнга гата делира. Хи санна охьаоьхуш дара Шемална т1ера хьацар.
– Эх1, х1ара беркат я1! Х1ора дийнахь иштта зуькар деш хилча ма дайн хир дара дег1, – элира Шемала. Шена улло нисвелла Эпенда-Хьаьжа а вайна, велавелира:
– Х1ай зуькаран мостаг1, хьо ма ч1ог1а чуьраваьллера, ахь х1ун леладора?Хьо-м я Джаббар аьлча, соцуш ма вацара?!
– Валлах1и-биллах1и, имам, эцца зуькара юкъа ца иккхинехь х1ордачу а вахана, леш ма вара со, – элира Эпенда-Хьаьжас.
– Реза вуй-хьо Кунта-Хьаьжа веза стаг ву аьлла мукъарло дан? – хаьттра Шемала.
– Х1инца а ойла ч1аг1ъелла сецна яц сан, – воьхна жоп делира цо.
– Деллахьа ву со, хьан сина хала а ма хетийла, Эпенда-Хьаьжа, хьо шийло шайх хеташ. Делора вац ас хьо хьаша ву аьлла кхоор, хьайн сацам нийса белахь, хьокханна т1еоьллина и хаза корта къийгаша баа болийча, т1аьхьа хир ду, – велавелира имам.
– Бехк ца биллар доьху ас. Кавказера бусалбанийн эла, Шемал! – олуш, малхбален хьаставлар гойтуш, оьг1азвахана шега хьоьжуш волчу имамана гена велира Эпенди-Хьаьжа.
Ламаз диначул т1аьхьа, имама хьалххе бежанаш а дайитина кечдиначу саг1анах а кхетта, Эрсана д1абаха арабевлира хьеший. Шемил ночий дика бевзаш вара. Эрсана гонах дуккха а эскар х1оттийнера цо. Сагатдийриг оцу шайхашна хьалхаваьлла Эвтархойн Ахьмад хилар дара. Цуьнца т1ом бийр бац Шеларчу Т1елхага, Бенара Бойсакъара, Хьаьжмурда, Шамурзи Ботас а. Г1уллакх ма дацара уьш Эрсана кхайкха. Бакъ долуш, вон забар ю Эпенда-Хьаьжас айбинарг. Бакъ-м лоькхий Элах-молла, цо Эпенди-Хьаьжа цхьа а шайхаллех х1ума долуш вац аьлча, вайн молланашна хуург ца хаьа цунна. Мог1арера къурайшан ц1ийнах стан ву-кх и, пайхамаран ларам беш вай куьйгаш т1ехь лелош. Иштта кегаелла ойланаш а йолуш схьакхечира Шемал Эрсана.
Парг1ат вара Кунта-Хьаьжа. Гайта ницкъ болчо цунна селхханехь гайтинера кхузахь хиндерг. Цуьнан 1аьрбойн х1ух болу сира дин, некха т1ера к1айн 1аж а къегаш, патг1ат бог1ура. Эрсана доьлху некъаш ирхо йолуш хиларна, пайто Веданахь йитина цой, 1овдассий. Шийнне а муридаша т1аьхьабалийна ши дин бара. Шен дин т1улган некъа баьлча, Хьаьжас ларамца къамел дора цуьнца: «Хьорзум, хьайн ленаш ларделахь, уьш керла ду хьуна». Шен устазаца дагца къамел деш вог1ура 1овда а: «Сан Буракъан ленаш х1инца дикка дааделла. Со аьхка дукха хьолахь шарбанахь, пайтонахь лела».
Оцу сийлахьчу нехан говрийн ц1ераш стенгара евлла шуна дийца декхарийлахь ву со. Цхьана жайни т1ехь дуьйцу, цкъа вайн пайхамар Бадрунгехь т1амехь а волуш, цу меттигана гена воццуш жа дажош вара ши 1аьрбо. Ц1еххьана стигалахула йог1уш 1аьржа марха гира цу шинна. Оцу мархи юкъахь говрийн бергийн тата дара хезаш, уьш лаьттахула евдда йог1уш санна. Цу шинна хезира Джабраил – малико шен говрана шед а тоьхна: «Сиха лелахьа, Хьорзум! Вай-м орцах доьлхуш дай! » – аьлла къамел деш.
Кунта-Хьаьжина девзара и легенда, цо шен говрана Хьорзум аьлла ц1е тиллинера. И х1инца а къона дин бара. Шайхо човха ца бича, чехка ца боьдура. Говрана хаьа боху ша вуьгуш верг мила ву.
Баматгира-Хьаьжас шен 1ожа басахь болчу динна Буракъ аьлла ц1е тиллинера. Пайхамар мирадже вахаран истори массо бусулбана а хаьа берахь дуьйна. Иштта ц1е яра пайхмар шена т1ехь Далла дуьхьал воьдуш стигала ваьллачу динан. Цундела ю говр бусулба наха лоруш. Дукха хьолахь говран жижин ца дуу цара, амма пайхамара т1едилларца дарбанна дерзадо говран дакъийна жижиг: цо энаш д1адоху, жаннаш ц1андо, 1онжар ца лозуьйту, туберкулез д1айоккху. Кхузахь кхин цхьа кхайле а ю: вай да Адам шен говрахь вахана Ялсамане. Цуьнан дин-Сахьуна ц1е йолуш хилла.
Хьалха заманахь нохчийчохь баьхначу динбереша шайна т1е хала киртиг х1оьттича: 1инах дехьакхоссалуш, догучу т1айт1е говр йоккхуш, т1еман ц1ерга оьккхуш-Сахьуна, Буракъ, Хьорзум-ларбелаш сан дин зен-зуламах олий, доьхуш жилла, хьалха Деле до1а а дой. Цундела нохчийн легендашкахь т1ома лелаш, нека деш, ц1ерга лелхаш дойш ду.
Эрсанара майда адамо сийсош яра. Массо лакхе д1алаьцнера дерриг ган луучара. Нахана ган лаьара къона шайх Кунта-Хьаьжа, шех имам Шемал а кхоьруш волу. Суьдхоша шайн хьелаш дийциначул т1аьхьа, Шамила шен лаам бовзийтира. Х1инца шайна шари1атах хуург схьадийца элира хьешашка. Майдана юккъе д1ах1оьттира Кунта-Хьаьжий, 1овдий, Эвтархойн Ахьмаддий.
– Имам, ахь пурба делча цхьа-ши дош эр дара ас. Х1окху Кунта-Хьаьжас бакъо елла суна. Аш х1иттийна долу къовсаман хьелаш вайна мелла а аттаче дохур дара ас. Адам г1елдала ца кхуьуш, машарца д1асакъаьстар ду вай т1аккха.
Майданахь г1овг1а елира. Шемал буьрса хьожуш чекхвелира майданахула. Адам тап аьлла тийра. Массарна хозуьйтуш элира имама:
– Эвтархойн Ахьмад ву вистхуьлууш.
– Лараме имам Шемал, тхан шеко яц хьан суд, цо ен кхэл нийса хирг хиларан. Амма шуна хаийта лаьа суна: шайхан дов хатта суьдхой а шайхаш хила беза. Цо гойту аш бина кечамаш эрна хилар. Делахь а тхайн шуьга болчу ларамна, имам, ахь доккхучу ц1еначу г1азотан хьурматана вай дехар дина Кунта-Хьаьже хьайна Дала еллачу къайленех цхьаъ гайтахьара тхуна аьлла. Иза реза хилла. Оха кечам бинера Эрсанахь. Хьан пурбанца, имам, оха х1инца кху майдана схьадохьу 20 ага. Царна чохь кохканашца дихкина 3-5 бутт болу бераш ду.
– Бакъо ю! – элира Шемала. – Чекхдаккха шаьш дагалаьцнарг.
Къаьсттина имамана тайнарг-Ахьмада вай машарца д1асакъаьстар ду алар дара. И дегайовхо йолуш а вара цуьнах. Адамашна юкъахь нисло-кх адам ма –гиннехь хьуна дезалуш. И тайпачех вара Эвтархойн Ахьмад. Х1окху шина шайхал а и уллора хетарна, ша Шемал а шех цецволура. Эрсаноша цу сохьта деана д1ах1оттийра бераш чохь долу аганаш. Уьш сийсара бийшина а бацара бераш лийчош, царна т1ехьарчо ц1ена шаршуш нисъеш. Эвтархойн Ахьмада ши мог1а беш, д1анисдира аганаш. Доьлхуш долу бер а майдана ма-кхеччи д1атера. Кунта-Хьаьжас цхьана юххье а х1оьттина Къор1анан деза аяташ дийшира. Т1аккха, цкъа цхьана аг1ор – итт агана т1евахара: х1ора берана аьтту лере а таь1ий : «1уьллах1-1уьлалахх1» олура Хьаьжас. Юхавог1уш вукху аг1ор долу берашна а изза дира. Юккъе д1а а х1оьттина, байн зуькаран мукъам болийра Кунта-Хьаьжас.
Аганарчу берийн маьхьарий девлира: «1уьллах1-1уьлалах1» бохуш, шайн кохканаш а даьстина, цхьа а охьа ца дужуш, зуькар дора цара. Майданахь мел долу адам 1адийнера, оцу тайпана мукъам, куц долу зуькар царна цкъа а хезза а дацара. Моьттар дара стигалара маликаш охьадиссина. Цхьана иттех минотехь зуькар диначул т1аьхьа, Хьаьжас зуькар сацийра. Салот диллира. Берашна нанойх цхьа зуда а т1е ца хьаьдира. Шаьш схьа ма-дарра, божарша д1адехьира аганаш.
Имам Шемал хьалаг1аьттира:
– Кунта-Хьаьжа, кхузахь болчу бусалба нахана кхачам хили ахь диначух! Дала даржехь-мулкехь соввоккхийла хьо! Вайх массарах къинхетам а бойла цо! Х1инца ахь аьлла йолу кхел ас кхарна йийриг хилар т1ехулара Дела теш ву-кх, – элира имам Шемала.
– Дала, хьо эшна аьлла хеттачохь – хьуо толаман да вина каравойла хьуна, Шемал! Суна урдона лохьа х1ара хьайн шари1атан суьдхой! – дийхира Хьаьжас.
– Тахана дуьненахь, кхана къемата дийнахь со хьан накъост ву. Урдона бели ас хьуна и суьдахой. Таханалерачу дийнахь церан синойн эла а, паччахь а хьо ву-кх! Кхин хьан соьга дехар дацахь, ахь пурба а лахь, со сайн декхарш кхочушдан д1авоьду, Кунта-Хьаьжа! – элира имам Шемала.
Имам ша а, цуьнан эскаран хьаькамаш а Хьаьжин сий деш шайн дой юьхь а лаьцна, дикка д1а а бахана бен ца хевшира говрашка.
– Х1ан-Х1а, х1ай суьдахой, шайна ца хуучу х1уманца кхин кхел ма елаш, ас гечдо шуна аьлла! – Д1аваха тохавелира Хьаьжа а, 1овда а, Эвтархойн Ахьмад, церан накъостий а.
Эшна, сий дайна болу молланаш кортош а охкийна юьртах бовлуш бара. Схьабог1учу хенахь цаьргахь хилла йолу сийлалла аьхкенан ченала а йоьжна яйра. Суьдхошна хиира лаьттан кхелан девнна к1ел ца бог1у нах адамашна юкъахь лалаш хилар.
Имам Шемала цхьана х1уманна реза вац ша аьлла, д1аваьккхинера шар1а суьдан коьртехь волу умалт. Юха а Хорачий, 1аьндийн цхьацца к1отарш, ч1ебарлара ярташ елла наиб х1оттийра цо иза. Х1етта мухстасиб х1оьттина волчу Зандакъара шайха Г1еза-Хьаьжас элира шар1а-суьдан декъахошка:
– Кунта-Хьаьжа Дала дика дина стаг ву. Юьхь-1аьржа х1уьттур ду шу. Ма г1ерта цуьнан балха юкъа.
Амма Маккарчу ЭпендаХьаьжас бохучунна т1аьхьа
х1иттинера молланаш. Цундела байттамал хилира.
Цул т1аьхьа шари1атан суд ша-шах д1асаелира. И вовшахтоха г1ерташ цхьа а вацара. Элах- моллас мехкан кхеле дуьллура чолхе хаттар. И хабар Нохчийчухула сиха даьржира. Кунта-Хьаьжин муридийн тоба мелла стамяла йолаелира. Х1инца Шемала т1амехь мел баьккхина толам а зуькурш дечарна д1аберзабора паччахьан инарлаша а.
Эвтархойн Ахьмад сих-сиха дагаволура Кунта-Хьаьжех, 1овдех. Говрахь ша махках валале цкъа хьалха цу шиннах дагаволура. Цхьа ца оьшучу тасадаларшка а ца воьдура иза. Чувоьллина волу цхьана моллина вада г1о а дира цо. Оцу 1елама стага имама нахера налог нийса ца йоккху аьллера.
Ахьмад ч1ог1а 1аьткъина вара Устрада –эвлара бевдда сехьа а бевлла, шемалехьа бевлла нах юьртахоша тоьпаш тоьхна байар. Цхьаммо цхьа питана лелийнера цигахь. 1едало царна ахча ца делла олийла яцара и зулам дийриг. Халкъалахь боккха ларам болуш волчу стагана дуьхьалваккха ч1ирхо везара паччахьан 1едална. Оцу балхана бехкен Ахьмад а вина, ч1ир цуьнга кхайкхийнера. Оццу муьрехь кхин цхьаъ а томехь доцу х1ума нисделира. Эг1аштара къайлах долу ха дукът1ера хийцича, Ведана г1опе баха басахула чубуьссучу муртазекъийн говр а шершина, беречун юьйлина йолу топ яьллера и т1аьхьавог1учунна син метте кхеттера. Хилларг ма-дарра ца дуьйцура т1емалоша. Имама варх1анне тоьпаш тоха аьллера Эвтархойн Ахьмаде. И тайпа къиза кхел ша нохчашна йийр яц. Бахьанах бахьана а х1уьттуш, шена гонах вонаш дуьйлу. Имам, хьайна кхин наиб харжа, цатовш долу х1ума дита деза аьлла вайн дайша. 1849-чу шарахь, кхин бахьана а доцуш наиб волчуьра д1авелира Эвтархойн Ахьмад. Цу хенахь вуха а наиб д1ах1оьттиначу Шелахойн Т1елхага тоьпаш тоьхна вейтира варх1 г1аролхо и зулам и валлац цунна т1аьхьара а ца делира. Ур-аттал велча а.
Наибан дарж д1адаларх паччахьана дуьхьал болу къийсам ца сацийра Эвтархойн Ахьмада. Иза дагахь доццучу хенахь дуьхьал нислора паччахьан кхайлах лелачу отрядашна. Цо уьш х1аллак а йора. Иштта цкъа Г1оййисттехь нехан даьхни далош бог1учу зуламхошна т1енисвелира Эвтархойн Ахьмад шеца Буг1а а, Геха а кхин а пхи накъост а волуш. 8 дин, йиъ эмкал, цхьа ши сахь дато ахча а даьккхира цаьргара и х1онц имамана совг1атана д1аелира Эвтархойн Ахьмада, дохнан да ца волий хиъча. Цуьнах кхаъ хиллачу имам Шемала Эвтархойн Ахьмадан маьхча Аг1а ваийтира кехат яздина. Шемала яздора: «Вайшинна юккъехь цхьа а вас яц, хьайна соьгара цатам хиллехь гечдай, вухавола суна т1е». Эвтархойн Ахьмада дуьхьал яздира: «Халахетча – д1айоьдуш, самукъадаьча- юхайог1уш лела зуда яц со», – аьлла. Хьалхалерра тешам вай ларбийр бу. Имам, хьуна со гур ву хьайн эскар т1елетачехь – хьалхаваьлла, духадолуш-т1аьхьах1оьттина вог1уш.
Эвтархойн Ахьмадан вешин Майра Зулуман к1ентан т1аьхьенах бу Эвтарара Гапаевг1ар. Т1аьхьено т1аьхьене луш, цаьргахь лардеш дара Эвтархойн Ахьмадан кехаташ, тур, топ, шаьлта, тапчанаш, ластош тухуш хилла арсаш, чухьожу турмал. 1944-чу шеран 22-чу февралехь оьрсийн салташа конфисковать дира. Оцу герзан истори хууш стаг вара царна хьалхаваьлла. Замано луьттуш ю и къайле а.
ЭВТАРХОЙН АХЬМАД А, ТАРКХОЙН ШОВХАЛ А
«Нохчий къарцало, хьуьнаре бу, майрра т1елета, ларбала хаьа. Т1аьхьабовлахь- лоцу. Уьш-экханаш ду, еккъа-ц1ена Берзалой».
Историн очеркаш. 1904 шо.
Нохчийн ширчу яртех цхьаъ ю Эвтара. 1аламан уггар хазчу меттехь йиллина юрт хьалха заманахь баьхначу къонахоша. Лаьмнийн когашкахью. Малхбале аг1ор Арц бу, Малхбузе аг1о-генна г1ург1ача д1айоьду. Юрт шина декъе йоькъуш дог1у чухьаьжча сурт а гуш, ц1ена, сирла ломара хи – Хулхуло.
Х1Х-чу б1ешеран хьалхарчу эхехь кхузахь вехаш вара ц1еяххана къонах, динабере, Кавказехь а г1араваьлла волу Эвтархойн Ахьмад. Иза имам Шемалан уггар ларамечу, уллорачу наибех цхьаъ хилла д1ах1оьттира 1847-1849-чуй шерашкахь, историн барамашка йиллича, йоццачу хенахь. И дарж ша дитича а ламаройн маршоне болу къийсам цабитира цо. Шемала т1едиллина г1уллакх мел чолхе делахь а кхочушдора Эвтархойн Ахьмада а, цуьнан накъосташа а.
Ша къона воллучу хенахь кхаьчнера и махкахойн лараме. Эвтархойн Ахьмад аьлла йолу ц1е а цунна Хьалха-Мартант1ера къонахчо Исмайлин Дудас тиллина яра. Х1умма а гал а ца ваьллера иза. Цкъа ша х1онц ян ваханчу хенахь т1енисвеллачу жимачу стага къонахалла, стогалла, майралла а гойтуш ша мостаг1аша воьчура ваккхарна. Эвтархойн Ахьмад вевзира дог-ц1ена, доза доцуш майра хиларна. Шен 48 шо долуш валар нисделира цуьнан. Паччахьан инарлаша мах а белла, харцонца вейтира иза, Грозный г1опана т1елатар дан ваханчохь. Амма Ахьмадах долу иллеш дехаш ду б1ешерашкахь, шен хьомен турпалхо ца вицво халкъо.
Шен заманахь шайгара доьналла гайтина болу Эвтарара къонахий: Дибин к1ант Эвтарха, Оспана 1успа, 1ахин Темаркъа, Тамин Дада, кхиберш цецбуьйлура цуьнан доьналлех. Ахьмадан хенара болу обарг Геха, дог-майра Ч1ега, 1умар некъийн Буг1а, Тамин Дада, чермойн Ц1есар, Эвтархойн юьрткъеда Куза-доза доцуш майра нах бара.
Ахьмад церан уггар а хьомен доттаг1 вара.
Цкъа Шемала шена т1едиллина г1уллакх кхочушдан Таркха ваханчу Эвтархойн Ахьмадана дагадеара Шовхал волча хьошалг1а восса. Цу хенахь ц1еяххана къонах вара Шовхал дег1астанахь.
Г1ебартойн х1ух болу шен чехка дин хаьхкина вахара и Таркха. Маьрк1ажехь ламарой шайн дийнан г1уллакхех мукъабевллачу хенахь д1акхечира иза. Цу сарахь Шовхал волчохь хьошалг1ахь дууш, молуш сакъоьруш 1аш бара кхузара г1умкийн элий.
– Има-беркат шортта лайттийла кху х1усамехь, Дала хан йахйина Шайна маттов дукха а дахадойла шу! – аьлла чувелира Эвтархойн Ахьмад. Массаьрца а куьйге воьдуш чекх а ваьлла, могаш-парг1ат хаьттина паргатвелира иза. Амма Ахьмадана дуьйцуш хезна долу дег1астанхойн хьаша ларамца эцар кхузахь лардеш дацара, тховса-м муххале а. Шен накъостех воккхавеш волчу Шовхала башха тергал а ца вира Нохчийчуьра хьаша. Х1усамда мелла шен самукъадаьлла, баьхкиначу г1умкин элех воккхавеш, х1айтаьлла хьийзара. Эвтархойн Ахьмад церан хабаршка ладоьг1уш верг хилла висира. Ша х1ун дича бакъахьа дара- те аьллачу ойланца уьйт1а велира Ахьмад.
Буьйса йара. Сигалахь седарчий догура. Новкъа волу хан йацара. Шен верта лаьтта а тесна, аг1орвелира Эвтархойн Ахьмад. Цуьнан 1алашо йацара кхузахь шена той х1оттадайтина 1ен, х1ара мелла а уллора Шовхал вовза лууш веанера, паччахьан эскаршна кхид1а дуьхьал муха лаьттор ю вай, алссам ницкъаш вовшах цатоьхча, бохург хаа а лаьара.
Эвтархойн Ахьмада деанчунна вуно генара х1уманаш дара Шовхала а, цуьнан накъосташа а уьйбурш. Ша беана некъ эрна хийтира Ахьмадна, варна дохко а велира. Дагахь а доцуш наб кхийтира цунна. 1уьйранна вуно хьалхе, Шовхалан 1одика а цаеш, Нохчийчу ваха новкъа велира Эвтархойн Ахьмад. И шек вара Шовхалан дика йоккхучу ц1арах, ца хаьара накъосташа муха т1еийци хьо Таркхахь аьлла хаьттича, царна х1ун аьлла жоп лур ду. Бакъдерг дийцича, Шовхалан ледарло гучуяккхар хуьлу, харцле а йиш яц. Х1умма а цадуьйцуш 1ар сацийра цо. Ша ц1авог1уш лаьллина схьа а ялийна, Шемална д1аелла говрийн рема а къуйлаяхийтира: тахана г1азотан дайшна делла даьхни саг1а ду бохура нохчийн молланаша.
И г1уллакх нисделла ши-кхо бутт баьлча, Эвтара, Ахьмад волчу хьошалг1а веара кхоъ вевзаш воцу стаг. Царна юкъахь цхьаъ-Таркхойн Шовхал вара. Амма Шовхална цахаьара х1усамда дукха хан йоццуш ша волчохь хилла волу Ахьмад вуй. Цу хенахь цуьнга Эвтархойн Ахьмада цааьллера ша имам Шемалан наиб ву. Шен ц1е Нохчийчохь а, Дагестанехь к1езиг евза аьлла хеташ вацара иза. «Диканна дуьхьал-дика дар-х1ораннен а декхар ду, – ойла йора Эвтархойн Ахьмада. Ахь соьца лелийначу г1иллакхе хьаьжна ца 1аш, ас эца ма-веззара т1еоьцур ву хьо. Дика г1иллакх ду ламанхойн: шен х1усаме хьаша веанехь салам-маршалла а делла, цунна ларам бар, цуьнан г1уллакхе хьажар».
Эвтархойн Ахьмад а шен хьешийн сийнна тоьлла уьстаг1 бийра. Шаьш х1ума а йиъна парг1атдевлча, Ахьмада элира: «Шовхал, шу со волча цхьа г1уллакх дахьаш даьхкина хир ду, со кийча ву-кх аш деанчунна т1ехь накъосталла дан. Схьадийца, х1ун ду аш деанарг, соьгара х1ун г1о оьшу?Вайн ницкъ кхочург дан вай кийча ду-кх, аш деанарг мел доккха г1уллакх делахь а».
Хьеший дегайовхо йолуш а бара иштта къамел х1усамдегара хаза, х1унда аьлча, хатта а хаьттина, кху махкахь, халкъалахь дика вевзаш волу къонаха Эвтархойн Ахбмад волча биссинера уьш. Амма царах цхьаннан ц1е Эвтархойн Ахьмада яккхар царна тамашийна хийтира. Амма Ахьмадах и хьул а дина, шаьш беана некъ бовзийтира Таркхойн Шовхала: «Цхьа к1ира хьалха тхан юьртара говрийн рема йиъна. Тхо Г1ебартахь а, Хирийчохь а хилла, амма цхьана кеапара лар цахааели тхуна. Цунна даьхкина тхо Нохчийчу. Тхуна хаьа кхузахь хьан болу ларам, меттигерачу адамо хьоьга ладуг1ий. Цундела оха сатуьйсу и рема схьалохуш ахь тхайна г1о даре. Тхо декхарийлахь долуш дуьсур долуш нах а дац, нагахь Таркхахь хьан г1уллакх хилахь и тхайна т1е а лоцу оха».
Эвтархойн Ахьмада хаьттира цаьрга говрийн билгалонаш, ремана т1ех1иттича и евзар ю-яц. Шена бевза-безачаьрга хоттуш и схьалаха шена цхьа кхо де хан езар юйла а хаийтира. Нагахь и нохчаший, г1алг1аший йигнехь рема вайна юхахир яц. Къу лаьцна ца хилча, вайн бехк цхьанне а т1етоттийла дац. Амма Ахьмада билгалйиначу хенахь рема цакарийра. Карайойла а дацара.
Эвтархойн Ахьмад волчохь дика са даь1на, хьеший д1абаха тохабелира. Говраш ца карийна новкъа долуш Эвтархойн Ахьмада элира:
– Схьагарехь шун рема Теркал дехьарчу г1алг1азакхаша ядийна, ткъа цаьрца долу къамел герзаца а, дар-дацарца а, я 1едаплца хила деза. Суна, х1усамда хиларе терра, бакъахьа дац шу куьйгаш ластийна духадахийтар. Вай кхана Теркалдехьа рема схьалаха я керланиг ялон г1ур ду. Цигахь сан тешамен накъостий бу. Шуна дина зен меттах1оттадайта хьовсур ду вай.
Хьеший реза хилира. Эвтархойн Ахьмада цу буссехь хабар туьйхира: дог-майра Ч1еге, обарг Гехе, Буг1е, Таме, обаргех ц1ахь верриг а эций, 1уьйранна сатоссуш ша волчу кет1ахь хила аьлла. Шолг1ачу дийнахь сатоссуш, юьрт г1аттале эвлах елира ламаройн дошлойн тоба. Уьш верриге а пхийтта стаг вовшахкхеттера. Д1абоьлхуш къеначу Теркан бердашка кхаьчча, шач юкъара схьа цхьаьннан узарш хезира царна. Иза уллорачу юьртара таллархо хиллера. Топ тоьхна ша йожийна йолу бад шач юкъа йоьжча, и схьаца юкъаваьлча, д1аьвшечу лаьхьано лаьцна, къуьйлуш, юкъавоьллина. Шовхала т1ехьаьдда, Кубачера пхьераша йина йолу шен тур санна еха шаьлта тоьхна бат1ийра къорза лаьхьа, «йийсар» мукъавоккхуш. Оцу лаьхьанан д1аьвшан хьожано кхетамах а баьхна, эгийра ламарой.
– Ой, тхо массо а кхетамах даьхна- те оцу лаьхьана д1аьвшо, – аьлла, меттавеана д1аса хьажавеллачу Таркхойн Шовхална гира лаьттах тур а доьг1на х1оьттина лаьтташ, ша балех ваьккхина волу таллархо. Оццу хенахь царна т1екхечира уллорачу оьрсийн т1еман гарнизонера эпсарш. Уьш нохчийн обаргийн отряд гича, хазахетта баьхкинера х1орш болча. Цара шайгарчу молханашца меттабалийра ламарой.
Оьрсийн эпсарех цхьаммо шен дийца нохчашна пайден х1ума ду элира.
Эвтархойн Ахьмада эпсар юьстах ваьккхира:
– Схьадийцал, х1ун ду и пайден г1уллакх, валар-висар Делан карахь дуьтур ду вай.
– Тхуна хаьа шу х1ун лоьхуш ду, амма рема лохуш шуна г1о дан таро яц тхан. Делахь а, цхьа дехар дара сан шуьга. Нагахь шу реза х1илча, почтан аказина т1е а летта, шортта х1онц йоккху х1ума хаьара тхуна, т1аккха шун зен а меттах1уттур дара. Рема ядон аьтту ца балахь а, езза говраш а эцна духадерза йиш ю шун. Оха аш к1ело ян еза меттиг а, мича хенахь и дан деза а дуьйцур ду шуна. Бакъдерг аьлча, г1уллакх кхераме ду. Шуна ма-хаъара, тхан и дан йиш яц, я ницкъ а кхочур бац. Шуна дан хала х1ума дац иза. Яьккхиначу х1онцах аш тхайна а дакъа дан лаьа тхуна.
– Пошта ю тхуна кхаа баттахь цаделла алапа, деши, дети а долуш. И схьайоккхур яцара эш т1е а летта?
– Ас х1инцца цхьана минотехь жоп ло хьуна, – аьлла, вахана шен накъостех дагавелира Эвтархойн Ахьмад.
– И тайпа х1ума тхоьга хеттал тхох тешам боцуш кхайкхина ахь тхо? – шаьш вас йиний хаийтира обаргаша.
Орсаша дийцира пошта муьлхачу новкъа йог1уш ю а, ши сахьт даьлча и стенга кхочур ю а. К1ело ян уггар тоьлла меттиг а йийцира. Юха вовшахкхета меттиг билгал а йина, д1абахара оьрсий. Эвтархойн Ахьмада Таркховн Шовхале шаьш духадахккалц цхьанхьа г1умкийн я нохчийн х1усаме а г1ой, хьошалг1а восса элира.
– Ахьмад, тхуна хаьа нохчийн шаьш долчу веана хьаша т1аме вуьгуш 1едал доций. Вайниг кхин кеп йолуш нисделла. Шу тхуна орцахдевлла ду. Ахь кхузахь дитахь а, тхо т1аьхьа цадаьхкича 1ийр дац.
Ши сахьт даьлча уггар къайлах йог1уш йолу паччахьан пошта нохчаша йихьна аьлла хабар даьржира Теркаца йолчу ярташкахь. Ч1ог1а аьтту белира эвтархойн. Шовхал а цуьнан накъостий а т1ама юкъаболале дог-майрачу Ч1егин тобаной, обарг Гехассий дера диллийтира почтин ханах. Делкъал т1аьхьа орсашца х1онц а екъна, новкъа бевлира Эвтархойн Ахьмад а, цуьнан хьеший а. Эвтархойн дозане шаьш девлча, Эвтархойн Ахьмада Таркхойн Шовхале элира:
– Оха хазахеташ тхайга хьошалг1а дуьгур дара шу. Шуна ма-хаъара, х1инца вайн цхьанне а зен доцуш тоьлла хьошалла дан таро а ю. Амма шуна х1инца ц1ахь сагатдеш хир ду. Вайна ма-хаъара, атта зама а яц карахьерг. Шу д1аг1о. Тхайн хьошаллин декхаран хьурматана, х1окха шуна гуш йолчу обаргийн тобана а ц1арах х1ара х1онц а ло оха шуна. Х1ара шуна итт рема эца а ахча ду. Х1оккхузахь д1асакъаьстар ду вай.
– Дика ду, – реза хилира Таркхойн Шовхал.
– Амма сан цхьа хаттар дара хьоьга ва Эвтархойн Ахьмад. Тхо дуьххьара хьан х1усаме кхаьчча, сан ц1е яьккхира ахь, х1инца а сан ц1е йоккхуш дерзий ахь. Вайшиъ хьалха стенгахь вевзина?
Эвтархойн Ахьмада дийцира:
– Ши бутт хьалха дара иза. Хьо волчохь сакъоьруш шун г1умкин элий болуш, со веара хьо волчу. Ахь башха тергал цавича, хьан уьйт1арчу керта улло байт1е верта а тесна, буьйса а яьккхина, хьан 1одика а цаеш ц1авеара со.
Таркхойн Шовхал ч1ог1а холча х1оьттира. Цунна дагаеара и буьйса. Веана хьаша а. Шегара яьлла ледарло. Кхин ша дуьненчохь йоккхучу ханна и саннарг шегара цадалийта дош делира цо Эвтархойн Ахьмадана.
Г1ИЗЛАРХЕХ КЪАСТАР
«Нагахь сан бераш дуьхьал лийча, ас олу: «Нохчашка кхетош-кхион д1адала деза шу».
Иосиф Кобзон, илланча.
Мартант1ера ц1авог1уш Жима Атаг1а вирзира Эвтархойн Ахьмад. Кхузахь яра к1ира хьалха Ахьмадан доттаг1а волчу еана йолу Светлана. Цуьнах Седа олура лулахоша, гергарчара, марзоша. Дейтталг1а шо дара и Эвтархойн нус йолу. Дуьххьарлера ши шо кхузахь даьккхира. Бусулба дин т1е а эцна, цо ламаз-марха лерина лелон долийча бен Эвтара д1а ца йигира. Седин к1ентан Аьрзун шо кхаьчнера уьш Эвтара д1абоьлхуш. Ма йоккха башхалла ю Органний, Хул-хулоний юккъахь олура Седас. Хьалхарниг-даьржина а, шийла а дара. Хулхуло сирла дара бухахула ловзуш лела ч1ерий а гуш. Цуьнан дика хилар-де дохлучу хенахь хи а дохлора. Сарралц лийчарх чохь к1орда а ца дора.
Кхин а тидамаш бинера Седас. Нохчий цхьатера нах бац. Цхьанха вовшах а тоьхна, 1ама а бина кхузахь баха схьабалийна болуш санна хетало.
Иза Атаг1ахь ехаш йолуш, кхуьнца сакъера чубаьхкиначу зударша хоьттуш дерг х1ун дара: хи стенгара оьцу, стоьмаш буй цигахь, цкъа а гомаша оьзний ахь. Ц1ийнадас ахча лой хьоьга? Эвтарахь-кхин х1уманаш ду коьрта: иштта хьена наьхча муха йоккху ахь бежана шурех?Шовдана хи дика хета хьуна я Хулло молу аш?Бакъдуй ахь бежанаш божал чохь лийчадо бохург?
Звтархошна Седас жоп ца делча а х1умма а ца хетара. Атаг1ой оьгазбоьлхура шайна кхачам боллуш дерриге а ца дийцича. Цу т1е шайга дуьйцучун маь1на ца хаьара царна. Т1аккха х1ора дош юх-юха шен маь1на а довзуьйтуш дийца дезара царна. Седина нохчийн мотт сиха 1емара, кхарна оьрсийн маттал. Доцца аьлча, дерригенах х1инцца йоьлла. Халонаш лан а 1емина, марзошна а х1ара езаелла яьллера. Ткъа х1инца дерриг духуш дара. Селхана чуеанчу мардевешин зудчо цхьа генара дийцинчу къамело г1еххьачул ойлане яьккхина а яра Седа. Цкъа а, цхьаммо а ца хиттина х1уманаш дара цунна хаа луурш. Йоккхачу стага 1апас хоьттура:
– Ялаза а ца яьлла кех яла дезахь яха меттиг буй хьан?
– Сайчул дика яха-ян меттиг цхьанне а бац баба. Сан дас суна сайнна дайтина ц1енош ма ду сан Г1изларахь. Баби-юрта уллохь, Таруновкехь, Теркачоь олучахь латтанаш ду суна делла. Аса-м аьллера Ахьмаде д1аг1о вайша циге аьлла. Хьан да, нана, гергарнаш д1абигча а вай цхьанне новкъа а дацара. Шортта даьхни дара. Хьал-бахам тоьар бара. Х1ара ца вог1у, – куьйгаш д1асатийсира Седас.
– Х1окхунна хахка говр, герзаш, даиман цхьанхьа хаьхкина ваха-ван меттиг хилчахьана кхин х1умма а ца оьшу. Суна-м ца хаьа баба, х1ара шийтта – кхойтта шо айса кхузахь муха даьккхина а. Сиха яха зама.
Ши де даьлча, ц1авеана волу Ахьмад, сарахь деден шича Аг1а волчу д1акхайкхира цхьа жимха а веана. Чохь гунойн цу заманахьлера тхьамданаш бара. 1овдас ша дан г1ертарг дийцинера шен гергарчу нахана. И халвате хаа воллуш вара. Цунна беш кечам а бара: даар, малар доцчу новкъа д1адаьхьна дара. Юьртара уггар тоьллачу моланаша хьалха деша дезаш долу Къор1анан коьрта аяташ билгал динера. Шовзткъа де-буьйсанна раж х1оттийна яра. Цкъа а, цхьа а х1ума а кхузахь лелийна доцу ц1ена латта а хаьржина, тоьла яккха а сацам бина бара. Тоьли чохь долу хьелаш нисдинера: вижа, г1атта, ламаз карла-даккха, эца, дан а меттигаш йинера. Ша хьалха ц1авеана волуш, Эвтархойн Ахьмада цхьацца хийцамаш юкъа беара тоьла кечъярна. Сени санна кечйира 2 метр шуьйра, 8 метр еха чоь. Лаьтта бухахь йолу массо чоь а гобаьккхина б1аьллинга г1уркх лоцуш тоян езаш яра.
Эвтархойн Ахьмадана ша чоьхьа ма-велли хиира, тахана къамел 1овда халвата хаарх хир доций. Аренца хилларг-лелларг хаьттина чекхдаьллачул т1аьхьа, Г1изларара вайн захалш муха 1аш бу, уьш болчохь хила а хуьлий хьо? – хаьттира дехоша. Дийцира х1инца Кавказан т1ом шен т1аьхьрчу чаккхене боьрзуш хиларх. Паччахьан эскарийн маьршачу нахах болу къинхетам д1аболуш бу. Россина Нохчийчохь, Дег1астанахь толам беза. Иштта хьал чолхе даьллачу хенахь даиман т1амехь волу хьо кхерамехь ву. Дела ша воцург вай массо а дала дезаш ду. Цундела нохчаша къонах стаге бен т1ебог1у бохам буьйцуш ца хилла. Хьуна хьайна хаьа Ахьмад х1ара хьан вешин к1ант Дала дика дина стаг вуй. Вай кхунна парг1ато яла еза, ша халватехь 1аш мелла а алсам шен ойла Далла т1е а яхийтина, лаьтта бухахь 1ан. Хьуна тхан къамел тахь, я ца тахь вайн нус йолу оьрси шен ц1аяхийта еза. Доллучул атта и ц1е т1ехь йоцуш яхийтича ду. Цунна кхайкхина оха хьоьга. Хьо кийча вуй оха бохург дан?
Эвтархойн Ахьмад цхьана а х1уманна а дуьхе кхион везаш вацара. Цунна хьан лаам д1ахьахийчахьана тоьаш дара. И кхийтира хуьлуш долчух. 1овдас шен гергара стаг Далла дуьхьал д1авахале, гонах берш кечбора къаста дезаш хиларх. Цундела цхьанне а вас ца хуьлура. Гергара стаг т1амехь вийча а, цомгаш хилла велча а гуной кийча хуьлура и д1аверзо. Оцу балхана Эвтархойн Ахьмада шен гергарчу нахе кхобуьйтуш даьхни дара. Саг1ийна хьовла – межарг бала уггар тоьлла шекар, ахьар, дама, гуьмалкаш чохь хьелийн даьтта а дара д1адиллина латтош. Нагахь паччахьан эскарш чудаьхкича, уьш т1е ца кхочче д1адохкура уьш Эвтарахь.
Нехан юьртахь эвтарарчу гунойн йо1 йиша нисъелча, дика-вон хилча, хьалха Эвтархошка хоуьйтура. Уьш цхьангге а хоьттуш х1ума а доцуш, цхьана к1иранна даъал рицкъа дохьуш схьабог1ура. Массара и Эвтархойн Ахьмадан доьналла хиларна ду олура. Иштта дан а дара иза. И къонах хилла нахала валлац гунойн и таронаш яцара. Уьш ша-ша хене вала г1ерташ воллура. Ткъа таро йоцчу стаге х1умма а ца дало. И таро шайн яр дара уггар хьалхарчу декъана Эвтархойн Ахьмада вовшахтоьхнарг. Ша пошта еача, цхьа дакъа юьртана юьстах дуьллура цо. И дикачу къонахойн г1иллакхаш дара Эвтархойн Ахьмада уггар хьалха Таймин Биболатан, Исмайлин Дудин г1иллакхех схьаэцнарг. Ша деана аьхча, даьхни, герз делахь-Аг1а волче д1адуьллуш дара. Аг1а дийна мел ву юкъарчу х1онсана са а ца гатдора цо. Цу т1ера шай ца оьцуш, мацалла лийр волуш ц1ена стаг вара Аг1а.
– Маца йига ас вайн нус йолчаьрга д1аяла? – хаьттира Ахьмада ша араволуш.
– Х1уманна цхьаннал сов яьлла кхане, эрна яйна хан ю олу вайн дайша! Хьайна хуур ду-кх хьуна, – хадийра баккхийчара. Доцца аьлча, кхана дийр ду аьлла долу худар даза дисиний хьо хууш ву.
Эвтархойн Ахьмада шен зудчуьнца долу къамел иштта д1адолийра:
– Седа! Деана сан дакъа уьйт1а охьа а диллина, хьо т1еялийча, уггар хьалха х1ун дийр дара ахь?
– Дала ма дохьийла! Дог эккхар дара сан, – елха озийра Седа.
– Иза хьуна ца ган там бу! Вайшиъ къаста дезаш ду. Кхит1е дан дезарг кхана дуьйцур ду вай. 1уьйранна Г1излара г1ур ду вай. К1ант кийча хилийталахь, – элира Эвтархойн Ахьмада.
Червленни станицехь лардеш дара Теркан т1ай. Тайна эпсар, тоьлла герзаш долу, исбаьхьа хаза зуда, 10-11 шо хир долу к1ант а вара, къоначу динахь. Цунна т1ехь нохчийн духар дара. Т1евеанчу эпсара, говрашкара охьа а диссий, документаш гайта элира. Иштта г1иллакх дара кхузахь: говраш дехьа а йохий д1атуьйсура, некъа йисттерачу гоьзанаш т1е. Талламах ваьлларг чекхволуш ринжа дара. Эвтархойн Ахьмада д1аделира деалг1а тоьхна, чиллана бамбин кехат. Иза Г1изларан-Теркан дозанехь долчу эскаран командующи инарла Фон- Клюге- Клюгенаус яздина дара: «Кехатан да ротмистр Ахмад Автуринский, цуьнан х1усамнана-Светлана Меньшиков, церан к1ант-Аьрзу, фамили х1инца а къастийна яц. Таро йолуш ду, цхьана а 1едалера дуьхьало йоцуш, паччахьан эскарш лелачу новкъа даха-дан». Мух1ар, буха яздина куьг.
Г1аролехь волчу къоначу эпсарна цу тайпа некъакехат цкъа а гина дацара. Я иштта б1оновкъа баха арабаьлла доьзал а ца гинера. 1уьйранна, постана инспекци еш йолу, отряд яра кхуза кхаьчна, дехьо хин бердаца лаьттах яьхначу тоьли чохь сада1а д1анисйина. Шайн шеко йолу, адамаш, я церан кехаташ инспекцина гайта деза аьлла омра динера царна хьалхаваьлла веанчу полковника. Цундела, некъахошка бехк ца биллар а дехна, постан хьаькамаш болчу вахара къона эпсар, кхеран кехат а эцна.
Шекваьллачу Эвтархойн Ахьмада т1екхайкхира к1анте:
– Аьрзу, нагахь кхара соьца дов доккхуш хилахь хьо юкъа ма г1ерталахь, хьайн нанас бохург делахь. Кхийтин хьо.
– Кхийти! – элира к1анта.
Кхузахь за1аран го а болуш, кегийн раг1ош дара дог1анах , малхах некъахой ларбан дина. Царах цецвуьйлуш, хьоьжуш лелаш вара Аьрзу. Шен г1уллакхана дехьаяьлла т1ейогуш яра Седа. Шен нанна дас аьлларг к1ант дийца кхиале, гучувелира тоьланаш йолчуьра схьахьаьдда вог1у полконик. Цунна улло даьлла комендатурин веа стагах ха дара. Верриге а постехь мелверг а вацара 40-45 салти, г1алг1азакхий бен. Амма кхузахь герзаш довлахь итт-пхийтта минотехь т1екхочура Червленнера комендатуран эскарш. Постехь берш, делкъа хан хиларна, тоьпаш чохь йитина арабевлла бара. Виъ стаг бен ван а вацара уьш а. К1ирандийнахь бен адам дукха ца хуьлура постехь, вукху деношкахь т1айх волуш дийно сарралц кхо-виъ стаг бен ца хуьлура.
– О, – о, марша ва хьо сан «шира доттаг1а! » Пхи шо ду ас хьо лоьху! Борг1анера Соьлжа т1ай т1ехь ахь со ле а вина, тутмакх Бойсакъар вадийна дагадог1ий хьуна, Эвтархойн Ахьмад? – элира, ша т1екхоччушехьа полковника Форстена.
– Тахана санна хьо дагавог1уш ву-кх со, эла полковник! – аьлла, шен ластош тухуш долчу урсах ка тоха Ахьмад кхиавале мохь белира Светланин:
– Полковник! Прекратите, свой бред! Вы знаете с кем имеете дело?Не то без пенсии и звания уйдете в отставку!
Х1инца кхийтира полковник Форстен шегара даьллачу г1алатах. «Эвтархойн Ахьмад» аьлла, кехата т1ера ши дош ма-дийши араиккхина вара иза. Кху тайпа аьтту шен кхин хир а бац аьлла. Уллохь берш ша лелочух кхета а ца бира цо.
– Хьайн карахь долу кехат цкъа деша хьекъал дац хьан! – аьлла, мичара ели ца хууш т1ех1оьттина зуда гича, воьхна хьаьвзира и.
– Х1ара мила ю? – хаьттира цо эпсаре.
Эвтархойн Ахьмаадан ц1е йоккхуш хезча, схьабевдира, дехьо къайлехь йолчу саьнгарш чохь левчкъина болу г1алг1азакхий. Бацара уьш полковникана орцанна бевдда. Царна ган лаьара шайн г1алг1азакхин доттаг1. Хе воьдуш царах массаьрга а дас – нанас олуш дара: «Эвтархойн Ахьмад вайн верас ву и ларвелаш».
– Эла полковник, Г1излара г1опера хьоладен Меньшиковн йо1 Светлана Даниловна ю х1ара, – элира эпсара.
– Шозза туьйли хьо сол, – аьлла, шен тапча хумп1ар чуйиллира полковника. – Мэм, къинт1ера ялалахь суна! Хьан да-м хьаха ву сан воккха хьаша! Суна хаьара хьо нохчочуьнгахь марехь юй. Х1ара имам Шемалан наиб вуй ца хаьара хьуна?
– Хаьара! Къонах волун дела яхана со кхуьнга! Безамана имам я лай бен вац элира зудо, – еана улло д1а а х1уттуш.
Т1евог1учу полковникана урс ласто кечвелла волу Эвтархойн Ахьмад соцунг1а хилира. Полконикан карара кехат схьаийцира Светланас. Ахьмадана, салташа юьхь лаьцна дехьа яьхна йолчу, шайн говрашна т1ебоьду некъ гайтира цо. Ша т1аьхьа х1оьттира.
Цец-акъ бевлла хьоьжуш г1арол а дитина, гоьзанара т1етесна йолу дуьрстанаш хьала а айбина д1абуьйлабелира и исбаьхьа доьзал: кхоссавелла говра ваьлла Ахьмад, дино ен йорг1а ца йохош, вуха ца хьожуш д1авахара.
Дин жимма бола а балийтина, кхоссаелла нуьйра елира зуда.
– 1ий-яхь! – аьлла, ц1ог1а а тоьхна, Аьрзус дин д1аэккхийтича, бага г1аттийначохь висира полковник. Г1еххьачул т1аьхьахьоьжуш а 1ийна:
– Хьажахь, берзан к1еза мел буьрса а ду, – аьлла, корта ластийра цо. – Х1инцале и лелош волчу цо, воккха хилча х1ун дийр дац?!
Говр улло а хьовзийна:
– Яйна т1аьхье яц! Пис ма волавелахь к1ант! – т1едиллира Эвтархойн Ахьмада.
Гребенской кхаьчча, шен доттаг1а Санька схьалехира Ахьмада. Цхьане вахара и шиъ Седа д1аэцна. Царна хьалхха йитира Эвтархойн Ахьмада шен зуда. Шен хьаша хилла волчу стунвешина Сергейна т1едиллира Аьрзун доладар. Воьхна лаьттачу Сергейн белшах куьг а тоьхна:
– Вохий ма хьовзахьа сан ваша. Нохчийн д1асакъастар а ма хуьлу вовшахкхетарал а мерза! – элира Эвтархойн Ахьмада.
Юьхьенца к1ант д1авала лууш вацара Ахьмад. Амма 1овдас дийцира цкъа шена новкъахь дуьхьал а яьлла, барзо елха а йоьлхуш, шен к1еза схьадалийтахьара аьлла шега дехар. Аьрзу хир волуш стаг ву. Цо цкъа дицдийр дац ша хьенан ву. И бахьанехь даиман а Теркал дехьа аг1о хир бу вайн….
1851 –г1а шо даккхийн халахетарш дахьаш деара Эвтархойн Ахьмадна. Г1алг1айчохь инарла Слепцовн эскаршца хиллачу тасадаларехь дера чов йира Анзоров Махьмат-Мирзина. Оцу чевнах кхалхар нисделира цуьнан. Кхин г1ур вацара ша, цкъа пошта яккха пурба лахьара шена аьлла, Теркал дехьавахана волу дог-майра Ч1ега, шеца кхин а итт къонах волуш, вайна ца карош, цуьнгара хабар доцуш ши к1ира сов зама елира.
– Оцу къонахийн декъий схьадаха х1ораннах цхьацца эзар датон сом кечде. Девкар-эвлахь шеца кхи кхо накъост эций, вайна некъан аьттонна дуьхьалвала ала Доккега, – аьлла геланча а вахийтира 1овдас.
Эвтархойн Ахьмад кхийтира хиллачух: доккхачу эскарна т1еисвелла, я хьалхаваьллачо тешнабехк бина хир бу дог-майра Ч1егина. Вуьшта-м лацалур долуш лом дацара и, сацийра Эвтархойн Ахьмада. Дукха хан яллале, кхин цхьаъ а доьхна хабар деара цунна т1е: ша дийна а волуш, хьоьца долу гергарло дохор ма дац ша баьхна волу, Хунзахера Хьаьжмурд Шемалца эг1а а ийг1ина, юкъалелачара дина питана бахьанехь, оьрсийн каравахана. Цара и вуха ца ваийтира. Иштта бахьанах бахьана а хуьлуш доха доладелира Эвтархойн Ахьмадан г1уллакх….
ОБАРГАШ БАР
«Сийлахь валар г1олий ду-сий дайна вехачул»
Шота Руставели.
Баматгира-Хьажа (1овда) веана цхьана сарахь Илсхан-Юьрта кхаьчча, цецбевлла бисира Хаьаьжина чух1иттина 1аш болу муридаш. Кхин а уьш цецбовлар цунна уллодаьлла г1еххьачул эскар хилар дара, мел к1езиг а ткъей пхиъ дошло вара цуьнца, герзех воьттина. Цу т1е, садале, де сирла доллуш, юьртахошна гойтуш баьхкира уьш Кунта-Хьаьжа волчу. 1овда шен тоьллачу пайтонахь вара. Улло даьккхиначу эскаран куьйгалхо Эвтархойн Ахьмад волуш. Цуьнца вара обар Геха, Тама, дог-майра Ч1ега а . Имам Шемалан наиб волчуьра д1а а ваьлла, шен вешин к1анта аьлларг а деш, наггахь х1онс ян воьдуш волу дог-майра Ч1ега хьевала волавелча, 1овдас олура:
– Вало х1инца Теркал сехьа рема а лаьллина, поштина к1ело ян вахана Ч1ега. Дуьхьал а г1ой, рема схьалалла вайн махка.
Шен накъостий эцна вахача, 1овдас аьллачохь ежаш лелаш рема а карайой и ц1аялош ша вог1уш тамаша бора Эвтархойн Ахьмада:
– Дела, хьуна бу-кх хастам! Хьо ву-кх тхуна кхолламаш язбинарг, рицкъа лушверг, Кунта-Хьаьжас, 1овдас аьлча, оьшуче дахар Ахь тхуна т1едиллина хилар тоьа тхуна, – олий, воккхавера Эвтархойн Ахьмад. Эвлаяийн къайлах долчу орцана юкъа мил-милла а ца воьдура.
Баматгира-Хьаьжас улло эскаран тоба а яьккхина Хьаьжа волчу вог1уш ши 1алашо яра юьхьарлаьцнарг: шена Дала дика дина хилар бахьанехь цунна хаьара тхьовса Кунта-Хьаьжин х1усам йохо ойла йолуш кечбина паччахьан салтийн б1о буй, милицин майор Шамурзаев Бота коьртехь а волуш. Хьаьжа волчохь иштта эскар хилча, уьш т1елата баьхьар бац. 1овдина хаьара 1уьйранна юьртан управе а кхайкхина Кунта-Хьаьже юьртах вала аьллий. Из-за хаам бира цуьнга рузбана ламаз чекхдаьлча, юьртан молланаша. Маккахь дешна ц1авеана волу юьртара имам Хансолта коьртехь а волуш, вовшахкхеттачу юьртарчу молланаша. Хьо бахьанехь юьрт ма йохаяйтахьара аьлла, дехар дира цара. Цу хенахь ткъей цхьаъ шо долу Кунта-Хьаьжа, эвлайисттехь, 1овда хьалха а ваьлла, шен муридаша диначу ц1ено чохь 1аш вара шен х1усамненаца Жансарица.
Хьеший баьхкина схьакхаьчча, раг1у к1елахь а, кхеран сов ц1а чохь а гулйина дукха пхьегаш яра: ведарш, чаранаш, яйш. Кунт-Хьаьжин зудчо ша – шен хастош элира:
– Воккха к1ант, – 1овдин ц1е кхобура цо, – со муха зуда хета хьуна? Кхана моз схьаоьцуш хьем ца хилийта, вайн лула-кулахь мел йолу яьсса пхьег1а схьа-м гулйи ас, – аьлла.
– – Ала х1ума дац. Дика х1усамнана ю. Кхана елха а йоьлхуш и пхьег1аш юха д1акхехьа йолаелча хуур ду-кх, – юкъахъяьккхира х1усамнана Хьаьжас.
Шолг1ачу дийнахь хиира, Кунта-Хьаьжин х1усамаш йохо а ца баьхьна, хехо вехка а вихкина, мазлаг1а яга а йина, зуламхой д1абахана хилар. 1овдас ялийначу пайтона а хаийна Хьаьжин нана Хедий, Кунта-Хьаьжий жима доьзал а эцна, Эртана хьала бахара и хьеший. Эвтархойн Ахьмад вевзаш болу Илсхан-юьртара полицин стражникаш, шаьш Ботина делла дош доллушехьа, Хьаьжа сацон ца х1иттира. Гуьнара Керим хьалха а ваьлла, цуьнан х1усамашка хьеший а бина д1атарбира уьш. Ши де а далале гуноша Этанахь, малх аьхка аьхна хуьлучу аг1ор меттиг а къастийна, белхи а бина, х1усамаш йира Кунта-Хьаьжина. Иза 1851-чу шеран май баттахь дара олий дийцара ширачу таьптарийн дайша. Оццу шарахь Кунта-Хьаьжина т1ехь къайлах тергам х1оттийначу паччахьан 1едало а иштта яздо и шен историн таьптарш т1ехь.
Эртана басахь Хьаьжин доьзал д1анисбиначул т1аьхьа, шен доттаг1ий ц1а а берзийтина, 1овда волчу веара обарг дог-майра Ч1ега. Ша Г1излара аг1ор пошта яккха ваха воллу, ахча кхачош ду шен элира цо.
– Ч1ега, – элира 1овдас. – Хьо ас аьлларг дийр долуш велахь, ас хьо вохуьйтур вацара цига. Ахьке ю. Дог1анаш дукха ду кхушарахь, Терк дистина хир ду. Керстанийн эскарш а ч1ог1а карзахдевлла ду.
– И ахь эр дуй хаьара суна. Ойла сецна яьлла-кха сан. Кхин г1ур вац со, ахь аьлларг деш Ахьмад, Гехий санна ц1ахь 1ийр ву. Цкъа ваха пурба лохьа! – гуттар к1адвелла, хьаставелла дийхира дог-майра Ч1егас.
– Хьо вахаза 1аш вацахь г1уо, амма и юьрткъеда Куза ма текхавелахь хьайца Теркал дехьа, – элира Баматгира –Хьаьжас.
Шена бакъо елча санна, д1атасавелла сени чуваьллачу Ч1егас схьа мохь туьйхира:
– И ца ваг1ахь вуьгур вац ас!
Шолг1ачу дийнахь обарг дог-майра Ч1ега цхьанне а гина вацара юьртахь. «Къонахий, котам г1аттале, борз уг1учуьра туьйчу хенахь бовлу г1уллакхе баха ара», – олура Кузас. И цу заманахь Эвтархойн юьрткъеда а, маьждиган имам а вара. Схьавалар Теркал дехьара г1алг1азакхех долуш вара и. Шера нохчийн мотт, аьрбойн мотт, оьрсийн мотт хаьара. Шен са мичахь доллу ца хууш майра стаг вара. Дог-майра Ч1егас ца вуьтура и. Ша цхьанхьа воьдуш: «юьрткъеда уллохь хилча сапарг1а хуьлу со. Иштта къонах верг бен Эвтарахь молла вуьтур волуш вац со. Цкъа хьалхавалал, хьох х1удоллу хьовсур ду вай», – олура цо. Вуьшта а шен са аьрха, эвтархоша тоьллачу нехан зуда а яийтина, 1ай орцара декъа дечиг дахьаш, лоруш волчу цунна, ша декхарийлахь хетара муьлххачу эвтархочунна хьалхавала. Рузбанахь Куза хьалха ца ваьлча, хиира и Ч1егица ваханий. Иштта цхьа к1ира д1аделира, шолг1а рузба а т1едеара. Амма обаргаш ц1абог1уш бацара. Уьш стенга бахана а, мичахь байна а ца хаьара.
Ас сайггара дийцича, цхьа б1е ахб1е шо хьалха хилларг кхунна стенгара хаьа, шуьга ца бахийта, паччахьан заманара инарла, историк волчу А. Л. Зиссермана ма- яздарра дуьйцур ду ас шуна:
« Теркалдехьа нохчий а, казакаш а вовшех цакхетар бахьанехь, летта веллачу цхьайтта обарган истори ч1ога цецвоккхуш ю, бохуш яздо дуккха а шерашкахь Кавказехь т1еман г1уллакхдеш хиллачу паччахьан эпсаро. Оцу стага цу хиламан мах хадор а тидам т1ебохуьйтуш ду. Цул сов, къона Л. Н. Толстой Кавказе веана хьалхара денош дара уьш. И ша а дакъалоцуш вара хиллачу тасадаларан т1аьхье ерзош. Казакаш, нохчий куьйге бохуьйтуш. Цу хьокъехь ду цо язйина «Казаки» ц1е йолу дийцар. Вешан цецдовларш, дегалазамаш 1адда а битина хьовса деза кху бохаме. Вайга сурт х1отталур дарий те кху Теркал дехьара, ног1ийн арахь, вайна евзаш йолчу Старогладская станицина гена доццуш хиллачу т1еман.
. . Мел ч1ог1а доза доцуш майра къам ду нохчий шаьш ц1ахь боцуш, т1елата баханчохь а. Сайна дагадеъанчуьра церан цхьана т1елатарх дуьйцур ду ас шуна, бохуш яздо А. Л. Зиссермана. Уьш цхьайтта нохчо вовшахкхеттера. Теркал сехьа а бевлла, шайна цхьа х1онц йолу меттиг лоьхуш бара уьш. Пошта йог1у некъ бара церан тидамехь берг. Червленнехь делахь, Ищорскехь делахь и казакаш бехачехь дара и. Г1алг1азакхийн цхьана пикетана хаабеллера къайлах Теркал сехьабевлла уьш. Цара станице орца даьккхира. Буьйса юккъеяхана хан яра и. Нохчий шаьш ц1абоьлха моттийта Терка т1ехь гечо долчу аг1ор д1аг1оьртира. Уьш т1екхоччушехь, мила ву, х1ун ду хаттар доцуш, бодашкахь герзаш т1едетта долийра. Шолг1а гечо долчу аг1ор иштта дара. Т1аккха нохчий, шаьш юьхьарлаьцначу аг1ор-ног1ийн аренашка д1ахахкабелира. Цигахь буьйса а яьккхина, шолг1ачу дийнахь почта яккха дагахь хиллачух тера дара уьш.
Цу сохьта кхеташо йиначу казакийн пикеташкарчу къайлахчу хано хаам бира, уьш почтови новкъа боьлхуш бу аьлла. Казакаша т1аьхьахаьхкира шайн говраш. Нохчий сихбелла болхахь а, говраш садаь1на яцара церан. Меца а яра, сарралц толлуш лелла яжон ца кхиъначух тера дара. Шайна казакаш т1аьхьакхуьий хиъча, цхьана г1амаран барз болчу, эрна ара д1аерзийра цара шайн говраш. Гу буьххье хьала а бевлла, Барз гонах окопаш яьхна, ч1аг1белира нохчий. Царна го а бина, карадуьйла элира цаьрга эскарша.
– Тхо нохчий ду, шуна зулам дан г1ерташ дац, некъаховзам ма баккха тхуна, тхо карадог1ур доций шуна шера хаьа, 1адда дита тхо-дийхира оцу акхароша.
Нохчий мел бу хууш дацара. Казакаша цкъа а цаьрца т1ом ца болабора. Т1амна ч1ог1а говза нах бу нохчий. Цара кхо-виъ стаг юкъа а оьккхий, тур-шаьлтанца дийна эскар дохийна меттигаш дукха бу. Барз т1е герзаш туьйхира казакаша. Дуьхьал тоьхначу тоьпаша масех стаг охьавиллира. Дийнахь а, буса а герз нийса туху цара. Вайчара, шаьш ши б1е стаг вуй хиъча, т1елата барт бира. Меттигерачу казако дехар дира:
– Тхо кхузахь 1ен дезеш дара, д1абахийтахьара аш уьш. Уьш иттех стаг бен вацахь а цара инзере зулам дийр ду вайна.
Амма цо бохург тергал ца дира. Керла даьхкина эскарш дара кхузахь. Хетарехь, т1елеташ берш дукхахберш Дона т1ера казакаш хила а тарлора. Царех цхьа эпсар хьалхавелира.
Т1елетира казакаш. Нохчаша мохь беттара цхьаъ-ам бохуш. Цаьрга ладуг1уш стаг вацара. Нохчийн патармаш чекхдевлира цхьана эхасохьтехь т1ом бича. Кхинд1а цара дуьхьало йийр ю аьлча цхьа а тешаш вацара. Т1аьххьара шайн патармаш т1е а тоьхна, нохчий бала кечбелира. Т1аьхьо Теркат1ера казакаша гочдира суна церан назмана дешнаш. Нохчаша т1аккха назма элира: «Ялайлахь валалай, ва лайлахь ялалай, …ва нанас ма войла яхь йоцу ва к1анат, и вича ма ваха – ва дийнахь ва сарралц»… Мукъам д1атийра. Акха аьзнаш хазара Барз т1ера. «Все» – аьллера казакех воккхачо. Уьш х1инца летта лийр бу, ма доккха хир ду цара вайна дина зен.
Сатосу бода къовлабелла хан яра. Г1алг1азакхаша етта тоьпаш мича кхета хууш цхьа а вацара. Амма бодашкахь Барз буьххьехь лепара бодашкахь нохчийн тарраш, шаьлтанаш, лестош т1екхуьйсу урсаш. Шайн куйнаш б1аьштигаш т1е а та1ийна:
«Лаилах1а иллаллах1а, лаилах1а иллалах1…», – боху церан зикар сатассалц хезаш дара. 1уьйрена дохк гу т1ера д1айолуш а хезаш дара: «Ясин вал къур1анил хьакийми…аьлла», – хаза мукъамца долийна, лечу хенахь нохчаша доьшуш долу еса.
Казакаш цхьа топ кхуссцуш а бацара. Церан г1ийла узарш хезара. Нохчийн таррийн г1овг1а лаьтташ яра чевнаш йина 1охкучийн лерехь. Нохчийн тур-шаьлтана г1овг1ий, зуькар-мукъам, ясин Кавказан т1еман ирча сурташ дара. Хийлазза хезнера уьш т1еман арахь. Т1амех дукха нисвеллачуна, къоначу т1емалочунна, инарлашна а хала дара ламаройн и акха хьал гар.
1уьйранна дохк д1а а даьлла, малх кхета боьлча, б1аьргана лан ирча сурт а дара Барз т1ехь х1оьттинарг. Леррина б1аьрг тухуш хьаьжча, цхьайтта дакъа 1уьллура 50-60 г1улч хинболчу Барза буьххьехь гуо баьккхина, царна гуо баьккхина казакийн декъийн, лазийначийн чалхаш яра. Хеталора, х1ун зен дийр ду го лаьцначу цхьайтта нохчочо 200 стагана аьлла. Кхузахь дагадог1у имам Шемалан дешнаш: «Х1ора нохчо-цхьана эскаран меха ву», – аьлла долу. Тур-шаьлтий лелочу т1амехь нохчел дера леташ адам хир дац олура паччахьан инарлаша а. Мел нийса туху цара ластош долу урс-дагт1е я шогашад лоцуш. Царна х1ун гурду бодашкахь аьлла а хета. Уггар цецволург массо нохчочун карахь дара шен тур, шаьлта. Массара а пайдаэцнера т1еласточу урсех (5-10) .
Т1еман майда инзара воккхуш ю. Муха мегар дара бодашкахь кхеташ топ а йоцуш оцу акхарошна юьхь-дуьхьал т1елета. Нохчий дика бевзаш болу казакаш царах латарх цецволура т1е мел веанарг. Х1ара ч1ог1а 1амийна эскар хиларан шеко яц олура т1ебаьхкиначу эпсарша. Шемалан уггар къайлах долчу эскарх бу х1орш, олий ойла ч1аг1лора церан. Иштта дара т1еман жам1: вийна-47 салти, хала чевнаш хилла ву 127. Хилларг ма-дарра хууш цхьаъ вац дийна висинчех. Цу сохьта хабарш даьржира, нохчийн кхин отряд т1екхаьчна цара г1о дина кхарна, аьлла. Иштта, байинарш муьлш бу ца хууш цхьа к1ира а делира. 1индаг1ехь оьрнаш а даьхна, т1е нитташ а тесна, мозий ца хийшийта, ба1аран генашца д1акъевлинера декъий.
Станицехь йолчу артиллеристийн полкан командиро Мазлакха а, Г1излара а д1ахаийтира Кавказан аьрру линин куьйгалле кхузахь хиллачух. Керла яккхийн тоьпаш яра т1еман ара яхаза, кхузахь къайлаяьхна ерш. Царах цхьа шиъ ядон г1оьртина уьш аьлла д1адерзийра. Шемалан развед-диверсионни отряд лорура х1аллакхилларг паччахьан инарлаша. Имам Шемална т1е хабар а дахьийтинера, хьайн т1емалойн декъий д1адахьа отряд яийта аьлла. Амма Шемална ца хаьара шен муртазекъаш цига хьан бигна»….
Ши к1ира кхочуш а долуш и т1ом хилла, тамашийна делегаци еара артиллерин полк йолчу станице. Нохчийн шиъ шайх вара царна хьалхаваьлла. Дуьххьара кхузахь вевзира Л. Н. . Толстойна Исаев Балтий, Мисирбиев Садой. Шемалан наиб лаьттина волу Эвтархойн Ахьмад коьртехь волу ийна отряд яра шейхаш Митаев Баматгира-Хьаьжа а, Шаптукаев 1абдул-1азиз а ларвеш кхуза еанарг. Шемала еш тактически ход ю х1ара бохура оьрсаша, шен наиб, оьрсийн нуц, дуккха а Теркал сехьа гергара нах а болу Эвтархойн Ахьмад а ваийтина.
Амма къона Толстой ч1ог1а цецваьллера х1окху балхах. Цунна моьттара паччахьан эскарш дуьхь-дуьхьал позицеш а йолуш, нохчашца т1ом беш ду, шаьш лелочух уьш кхета а беш. Цуьнан хьекъало т1е ца лоцура 200 стаг гуо а бина, 11 стагах летта бохучух, эрна арахь, г1амаршлахь. Летта беллачарна юкъахь цхьаъ оьрсий вара, цуьнан коча оьллина дашон жа1ар яра. Х1инца декъий д1адахьа делегаци еача, хиира иза ведда нохчашна юкъа ваханачу ден к1ант хилар. Кхарна юккъехь кхиъна а волуш, бусулба дин т1е а эцна, доллучул тамаша бойтург и кхеран молла хилар дара. Шен накъосташна а шена а еса дешна, т1аьххьара велларг и вара. Гор ца воьжнера, вуха а ца ваьллера, акха нохчашна улло а х1оьттина, летта веллера кочахь жа1ар йолу стаг. Т1аккха хаа мегар ду кхара къуьйсуш дерг нохчийн дин, машар, парг1ато хилла ца 1аш- сий хилар, кхарна т1аьхьа а х1оьттина, оьрсий а летта леш хилча. Теркаца йолчу цхьана станицера кхарна некъ гойтуш хьалхаваьлла ву моьттинарг, шен лаамца веана хилла.
Х1инца царна хиира Кузьма Гаврилов жима волуш дуьйна нохчашца кхиъна стаг вуй. Юьртара дин 1амош йолу ишкол чекхйаьккхинера цо, т1аккха хьуьжарехь диъ маь1ал чекхдаьккхинера. Цунна хьехнарг хинца кхузахь волчу Баматгира-Хьаьжин писар вара, Бенара Тимарболат. Кузьма ч1ог1а майра а, хьекъал долуш а жима стаг вара. Эвтарарчу гуноша дозалла дора цуьнах. Кеста-кеста обаргаша шайца вуьгура иза пошта яккха, цхьа ч1аг1о йохон езаш хилча. Къола дече, жа-бажа лоллуче ца воьдура и. «Шари1ато и ца магадо суна», – олура. Цунна пурба деллера шен нанас совг1атана делла долу жа1аран дашон сурт дег1аца лелон. Суна санна Дела везаш шух цхьа а вац олура Кузас: «Ши дин а лелош-цхьа Дела лоруш ву со! » – бегаш бора цо.
Хьешаша х1ора дакъа схьаэца 11 эзар сом деанера детица. Иштта г1иллакх хилла д1ах1оьттинера и оьрсийн инарлашна юкъахь.
Нохчаша церан белларш, лазийнарш маьхза д1алора, ткъа оьрсаша мах боккхура. Гаврилов Кузьмин биографи шайна хиъча, жимма къинхетаме хилира Дона т1ера казакаш. Атаманаша цуьнах мах шаьш ца оьцу и ахча цуьнан доьзалан аьттонна хьовзаде элира. Казакийн эскар деара х1ургонаш т1ехь декъий схьадахьаш Терка т1е кхаччалц. Т1емалошца лелон деза г1иллакхаш лелош, ирх тоьпаш а тоьхна, д1асакъаьстира уьш. Беллачу нохчийн герз схьаделлера, дийна йисина говраш. Шаьш т1ом болош уьш яжа лаьхкинера обаргаша.
Атаманаша шайна къинт1ера довлар дийхира нохчашка. Х1орш новкъа баха веана оцу т1еман дакъалацархочо элира: «Кхаьрца волчу оьрсийчо тхоьга дехар дира, шаьш д1адахийтахьара, духадог1уш х1оцн йоькъар яра вай аьлла. Оха шун некъан мах д1алур бара! ». Хьалхаваьллачу эпсаро и аьттехьа ца дитира. Нохчаша цунна хьалха топ туьйхира. Хетарехь, нохчий к1езиг хилча, х1орш лецна, байина т1аме веана а валале седа баккха лууш вара иза. Казакаш т1ехьаьхкира цо. Амма ша галваьллий хиира. И т1аьхьа дара.
Ша имам Шемал веара Эвтара тезета. И цецваьлла хьоьжура Кунта-Хьаьжас бакъо а елла, къоначара чкъуг еш, баккхийчара юккъе а бевлла, шаьш боллучохь байн кортош а лестош, шовкъ еш. Цхьанне а дагахь а дацара шайна гушдерг 1овдийн муридин хиндолу зуьхар хилар.
Теркал дехьара схьа мел вог1учу айкхаша дестийна хабарш дохьура Шемалан къайлахь 1амийначу эскаран жима тобано, керла яккхин тоьпаш схьаяха боьлла, инзаре зен дина оьрсашна бохуш.
Иштта Эвтархойн Ахьмад велира шен эскаран уггар коьртачу, майрачу, масийтта шарахь оьрсий кхерош латтийначу б1аьхойн тобанах.
Кавказан т1ом д1абоьдуш бара. Уггар майранаш, доьналла долу нохчий д1ахудура цо.
ЭВТАРХОЙН АХЬМАД ВЕР
«Лийрвоцуш цхьа а вац-Дела Ша воцург».
Къоран.
1852-чу шеран 17-чу сентбрехь имам Шемал эскарш вовшах а тоьхна, Грозный-г1опана т1елеташ ву, герз караэццалверг аравалахьара, аьлла хабар даьржира Нохчийчохь. И т1елатар шен 1алашо йолуш дара. Дийно-дийно эскар сов доккхуш, леташ болчу паччахьан инарлаша даккхийн зенаш дан долийнера нохчийн ярташна. Сих-сиха оьший бухабоьрзура дехьа-сехьара тасадаларшкара Шемалан наибаш. Грозный г1ап йоха ца йохийча ца йолура. Дукха хан яра нохчаша имаме и т1елатар дар доьху. Дег1астанхошка г1о а дойтуш, охьаата езара вай бохуш. Амма Дагестан имамана г1о деш яцара и ша а оьрсийн эскаран дукхалла г1ело ловш яра. Имам Шемална г1о оьший хиъча, башха доккха эскар вовшах ца кхеттехь а, шен куьйга к1ел болу б1аьхой эцна г1опа чутилира Эвтархойн Ахьмад.
Оьрсий х1инца 1еминера Грозный ларъян, нагахь хьалха гонах бина вал, чу хи хецна харш кхачаме лоруш хиллехь, х1инца кхечу кепара яра дуьхьало. Г1алел генна ара а яьхна, суьйра кхоьрте, я уллорачу б1аьрзнаш т1е а яккхийн тоьпаш х1иттийнера. Цара даш а тоьхна говраш эгон йолийча, бухабовлура нохчий. Ткъа хина харш и лардеш долу ха а царна х1умма доцург дара. Хичухула ша лодканаш санна йог1ура нохчийн говраш, ц1ерга лелха, хих йовла 1амийна йолу. Г1опа чубаьхкича, воза-декъал нохчий аравер ву бохург бакъ дацара: дийнна эскар охьадиллара цара, шаьш а летий лара. Бовдийта леррина гечош шайна дитича а, буха ца бовлура. Цхьа а т1еман тактика царна евзаш яцара: латар, валар дара нохчийн коьртаниг.
Г1опа дуьххьара веана воцу Эвтархойн Ахьмад Чурттог1и йолчу аг1ор т1е а летта, дикка гена ваьллера. Бердк1ел аг1ора яккхийн тоьпаш етташ хеза дукха хан яра. Цунна ца хаьара имаман эскар мичахь ду. Суьйра коьртехула т1елатаро нохчашна цкъа а толам ца бохьура. Оьрсаша йина к1елонаш яккхийн хуьлура цигахь. Соьлжачу а воьссина, гуьйранна цу чохь хи к1езиг хиларх пайда а оьцуш, г1опа уллохьа г1оьртира Эвтахойн Ахьмад. Амма г1опа чохь , я гонаха боккха т1ом хаалуш бацара.
Сатосу хан гена яцара. К1ело йоцуш кхузахь хуьлийла а дац, бохуш ларлуш бог1у т1емалой ц1еххьана т1етоьхначу тоьпаша 1адийра. Кхо-виъ бере вуьйжира говрашкара. Хьуьнхахь ц1ераш тоьхначу т1е тоьпаш дуьйхира к1енташа. Дуьхьал герз ца дуьйхира. Хиллачух ца кхеташ к1еззиг хан елира. Чурттог1иний, г1опаний юккъера хьун яра х1орш чуьболларг. Кхузахь к1ело х1инццалц цкъа а нисъелла а яцара Эвтархойн Ахьмадана. Г1опа гонах нохчийн к1отарш яра. Хетарехь, х1орш оьрсийн талламхойн тобанах тарбелла т1етоьхначух тера дара герзаш. Сатоссуш шен эскар кхаа тобане дийкъира Эвтрхойн Ахьмада.
Буг1ас яхьаш йоккха топ яра таьлсаш чохь барх1 х1оъ д1аса а бекъна. Цуьнах иттех обарг а тоьхна, Малхбале аг1ор хьовсийра Ахьмада. Шен дотаг1а Сиржа-Эвлара Берд Къилбаседехьа. Дийно-сарралц хьуьнахула толлуш а лелла, сарахь бода къовлабелча, кхузахь дерг ма –дарра хаа а хиъна, Устрда аг1орхьа лаха рег1ахь вовшахкхета барт бира. Эвтархойн Ахьмада шеца кхин а пхиъ дошло витира. Говрашкара а биссина, Соьлжан лекха берд дуьхьал а лоьцуш, к1отарш йолчу аг1ор бахара уьш. Геннахь жаьлеш летча, хьала а бевлла, говрашка хевшира. Сатосуш дара цхьанхьа хезаш т1ом бацара. Наггахь цхьана к1ошташкахь тоьпаш йовлуш хезара, уьш а сиха тоьра.
Т1аьххьарчу кхаа шарахь Ахьмад веана вацара Грозный-г1ап йолчу аг1ор т1елатарна, талламана а. Массанхьа керла некъаш дара лекхачу хьаннаш юккъехула даьхна. Кхоъ я пхи б1е г1улч мосазза ели йогучу ц1ера т1е нислора. Х1ара Шемална к1елонна бина кечам бара, я и т1ехваьллачул т1аьхьа йисина ц1ераш яра. Эрна тоьпаш кхийсар а дитина, юькъачу хьун юккъехула бог1ура т1емалой.
Сатаса доьлча хиира х1орш шайн 1алашо йолчу меттигана вуно генахь, Соьлжерачу хьуьнахула го туьсуш лелаш хилар. Эвтархойн Ахьмада шен накосташка хабар туьйхира-урх малье говрийн аьлла. Некъана говза долчу дойша новкъа даха там бу аьлла хетаделлера цунна. Иштта нис а делира. Дукха хан яллале дой лелла лора бевлира уьш. Амма х1орш 1адон санна, гена доццуш омра хезира, оьрсийн маттахь:
– Мила ву вог1уш верг?
– Тхо нохчийн ду. Лома некъ лоьху оха. Шуна цхьана зуламана арадевлла дац, – жоп делира эскархойх цхьамма. Иза аз хезначу аг1ор вара. К1отар йолу аг1о тийна садоь1уш яра. Ц1еххьана герз т1етуьйхира хьуьна юккъера. Дуьхьал тоьхначу герзаша юха а тийналла х1оттийра. Эвтархойн Ахьмадан накъостий хилларг х1ун ду ца хууш, эгош бара. Дахкарлахь герз деттарг мила ву хаа хала дара. Говраша некъан лар дика лаьцнера, цундела уьш майрра йоьлхура. Гуш дара Ахьмадан б1она т1аьхьабевлларш г1алг1азакхий хилар. Эвтархойн Ахьмадана дагадеара ширачу новкъа вала. Кхузахь некъаш къаьсташ дара: Грозни-г1опе, Чурттог1е, Соьлже. Ишттачохь я оьрсаша ма-аллара разъездехь даиман а кордон яра, иттех стаг ха а долуш. Амма х1инца цкъа а, шозза а уллохь герзаш девлча, г1аролехь берш бевддера. Кесталг1а бевддачух тера а дацара. Шемал г1опа т1елеташ вуй хиъча, масех де хьалха маьрша битинера цара некъ.
Сатасаран бодашкахь, некъ хьуьнчура араболучехь лаьтташ стаг гира царна, вертанах а хьаьрчина. Ахьмада куьг айбича, дошлой дитташ улло а хилла севцира. Ма-дарра аьлча, Ахьмад цхьана висинарг ялх стаг вара цуьнан эскарх. Ахьмад говрахь т1евахара новкъахь лаьттачунна:
– Хьо мила ву?Стенна лаьцна ахь некъ? – хаьттира Эвтархойн Ахьмада.
– Со Мустаев Мохьмад ву Соьлжера. Шуна новкъара хьал дийца сецна ву со. Имам Шемал селхана Бердк1елхула а ваьлла, шен лома д1авахана. Органа аг1ор оьрсаша йина к1ело ю, – …кхин д1а дийца ца кхиира и.
Эвтархойн Ахьмада вертана бухахь юьйлина лаьттачу шен тоьпан лаг т1е п1елг биллира. Цунна вевзира и шира зуламхо. Иза 1аьнди ву ша бохуш лелла боьха х1ума яра. Дукха ч1ираш яра цунна т1ехь нохчийн. Новкъахь шена дуьхьалкхеттачун говр йоккхура цо, некъахо воьра. Тешнабехкаца топ тоьхна Ахьмадана белшах чов йира. Амма Эвтархойн Ахьмад лаг озо кхиънера. Мустаев вуьйжира говрара. Цунна сина метте кхеттера. Т1ом болабелира. Ахьмадна т1е тоьпаш туьйхира дехьара а сехьара а. Вовшийн ларбан г1ерташ болу зуламхой галбевлира. Ахьмада омра дира: го бе царна. Шена гуш болчу мостаг1ашна т1е кхиа цкъа-шозза топ а тоьхна, турца некъ боккхуш чухахкавелира Эвтархойн Ахьмад. Амма ницкъаш сиха д1абаха г1ертара. Чов дера яра, ц1ий дукха оьхура. Шен динан кхеса т1е а вижина, говрара ца вужуш велира иза зуламхойн карара. Органа йисттера Шовда олучу к1отара кхечира Ахьмад. Цунна шен накъостийн маьхьарий, тоьпийн, таррийн г1овг1а а хезара. Цуьнан кхетам сема болх беш бара.
Мустаевца яцара талламхойн тоба. Иза шена мах белча, Эвтархойн Ахьмадан ч1ирхошна г1о деш хиллера. 1еха а вина к1ело т1ехьажо г1ертара, я вен а вийна цуьнан докъах мах эца: цуьнан ч1ирхошкара, т1аккха дакъа д1алург Эвтархошкара. Амма Ахьмад иштта зен ван хьаъволуш къонах вацара. И кхийтира шен мостаг1чун х1илланах, Ахьмада тоьхначу тоьпо вийра зуламхо. Иза паччахьан отрядера цо ден зуламаш а хиъна д1аваьккхина дуккха а хан яра. Цунна масех къоман мотт хаьара, некъаш довзара, нехан ч1ираш муьлхачу ярташкахь ю хаьара. Барам-чот яцара цо диначу а, деш долчу а зуламийн.
Жимма некъ биначул т1аьхьа, кхетамах волуш волу Эвтархойн Ахьмад говрара воьссира, некъа т1ера д1а а ваьлла, верта а даржийна, дин бажа а лаьллина, вуьйжира. Жандармерин къайлах волчу айкхо Соьлже а вахана хаам бинера, Ахьмадана цхьа а цуьнан бехк боций хуъушехь, 1едална лаьара аьлла, цуьнга ч1ир а кхайкхийна, т1аьхьабевлла лелачу нахе. Х1инца леш воллучу хенахь, хала чевнаш хиллачу Ахьмадана бекхам бар ледара х1ума хийтира царна. Цу сохьта г1уркхаш даьхна, барам бина, цу т1ехула Ахьмадан верта а диллина, леш волу Ахьмад а эцна, г1аш и д1аэцна баха новкъа бевлира уьш. Оцу нехан и оьзда, къонахийн г1иллакх дохийра новкъахь дуьхьалкхеттачу цхьана к1иллочо. Кхара дечун дуьхе ша кхиъча, цо элира:
– Шайн ч1ир т1аьхьене ло аш. Цуьнан к1ант вац. Цул сов, кхуьнан вешин к1ант шайх ву. Цо молланаш ара а баьхна, шуьга вуьтуьйтур ву х1ара. Цо шун нах байина, аш х1ара ги а воьллина хьуш ву!
Коьрте ц1ий хьаьдира царна юкъахь къона волчунна. Цуьнан кхетам галбелира оцу зуламечу къамелан чулацамах. Цунна гира Эвтархойн Ахьмад воьлуш санна хетавелла. Ахьмадана дуьхьалх1оьттиначух тера дара шен жима к1ант Аьрзу, ша динахь дийна дахалла некъ беш, к1ад ца луш веана волу Г1излара кхаччалц. Шен баккхийн, горга обаргийн б1аьргаш схьабиллира цо. Сатесна серлаяьллачу стигала хьаьжира иза. Хетарехь, Эвтара т1ехула малх г1аьттина хир бу, хьалха санна сихделла доьлуш х1орда т1е доьдуш хир ду седа санна сирла долу Хулхуло.
Ша цхьанхьа вуьгий хууш волу Ахьмад стигалахь мархаш севцца а хетаелла цецвелира. Барам лаьтта охьабиллира. Шена т1е б1аьргаш а боьг1на лаьтташ шен дин гира цунна. Цуьнан б1аьргаш чохь кхерам бара. «Фур-р» деш, берг еттара цо. Цхьаммо дин д1ачовхийра. Цхьа ирча сибат долчу стага баттара даьккхира цуьнан тур. Ластийна тоьхна белш йийкъира цо. Лазар д1а а даьлла, кхечамчу веара Эвтархойн Ахьмад:
– Я Раббана ма ира тур ду х1ара! – элира цхьаммо.
– Ахь х1ун дуьйцу? Ду дера! Хийла мостаг1 веккъа цо. Къонах ма вара и лелошверг! – аьлла, куьг д1акховдийра Эвтархойн Ахьмада. Цунна моттаделлера х1инца бекхамна тохийта тур шега схьакховдор ду. Новкъадеара цхьаммо нохчийн шира г1иллакх дохор.
– Я Аллах1, – элира цо к1едачу озаца, т1аккха парг1ат корта аьтту белш т1е а карчош, д1атаь1ира, кхи цкъа а ца г1атта….
Малх г1айг1ане белира шен локхаллин курт1е-г1ушлакхе. Цигара охьахаьжча дика го дуьненан дерриге а некъаш. Эвтарахь даиман некъаш шуьйра латтадора юьртахоша. Дика г1уш яра г1айг1ане ворда. Дуьрста а лаьцна, хьалхаваьлла вог1ура дукъо санна лекха, онда стаг. И вара Эвтархойн Ахьмадан доттаг1а, имам Шемалан яккхийн тоьпаш т1ехь волу къонаха- Буг1а. Вордана цхьацца аг1ор х1оьттина вог1уш вара Чармойн Ц1осаррий, Сиржа-эвлара Берддий. Вай дезачунна ма гойла-кх вордана т1аьхьа а х1оьттина, корта а оллийна, ффур деш, б1аьргех 1енаш даккхийн хиш долуш, Эвтрахойн Ахьмад т1ома лелийна болу дин боьлхуш гар санна долу сурт. Дикачу т1емалочунна санна чевнаш яра цунна т1ехь, цхьаммо а бехк буьллур бацара и х1инца лаьтта а боьжна, берг а хьаькхна, белча. Иза къонахчун дин бара…
– Эвтархойн Ахьмад д1аваха вайн!
Зударийн маьхьарий девлира. Белхар х1уттуш дара!
– Ма хазийталаш суна зударийн узарш! – элира Кунта-Хьаьжас. – Далла бу хастам! – до1анна куьйгаш д1алецира цо. Тийналла х1оьттира йоккхачу кертахь.
1уьйре охьавеана, тезетан барам д1анисбойтуш, саг1ийна бежанаш дойуьйтуш хьийзаш вара Хьажа. Каш доккхуш болчарна т1е а вахана, ша кечдира цо лахьта. Уппаг1наш комаран диттан дахийтира, уггар дика тхевнаш тохку говзачу пхьерашка. Чехкачу зуькарехь хьийзаш бара Хьаьжин муридаш. Тезета веана имам Шемил цецваьллера шен дерриге а нохчийн эскар бохург санна, кхузахь гича. Дийнахь сарралц Кунта-Хьаьжина улло а хиъна, тезет схьаоьцуш 1ийра имам. Кешнашка а веара. Хьаьжас пурба даллац д1а а ца вахара. 1овда халватехь хиларна тезетахь вацара.
Шарахь цкъа бен ч1ир екхаран дов хоттуш яцара Шемилан суд. Амма Эвтархойн Ахьмад верна бекен болчийн дов 1853-1857 шерашкахь лелийра имамато.
Эвтарахь хьо кешнашна т1емах1оьттинехь гуш ду Эвтархойн Ахьмадан каш. Иза г1азотехь веллачу Мит1ин коша чувиллина ву олу эвтархоша. И мухха делахь а суо ц1ахь нисвелча, 1овдин а, Кунта-Хьаьжин йишин Матин а зиярте х1уттуш 1едал ду сан. Мата-Хьаьжин йоккхах йолу йиша ю. Этарарчу Атабин х1усамнана хиларе терра, юьртарчу кешнашкахь д1аерзийна ю и. Цуьнан къуб уллорачу г1ента а хиъна, кешнийн хьармийн ойла еш 1ара со. Цхьа итт г1улч уллохь ду Эвтархойн Ахьмадан чурт. Оцу меттигана гонах тротуран плитка юьллуш бохкура Эвтарара кегий нах. Сан а самукаделира т1аккха х1ара болх чекхбаьккхина суо валарна.
Халкъо лору шен турпалхой паччахьан заманахь нохчийн къоман маршо, парг1ато, сий лардина болу. Церан г1азото яьккхина парг1ато ю тахана вайгахь ерг. Уьш къарбелла карабахана хиллехь, цхьа а т1ом ца беш, г1азот ца доьхкуш, вай хьенан т1аьхьенаш ю хуур дацара. Туркойн, я 1аьрбойн махкахь бехачу нохчийн т1ебахка бух а хир бацара. Дала сий дойла ночийчохь мел хилла т1емаш а ловш, мехкан сий деш, Делах тешаш 1ийначу к1ентийн, зударийн!
ЭВЛАЯАШ ЦХЬАННЕХ ЦА КХОЬРУ
«Хиндерг хаа г1ертачул-хиллачун хьесап де. »
Нохчийн хьехам.
Россис шина шарахь эшийра Наполеон. Муьлхха г1аттам хуьлда и Польшехь я Австрехь шарахь охьата1абора. Амма Кавказан т1ом шерашкахь боьдуш бара. Император Александр-11 муьлхха харж ян реза вара, х1уъа дина а ламарой муьт1ахь бан. Шен дедегара шега бирзина т1ом т1аьхьене бала лууш вацра иза. Нохчийчоьнан, Дег1астанан имам х1оьттиначу Шемала иттаннаш шераш дара дуьнено а хестош долу оьрсийн паччахьан эскарш хаьхкина лелош долу. И г1уллакх тардалийта йиш яцара Россин. Х1инццалц Кавказера хьал т1еман штабехь дуьйцуш хиллехь, беккъа инарлаш а кхойкхий, х1инца Малхбален халкъийн истори мел евзарг, бусалбанех х1ума хуушверг, оьрсийн бозбуанчаш, шайхаш, шаманаш цхьаьна бара кхайкхина.
Т1еман штабо хаам бора имам Шемал шайх ву, цунна хаьа муьлха эскарш, мичхьа хьовсадо. Разведка а ч1ог1а ю цуьнан. Шемална г1о деш бу нохчийн, Дагестанан уггар тоьлла шайхаш, эвлаяаш. Стигалан ницкъаша г1о до цунна. Кавказан т1еман дахарера масалш даладора: го бина долчу маьждиг чуьра эскар юккъе а иккхина Шемал т1епаза вар, Ахульгохь кхоалг1а го а болуш, юкъара а ваьлла д1авахар, Даьрг1а хьажйна долу оццул доккха эскар хьуьнах а дигна, х1аллакдар.
Паччахьан 1едална хаьара ламаройн шайхаш кхиош дийнна институташ юй. Къаьсттина и болх шуьйра баьржина Дагестанан аьрбийн культура евзачу 1илманчашна юкъахь. Жандармерис хаам бора Кавказехь даьржина долу Накъшбандийн а, къадарин а т1ерикъат девзаш волу Абу шайх Дагестанерачу г1умкийн юьртахь Таьшкичохь вехаш ву бохуш. Цуьнца з1е а таса, вайн хьошаллин юкъаметтигаш а нисъе аьлла арабаьхна уггар тоьлла ницкъаш бара: Шовхалш, Бекаш, Ханаш, Уцмийш. Абу шейхаца цхьанакхетар вовшахтохар шена х1умма а хала г1уллакх дац аьлла ваьллера таркхойн Шовхал Сулейман шолг1аниг.
Аьхкенан цхьана дийнахь, 1858-чу шеран августехь, таьшкийчурчу Абу шайхан х1усаме веара цхьа геланча. Цо схьахьедира ша паччахьан инарла а, Кавказехь урхалча а волчу генерал-лейтенанта, эла Барятинскийс ваийтина ву аьлла. Шеца вовшахкхета шейхан таро хир ярий-те боху цо. Абу шейха жоп делира:
– Суна бен – башха а вац т1евог1уш волу хьаша. И эла велахь а, лай велахь а хьаша х1усамехь лоруш 1едал ду шен. Муьлххачу ламанхойн х1усамна и доккха совг1ат а, беркат а ду Делера.
И хабар тоха дезаче д1атоьхнера. Дукха хан яллале цуьнан билгалонаш гучуевлира. Цхьана дийнахь Аксайра, Хасавюртара, т1аккха- Т1аьшкичу кхаччалц болу некъ д1алаьцна эскар х1оттийра. Вовшийн 50 метр юкъ юьтуш некъан шина а аг1ор д1ах1оттийна эскар дара. Делкъа хенахь цкъа хьалха элан хьадалчаш, т1аккха ша инарла гучувелира шен пайтонахь.
Хьаша вуно ч1ог1а цецвелира шайхан уьйт1ахь х1иттина лаьтташ ялхой, доккха ха, я муридийн тоба ца хилча. Шайхан масех муршид а, къона мута1еламаш а бара х1айт аьлла хьийзаш. Хьаша а, х1усамда а вовшийн вовза а вевзина, могаш-парг1ат хаьттина ваьлча, цу сохьта хьалха чай х1оттийра. Лаьмнийн бецийн хьожа яьржира уьйт1ахь. Цхьацца к1ад боццу генара х1уманаш а хьехийна, эла Барятинскийс элира:
– Со хезна ву нохчийн оьздачу г1иллакхех: кхаа дийнахь- буьйсанний хьеше цуьнан г1уллакхах ца хоттуш, шайн г1иллакхаш гойту нохчаша доккха той а х1оттадой. Со и тайпа хьаша вац. Паччахьан ц1ийнера стаг ву. Цундела, х1усамдега пурба а дехна, ас деанарг довзийта пурба ло суна, шайн шира г1иллакх жимма доха а дай, – дийхира инарлас.
– Тхан хьаша т1еэцаран закон духур дац ахь хьайн лаам бийцарх. Тхуна атта хир ду цунна кечам бан. Вай ладуг1уш ду-кх! – пурба делира Абу шайха.
– Нохчийчоь тхан латта ду, – д1адолийра Барятинскийс. – Дагестан а тхан ю. Кхузара т1ом бахбалар шух дозуш ду. Шайх-хьо Нохчийчохь, Дег1астанахь лоруш стаг ву. Меттигерачу къаьмнийн кхолламаш хьуна хийра а бац. Ахь г1о дан деза тхуна оха арадаьккхиначу г1уллакха т1ехь, – аьлла, инарлас доккха са доккхушехьа:
– Тахана вайшиннен къамел дан таро хир яц, шуна луучух лаьцна, – аьлла, инарлин къамел юкъахдаьккхира Абу-шайха.
Паччахьан Кавказехь волу урхалча инзаре цецваьккхира цо. Инарла лерина хьаьжира, шайна чохь х1умма дешалур доцчу шейхан б1аьргаш чу. Кхийтира кхинд1а дина къамел эрна хиларх. Х1ун ца тайна те кхунна аьлла, хьала а г1аьттина, ша цаларар шена хиъний хоуьйтуш, д1аваха кечвелира Барятинский. Делахь а цунна хаа лиира х1унда вац – те тахана шеца цу хьокъехь къамел дан шейх кийча?
Инарла Барятинскийна ца хаьара ша чуваьлчахьана дуьйна, шен коьртехь дерг а, ойланаш а евзаш вуйла шейх. Абу ца 1ийра хьешо хаттар даре хьоьжуш, къамел долийра:
– Ахь боху шаьш дай ду кху мехкан! И цхьа бахьана ду вайшиннен къамел цхьаьнадог1ург ца хиларан. Шолг1а- Аксай т1ера Хасавюрта кхаччалц ха х1оттийна ахь некъаца. Нагахь сан сий а, доьналла а ца хилча сайна т1евеана хьаша ларван, хьо суна т1е хьажор вацара х1ара юкъарло дийциначара.
Эла Бартинский х1инца кхийтира шена хьалха лаьтташ верг Кавказера хьал дика девзаш, х1инца шен дагахь дерг хууш, къайлехь йолу шен ойланаш йоьшуш стаг хиларх.
– Делахь дика ду, ахь аьллачунна т1ехь дуьтур ду вайшимма х1ара къамел. Амма сайн таро ма хилли вухаван пурба ло суна, – дийхира эла Барятинскийс.
– Пурба ду-кх хьуна, хьуо машаран къамелана реза ма-хилли схьаван, – хьаша новкъа ваккха кечвелира шайх.
– Дийнахь, буса ков къовлуш дац тхан, шайхана т1ебог1у некъ даиман баьстина хила безаш бу, – т1етуьйхира цо.
Нохчочо кет1а кхаччалц новкъа ваьккхира хьаша.
Цул т1аьхьа дукха хан а ца елира. Цхьанне а вог1у ца вог1у а ца хаьара Барятинский. Керта пайто еара. Шайха дуьхьал а ваьлла, ларамца т1еийцира масех инарла, шиъ кхоъ оьрсийн нехан дагара хуу стаг шайца волуш, еана керла делегаци. Абу шайхана хаьара шена т1ебог1уш берш муьлш бу. Дала дика дина стаг иканн а, вонна а кийчаа 1аш ву шен болх Далла т1е а биллина. Ткъа Цочул дика хьан луьстур ду мел чолхедерг а?! Цунедла мута1еламаш кечбинера: сема хила, кет1ахь пайтон сацале ков деллий хилийта, хьешийн г1уллакх сиха деш хила, аьлла. Инарлица баьхкина беза хьеший раг1у к1ел тийсиначу кузаш т1е назбарш а дехкина, улло лоха стоьлаш, г1енташ х1иттийна д1анисбира. Массарна а сихонца чай делира. Наггахь к1урд а беш, шайхо дуьйцучуьнга лерина ладуг1ура паччахьан Кавказехь волчу урхалчас.
– Хьол хьалха дукха хилла кхузахь инарлаш, цара Петарбухехь олура паччахье шаьш Кавказ горх1оттор ю. Нохчийчохь, Дагестанехь дерш адамаш хилар дицдора. Шайн новкъахь б1аьрга мел гина х1ума дагадора цара: ялташ, ц1енош, адамаш. Царех цхьаберш кхузахь сий доцуш белла, вуьйш паччахьо д1абаьхна балхара, – дуьйцура шайхо. – Шун кхузахь йолу политика ч1ог1а къиза ю. Тхан дегнашкахь оьг1азаллий, гамой бен ца г1аттайо цо. Оьрсийн халкъан г1иллакхаш, ламасташ хаза ду. Амма кхузарчу адамашна хийра ду уьш. Кавказехь оха ца бухку лай. Тхуна хьал долу элий, жа долу 1уй Далла хьалха цхьатерра бу. Х1окху доккхачу дуьненахь машаран мотт бен кху махкахь буьйцур болуш бац я бийца бан а ца бог1у. И хьуна хаа лаьара суна, х1ай паччахьан Кавказехь волу урхалча, нагахь тхан г1уллакхаш ахь къастор долуш, паччахьана т1ехьур долуш делахь.
– Бакълоь хьо шайх, – элира Бартинскийс. – Дукха инарлаша къизаллаш лелийна кхузахь. Паччахьо царна массарна а та1зар дина. И ц1ена бакъдерг ду. Сан 1алашо кхин ю. Со кху исбаьхьачу махкара т1ом д1абаккха воллу. Цу т1ехь суна хьоьгара г1о оьшу.
– Машарен г1уллакх т1ехь со хьуна накъост, ваша а ву. Амма хьол хьалха мел веана инарла багахь- моз, дагахь – д1овш долуш хилла хиларна, хьох теша а хала ду тхуна. Паччахь-тхан кхетамехь шегахь доккха 1едал, къинхетам, мискачунна дан г1о долуш, нийсо езаш стаг ву, шегара дикаллий, оьздангаллий цхьангге а яккхалур йоцуш. Тхо ца кхета: т1амца, зуламашца, ямартлонца, тешнабехкаца муха мегар ду халкъе шена муьт1ахь хила баха?! Зуламаша цкъа а бахьар бац машар. Аш бохучу кепара хьуна г1о дан стаг цкъа а карор вац кхузахь! Бакъду, нохчийн халкъ шун къизаллех я эскарх кхоьруш а дац. Тхуна шуьгара оьшург к1езиг х1ума ду: тхайн къоман г1иллакхаш лелон парг1ато йитар. Уггар хьалха и хаа деза аш х1оттош долчу 1едална: цхьана а нохчочо шен хаьнт1ара шаьлта охьа а йиллина, ж1аьлеш чехон г1аж оьцур яц кара. Коьртара куй д1а а баьккхина, йовлакх а туьллур дац. Тхешан х1усамехь кхечу махкара стаге куьйгалла а дойтур дац оха. Тхайн дин а хуьйцур дац.
Нагахь шун паччахьан тхоьга ладог1а хьекъал, доьналла хир делахь, нохчий шун х1уманна т1егертар болуш а бац. Х1умма а шуьга доьхур долуш а бац. Ламарой шаьш баха 1емина бу. Тхайна рицкъа тхоьга даккхало. Парг1ато еза тхуна и яккха а хаьа. Бакъду, хьо хьуо тешна а вац тхан лехамашна паччахьо жоп лург хиларх. Тхуна юьхьан шалхо ца оьшу, – элира шайх Абус. – Иза сецна бакъдерг ду- имам Шемал нийсса шо даьлча, хьуна йийсаре вог1ург хилар санна.
Инарла Барятинский цецваьккхинера шейхан хьекъалечу къамело. Цо юкъах ца воккхуш ладуьйг1ира цуьнга. Цо ойла йора ма галдевлла хилла тхо х1ара туземцаш хьекъална эшна нах бу бохуш. Х1орш-м хьаха бац х1умма а бодане. Баккъал шайна кху дуьненахь оьшуш дерг хууш бу. Иштта атта малха к1ел йолу шайн меттиг кхечарна д1алур йолуш а бац, банне а.
Шайха шен къамел дерзош кхунна уггар лазамен дерг, сих кхеташ дерг, кхо деана долу коьртаниг элира. Цундела кхин собар дацара инарлин. Барятинскийс элира:
– Шайх, оха имам Шемал йийсар вахь я виехь т1ом чекхбер бу. Иза х1инца тхуна тхайна а к1ордийна. Т1ом чекхбоккхуш хьоьгара г1о оьшу тхуна.
– Оцу т1ехь со шуна г1оьнча вац. Сайн таро хилча а шуна г1о дийр дацара ас. Шемална т1аьхьах1иттина уггар майра ламанхой бу, дукха майра хиларна шайн деган ч1аг1алла ца евза царна. Хала ду имам д1аваьлча цуьнан эскаран кхоллам хаа. Ас хьуна тешшош жоп ло-Шемал хьан йийсар хир ву аьлла. Амма цунна т1аьхьах1иттина болчарна гечдан дезар ду аш. Т1аккха шуна а гечдийр ду Дала.
Гунибехь имам хьайна каравеача, х1окху чохь хилла вайн къамел диц ма делахь. Айхьа нохчашна гечдиначул т1аьхьа со волчу хьошалг1а ван мегар ду хьуна. Ца гечдахь-ца веача х1умма а дац. Т1аккха хьайн дахарх къастар а къиза хир ду хьан. Хьо хийцавала г1оьртича а т1аьхьа хир ду. Хьо г1уллакхаш дукха долуш стаг ву, х1инца кхачанах а кхетта д1адохуьтур ду шу вай!
– Юучух кхеташ 1ийр дац тхо. Шайх д1адаха пурба ло тхуна, – дийхира Бартинскийс.
– Х1ан-х1а, пурба дац. Дайх дисина г1иллакх дохор дац вай. Х1ума ца юуш д1авахана хьаша диканна веана вац, – олуш хилла нохчаша. Сихха кхача хьалха билла аьлла, мута1еламаш сихбира Абу- шайха. Х1ума а йиъна, чай а мелла. Парг1атбевлира хьеший. Церан дегнаш дассаделлера.
– Х1инца д1адаха пурба ду шуна, – элира шейха.
Масех де даьлча, диване хевшира нохчийн шейхаш. Имам Шемална т1едиллира орсийн паччахьо шен Лараме йийсар хилахьара бохуш хилча, цуьнга ладог1а деза вай, элира баккхийчара. Оцу ларамечу нахе ла а доьг1на, имам Шемала хаьттира:
– Ас сайн наибашка а, т1емалошка х1ун ала деза?
– Х1умма ала а ца деза. Царна шайна т1ех1оьттинарг бен ца го. Т1еман хьал чолхен дуй массарна а хаьа. Кхид1а а вай Деле орца а доьхуш г1азот дахдича, Далла а, элчанна а хьалха хот1е оьгу вай. Тоьар ду, элхьамдулиллах1, 25 шарахь цхьа а эшам ца гойтуш дуьненан а дажал хилла 1аш йолу пачхьалкх вай кхерамца егийча. Кхид1а т1емалой маьрша буьтур бу вай, хьуна т1е, имам, дешан г1азот дуьллур ду вай, – сацам бира дивано. – Ахь дуьненна а дийца вай къийсинарг х1ун дара?
– Г1азотехь валар сийлахь дац йийсаре воьдучул? – хаьттира Шемала.
– Имам, Дела оьг1аз ма вахийта, тхуначул дика хьайн кхоллам бевзаш ма ву хьо?! Маккахь хиллачул т1аьхьа, Меданахь пайхамаран г1азотан б1о юккъе хьайн ц1е Ловал Махьпузи чохь язйина юй хьуна гайтина ду. Дела шен йоза хуьйцуш вац! Д1аволо х1инца, вайна Дела оьг1азг1он волу къамелаш а ца деш. Толамхойн 1едал ду шаьш эшийнарг дуьненна а гойтуш, массо эскаран хьакамашна хьалха хьан хаьнт1ехь шаьлта яйча, бусулбанийн самуцкъа дер ду. Тхо сий лоьхуш дацара, оха лохург Далла г1уллакх дан парг1ато яра аьлчахьана ваьлла хьо. Оха бохург ца дина хьо вала г1ортахь, 1инах дахана деллачу ж1аьлин сий а хир дац хьан. Г1азотехь эгначийн синош ду хьо ларвеш имам!
Кхин д1адерг ша цхьанне а бала а боцуш, д1адахана де санна дара. Имам Шемал каравог1ий хоуьйтуш цуьнан невцо Хьажас к1айн байракх хьала айбича, Шемалан эскаршна ца хаьара эвлаяийн дивано биначу сацамах. И дийца б1акъо йолуш ша имам а вацара. Эвлаяийн къайле-кхолламан къайле ю, замана, 1аламан, Делан шен къайле. Амма и ца хаьа вайна, вешан дезарша хьийзош дехачу нахана. Шена стигала хьаьжча, сира стигалан го гуш хилча, хаам дезара…. Цундела имамана реза ца хилира г1азотехь х1окху масийтта шарахь ца леш бисина болу нохчийн муридаш. Х1ара х1ун ду, бохура цара, кхин х1умма а ца хилча а, ткъей пхеа шарахь цунна улло х1иттина массо халонаш ловш леллах дарий тхо?! Нохчий эзарнаш, эзарнаш белла имаматан сий лардеш. Шемалан йозанча хиллачу Мохьмад-Т1ах1ир Карахис миллионаш хьехабо. Цуьнан ойла еш тахана к1езиг нах бара.
Гунибехь 1уьйранна болабелла т1ом ц1еххьана сецира. Шемална гонах болу муридаш хуьлучух кхеташ бацара.
– Т1ом сацабе! Кхин цхьа а топ ма кхосса! – аьлла омра а дина, чхар т1е охьахиира инарла Барятинский. Цуьнан ойла цхьанхьа д1аяхана яра. Шен лаамехь вацара иза. Оццу хенахь т1евеанчу полконик Лазаревс:
– Хьан сийлалла, коьртакомандующи! Имам Шемала ша машарца каравог1у. Ламаз дан пурба ло шена боху! – элира.
– Цо боххург кхочушде! Цхьана а х1уманна т1ехь цунна новкъарло ма елаш! – омра дира эла Барятинскийс.
Голи т1е ког баккха дагахь айавелачу оьрсийн паччахьан Кавказан урхалчина, кехат карахь уллохь лаьтта шен йозанча гира. Иза хилла вара шейх Абуца къамел дечу дийнахь. Иза нийсса шо хьалха дара. Инарла кхийтира цуьнах. Д1аязде, – элира цо. Шен мекхаш шар а дина, кийтал т1ера чан д1а а яьккхина, аз тодина:
«Хьан лекха-воккхалла император Александр-11. Х1ора шарахь вайн 100 эзар салти вуьйш хилла болу Кавказан т1ом чекхбели. Имам Шемал масла1атна т1евеа. Вай хьан ц1арца нохчашца бина барт цара шацн декъана ларбина. Имам Шемал хьан сийлахь йийсар ву! »….
Гуниб яккха г1ерташ чуг1ерташ болу г1азакхий ц1еххьана т1ом бечуьра севцча, хилларг х1ун ду цигахь хьажа эвтархо Буг1а вахийтира Бойсакъара. Цуьнан кхосса кхин цхьа а йоккхачу тоьпан х1оъ бацара. Имам Шемал чхар йистте лах а велла, ламаз оьцуш 1аш вара:
– Х1унда сецна т1ом хоьтту Бойсакъара? – элира цо.
– Оцу имаматан лом долчу Бойсакъаре д1аала Дала соьгара шейхалла д1аэцна!
– И бохург х1ун ду, имам! – цецваьлла лаьттара Буг1а.
– Сан дагт1е куралла йоьссинера: 25 шарахь оццул доккха эскар кхерош лийли-кх со аьлла. 1алелай ма сонталла ю нохчийн майраллица! И куралла бахьанехь Дала шайхалла д1аийци соьгара. Г1ан-набарха дуьхьал баьхкиначу сан устазаша а эли доккхачу эскарна дуьхьало яр эрна ду, ша шен вер санна х1ума ду. Ткъа иза вайгахь товш дац. Иштта д1аалахьа Бойсакъаре. Суна хаьа нохчий йийсар ца боьлхий, х1инццалц со а лелла иштта лиеташ. Х1инца и дерриг д1адаьлла. Вай паччахьца гуттар т1ом бина а девр дац. Т1ом мацца баьлла а чекхболу: цхьаъ-оьшу, важа-тоьлу. Вай Далла хастам бо вайн сий оццул айбарна! Ас бакъо ло Бойсакъарна шена луъург дан. Дала аьтту бойла шун! Ас дехар до: хьалха герзаш т1е ма тохалаш.
Имама доккха са а даьккхина дерзийра ламаз эцар. Амма ваханчуьра Буг1а вог1ург а ца хилла, говрахь хаьхкина веана Бойсакъар Шемал ламаз мелан ламаз дина а ваьлла, маьждига чуьра араволуш кхечира. Гонах яьлла суьлийн наибийн тоба а йолуш, мостаг1ий болчу аг1ор д1авоьдуш вара Шемал. Кхоьссича топ кхоче а х1иттина, мог1а нисбина лаьтташ бара оьрсий. Буьрса а, самукъане а яра церан яххьаш. Царна хьалха говрахь д1асахьийзаш вара ч1ог1а кечвелла волу инарла Барятинский. Цунна хаьара имам Шемала шен дош лардийр дуй, йийсар шайн таро йолчара кечвина вуй.
Бенойн Бойсакъар говр хаьхккина улло веара имамана. Кхин улло ваха цунна некъ бихкира. Ха дара гонах х1оьттина: нохчий, суьйлий, оьрсий ийна. Х1инца имаман доттаг1 царна х1умма а вацара. Х1оккхузахь хедаш яра доттаг1аллин з1е.
– Имам, вухаверза! Ма г1охьа церан кара! – мохь туьйхира цо. Кортош т1ехула айбира тапча. Амма и цхьаммо тергал а ца вора.
– Дерриг д1адаьлла х1инца сан доттаг1а, Делан йоза хилла даьлла, – къора мохь туьйхира Шемала.
– Вухахьажахьа, имам! Ма дохадайта соьга дайн оьзда г1иллакх! – дийхира Бойсакъара. – Ма сийсазде вайн лаьмнаш, сак1езиг хила таро яц вайн! Хьайна т1аьха а х1иттина мозий санна беллачу нохчийн ойлае. Нохчийчохь массо барз ма бу шена бухахь г1азотан мурид волуш. Схьахьажа, имам!
Бебоцу б1аьрг б1аьрхиша д1ахьулбира. Цунна х1умма а ца гора. Х1инца тапча кхоьссича а эрна дара.
– Ас сийдо шун доза доцчу майраллиа, Бойсакъар! Дала лардойла шу вонах! Бойсакъар, д1авала суна т1аьхьара! – дийхира Шемала. Иза ша а дог доьхна воьдуш вара.
– Имам! – ч1огг1а мохь туьйхира Бойсакъара.
Шамил вуха а ца хьожуш оьрсийн эпсаршна т1евахара. Стенан ойла йора те Нохчийчоьнан, Дагестанан имама, Кавказан майрачу лоьмо? И Хууш Аллах1 ша бен вацара. Амма цо сагатдан х1умма а дацара. Дагахьбаллам хила а. Дала шена т1едиллинарг цо кхочушдинера. Нагахь т1еман хьаькамаш т1аьхьа дохкобовлучех хилча, цхьа а т1ом бола а лур бацара. «Къонах вац т1аьхьенан ойлаешверг! » – олу нохчаша. Цаьргара и г1иллакх тоххарехь схьаэцнера имам Шемала.
Имам Шемал шайна хьалха д1ах1оьттича, цунна го бира лакхарчу эпсарша. Шемала ка даьхьира шен тур т1е.
– Д1адовлал цунна гонахара! – омра дира эла Бартинскийс. – Имам Шемал паччахьан Лараме йийсар ву. Цуьнгара герз схьаэца бакъо яц паччахь ша воцчун!
Шемал парг1атвелира. 25 шарахь яьстина яцара цо шен г1одаюкъ. Х1инца кхаьрга и цаястийта и летта лийр вара. Амма Делан йоза лелаш дара. Эвлаяашна гуш хиллера х1ара сурт ша куьзганахь санна, кхул а цхьа шо хьалха, шаьш хиламийн жайне хьоьжуш.
Инарла Барятинский, имам Шемал ши накъост, ши хьаша а хилла, Гунибан лекхачу ломан новкъа чувосса волавелира. Дехьо 1ин чохь некъа т1ехь ченан дохк дара г1аьттина.
– Аллах1у Акбар! – элира Шемала, инарлина хозуьйтуш.
– Х1ун ала г1ерта хьо? – хаьттира цецваьллачу Барятинскийс.
– Нохчий кхалха гонах а бевлла боьлхуш го суна! – элира Шемала. – Царна к1езиг дуьхьало ю иза, – самукъадаьлла велавелира имам.
– Ас омра деллера уьш дуьхьало ца еш д1абахийта аьлла, – кхетийра Барятинскийс. Т1аккха хаьттира Шемале:
– Имам. Байсангура мохь тоьхча хьо вуха х1унда ца хьаьжира?
– Цо тапча тухур яра суна! – дара жоп.
– Ой, шуьшиъ ул-уллохь ма вара. Х1унда ца туьйхира цо и т1аккха? – цецвелира инарла.
– Нохчаша т1аьхьашха герз ца туху! – аьлла, доккха са даьккхира имама.
Бойсакъаран отряд шолг1ачу буса схьакхечира Гунибера Хорача. Цигахь 200 мурид вуьйжира шина дийнахь биначу т1амехь. Висина 300 стаг цхьа а вацара дег1а т1ехь чов йоцуш. Х1ораннен а ц1е а йоккхуш къаьстира цаьрца Бенара Бойсакъар. Вовшийн доладар т1едиллира, эрна эскаршна ка ца деттар а. Доккхачу т1елатарна ницкъ гулбийр бу вай. Делан шен дуьхьа имам Шемална къинт1ера девли вай. Вайх х1ораммо а Дала шена яздинарг бен лелон йиш йолуш дац. Атабина т1евирзира и:
– Хьожуш хилалахь. Къовсам боло сих ма лолахь. Вай жимма сада1а деза вешан доьзалшца.
– Ванах Хорачара цхьа а ца висина вайн дийна? – хаьттира Бойсаккъара.
– Со ма сиха вицвели хьуна? – вела а велла, схьавелира Б1ахо. Доггах маракъевлира Бойсакъара и говрара охьа а кхозавелла. Буьйса йоккхуш совцар д1ахадийра. Массанхьа а лаьтташ кордонаш яра. Го юкъара бевлларш кхузахь лоьхуш бара.
Тамашийна адамаш ду х1орш, ойлаеш вара эла. Х1ара ду-кх сан дешан г1азот аьлла хийтира имам Шемална. Дахаран ирсе чаккхе шен хир юй хууш вара имам. Цо шен дош лардира. Барятинскийн таро ца хилира ша ламарошна дийр ду баьхначу диканех итталг1а дакъа дан а. Г1айг1ане дара цуьнан дахарера д1авахар. Боьхачу цамгарх валар хилира даймахкна генахь-Швейцарехь.
Бакъду и, эвлаяаш ца кхоьру нуьцкъалчу паччахьех, элашкара совг1аташ ца оьшу царна. Церан мотт стигална муьт1ахь бу. Иштта сий долуш, доцуш чекхбелира нохчашна Кавказан т1ом. Амма церан 1аткъам Кавказехь х1инца а болуш бара. Мичча хенахь а т1елатара нохчий, шайна цатам ма биннехь.
БУГ1А 1ЕДАЛАН БАЛХАХЬ
«Ша цатоьла т1ом болор – сонталла ю».
Имам Шемил.
– Шемалца х1умма а ма къийса. Цо аьлларг дичахьана девлла шу, – олура 1овдас, имам Шемала лелош долу цхьадолу х1уманаш тхуна нийса цахета аьлла, эвтарара муртазекъаш, я обаргаш шена т1ебаьхкича. – Шайхан дагахьдерг шайхани бен хуур дац.
Цундела Шемална дуьхьал цавелира Эвтархойн Ахьмад, ша наиб х1оттош юьхь-дуьххьал цуьнга д1ааьлларг карла а даьккхина:
– Т1амехь г1о эшна меттиг яг1ахь, со а сан накъостий а г1одан бог1ур бу хьуна. Амма хьан хьайн наибашца йолчу юкъаметтигашна юкъаг1ертар дац, – аьлла, къаьстинера и Шемалца. Бакъду, имама Шеларчу Элахан Мурин доьзал парг1ат а битинера. Шуна дагадаг1ахь: Мурас дина къамел юкъалелачара имамах д1а а тоьхна, ийг1ина вара Шемал цаьрца. Х1инца масла1ат хиллера. Эвтархойн Ахьмад вийча, Эвтрахь варх1 еса д1адаллац цуьнан тезет а лардира имам Шемала. Х1инца эвтарарчу къонахех цхьа Буг1а висинера Шемална уллохь. Яккхийн тоьпаш лелон а вайн нах бу, лаахь ц1ахь 1ен йиш ю хьан шега имама аьллашехь, Гунибе хьала веанера иза. Шен доттаг1ийн: дог-майрчу Ч1егин, Эвтархойн Ахьмадан, Гехин, Дадин марзо яра цо кхуза еанарг.
– Де доьхначу дийнахь нохчаша имам д1атеси ала а ца лаьара цунна.
– Имам, оьрсий бу вайна гуо беш, – аьлла, Шемалан нуц Хьаьжа маьждиг чуиккхича, стохка Таьшкичуьрачу Абус, Кунта-Хьаьжас, 1овдас шеца дина къамел дагадеара имамана. Кхин т1ом бан цуьнан бакъо яцара. Амма эскарна ца хаьара Шемална эвлаяаша т1едиллинарг х1ун ду. Амма дешначу наха берриге а нохчашка д1ааьлла дара:
– Вайн мохк ги а боьллина паччахьо д1а хьур бац, дин лело маьрша хилчахьана т1ом сацабе.
Массарна а хууш дара Шелара Т1елхиг, Гихт1ара Осмин Са1адулла, Дуба а, Батукъа, Эски а оьрсашца барт а бина, цара маьрша витиний. Царех цхьаберш хьалха санна шайн наибан болх беш бара. Х1инца оьрсийн паччахьан т1едахкарш кхочушдора цара. Цу т1е, х1оранна а инарлин чин деллера, х1ора баттана алапа а х1оттийнера.
– Соьгара Дала шайхалла д1адаьккхина, х1инца суна хиндолчух х1умма а ца хаьа, – элира имам Шемила. Цуьнан бакъо яцара ша оьрсашца бинчу бартан и къайле цхьанне а йовзийта. Цундела, доккха са а даьккхина, т1етуьйхира, – иштта хилла-кх Делан лаам.
Амма х1инца Гунибехь 500 нохчо вара. Царах цхьа а реза вацара т1ом ца беш имам паччахьан инарлийн каравахийта. Царна ца хаьара х1ора шайхана шен кхоллам дуьненчу ваьлчахьана, Далла дуьхьал вухад1аваххалц бевзий. Шена дуьхьалвог1у сахьт царна билгалдиний бен Дала Шен мухьлизаташ цаьрга делла доций. Цундела Шемил парг1ат вара. Делкъа ламаз дира цо. Суннаташ а дира. Маьждиган лохачу корехула арахьоьжучу цунна гуш вара шеца эпсарийн ха а долош веана, имаме хьожуш 1аш волу полковник Лазарев.
Гунибан аьтту аг1о ларбеш болчу нохчашна ца хаьара г1опа чохь т1ом х1унда сецна. Бойсакъара шена т1екхайкхира эвтархо Буг1а:
– Хьада вало г1ой имам х1ун де ву хьажал, – элира цо. Ткъа х1инца Буг1ина кхузахь гушдерг т1еман хьал дацара. Шен геланча хьевелча, говр лаьллина маьждига хьалха веара Бойсакъар. Шемал х1етта некъан мелан ламаз а дина, маьждиг чуьра аравелира. Шена т1еволавелла волу Лазарев куьг айбина сацийра имама. Т1аккха Бойсакъарехьа вирзира:
– Бойсакъар, вай кхузахь къаста дезар ду. Соьгара шайхалла сийсара д1аийци Дала.
– И бохург х1ун ду? Со кхетавехьа, – дийхира буьрсачу наиба.
– Сан дагт1е куралла йоьссинера: ткъа шарахь оццул доккха эскар долчу оьрсашка эша цавели-кх со, – аьлла. – Ма йоккха сонталла йоллу нохчийн майраллица аьлла хеттера суна. Эццахь г1ена-кхолах дуьхьал баьхкиначу Абус, Кунта-Хьаьжас, 1овдас хьан т1еман г1азот чекхдели х1инца. Кхида дешан г1азот бен т1ехь дац хьуна. Керстанаша хьайца беш болу барт т1е а лаца, машар бе, хьаьжц1а ваха кечам а бе, – эликха соьга!
– Имам, сна шира туьйра ма дийцахьа. Со цахууш ма вац иччархоша гуо бича Борз т1ехьарчу когашт1е хуий!
– Вайшимма къийсача а эрна ду. Сацам хилла баьлла! – элира имама.
Шемал оьрсий болчу аг1ор д1аволавелира. Бойсакъара шен г1одах йоллу тапча схьа а яьккхина, юьйлира. Цунний, имаманий юккъе х1иттира баьччин т1аьххьар бисина г1аролхой. Оьрсийн эпсарша а шайн герзаш дуьйлира.
– Имам! Собардехьа цкъа! – мохь туьйхира Бойсакъара. И кхийтира хуьлуш доллучух. Шемал т1аьххьарлера тасадалар а дитина, паччахьан йийсар хила воллура. Шемалца д1айолаелира ткъаях стагах йолу тоба. Царах схьа а къаьстина, кхо-виъ стаг сехьавелира, Бойсакъарна улло д1ах1оьттира. Нохчийн 1едал дац йийсаре боьлхуш. 1адийча санна 1ара говра вихкина волу и къонах. Цуьнан бе а боцу б1аьрг хих буьзна бара. Цо ч1ог1а сатийсинера мостаг1ийн салтийн туьйлаг юкъа а иккхина, шен дог 1аббалц тур-шаьлтий диттина, вала.
Бойсакъаран сатийсамаш г1енах йоьлху мархаш санна уллохула ган а гуш д1абахара. Цунна хала дара эшначу дагца кху Дег1астанан лаьмнашка хьежа. Цо ойла ца йинера ша иштта имамана т1аьхьахьаьжначохь, дена т1аьхьадедда бер санна вуьсур ву.
– Шемил! – аьлла, инзаре мохь хьаькхира Бойсакъара. Цуьнан доьхна аз даьржира тийначу лаьмнашкахь. Амма Буг1ас къеввлина дуьрста а лаьцна, некхах аг1о а г1ортийна сацийна бара цуьнан дин. Иза, ша цхьамма, йоккха топ такхайой гух хьала йоккхуш онда стаг вара. Дехьо басахь гуш вара чхар йистте а хиъна, Шемал т1екхасаре хьоьжуш 1аш волу эла, инарла-лейтенант, х1инца цхьаммо а ян дуьхьало а йоцуш, Кавказан урхалча Х1оьттина волу
Александр Иванович Барятинский.
Имам т1евеача, хьалаг1аьттира Кавказан урхалча, честь а делла д1акхайкхийра:
– Имам Шемал тахана дуьйна маьрша ву. Паччахьо шен сийлахь, лараме йийсар лору х1ара. Кхуьнан герз хьадан а, я некъ хадон а бакъо яц ша император воцчун!
Шемала доккха са даьккхира. Цунна т1едоьг1на дукха б1аьргаш дара. Буьрса дара ламаройн имаман гар. Барятинский, Шемал говрашка а хиъна, лекхачу лам т1ера чувосса волавелира. Лахо 1ина чухула боьдучу новкъахь ченан дохк г1аьттира. Охьа хьаьжна, сецира Шемил.
– Аллах1у акбар! – элира цо хозуьйтуш. Оьрсийн г1арол цецдаьлла сецира.
– Х1ун хилла?Хьо реза воцуш х1умам дац? – хаьттира инарла-лейтенанта.
– Нохчий бу-кх гуо юкъара а бевлла боьлхуш. Кхалг1а гуо к1езго бу царна, – элира Шемила.
– И хууш ас хьан дехарна жоп луш, дуьхьало ца еш д1абахийта аьлла уьш! – кхетийра Барятинскийс. – Бакъдерг дийцича, и берзалой кхин леца а лур ма яц хьуна вайга, – т1етуьйхира цо. Х1инца машаре валийна волу Шемал а оьрсийн инарла лорура цо.
– Имам, Байсангура хьайга мохь тоьхча, вуха х1унда цахаьжара хьо? – хаьттира эла Барятинскийс.
– Цо тапча тухур ма яра суна, – бен а доцуш, жоп делира Шемала.
– Ой, хьо уллохь ма вара цунна? – ца кхетара инарла.
– Нохчаша т1аьхьашха герз цатуху! – г1айг1ане элира Шемила.
– Тамашийна майра адамаш ду нохчий, – олуш, ойлане велира Кавказан сардал. Х1инца цунна нохчех долу массо х1ума а, церан г1иллакхаш а хаа лаьара.
Шемал цецваьлла гонах хьоьжуш вог1ура. «Ярабби ма хаза мозхк бу х1ара», бохура цуьнан даго. И шена кхин ган боьг1на боций хаьара цунна. Шайхалла и хаа цуьнгахь тахана а долуш дара. Хууш дацара цуьнан даго х1ун хьоьху, стенах ю ойланаш: махках, доьзалх, хиндолчух?
Бойсакъаран эскар шолг1ачу 1уьйранна сатоссуш Хорачахь дара. Ши б1е т1емало велира цунна уллохь оцу шина-кхаа дийнахь. Висинчу кхоб1е дошлочух дег1а т1ехь чов йоцуш цхьа а вацара. Царех х1оранна а ц1е а йоккхуш къаьстира царах Бойсакъар. Вовшийн дола дар, эшначохь г1оьнна бахар а т1едиллира. Атабега къаьсстина элира:
– Варийлахь, сих малолахь, цкъа эскарш д1адаххалц ка ма етталахь царна. Цкъа садо1ур ду вай, нагахь дитахь 1едало.
– Хорачара кхин цхьа а висиний дийна? – аьлла, хаьттира цо.
– Висина! Шуна хьошалла дан кийча а ву, – шен динахь хьалхавелира Б1ахо. Иза хинволчу обарган Зеламхин деда вара. Бойсакъара къевллина маравоьллира шен т1еман накъост, ша вихкина долу бахтарш мал а дайтина.
Иштта чекхбелира нохчашна имам Шемална т1аьхьа а х1иттина, ткъей пхеа шарахь бина болу г1азотан т1ом. Беза мах белира нохчаша к1езиг долчу парг1атонан х1аваах. Царна ца гора кхид1а хиндерг. Ца хаьара замано ха а хаьрцина, къоман историн керла мур болалуш хилар.
Къоман истори тамашийна ю. Ширалла йита а йитина бусалба дин т1еэцчахьана дуьйна йолон еза нохчийн истори литта боху цхьаболчу 1илманчаша. Лара атта долу терахьаш а даладо. Масала, вайн пайхамара Мухьаммада (1. с. в. ) дин доккхуш биначу т1емийн дараш-1018 стаг лору исламан 1илманчас Бутис. Шемална улохь Ахульго ларьечу т1амехь вийнарг 4000 т1емало вара.
Крымехь бина т1ом берзар Александр шолг1аниг паччахь х1оьттича хилира. Парижехь машар а бина, мукъадаьлла дерриг эскар Кавказе хьажийра императора. Дег1астанний, Нохчийчоьний гонах д1ах1оттийнера, кху чохь дерг доцург-270 эзар эскар. Иза Афганистанехь хиллачу советийн эскарал шозза сов ду. Цу хенахь, х1уъа дина а Кавказан т1ом берзо г1ертара Александр шолг1аниг, шен деда паччахь волуш болийна болу. Къоначу паччахьо оцу т1амна империн бюджетан 20 процент къастийнера.
Паччахьа Кавказана къастийна долу инзаре ахча оьшучохь ца кхоош дохкар, харжаш яр керлачу урхачина Александ Иванович Барятинскина т1едиллина дара. Цо и кхоа а ца дора. 1856-1857-чуй шерашкахь Малхбален Кавказехь къиза т1емаш буьйлабелира. Нуьцкъала кхо эскар лаьмнашка даха араделира: Нохчийчухула цхьаъ, Гуьржехула шолг1аниг, Дег1астана аг1орхула кхозлаг1ниг а. Шина шарахь херхаш, дагарш эцна арабевллачу салташа некъаш дехира хьаннашкахула. Гуо юкъайоьллира Шемалан имамат. Нагахь салтий мог1абинна д1ах1иттийча, цхьана т1емалочунна кхочург кхо метр латта дара. Шемалан эскаран ницкъ бацара цу тайпа т1елатар духатоха. Ярташкара адамаш имамана г1о дечохь дацара х1инца.
Ма-дарра аьлча, эла Барятинскийс ахчанца ийцира Кавказ. И ша хьалха а ваьлла, т1амна кийча йолчу ярташкахула чекхвелира молланаш хьалха а баьхна, улло казначейш а х1иттийна. Цунний, Шамилний юккъехь йоккха башхалла яра. Барятинскийс шена дуьхьал болчарна ахча лора тоийта аллац, Шемала корта боккхура.
Паччахьан урхалчин концентрическое (1алашо юьхьарлаьцна) долу т1елатар цхьана а минотана сацош а дацара. Шед етташ, пиряндиг оьхьуш юхаяьхначу яртийн жам1 лелош х1инца цхьа а вацара. 1овда халватахь вара, Кунта-Хьаьжа 1едало к1айлах лаца а лаьцна, Соловецки монастыре вигна вара. Вайн молланаший, историкаший 1858-1861 шераш Кунта-Хьаьжа «къайлаваьлла зама» лору. Цхьаболчара олу Кунта-Хьаьжа Шемала шена новкъара д1аваккха Макка хьажийна вара олий. Амма и иштта ца хиллий хаьа вайна : «1861-г1а шо. Северный лагерь. Кунта-Хьаьжий, Мовсар, Коврнакъий» аьлла долу суртдиллархочо диллиначу портрета т1ехь. Ма дарра аьлча, цкъачунна кхин сурт вайгахь дац. Амма долчунна буха яздина долу бакъдерг талла лууш цхьа а вац. Оцо а гойту цу ламанахь и къайле ларйийриг молланашна дукха ахча делла хилар.
Вайн мохк цхьа а цаволуьйтуш йийсаре бало т1едог1уш дара и 270-эзар эскар. Вайн халкъан бартан кхоллараллехь «б1о беана шо» аьлла дисина имам Шемал масла1ате валийна шо. Исторически бакъдерг нохчашна а деза. Цу заманахь Барятинскегара ахча эцна нах 1едална бевза, церан т1аьхьенаш ю. Массо пачхьалкхан шен халкъ муьт1ахь даран, законехь латторан, цунна та1зарш даран шен-шен къайленаш ю.
Имам Шемална гонах ямартлонаш юьйлаелира. Цхьаъ вукхунна т1аьхьа а х1оьттина, паччахьан аг1о лоцуш бара Шемалан наибаш. И некъ царна Хьаьжмурда гайтина дукха хан яра. Бакъду и, мел луьра 1едална дуьхьал хиллачун а цхьанне корта ца баьккхира паччахьо. Эшначу наибашка духа а д1аделира 1едал. Дуьненна а гойтуш веза-воккха лелийра имам Шемал. Иза паччахьан 1едална маршо къуьйсур дуьхьал леттачу нахах балаза бисинчарна: тишъеллачу ворданара келачу х1ургона хаар санна х1ума а хилла д1ах1оьттира. Шен хьалха хилла йоллу виллает яра х1ора наибан а. Амма х1инца уьш оьрсийн инарлаш бара.
Цхьана аьхка Эвтарарчу юьртдас Яхьяс т1екхайкхира Буг1е.
– К1ант, и хьайн зуламе х1уманаш дита деза ахь. Хьо х1инца а «хьуьнах хоьжуш ву» бохуш хезна суна, – элира цо.
– Х1инца хьалхалера могашалла яц. Доьзал болабелла. Х1инца-т1аккха 1едало маьрша а ваьккхина, суо а вуьту бохуш, жимма ийзалуш лелаш ма вара со-м, – жоп делира Буг1ас.
– Кхана Шела г1о наиб Т1елхаг волча. Кхид1а дан дезарг цо дуьйцур ду хьуна.
Цу буссехь 1овда волчу а вахана дагавелира Буг1а. Шен юьртдеца хилла къамел а довзийтира. Дечиган маьнгит1е хьала а хилла, охьакаъйина йолу шен т1ерг1ан пазаташ хьала а карчийна, г1еххьа ойлане ваьлла 1ийра 1овда. Т1аккха ц1еххьаш набарха ваьлча санна хаьттира:
– Ас бохург дийр долуш вуй хьо? – суьлхьанийн масех буьртиг д1акарчийра Бамтгира-Хьаьжас.
– Даламукъалахь! Тохара со жима волуш а ахь аьлларг ца дина Теркал дехьа дахча, г1алг1азакхаша лохкий сехьа ма тийсара тхо, – ша 1овдийна дагавоуьйту кеп х1оттийра Буг1ас.
– Дика ду делахь. Кхана Т1елхаг волчу г1о. Цо полицин хьаькам Эски волча хьажор ву. Наха лелочунна т1ехьовса, адаман терго ян нах тоьаш бац. Цара аьлла болу болх т1елаца. 1едал Делера хилча, цо бохург дар вайна т1ехь ду. Шари1атал т1ехдолург хьайна т1едуьлуш хилахь, юьрткъедех дагавала. Исмаь1ал, кхачанах а кхетийтий, парг1атвита х1ара, – къамел чекхдаьллий хаийтира 1овдас.
Иштта нисделира Буг1ин керлачу 1едалан балха вахар. Наьрт санна онда а волуш, бурош санна долу мекхащ хьийзош, веана Буг1а керта веача, х1етахь дукха баьржина болу къуй, куьйгаш айбина арабовлура. Х1унда аьлча, царна хаьара и лараме стаг вуй. Юьртахь хиллачу гуламехь цо хийлазза дуьйцура шаьш имам Шемала т1едехкинарш кхочуш муха дора. Говрашна харцхьа аг1ор ленаш духий, шаьш Теркал дехьа рема ялон муха долхара. Дог-майра Ч1егин, Эвтархойн Ахьмадан майраллех дукха дара цуьнан дийцарш.
Амма Буг1ех шех долу цхьа дийцар ч1ог1а беламе ду. Цо шен 30 кхаьчча зуда ялийнера. Оспана 1успера вешин йо1. Эвтарахь малхбале аг1ор 1аш бара уьш. Шаьш нускал далийний хаийта йоь1ан деваша волчу вахана шолг1ачу 1уьйранна дог-майра Ч1егий, Эвтархойн Ахьмаддий. Х1етахь, х1инца санна кет1а а хуттий, дика делахь, вон делахь д1а а олий, д1абоьлхуш ца хилла нах.
Могаш-партг1ат хаьттина, шаьш парг1атдевлча, х1ара шиъ х1унда веана ца хууш холчахь волчу х1усамдас аьлла:
– Шу лаа дарий, к1ентий?
Кхин ша дуьйцучун ойла а ца еш:
– Деллахьа, Абумуслим, тхо-м вай гергара дуй хаийта ма даьхкина. Сийсара хьан вешин йо1 Шовдет Б1уг1е еаний шуна хоуьйтур аьлла! – жоп делла дог-майра Ч1егас.
Х1окху махкахь мел долчу зулама юкъахь х1ара шиъ вуй хууш волу Абумуслим, ша х1инцца чувог1у шуна аьлла, ара а ваьлла. Кет1аваьлла хен т1е а хиъна 1ачу Дибин Эвтархина т1ех1оьттина:
– Эвтарха, хьо орцах цавалахь йоккха эвхьазло юлуш ю-кх тхуний, оцу хьан гергарчу наханий юкъа.
– Ой, х1ун хили х1инца? – аьлла цецвелира Дибин Эвтарха.
– Со волча дог-майра Ч1егий, Эвтархойн Ахьмад веана. Хьан вешин йо1 Шовдет сийсара Буг1е еана боху цара. Со тоьлар вуй хиъча, цу шинне шаьлта еттар йолуш вара со, – хилларг дийцира Абумуслима.
– Дика ду-кх т1аккха и Буг1е еана а, цхьаьнга ца яхча йолурий иза. Дала барт цхьаъ бойла шун! Цара хьоьга шайн доттаг1а волу, Шемалан йоккха топ лелорхо гунойн Буг1а вуьйцу! – велавелира Эвтарха.
– Эх1, велла вала со дела1, нахана юкъахь лелаш воцу стаг иштта сонта ву-кх, – аьлла, сихха ц1ехьа вахара Абумуслим.
Хьеший д1а а бахийтина, шен вешин 1успин зуда чу а кхайкхина, йо1 декъалйира девашас.
Иштта самукъане а, г1айг1ане а яра Кавказан т1еман истори. Шаьш денна лахь а, бисахь а бехаш бара нохчий. Кхечу ярташкахь дерриг дара Эвтарахь а.
Кхин цхьа дийар а дара Буг1ин х1етахь, лула-кулара шен нийсаройх цхьаъ чувеача дуьйцуш.
ИМАМАН Т1АЬХХЬАРА Т1ЕДИЛЛАР
«Вай дахар ма доца хета-
и дуьтуш лийр ду те вай».
1. – Хь. Хатуев, халкъан яздархо.
Веданахь нисвеллера ша бохура Буг1ас. Цхьана г1уллакхана вахана ша а волуш, Шемал ц1ахь воцуш, шаьш висинчу хенахь имаман к1анта Мохьма-Шепас дийцинера. 1853-чу шеран аьхка , шемал ломахь т1емаш беш волуш, х1ума ца юуш дуьхьал даьллера имам Шемалан цициг Нурман. Ч1ог1а хьомен дара и долчуьнан. И саннарг цо кхо шо хьалха а динера. Х1инца санна дала доьжна Шемалан цициг а долуш, Ведана веанчу Эвтархойн Ахьмада хьаьстинера и, адаме санна мотт а буьйцуш:
– Нурман, хьо цхьа бохам т1еийзош ду. Х1инца тхан са а ца дууш хьайн кхача а баий парг1атдала я Веданхойн дайчуьра дехкий я оьпарчий леца хьо. Шемал ц1аваг1ахь ас охьадагалийр ду хьо!
Леррина Ахьмаде ла а доьг1на, кхачанах а кхетта, цуьнан динаца ловзадаьллера цициг. Ткъа х1инца кхуза ван Эвтархойн Ахьмад а вацара. Шемил воцург оьшуш Нурман а дацара. Эрна къа хьийгира Мохьмад-Шепа1а: тоьлла цастарш цунна хьалха дохкуш, къоьзама 1омара беана паччахьан ч1ара цунна баон г1ерташ, Шемалан чу а дигна лохачу стоьла улло а хаийра. Х1етте а юучух батт ца тухуш делла д1аделира Нурман.
Г1опахь мел волу стаг схьа а кхайкхина, еса а дешна, ша тоьлла наиб велча санна, каш а даьккхина д1адоьллира Нурман. Амма ц1авеанчу Шемале хилларг дийца ца х1оьттира цхьа а. Шайхана шена хиира чохь даьсса х1унда ду, шен цициг чу х1унда цадог1у а. Доккха са а даьккхина: «Кхинд1а сан г1уллакхаш духуш д1аг1ур ду, цуннакечам бан беза вай, – элира цо гонах болчаьрга. Эццара дуьйна хиламийн карчам бола а белира.
Ведана ша а тамашийна меттиг ю. 1аламан исбаьхьачу меттехь лаьтта иза. Кхузахь массо а махкара а, лаьмнашкара а дог1у х1аваш схьа а гуллой, вовшаш а оьй, Нохчийчухула даьржий те олий хетало. 1аламан устаз волчу Кунта-Хьаьжина а ч1ог1а дукхаезаш меттиг яра Ведана. Цхьа а базаран еара я к1ира ца долуьйтура цо 1ай, аьхка а кхуза цаог1уш.
Веданарчу адамех, 1аламах ша тайпа дуьйцура кхузахь 1850-чу шарахь нисвеллачу Мазлакхера совдегара Атаровс. Шемалан х1усамненан Шу1антан де шича вара иза. Махлелоран говзанча а вара. Хетарехь и хилаза мохк ламанца хьовха, аренца а бан а бацара. Х1етте а шен дагчохь йисинарг Ведана ю аьллера цо.
Дукха хан яра иза муридийн махкахь хила лууш волу. Шен шчина дош деллера цуьнан йо1 муха 1аш ю хиъна, цунна х1ун оьшу хьаьжна бен ша ц1а а вог1ур вац аьлла. И х1инца воккха а хиллера дуьнена даьхни а бисинчарна деккъал алсам гулдинера цо. Шарахь гергга дийарш дира цо оьрсийн инарлашца, сехьа аг1ор з1е латтош болчу Червленнера г1алг1азакхашца. Оьрсаша шайн талламхойн орядаца г1о бохура. Амма совдегарна хаара т1емалойн нохчаша х1ун сий до а, хьаша-да и маьрша велахь муха лору а. Цундела цо шен ницкъаца ваха сацам бира лома. Цхьаммо а вуоза-дийна ц1авоьрзур ву хьо а ца олура цуьрга.
Червленнера ара а ваьккхина, хьалххе биначу бартаца г1алг1азакхаша Теркал сехьа а ваьккхина, обаргашка д1авелира иза. Цуьнан ч1ог1а самукъадаьллера цхьаннех а кхоьруш боцуш, дийнахь а, буса а шайна луъучохь совца а совцуш, юькъачу хьаннашкахула некъ беш болчу мюридех. Т1аьхьо хиира Атаровна ткъа сов стагах аьтташ йолчу шайн отрядан куьйгалхо хьалха Шамилан наиб хилла волу Эвтархойн Ахьмад вуй. Ткъа сих-сиха тата даьл-даьллачу ч1ожа топ а тухуш, раз говр хьийзор вог1ур обарг дог-майра Ч1ега хилар.
И хала некъ дийнна к1иранах бира оха. 1аламат ч1ог1а йовха а йолуш лома хьалаг1ерташ дара тхо. Жим-жима садо1ура оха х1ума яа а, наб ян а. Некъ т1етт1а кхераме хуьулуш бара. Иза т1ехула кхозуш чхар болче кхечира, лаха чохь к1орга 1ин дара. Чувоьжначуьнга даха дог дацара. Цу новкъа говраш юьхь лаьцна юьгура муридаша. Ч1ог1а тахъаьлла нах буй хиира суна нохчий. Говрашна т1аьхьах1оттийна вуьгура совдегар и ца кхерийта, муш тесна говран нуьйрах д1авихкинера. Мел хала некъ барх х1умма а к1ад ца лора нохчий. Гарехь уьш халонаш лан 1емина нах бара я уьш кхоьруш х1ума адацара. Даиман а багахь: «Лаилах1а-иллаллах1а, Лаилах1а-иллаллах1», – бохуш, зуькаран мукъам а бара церан.
Ведана ц1еххьана хьуьна юккъера довллушехь гучуелира. Цигара дуьхьал хахкабелла бог1уш а б1о бара. Шемалан г1ап лекхачу гу т1ехь йолчу майданахь яра. Цхьаъ бен т1ебог1уш некъ а бацара цунна, чхараш юккъехула болу. Г1ап гонаха керт йолуш, лекха боьттина пен болуш яра. Пенаш т1екхачала, хетарехь чохь хи долу харш дара гуо баьккхина, тхо долчьра д1ахьаьжча хи гуш дацара. Некъа т1ехь лаьтташ ха дара. Г1опа т1ехь долчу чардакъ т1ера гуо баьккхина йолу меттиг дика гущ яра г1арлана. Коьртачу кевнехь кхечу пачхьалкхехь йина йолу йоккха топ яра. Там бара и ламаройн шайн заводехь йтна хила а. Суна и европехь ечарех тарйеллера.
Жимма дехьо, аг1онехь гуш ц1енош а, маьждиг а дара. Кузахь бехаш бевзаш болу наибаш а, муридаш а бара. Хетарехь имам цара ларвеш вара. Кхуззахь яра луьра ха а долуш йолу тоьпан молхана склад. Герз чохь долу чоьнаш, даккхийн черманаш дара чохь хи долуш.
Шемалан ц1а г1опа юккъехь дара. Иза шаьш къаьстина болчу муьридаша лардеш дара, муьлххачу аг1ор цу т1евоьдург гурволуш, бассийна бара гуо. Г1опан кевнехь дукха пхьераш бара цхьацца г1уллакхаш деш, воьду-вог1учунна мехах церан хьасташ кхочуш деш. Говрашна ленаш тухура, йоьхнехь, ястаеллехь нуьйр я г1омат тоьгура боккха маха а боккхуш бахтарца. Езахь керла маьхьсеш йора, когахь елахь ремонт а йора. Кхуззахь яра тарраш, шаьлтанаш еш йолу жима кузня. Им х1унда даьйцу, Тбилисехь а боцу сахьташ тодийраш бара. Цу заманахьлера Голландин, Швецин, Австрин сахьташ тодан а хаьара пхьерашна. Муридаша уггар тоьлла х1онц лорура дашон, датон сахьташ.
Мазлакхерачу совдегарна могаш-маьрша, вуно самукъадаьлла карийра шен шича йо1 Улуханова Анна. Цо сихха т1ехкхетта мара а воьллина, могаш-парг1ат а хаьттина шен чоьнаш йолчу вигира шен дешича. Шоралла, яхалла йиъ метр хир йолуш, пенаца кузаш долуш кечйина чоьнаш, ша туркойн махкахь санна яра. Т1ехула, я арахула хьажча кегийн хеташ долу ц1енош, нохчаша олуш ма-хиллара говр хьовзо а мегар долуш яра. Шича йоь1ан коьртахь, белшаш а цхьана хьулъеш тоьллачу к1айн шолан кортали дара, Эвтархойн Ахьмадан совг1ат. Чохь шаьшшиъ бен адам воцуш дисича, кортали д1а а даьккхина, гуьлмаьда тиллира цо. Хьалха кхунна гиначул дуккха а хаза яра Анна. Цхьаммо а эр дацара и эрмало.
Нохчаша санна: «Воккха ваша, тхо кхузахь т1еман хьелашкахь 1аш ду. Мостаг1чун хилла доккха дуй хаьа тхуна, муьлхачу маттахь: нохчийн я г1умкин, атта хир ду вайшинна къамел дан. Вайн мотт а бийца мегар ду, амма нохчийн кица ду: «Хьо хьенан ворданахь ву хьаьжий и ворда йолчуьнан маттахь къамел делахь, «-олуш. Атаров Аммак кхийтира шен шича йо1а бохучух.
– Соьга нохчийн мотт, г1умкин мот бийцало-кх, хьуна луъучу маттахь къамел дийр ду вайшимма, – элира хьешо.
– Дика ду. Г1умкин мотт илли санна к1еда бу, цу т1е тахана г1аролехь берш а г1умкий бу, царна а вай шаьш лорий хуур, – элира Шу1анта. Бакъду, цу шимма эрмалойн мотт бийцинехь кху чохь, кхара дуьйцург хезехь яра лай йолу эрмалойн йо1. И шен декхарш дика хууш яра. Цхьа ахсахьт далале кху чохь мел аьлла массо дош а цо Шемалан лере кхачор дара. И ерриге кийтарлонаш оьшуш а яцара. Чувеанчун дагчу хьоьжуш волчу шайхана дика хаьа цо х1ун дуьйцу, къамел хьеннан маттахь делахь.
Кху шиннан къамел хилла-леллаче доллучу хенахь, ц1еххьана не1арш а еллаелла чувелира имам Шемал. Хьалхаваьллачу муридо:
– Бехк ма-биллалахь, хьаша! Хьо марша а вог1ийла! – элира, цкъа хьалха нохчийн маттахь, т1аккха эрмалойн маттахь.
Шу1ант йоьхна хьалаиккхира ша хиъна 1ачуьра. Ка тоьхна шен кортали белшаш т1ера сихонца хьала а озийна, коьрта т1ехь нисдира. Юьхьт1ехь ц1е а елла, бос байнреа цуьнан. Не1арш ц1еххьана еллаелча, цунна т1ехьа лаьтташ цуьнан ха а гина, юьхь-1аьржа х1оьттинера и. Цу тайпа ледарлонах ларлушйолу Шу1ант, шен дешича веача, цунна ша парг1ат 1аш хилар гайта а йоьлла, жимма сапарг1ат даьлла хиллера.
Имам шен хьешана улло охьахиира, цуьнгара пурба а даьккхина. Ламаройн стунцахошна хьалха охьахууш г1иллакх доций хаийтира имама. Амма хьаша гуттар оччаваьлла хьаьвзича, охьахиира. Аммак Атаровс баркалла элира Шемална парг1ат шен шича йо1аца къамел дан таро хилийтарна.
– Схьадал тхойшинна совдегарша молуш долу уггар тоьлла чай, – аьлла, шемала бегаш бича, гуттар самукъаделира хьешан. И тешаш вацара ерриг Росси 1адийна 1аш волу имам Шемал иштта оьзда г1иллакх долуш стаг хиларх. Россехь нохчий цхьа акха адамаш санна дуьйцура. Цкъацкъа хеталора, там бара царахь цхьаммо чу а иккхина, ша трх олла д1авига , олий. Ткъа х1инца гуш дерш европехь кхунна гиначул а хаза а, оьзда а адамаш дара. Хьенна а мотт а хаьара царна.
– Хьол хьалха кхуза баьхкиначарна а ас Шу1антаца парг1ат къамел дан меттиг ма лора, – элира Шемала вела а велла. – Х1етте а цкъа баьхкинарш буха ца бог1ура кхуза. Мазлакхера-Ведана бахка гена хетара царна я оьрсийн кордонаша цабохкуьйтучух тера дара уьш.
Атаровс имам Шемалий оьрсийн дуькъа чай мелира, мангала комарийн варени а тосуш. Оцу балхо кхин а цецваьккхира дуккха а шена гина моьттуш волу совдегар. Шу1анта йина йолу чу нитташ боьхкина йолу курзанаш а йиъна, шаьшшиъ парг1атваьлча, Шемала Францех, Венгрехь лаьттачу оьрсийн эскарах х1ума хаахь, и дийцахьара шена дийхира Аммак Жоржовиче. Цул т1аьхьапурба делира хьешана ша деана совг1аташ схьадала. Шемала беро санна цец а вуьйлуш, воккхаверца схьаийцира шена еана Швейцарера датон хронометр. Т1ехь схьадоьллуш нег1ар а долуш яра и. Цо, хьаьвззий д1а йоьдий, къилб-Седе гойтура. Цу т1ера цамза й1енчу дешин бара, бодашкахь лепа а лепаш. Аннина дашон сахьт делира Атаровс.
Совг1ат шена мел тайнехь а динехь ву-вац цахуучуьнгара, шен кара схьа ца ийцира имама. Цундела Шу1анта схьа а эцна, Шемална улло тахти т1е охьайиллира хронометр. Жимма соцунг1а а хилла, хозуьйтуш кхузза бисмилла а аьлла, шен майрачун кара д1аелира. Оцу балхан тидам бира хьешо. Дукха дара кху чохь гуш цунна цадевзина долу ламасташ. Шемал шех ийна а хетта, хьешо юха а карладаьккхира мацах Аннин вашас дина къамел. Мазлакхера эрмалой кийча бу элира тоийта аллац имамана ахча дала, цо Анна ц1айоуьйтург, йита а йитина. Хьалхалера шайн дехарш имамана т1е ца кхаьчна аьлла хийтира цунна. Атта стаг цхьа а дехар дан ваьхьар воцуш буьрса гар дара Шемалан. И воьлуш а, 1ай ткхес тоьхча санна цеволура Атаров.
Амма ела а елла, йистхиллачу Шу1анта дерригенна а т1е сиз хьаькхира:
– Х1ей, сан хьомен дешича, ахь х1ун дуьйцу. Ах дуьне имаме шайн йо1 маре яла лууш ду, хьо ша д1а яхана, д1анисъелла йолу шайн йо1 мехах йитар доьхуш ву! Хьаъ, т1аьхьара зама ю. Галдаьлла адам, кхетам телхина нехан. Т1аккха т1ом социйла а дуй?! – имамана т1ейог1аелира иза шен исбаьхьачу баьргашца.
– Дуьненахь кхо зуда ю уггар хаза, тоьлла г1иллакх-оьздангалла йолуш х1инццал евзина: Муса-пайхамаран нана- Асет;1иса-пайхамаран нана-Марем;Мухьаммад-пайхамаран (а. с. в. ) йо1-Пет1амат. Сайга хаьттича, х1ара хьан шича йо1-Шу1ант дуьне хаздан кхоьллина йолу йоьалг1а зуда ю эр дара ас, – элира Шемала. – Х1окху тайпа зударийн мах дуьнене хадалур бац! – т1етуьйхира цо.
Шена дуьнена х1уманаш девза аьлла хетта волчу совдегарна Атаровна шена х1умма хууш ца хиллий хиира.
– Вай ца гуш водахь, марша г1ойла! – некха т1е шен куьг а дуьллуш, хьала а г1аьттина, аравелира имам Шемал.
Шолг1ачу дийнахь д1аваха новкъавелира эрмало. Имама совг1атана белла тоьлла дин д1ах1оттийра цунна. Х1инца шеца кхин а ткъей итт мурид а волуш, веана д1ах1оьттира и схьавалош веана волу бере. Башлакх хьала а оьзна и динара воьссича, вевзира.
– Со новкъа а воккху ахь, х1ай Эвтархойн Ахьма? – хаьттира Атаровс. – Х1окху динна т1ехаа ца х1утту со, Червленни кхаччалц ахь д1абалийча, цигара д1а-ма пайтона т1аьхьа а тесна буьгур бара ша, – дийхира хьешо.
Новкъахь шаьш сада1а свццачохь: «Соьца болчу муридаша хьайна имам гирий аьлла хаттахь , сайн шича йо1 бен цхьа а ца гира алалахь», – хьийхира Эвтархойн Ахьмада.
– Х1унда?Муридаш сох теша а ца тешна бела х1уьттур бу? – хаьттира Атаровс.
– Бац. Цара хьо т1аккха вуьйр ву! – парг1ат хаийтира наиб хиллачо. – Иза шайх ву, Делах тешачунни бен и гайта бакъо яц тхан! И гавуршца цхьана шуьна хууш вац. Цундела муридаш болчохь хьайн метта доладелахь.
Бакъду иза, имам Шемала массо ца лорура гавурш. Цхьаболчера шайн дин дуй хаьара цунна. Керстанаш вовшех къаьсташ бу. Цундела еллера цо йийсар биначу оьрсашна Веданахь шайна килс ян бакъо.
Эвтархойн Ахьмадан эскаран тобано Червленни чукхаччалц д1авигира Шу1антан дешича. Цигахь дукха г1алг1азакхий бара и вевзаш, шен-шен хьаша ван лууш а. Амма сарахь Терка т1е эскаран ха х1оттале д1абахара нохчий. Я хууш дацара цигара д1а уьш рема ялон боьлхий а. Амма ша Мазлакхе вуза-декъал ша д1акхаьчча, Аннех дерг дийцина ца 1аш, Шемалан тамашийначу эскарах а даца цуьнан дийарш. И гуттар цецвуьйлург-Шемалан наиб хилла волу Эвтархойн Ахьмад фронтан шина а аг1ор ч1ог1а лараме стаг хилар дара.
Рецензи
ДАГНА ВЕЗАВЕЛЛА ТУРПАЛХО
(«Эвтархойн Ахьмад» романах дош)
Со школехь дошуш волуш дуьйна хаа лууш вара Эвтархойн Ахьмад аьлла юьртан ц1е лелош хиллачу стагах. Амма суна замано маждина долу газетийн цуьргаш кхочура. Исторически очерк кхаьчна а дукха хан яцара. Амма оцу къонахчун васт кхоччуш схьа ца доьллура нехан дагалецамаша. Илли а ду Эвтархойн Ахьмадах, нохчийн фольклориста Джамалханов Зайндис д1аяздина. Цо турпалхочун дахарера цхьа к1езиг хан бен ца юьйцу. Иза а Ахьмадан, Гребенской ра г1алг1азакхичун вовзарх, доттаг1аллех.
Х1инца сан лаам , историн турпалхой безачу кхечеран сатийсам а кхочушби Эвтархойн Ахьмад» романо. Цуьнан автор ву вевзаш волу нохчийн яздархо Гапураев Хьасан.
И боккха къинхьегам оьшу болх автора генарчу 1970-чу шерашкахь болийна бу. Романа х1ора абзац, х1ора корта шена т1е тидам боьдуш ду. Ас роман историн а, бакъдолчунна т1ехь а ю эр дара. Цо мехала исбаьхьаллин произведений о цуьнах. Иза меллаша, массо дош, хилам т1амарх, хьекъалх, коьртах болуьйтуш еша езаш ю. Доккха хьекъал, нохчийн йист йоцу майралла, доьналла, хьалхалерачу нохчийн къонахойн оьзда г1иллакх чекхдолу ерриг роман чухула. Хазахеташ дерг, Хьасанан аьтту хилла нохчийн шира г1иллакхаш шайн хазаллехь вайга схьадала. Адамийн хала дахар, барт, лехамаш къеггина го х1ора чолхечу шерийн х1ора сурт т1ехь.
Роман язъяле хьалха Гапураев Хьасана дукха болхбина архивашкахь, 1амийна, ешна, теллина Кавказан исторех йолу дукха литература, кегийна шира таьптарш, д1аяздина баккхийчера шираллех долу дийцарш, эвтархоша хьовха, кхечу ярташкарчу наха а Эвтархойн Ахьмадах дуьйцуш хилла долу.
Дукха эвтархой бевза суна Эвтархойн Ахьмадан каш юьтахь ду дац цаууш болу. И 1овдин жимах волу деваша ву аьлча-м, бакъдерг х1унда ца дуьйцу, со суо а цецвелира. Къоман турпалхочун кошат1е х1итта бог1у юьртан истори езаш берш, ишколера бераш, хьехархой. Х1инца а виц цаво мехкан, Кавказан къонах Эвтархойн Ахьмад.
Эвтархойн Ахьмадан дахар д1адахана къиза Кавказан т1ом д1абоьдучу шерашкахь. Имам Шемал шен-шен кепара вуьйцу наха. Амма Гапураев Хьасана ларамца йоккху цуьнан ц1е. Дуьйцу нохчийн мел ч1ог1а сийдеш хилла. Шемалан наиб волчура ша д1аваьлча а имаца долу гергарло ца хададо Эвтархойн Ахьмада. Шена цатовш дерг имаме юьхь-дуьххьал д1аолу цо.
Роман цхьана Эвтархойн Ахьмадах хилла ца 1а. Вайна буьйцуш хезна болу беза эвлаяаш бу романо буьйцуш: Ташо-Хьаьжа (Воккха Хьаьжа) , Кунта-Хьаьжа (Хьажа) , Баматгира-Хьаьжа (1овда) , кхиберш а. Ч1ог1а хьекъале, дагах кхеташ ду Абу-шейх Башировс эла Барятинскийца дина къамел. Вайна хаьа имам Шемал паччахьан Ларамен йийсар муха хилла, цо нохчийн сий муха айбина а.
Романо дуьйцу Нохчийчохь хиллачу баккхийчу т1амех. Керла бакъдерш довзуьйту оьрсийн сийлахьчу поэтан М. ЮЛермонтовн, воккхачу здархочун Л. Н. Толстойн дахарера.
Гапураев Хьаснан роман кийчча сценарий ю Эвтархойн Ахьмад аьлла йолу кино яккха.
Соьга хаьттича, «Эвтархойн Ахьмад» роман массо нохчочн а стоьла т1ехь лаьтташ йолу книга хилла д1ах1отта еза. Цу романа т1ехь боккха къинхетам, бакъйолу патротизм, къаьмнаш юккъахь долу доттаг1алла карор ду вайна. Вай дайша, дедайша лаккха айбина лелийна къонахчун сий, доьналла, нийсо.
Джантамиров Мохьмад,
Россин журналистийн союзан декъашхо.
ДЕРЗОР
«Г1азотехь эгнарш-белла ма алалаш».
Къонахийн весет.
Тоххара д1аяхана Шемалан зама. Оцу майрачу къонахийн т1аьхьенех х1ун хилла-те аьлла хоттур ду соьга истори езархоша. Эвтарарчу баккхийчу наха ма-дийццара, сайн заманахь ас д1аяздира царах дерг. 1910-чу шарахь 1овдех дагавелира обарг Зеламха. Шеца Г1изларара банк яккха 1овдега шен к1ант 1ела ваийтар дийхира цо. 1елина т1едиллинера обаргашна т1едуха паччахьан эскархойн духар нисдар.
Ша Гребенской станице д1акхаьчча, 1овдин 1елас хаьттинера Кордонехь болчу г1алг1азакхашка: » Ша нохчо ву олуш цхьа а вуй шуна юкъахь?» Ши сахь даьлча 1елина т1екхечира кордонехь (блокпостехь) болчу б1она куьйгалхо, сотник Орлов:
– Со ву-кх нохчо! – аьлла говрара охьа а иккхина, 1овдин 1ела маравоьллира цо. Ц1ена нохчийн мотт буьйцура къоначу эпсаро. Этархойн Ахьмад вара сан деда аьллера цо.
1910-чу шеран 27-чу мартехь Г1излара чутилира Мюридийн т1ома лела тоба, 36 стаг вара уьш коьртехь обарг Зеламха а волуш. Царна т1едуьйхина Гребенской г1алг1азакхийн т1емалойн духар дара. Леррина йолу отряд банка хьалхха д1ах1оттийра некъ гойтуш веанчу казакин б1ончас (сотника) .
Эвтара юккъехь ду Баматгира-Хьаьжин зиярт, маьждиг, 1овдин, Митаев 1елин ц1арах урамаш. Россин Турпалхо, Нохчийчоьнан Мехкада волчу Кадыров Рамзана тодина Эвтарара зиярт, тодеш ду некъаш. Сих –сиха хуьлу иза 110 шо долу 1овдин 1елин йо1 Кхокха йолчохь.
Эвтархойн Ахьмадан урам бу тхан. Лор Гапаев Эльдарбек, историк Гапаев 1абдулла, берриг Гапаевг1ар шаьш Ахьмадан т1аьхьенах лоруш бу.
Буг1а- гунойн 1умаран некъех вара.
Межеда Мухьаддис суна дийцара шен кхоалг1а да ву и Буг1а. Мухьади ша Эвтархошна вевзаш вара. Дуккха шерашкахь НКВД-хь ша болх беш 1овдин ц1ийнан дола дина а вара. Х1инца тхо 1умара некъий дац-Буг1ин некъий ду, олура Мухьаддис. Тахана а МВД-н структурехь ву цуьнан к1ант.
Эвтарахь 1уьйранна малх Ч1егин дукъ техула г1отту. Малхбале йолчу Арцан лакхенан ц1е елла Эвтархоша дог-майрачу Ч1егина. Иллешкахь вуьйцуш а ву иза. Ч1егин некъий а бу Эвтарахь бехаш, шайн урам а болуш.
Тамин т1аьхьенах вара Дада. Х1инца цуьнан к1ант Билал вевза Эвтарахь. Яхь йолуш, оьзда, дика к1анта ву иза. Энергосетехь къахьоьгуш ву.
Ч1ог1а чолхе, тамашийна истори ю Кузин т1аьхьенах болчу эвтархойн. Цуьнан к1ента к1ант ву ша олура Г1умхос. Сийлахь Боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархо а вара иза. Цо Джабраилов аьлла фамили лелайора. 1970-чу шерашкахь со «Коммунизман байракх» газетехь волуш цуьнгара интервью эца таро силира сан. Цо дозалла дора шен дедех. Соьца цхьана классехь доьшуш нисвелира Джабраилов 1умар. Хьалхара нохчийн т1ом болабалале Шеларчу т1еман декъехь болх беш велахь а, я г1уллакх деш велахь а цхьаъ лелош вара 1умар. Кхузахь эскарехь волуш цуьнан фамили Гаврилов яра.
Эвтарарчу кешнийн кертахь ша лаьтташ чурташ ду. Юьртахоша Чергазийн кешнаш олу царех. Цигахь д1авоьллина ву Махмат-Мирза а цуьнан т1емалой а. Эвтарахь ши-кхо доьзал бара Анзоровг1еран. Цхьаболчара уьш 1овдера ц1ийнах бу олура. Амма уьш Анзоров Махьмат-Мирзин т1аьхьенах бисинарш бу. Мухха делахь а, юьртахь лоруш нах бу Анзоровг1ар.
Со суо х1инца хьалха Саь1ид-юрт хиллачохь 1аш ву. Кхузахь, сан корера д1ахьаьжча гучехь ю Лермонтов а, Эвтархойн Ахьмад а вовшахкхетта меттиг. Х1етахьлера юькъа хьун корчовка а йина д1аьккхира советан 1едало 1967-чу шарахь. Цигахь х1инца к1а дийна аре ю.
1овдас, Кунта-Хьаьжас ма – аллара нисбелира имам Шемалан кхоллам а. Цхьа истори цаевзачу наха дуьйцу сонта х1уманашка шуьга ла цадог1ийта бакъдерг дуьйцур ду ас шуна.
…Турцин 1едалехь болчарна хууш дацара имам Шемал схьакхочуш вуй. Цуьнца инарла Богуславский вара Петарбухехь дуьйна улло х1оьттина волу. Иза х1инца инарла-майоран чин долуш, Россин Турцехь йолчу посольствехь болх беш вара. Къор1ан оьрсийн матте даккхар т1ехь болх беш а вара иза. Шамил Трцехь волчу Россин Посола Игнатьев Николайс т1еийцира. Имамана грамота а елира цо Россин дворянин ву аьлла, т1аьхьенна а цхьана лерина луш йолу. Хьаьждан х1инца а ахшо хан яра. Шемална шен доьзалца чохь 1ен ц1енош делира. Амма цунна Далла дуьхьал д1аваханчу шен устаз а, стунда а хиллачу шайхан Казикумухера Джамалдин ц1еношкахь саца лиира.
Кавказехь т1ом болуш, Шемалан резиденци Ведана схьа ма еъана Стамбуле ваха д1аваханера Джамалди. Цо гойтучу тамашийначу мухьлизатех х1инца а дехаш легендаш дара Турцехь. Цу т1е, жимма хьалхо кхузахь ц1е а яьлла дийнна квартал йогуш, Джамалдин ц1еношна х1умма а ца хиллера. Имам шайхан кошат1е а х1оьттира, х1инца дукха ламарой бу цига зиярт деш.
Богуславский Петарбухе хаам бора: «Шемал схьакхачарца доьзна, ас хаийтира и вог1уш хилар Турцин уггар лакхарчу, Сийлахьчу визирана нохчочунна Шевкет Махьмуд-Пашина. Туркойн 1едале цу хьокъехь оха х1умма а хаийтина дацара». Шемал веаний хиъча Султан 1абдул-1азиза и ша волче кхайкхира. Цкъа хьалха пайтонахь, т1аккха Босфор т1ехула имам паччахьан двореце вигира. Лараме хьешан сийнна шат1лакъ дайтира. Султанан г1аролан куьйгалхо хиллачу черказийчо Шапи Шарип Асмана дуьйцура: «Шемил гича, со вог1авеллачохь висира. И сан деда, да, уггар майра черказий т1еэцна волу турпалхо вара (Хетарехь Махьмат-Мирзи к1ента к1ант ву х1ара) .
Х1инца воккхахилла волу Шемил дуьненан Да хеталора, шен ларам боьху. Гар кхерам тосуш буьрса дара. Шемил Султанна ша тайпа ларамен хьаша вара. Крымехь т1ом боьдучу хенахь Карл Маркса дуьненна хаийтира Шемил Портас шен Генераллисимус д1акхайкхина аьлла. Документаша тоьшалла до и титульни визир, сардал хиларан преми яла. И ду иза Падишах ц1еравалахь Коьртакомандующи ву бохург. Иза Генераллисимус я Фельдмаршал олий гочдо цара. Бригадни инарлин чин делира Шемална уллохь болчарна а. Царна юкъазь Шемалан к1ант Г1еза-Мохьмад вара. Цкъа а Турцехь хезна а дацара цу тайпа протоколан г1иллакх дохор. Х1инццалц Султана шен паччахьан г1ента а хуий т1еоьцура хьеший. Султана Шемалан куьйгах барт а баьккхина, элира:
– Х1инцца кошара г1аьттина сайн сайн да схьавеача иштта воккхавуьйр вацара со хьо гуш санна!
Цо Шемалан куьг а лаьцна дехха латтийца д1ацахоьцуш. Имама т1аккха элира:
– Оха ткъей пхиъ шарахь сатийсира хьан куьйге!
Имам Шемал я цуьнах Нохчийчохь а, Турцехь а олуш ма-хиллара шайх Шемил, ша турпалхо хиларе терра туркойн халкъан дозалла г1аттош ву. Со жима волчу хенахь а Шемалан ц1е яьккхича, лов олий дагчу алу хьодура. Суна иза сийлахьчу адамех цхьаъ хета. Ша рабаьккхина некъ буьззина, даггара д1абаьхьира цо. Адаман ницкъ берг дерриге а дира, яздора туркойн историка.
Османски империн турцин архивехь дукха ду Кавказан хьокъехь документаш. Йоккха меттиг д1алоцу Нохчийчоьнах долчу тоьшаллаша. Шемилан заманара дукха материалаш ю цигахь. Османски империний, Шемалний юккъехь хиллачу з1ений анализ йича го 1854 шеран июнь кхаччалц имам Шемал ч1ог1а г1иртина Турцица з1е таса. Амма Англин, Францин 1едале ладуг1уш йолу Турцис жоп ца делира Шемална.
Османски Султанаша моральни г1о дора Шемална, цуьнга кехаташ кхоьхьуьйтура, бахкийтина болу векалш ларамца т1еоьцура. Амма Россех ийзалора. Т1еман аг1ор г1о дан ца х1уьттура. Иза историческм ц1ена бакъдерг ду. Россис к1елхьара яьккхира Турци екъаелла, йоьхна д1айолучуьра, х1етахь Россис г1о за динехь Египетан паччахь Мухьаммад-1ела Стамбул схьаяьккхина волуш вара 1833-чу шарахь. Ткъей итт эзар эскар дало Турцина г1оьнна эскадра еара. Цул т1аьхьа дина дара даиман а доттаг1алла лелон договор.
Шемилна гайтира падишахан хазна, Стамбулан сибаьхьа меттигаш. Т1еман арсенал, хи бухухула лела кеманаш гайтира имамана. Шемал цецваьлла аьлла хеттачу 1абдул-1азиза хаьттира:
– Хьан х1ун дара тхоьца къийсавала?
Шемала жоп делира:
– Нохчийн майралле хьажча, шун герзаш х1умма а яц. Уьш Дагестанцашца цхьаьна т1елетча, цара сарале схьадохур дара шун герзаш. Сан цхьана нохчочо дийнна оьрсийн эскар эккхадора.
Султана омра дира Россисчул а дика д1атарве Шемал Турцехь аьлла. Цунна 50 чоь йолуш йоккха особняк ийицра уггаре а тоьллачу меттехь, баттахь 2900 пиастро алапа х1оттийра. И цу хенахь ч1ог1а оьшуш нисделира. Шемал ша сов бахамаш оьшуш вацахь а, оьрсийн паччахьо х1оттийна пенси кхузахь к1езиг ахча дара. Шемалан шен бахам т1амо х1аллакбинера. Амма цуьнан коьрта бахам бисинера-иза Кавказан маршонан символ хйилла д1ах1оьттинера. Дуккха шшерийн дахалла ша шен байракха к1ел нохчаша йина йолчу, т1ом бира Шемала. Россин художника Кабаков Ильяс Шемалан байракх реставраци а йина, денйира. И гайтира Стабулехь, Москвахь, Махачкалахь, Парижехь. Стамбелера Шемалан ц1а берриг Кавказхойн хьомен меттиг хилла д1ах1оьттира. Имама Турцина баркалла элира нохчий а, кхидолу Кавказан къаьмнаш а т1еэцарна. Амма цо ламанхошка Кавказе д1аг1олаш, цигахь х1инца а шу массо оьшуш ву шуна олура. Делахь, бухабахка к1езигчин бен таро ца хилира. Яккхийн яра царна йина дуьхьалонаш.
Дагестане цхьадолу къаьмнех нах а кхалхийра Турце. Уьш Ялове олучу меттехь д1анисбира. И нах, дукха хьолахь нохчий бу Турцин парг1ато ларйинарш. Царна делира паччахьо уггар лакхара т1еман совг1аташ, орденаш: «Султание», «Везадие». Турцехь болу ламанхойн ийна б1о имам Шемалан ц1е лелош бара.
Нохчийчуьра Турце Шемалан дукха муртазекаш кхалхийра Со1дуллас, Кундухов Мусас маьрша нах бу бохуш кехаташ а кечдеш. Цара даиман дагахь латтавора майра имама. Мовладаш дора, назманаш йохура. Шемал кхузахь маьждиге вог1уш дукха адамаша гуо бора цунна, улло х1уьттура. Дукха туркой нислора имаман г1овталх куьг 1отта лууш, ган луучийн терахь дуьйцуш дац. Адамаш цецдуьйлура оццу йоккхачу пачхьалкхаца 25 шарахь леттачу имамах, бохуш яздора оьрсийн яздархочо Иван Закарьевс.
Имам Шемал Турцехь а волуш, Египтан визираца Исмаь1ил – Пашица йолу юкъаметтигаш ийг1ира Турцин. Царна юкъахь машар бар шена т1елецира шайх Шемила.
Исмаь1ал-Пашас шен «Махрусса» ц1е йолу доккха хинкема даийтира Шемална. Богуславский Россе иштта яздора: «Даиман Шемална юххехь хила везаш волчу суна цу хинкеманна т1ехаа вуно хала дара. Со кхеравелла вра вайн йийсар сайн б1аьрга-1уналлера валарна. Кхузахь дукха нохчий бу Шемалан т1емалой хилла болу. Имамана церан массеран ц1ераш дагахь лаьтташ хилла, царах схьагиннарг цунна вевза».
Шемал Константинополехь волуш цуьнан могашалла денна оьшуш яра. Ширачу чевнвшв ницкъ бора цунна. Къаьсттана новкъарло йора Г1имрахь штык 1оьттина цестина долчу пехаша. Къаьсттина и хаало Султанан ц1ийнехь суртдиллархо волчу Флярковский Станислава диллиначу сурта т1ехь. Хинкема Александрия-г1ала кхаьчча имамана дуьхьалвеана вара Хидиран Топик-Паша. Кестта иама къеначу Каире кхечира. Исмаь1ал-Пашас боккха ларам беш, шен паччахьан г1ента хаийтира Шемал.
Масла1атана юкъавоьллачу Шемална хаьара Турциний, Египетний юкъахь т1ом бала г1ертий. Т1аккха цу юкъабаха безар бара Кавказера мух1ажарийн а. Цундела ша машар бан декхарийлахь хетара Шемална. Цо массо а х1ума шен-шен меттадуьллуш кхетийра 1аьрбийн векал. Шайхана хаьара масла1атан къамел дан. Цо шех тешийра Египтан паччахь. Кестта цуьнан к1ант Довлит-Паша Станбуле вахара. Паччахьан йо1е Амине захало д1ахьедира цо. Цул сов, Пашас Турцина совг1атана яккхийн тоьпаш еанера Портина ч1ог1а оьшуш йолу. Цул т1аьхьа алссам ахча а делира. Х1етахь дуьйна кхин Египтана кхерам боцуш д1адирзира дов.
Кеста кхузахь кхин цхьаъ цхьанакхетар хилира Шемилан Алжиречу т1еман г1аттаман куьйгалхочуьнца Эмин Аль-Кадрца. Иза а Россих масал а эцна Францис Сийлахь йийсар а вина т1елецира цо пхийтта шарахь беш болу т1ом саца а байтина. Шемалний, цунний юккъехь йоккха башхалла елахь а б1абаьхьначу къийсаман 1алашо цхьаъ яра. Ша 1едале веача Наполеон кхозлаг1чо доккха пенси х1оттийнера Алжиран т1емалочунна
Цу шарахь Каирера Макка дохьуьйтуш киса дара дашон варкъ даьккхина. Цуьнца д1къовлура цу заманахь Къааба. Къорана т1ера деза аяташ дара киси т1е кьуга т1етегна говзачу хьераша. И хьаждо хан т1екхочуш юй хаийтар дара. Делахь а Шемал кхин цхьана дагалецамен г1уллакхан декъашхо а хилира, бакхийн паччахьаш, хьоладай, элий юкъахь а болуш. Цигахь дакъалацар сийлахь дара. И кхайкхина вара Суэцан канал дуьххьара схьадоьллуче.
Шемалан цигахь даьккхина сурт цу заманан доккха тоьшалла ду. Тобана юккъахь лаьтташ бу Хидир, Исмаь1ал – Паший, эмир Абдаль-Кадр. Царна уллохь канал дина францера инженераш бу. Даздарш д1адоьлхуш дара беза нах т1ехь болу хинкема канал хадийна даьлча а. Х1тахьлера яздархоша дуьйцу, мацах Пир1на эскар х1ордо д1акъевлиначеху кема долуш дац делира бохушТ1аккха Шемала т1е Къорана аят а яздина цхьа кехата цуьрг хичу тесча, х1орд летачуьра д1атийра.
Хьаьжц1а боьлхуш Джидда кхечира. Х1етахь цигахула воьдура Макка. Шолг1ачу дийнахь Шемал Сийлаг1чу г1ала вигира. Кхаа дийнан некъ бара цига. Цу шарахь доккха хьаждеш бара нах. Нохчийн г1араваьлла волу баьчча ган лууш дукха адам дара. Шамиль минбар т1е хьала ваьккхинера. Дуьйцу цуьнах а дамна тоам цахилла, Къааби тховт1е ваьккхинера Шемал бохуш. Цул хьалха цу т1е хьалаваьлла стаг вацара вайна вевзачех, дуьххьра Азан олуш хилла волу Билала – молли бен.
Хьаждина ваьлча, Медината вахара имам Шемал. Могашалла дикка галйаьлла яра цуьнан. Пайхамаран маьждигана уллохь 1ен меттиг нисйира цунна. Баккхийчара дийцарехь, цу заманахь Мединатахь 1аш 1абдул-Къедир Гиланин к1ант вара, къена шайх. Цунна г1енах вайн пайхамар (1. с. в. ) гина хиллера. Цо аьллера, хьала а г1аттий, хьайна т1евеана волу веза хьаша т1еэца. Ша сама ма велли, шен к1ант Мохьаммад-Эпенди шайх т1екхайкхинера дас:
– ало сан тоьлла духар схьада! Кечамбе. Имам Шемал ву войга вог1уш! ! !
Медината схьамакхеччи, къена, лелалуш воцу шайх волчу чувигнера Шемал. Шен к1анте дехнера воккхачу стага, имам чоьхьаваьлча, ша г1аттавелахь аьлла. Делахь шен ницкъаца парх аьлла г1аьттинера:
– Со муха 1алур вара г1азотан сий т1ех1оьттича, – аьлла.
Мадинатахь дикка вехира Шемал. 1871-чу шеран 4-чу февралехь дагад деара цунна. Маьрк1ажа ламаз а дина, аг1орваьллачу цунна наб озийра. Сама а ваьлла:
– Аллах1, Аллах1, – шозза ала кхиавелира. Эццигахь Далла дуьхьал д1авахара имам Шемал
И лийчийначу моллас дийцира цуьнан дег1а т1ехь жима а, йоккха 124 чов яра, царех варх1 лен чов яра. Вайн пайхамарна 9 г1улч улло д1авоьллира Нохчийчоьнан а, Дег1астанан а имам. Тахана и барз цигахь бац. 1аьрбаша пайхамаран коша гонах реставраци еш, цуьнан коьртера шага-т1улг а д1абаьккхина.
Дагестанехь Г1имрахь, Ахульгохь, Гунибехь шагат1улган х1олламаш бу цунна боьг1на. Амма уьш майрачу имаман лазамен чевнаш ю. Цуьнан сий хилла, дуьненна а евзаш йолу Даьрг1а, Ведана тап аьлла тийна г1аш ю. Царна тоьхула г1айг1ане хета къилбера мархаш. Нохчий х1инца а 1емина бац шайн сийлаллин лами стигала х1отто!
– Нохчийн истори еггиг Россин дозалла ду, – олу Россин Президента В. В. Путина. – Россехь массо дин а 1едало цхьатерра лардеш ду.
– Президентан муьлхха а т1едиллар суна закон ду! – боху Нохчийн мехкан Дас , Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Нохчий даиман а муьт1ахь хилла бу шайн баьччина!
Чаккхе.
Пайдаэцна материалаш:
«Ахмад Автуринский» (очерк) : Абдулла Гапаев, Далхан Хожаев. Шелан районан администрацин сайт.
«Ахмат Автуринский» (очерк) : Магомед Джантимиров. Шелан районан администрацин сайт.
Арабские письма Шамиля: Госархив. Дагестан. г. Махачкала.
Магомед-Тах1ир Карахин дагалецамаш: Из-во Махачкала.
Письмо Лопухину. Лермонтов: Том-7. Из-во Москва.
«Имамана нускал»: газета «Деловой Кавказ». 2015 г. №10.
*ЦГВИА СССР. Ф. 13454. оп. 6, д. 3. Рапорт командующего Сунженской линии подполковника Пулло Начальнику Штаба войск Кавказской линии Черномории ген. – м. и кавалеру Петрову. С. 12.
*Т1елхига Шемиле яздина кехаташ. Рук. фонд ИИАЭ ДНЦ РАН. Ф. 1. Оп. 1. Д. 64. Л. 208. Перевод с араб, яз. , х1инцалера оригинал.
*Магомедов Р. М. Имам Шемалан куьйгаллица ламароша латтийна къийсам. Махачкала. , 1991, стр. 66.
* Шемалан заманахь Дег1астанахь биначу т1емийн хроника Мохьаммад Т1ах1ира язйина йолу. М. – Л. 1941. С. 87.
* Кавказан т1еман хроника 1овдин йозанчас Бенара Тимарболата ма язйарра.
«Кавказцы». 1858 г. вып. 15-18. СПб. 1859: //Русский Инвалид. 1850 г. , №249-252
АКАК. т. 8. – Предписание барона Розена управляющему Имеретией ген. – м. Вакульскому, от 26 августа 1832 года. 37- Лагерь при дер. Герменчук, в Чечне. – Секретно. С. 431
Полежаев А. И. Сочиненеш. М, 1988, С. 106.
АКАК т. VIII. Рапорты Розена на имя гр. Чернышева от 11. 02. 1832г. , №109, 10. 03. 1832г. , за №254: 5. 05. 1832, за №335: от 15. 071832г. , за №12: от21. 07. 1832г, за №20: от 29. 07. 1832г. , за №72: от 17. 081982г. , за №91: от 22. 08. 1832г. , за №111, 131: от3. 09. 1832г, за№147: от 22. 09. 1832г. , за №184: от27. 08. 1832г. за№192: от 31. 10. 1832г, за№349: Рапорт ген. – л. Вельяминовс барон Розене от 19. 03. 1832г, за№348: от 26. 05. 1832г, за№60.
(1) А. П. Ермолов. «Хьанах олу обаргаш», 130 аг1о) .
Со1дуллин кехат. (РГВИА. Ф. 13454. Оп. 6. Д. 721. л. 1-2. ) .
Аренан материал, автора къамел дина нах:
Гилани Ахмадов – 85 шо. Эвтара. Гуно.
Г1ирим-Солта Межидов – 88 шо. эвтарара вахархо. Гуно.
Мухьади Межидов – 85 шо. НКВД – белхахо, Буг1ин –т1аьхье. Эвтархо. Гуно.
Абдулла Гапаев – 72 шо. Историк. Эвтархойн Ахьмадан т1аьхье. Гуно.
Пат1ела Рашидов – 82 шо. Юьртара молла. Татин, Решедан к1ант. Чармо.
Саид Алиев – 75 шо. Тайп-ялхо. Эвтархо.
*Д1аяздина 1966 шарахь, Пайтаев Жамула дуьйцуш, Мурин Элахан т1аьхье. Йоза авторе схьаделла Кахим-Магомадовым Хьамида- 27 апрель 1988 шо.
*Эвтур (Автуры) дешан этимологин маь1на дина Мохьмад-Салахь Гадаевс. Соьга схьаделла Кахим-Магомадов Хьаьмида. Ша Мохьмад-Салахьца цхьана камери чохь лаьцна 1ийна ву бохура цо.
Билгалдахарш:
Анзоран к1отар – Эвтаран эвлайист. Советан 1едал долчу заманахь цигахь пионерийн лагерш яра: «Горный ключ», «Смена», «Дружба».
1елам – 1аьрбойн мотт хуу молла.
Бийболат – нохчийн къоман турпалхо. Шела юьртан старшина. Майртуьпара вахархо.
Имамат – Нохчийчоьнан а, Дег1астанан а пачхьалкх.
Имам – рузбана ламазана хьалхаволург, бусулбанийн т1еман баьчча.
Г1азот – Делан некъа т1ехь шен 1алашоне кхаччалц бен т1ом.
Дешан г1азот- шен 1алашоне Делан новкъахь дашца кхачар.
Шайх – Дешна 1илманча, гонахболчийн дагахьдерг а, хуьлуш дерг а хуург.
Ламаз – бусалба- сунитийн дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаран парз.
Марха – беттан перза марханаш я мелана х1ума ца юуш 1ар.
Наиб – имаман билгалйиначу районашкахь (виллаетехь) волу векал, т1еман куьйгалхо.
Нукар – леррина т1едахкарш кхочушден б1аьхо.
Муртазек – Шемалан заманахь хилла гвардеец (т1емало) .
Мухьлизат – Дала шен пайхамаре я эвлаяэ луш долу тамашийна х1ума. .
Суфизм – Даггара Делах тешар, суьпавалар.
Имам Шемал-Нохчийчоьнан, Дег1астанан куьйгалхо, коьртакомандующи.
Чурттог1и – нохчийн шира юрт, (крепость Петропавловская) Грозный-г1опана 5 км. уллохь йолу.
Ермоловский тракт – сардал Ермолов волуш хьун хьокхуш даьхна некъаш.
Сунжа (Соьлжа) – Хи а, г1али чохь юрт а.
Тайп – нохчочун схьаваларан тукхуман бух.
Меджлис – 1елама нах , дешна нах дагабовлу кхеташо.
Ведана – Ламана юрт, имам Шемалан г1ап, резиденци- (1845-1859 ш. ш. ) .
Диван-хан – Шемалан заманахь Мехк-кхел вовшахкхеташ хилла меттиг, чоь.
Мехк-Кхел – Нохчийчоьнан хьекъалан дай дагабовлу меттиг.
Таьптар – шира йоза, тайпанах, доьзалх, историх долу бакъдерш.
Садойн лам – Нохчийн, Гуьржийн, Суьйлийн дозанера дежийлаш долу лам.
Мохца – нохчаша деш хилла квас.
Ниха – нохчийн шира малар, хьолт1амийн чорпех деш долу.
Муршид – шейх 1емаш, Далла г1уллакхаш деш волу мута1елам. .
Тоба – муьт1ахь хила еш йолу ц1ано, ч1аг1о, бай1ат.
Къор1ан – Дала Джабраил маликехула вайн пайхамаре доссийна калам ( коьрта жайна) . .
Сурат – Къор1ана корта.
Аят – Къор1анан сурат т1ера байт (стих) .
Мухьтасиб – шариа1атан бакъо ларъяр тергамехь долу талламхо (инспектор) .
Шари1ат – бусалбанийн Къор1ана буха т1ехь долу закон.
До1а (дуа) – Деле дехар.
Лахьта – кошан аьтту аг1онахь дакъа чудуьллу меттиг.
Уппаг1а – лахьти дуьхьал юьллу дечиган я кибарчигийн ч1аг1о. .
Чурт – веллачун коьрте буг1у т1улган, бетонан х1оллам.
Урдо-мах бечу хенахь закъалтана дуьллу х1ума: дош, деши, ахча, дуй.
Документально-художественное издание
на чеченском языке
Хасан Гапураев
Ахмад Автуринский
(роман)
Редакторы:
Литературный редактор-Б. Шамсуддинов.
Коммерческий редактор-Тимур Гапураев.
Корректоры:
Компьютерный набор- Хасан Гапураев.
Верстка-
Художник-
Подписано в печать 02. 2018 гда.
Формат 60х84/16. Печать офсетная.
Усл. печ. л. – 11. 01. 350стр.
Тираж-3000 экз.
Заказ №
Отпечатано в типографии «Медиа-Полис»
г. Ростов-на-Дону.
На последнюю обложку
(Хьасан Г1апур)
Гапураев Хьасан Ризванович
Эвтархойн дуьххьарлера журналист, поэт, яздархо. Историн очеркин, романийн автор. 1овдин, 1елин биограф. Йозанехь болх беш волу 50 шо ду: 1974-чу шарахь дуьйна СССР-н журналистийн союзан декъашхо, 2006-чу шарахь д1аэцна РФ-н яздархойн союзе. Иза автор ву 1985-чу шарахь нохчийн матте даьккхиначу Къор1анан, Таьпсиран, «Юсуп пайхамар», «Мухьаммад (1. с. в. ), «Ялсамане некъ», «Пайхамаре-40 хаттар» – жайнийн. Дуккха а шерашкахь болх бина: «Коммунизман байракх», «Ленинан некъ», «Масла1ат», «Имам», «Вести Республики», «Возрождение Чечни», «Северный Кавказ», «Новое дело», «Деловой Кавказ», «Народ и власть» газеташкахь.
Автор ву: «1овдех дагалецамаш» – трилогин, «Автуринцы», «Воины жестокой судьбы», «Миссия мира», «Летучий отряд мюридов», «Ахмад Автуринский», «Халиф или ясинь в крови», «Зубайра», «Шамиль-легенда газавата», «Пожалей меня, пуля» историн романийн. Язйина масех стихийн сборник, повесташ, ерриг-39 киншка нохчийн, оьрсийн меттанашкахь.
Карачу ханна Гапураев болх беш ву «1овдех дагалецамаш» трилоги т1ехь.